Главная страница
Навигация по странице:

  • ДАКЪА 2 АРСАНОВ САЬ1ИД-БЕЙН «МАЦА ДЕВЗА ДОТТАГ1АЛЛА» РОМАНАН АВТОБИОГРАФИЗМ

  • ДЕРЗОР………………………………………………………………………….16 ПАЙДАЭЙНА ЛИТЕРАТУРА А, ХЬОСТАНАШ А……………………….20 ДАКЪА 1 АРСАНОВ САЬ1ИД-БЕЙН ДАХАР А, КХОЛЛАРАЛЛА А

  • Арсанов Саь1ид-Бейн дахаран а,кхоллараллин а некъ

  • 1.2. Арсанов Саь1ид-Бейн кхоллараллин мехалла

  • ДАКЪА 2 АРСАНОВ САЬ1ИД-БЕЙН «МАЦА ДОЬВЗА ДОТТАГ1АЛЛА» РОМАНАН АВТОБИОГРАФИЗМ 2.1 «Маца доьвза доттаг1алла» романан истории а, башхаллаш а «

  • 2.2 «Маца девза доттаг1алла» романан д1ах1оттам

  • Романан коьрта турпалхо – халкъ.

  • кур.асет. Чулацам д1адолор дакъа 1 арсанов саь1идбей дахар а, кхолларалла а


    Скачать 40.2 Kb.
    НазваниеЧулацам д1адолор дакъа 1 арсанов саь1идбей дахар а, кхолларалла а
    Дата26.06.2022
    Размер40.2 Kb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлакур.асет.docx
    ТипДокументы
    #615387

    ЧУЛАЦАМ

    Д1АДОЛОР……………………………………………………………………….3

    ДАКЪА 1 АРСАНОВ САЬ1ИД-БЕЙ ДАХАР А, КХОЛЛАРАЛЛА А

      1. Арсанов Саь1ид-Бейн дахаран а, кхоллараллин а некъ……………………4

      2. Арсанов Саь1ид-Бе йн кхоллараллин мехалла……………………………...5

    ДАКЪА 2 АРСАНОВ САЬ1ИД-БЕЙН «МАЦА ДЕВЗА ДОТТАГ1АЛЛА» РОМАНАН АВТОБИОГРАФИЗМ

    2.1 «Маца девза доттаг1алла» романан истори а, башхаллаш а……………….9

    2.2 «Маца девза доттаг1алла» романан д1ах1оттам…………………………..11

    ДЕРЗОР………………………………………………………………………….16

    ПАЙДАЭЙНА ЛИТЕРАТУРА А, ХЬОСТАНАШ А……………………….20

    ДАКЪА 1 АРСАНОВ САЬ1ИД-БЕЙН ДАХАР А, КХОЛЛАРАЛЛА А

      1. Арсанов Саь1ид-Бейн дахаран а,кхоллараллин а некъ

    Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь йоккхачу эпически жанрехь чекхъяьлла йолу произведени – роман дуьххара Арсанов СаьIид-Бейс язйина.

    Чолхе а, хала а хилла яздархочун дахаран, кхоллараллин некъ. Арсанов СаьIид-Бей вина 1889 шеран 2-чу октябрехь Нохчийчохь, Жимачу АтагIах, ахархочун Арсанбекан доьзалехь.  ЧIир тIеяр бахьана долуш юьртах вала дезна Арсанбекан. Шен доьзалца Владикавказе кхелхина а вахна, цигарчу дашший, детий доккхучу заводе балха хIоьттина иза. 1905 шарахь Россехь белхалой меттахбевлла, революцин болам болабелча цу юкъа вахна Арсанбек. Революцин боламехь  дакъалацарна 1907 шарахь паччахьан Iедало лаьцна Сибрех вахийтина иза.

    СаьIид-Бейс Владикавказехь 4-шеран училище чекхъяьккхина. 1907 шарахь Баку гIалахь цхьана гIишлошъяран организацин конторехь коперовальщикан, чертежникан болх бина. Цул тIаьхьа Одессе а вахна, цигара электротехнически училище чекхъяьккхина, дешарца цхьаьна болх а беш. Юха цIа а вирзина, цхьана муьрехь Владикавказехь болх бина, «Терек» газетаца юххера уьйр а латтош. 1910-чу шарахь Петербургерчу политехнически  институте деша воьду Арсанов СаьIид-Бей. Кхузахь революционни ойла йолчу студентащца цхьаьна вара СаьIид-Бей. Политически демонстрацешкахь дакъалацарна чувоьллина иза. Ши бутт чохь а баккхийтина, Вятски губерни ссылке хьажийна. Цигара вада аьтто а баьлла Варшаве а, цул тIаьхьа дозанал дехьа Германи а кхочу иза. Цигахь цхьана машинаш ечу заводехь слесаран а, монтеран а белхаш бина цо. Студентийн гIаттамашкахь виллина дакъалоцуш а хилла иза. Арахьа дуккха а хало, гIело лайна цо, амма дуьне а, адамаш а довзарехь мехала хан хилла иза яздархочунна. Хьалхара империалистически тIом болабелча, Росси юха вогIу Арсанов СаьIид-Бей.  ЦIа вирзинчул тIаьхьа 1917-1921 шерашкахь Иркутски университетехь доьшу цо. Колчакан кIайчу эскаршна дуьхьал бинчу тIемашкахь дакъалоцуш  а хилла иза.

    1921 шарахь кхайкхина Нохчийчу схьавалаво Арсанов СаьIид-Бей, идеологически болх дIабахьарца доьзна гIуллакхаш тIедохку цунна. Арсанов СаьIид-Бейс белхаш бина тайп-тайпанчу серлонан, бахаман, партийни учрежденешкахь. Доккха гIуллакх дина цо Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь.

    Нохчийн дуьххьарлера газета арахецаран гIуллакх  тIедиллина Арсанов СаьIид-Бейна. Корматалла вовшахтохараллин оьшу болх дIабахьа дезна. Цу тIехь Арсановна,  Нохчийчу а веана, дика гIо дира хIетахь Ростовехь «Советский Юг» газетан редакцехь балхахь хиллачу Александр Фадеевс. Оьрсийн гоьваьллачу яздархочунна даггара баркалла аларца хьахайора Арсанов СаьIид-Бейс и хан.

    1923-чу шеран 23-чу апрелехь, Арсанов СаьIид-Бей редактор а волуш, араелира «Советская автономная Чечня» газетан дуьххьарлера номер. ТIаьхьо, «Серло» цIе а йолуш, нохчийн маттахь арахеца долийнчу оцу газетан доккха маьIна хилла къоман литературий, культурий кхиорехь. Цул тIаьхьа Москва балха дIавуьгу Арсанов СаьIид-Бей. Цхьана муьрехь Кремлерчу Оружейни палатехь Iилманан секретарь Iийна иза, тIаккха масех шарахь ВЦИК-ан Президиумехь Нохчийчоьнан векал а хилла.         

    Оцу хенахь Нохчийн областан  партин органашкахь болх беш нохчийн кIезиг хилла. Дуьххьара Нохчийн обкоме балха хIоттийна веккъа цхьа нохчи – Авторханов Iабдурахьман, орготделан заведующи. Цо гIайгIабарца обкоме дIаэца болийна нохчийн къомах болу белхахой. Иштта обком партин культпропотделан заведующи хIоттийна Арсанов СаьIид-Бей. Оцу хьокъехь яздина шен дагалецамашкахь Авторханов Iабдурахьмана.Партин ЦК-н тидамехь хилла лаккхара дешар а дешна, кIорггера хаарш а, доьналла а долу Арсанов СаьIид-Бей. Тайп-тайпана жоьпаллин гIуллакхаш тIедохку цунна. 1933-чу шарахь иза хьажаво Колыме, пачхьалкхан органашка балха. Цигахь шина шарахь райисполкоман  председателан болх бо цо. 1935-чу шарахь Нохчийчу цIа вогIу иза. Нохч-ГIалгIайн меттан, историн Iилманан-талламан института директор хIоттаво Арсанов СаьIид-Бей. Кхузахь цо доккха гIуллакх дина нохчийн, гIалгIайн меттанаш а, истори а Iилманца таллар вовшахтохарехь. Леррина тидам тIебохуьйту къоман барта кхолларалла гулъярна а, иза зорбанехь арахецарна а. 1937-чу шеран 3 октябрехь Арсанов СаьIид-Бей  НКВД-ан белхахоша, лаьцна чу  а воьллина,  буржуазни националисташна гIо деш хилла   аьлла, бехке а вина,  Сибрех вахийтина. ТIаьхьа, яздархочуьнан  цхьа а тайпа бехк цахилар билгал а доккхуш, мукъа витина.

    Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь, шовзткъалгIий – шовзткъеитталгIий шерашкахь яздархочо Казахстанехь халкъан образованехь болх бо. Республика метта а хIоттина, цIа дирзинчул тIаьхьа, 1957 шарахь Нохч-ГIалгIайн республикин  Яздархойн Союзан правленин председатель хаьржина иза. Цу даржехь болх бина Арсанов СаьIид-Бейс 1959 шеран март баттахь пенсе ваххалц.

    1.2. Арсанов Саь1ид-Бейн кхоллараллин мехалла.

    Арсанов СаьIид-Бейн произведенеш дуьххьара зорбане евлла 1924-чу ш. Цу хенахь «Советский юг», «Известия» газетийн агIонаш тIехь кест-кестта арадовлу цуьнан дийцарш, очеркаш, статьяш. ТIаьхьо Арсанов СаьIид-Бейн произведенеш арайийлина  «Красная новь», «Народный учитель» цIерш йолчу журналаш тIехь а. Арсанов СаьIид-Бейн цIарца дозаделла ду къоман литературехъ романан жанр кхоллаялар. 1930 шарахь «Революция и горец» журналан кхаа номерехь зорбатуьйхира яздархочуьнан йоккхачу эпически произведенин дакъош. Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча нохчийн маттахь «Ши тIаьхье» цIе  а йолуш араелира и роман. 1930 шарахь зорбанехь араяьлла Бадуев СаьIидан «ПетIамат» цIе йолу чекхъяккхаза йисина роман а. Цу тайпана, Бадуев СаьIид а санна, къоман литературехь романан жанр йолорхо ларалуш ву Арсанов СаьIид-Бей а. Билгалдаккха деза, Бадуев СаьIид юьззина чекхъяьлла роман язъян ца кхианехь, Арсанов СаьIид-Бейс эпически йоккхачу форманан берриге а лехамашна жоп луш йолу роман нохчийн, гIалгIайн литературашкахь дуьххьара язйина хилар. «Маца девза доттагIалла» цIе йолчу романан хьалхара вариант ларалуш ю «Ши тIаьхье». Турпалхойн васташ даржош, сюжетан зIенаш тIеюзуш, идейно-исбаьхьаллин чулацам кIаргбеш болх бина автора шен произведени тIехь. «Маца девза доттагIалла» роман араяьлла 1956-чу шарахь Алма-Атахь. ХIХ бIешо чекхдолучу – ХХ бIешо долалучу муьрехь Нохчийчоьнан юкъараллин дахаран социальни хьелаш гайтина романехь. Оцу хенахьлерчу дахаран суьрташ  эпически шуьйра а, кIорггера а дехкина. Тайп-тайпанчу географически меттигашкахь кхочушхуьлу гIуллакхаш, дуккха а исторически хиламаш бу романан чулацамехь. Къинхьегаман  халкъо, тайп-тайпанчу къаьмнийн векалша паргIатонехьа латто къийсам гайтар ду романехь коьртаниг. Къаьмнашна юкъахь  интернациональни доттагIалла кхолладаларан а, иза чIагIдаларан а хьелаш гайтина  автора. Шина чкъурах бу романан турпалхой: Арсбий, цуьнан могIарера бершший; Беной, цуьнан нийсархой.  Царах хIор чкъор а шайн хенаца догIуш, шайн амалшца, лехамашца гайтина. Дегайовхонца кхоьллина Арсбин, Джабраилан, Джон, ТIатIашан, церан накъостийн васташ. Цаьргахула гайтина адамийн ойланехь хуьлуш болу хийцамаш. Дахаран, шайна гонах гуш долчуьнан социальни маьIна дан Iема уьш. Арсбин  кхетам кхиарехь  мехала яра цуьнан Ивашинца а, Ульяшеваца  хилла уьйраш. Романехь дикачарах ду зударийн васташ: Хедижат, Селима, Ульяшева. Боккхачу деган лазамца, амма царах воккхаверца гайтина уьш автора. Ша-тайпана хьежамаш бу авторан кегийрхошка: Бенога а, цуьнан накъосташка а. Сирла хиндерг царах доьзна лору автора. 

    Яздархочо шуьйра пайдаэцна шен романехь халкъан барта кхоллараллех. Цунна кIорггера евзара нохчийн фольклор. Арсанов СаьIид-Бейс гулйина, зорбанехь арахецна къоман барта кхоллараллин шиъ сборник. Шен къастамаш бу «Маца девза доттагIалла» романехь халкъан барта произведенех пайдаэцаран. Фольклоран битамаша гIо до авторна къоман ламасташ, г1иллакхаш, оьздангалла йовзийта, адамийн ойланехь дерг гучудаккха, церан лаамаш, сатийсамаш гайта, халкъан дахаран къеггина долу суьрташ дахка. Джабраилан иллеш, Селимас шен шина йоIана дуьйцу туьйранаш, хабарш романан хиламех къасталур доцуш дIаийна ду. ДуххьалдIа барта произведенеш текстана юкъаялорца  кхачалуш  яц романан барта кхоллараллица йолу уьйраш. Яздархочун идейни, исбаьхьаллин Iалашонаш  кхочушъярехь шайн маьIна ду церан. Романна цхьа ша-тайпа аьхналла а луш, йоьшуш волчунна исбаьхьаллин Iаткъам бан гIо до цара.

    «Маца девза доттагIалла» романан шолгIачу книги тIехь болх беш вара яздархо. Цхьа кIеззиг долу дакъош зорбанехь ара а девллера. Схьахетарехь, революци хиллачул тIаьхьа  вайн махкахь керлачу дахарехьа къинхьегамца къийсам латтор гайта дагахь хилла яздархо  романан шолгIачу книги тIехь. Амма  шен Iалашо кхочушъян ца кхиъна  иза.

    Арсанов СаьIид-Бейн «Серебристая улыбка» цIе йолу  книгина зорбатоьхна 1965 шарахь. Ткъе иттех шо хьалха ша болх бинчу Колыма а вахна, хIетахь ша лелла меттигаш гина, цигарчу адамашца цхьаьнакхетарш а хилла, цIа веъча, арахецна яздархочо и книга. Оцу мехкан буьрсачу хазаллех, цигарчу адамийн хьуьнарех дуьйцу яздархочо шен барамца йоккха йоцчу книги тIерачу дийцаршкахь, очеркашкахь.

    Арсанов СаьIид-Бей гоьваьлла яздархо вара, цуьнан произведенеш Нохчийчохь евзина ца Iаш, йоккхачу советски пачхьалкхехь а евзуш а, лоруш а яра. Мехала хазна йиллина цо дукхакъаьмнийн литератури юкъа. Яздархочух, цуьнан кхоллараллех лаьцна алссам материалаш, статьяш арайийлина цIеяххана девзаш долчу журналаш тIехь «Дружба народов», «Дон», «Новый мир» кхечарна а, центральни газетийн агIонаш тIехь а. Яздархочун «Маца девза доттагIалла»  роман маситтазза зорбатоьхна оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь Алма-Атахь, Москвахь, Соьлжа-ГIалахь. Цуьнан дийцарш, очеркаш арайийлина дуккха а меттигашкахь, изданешкахь а.

    Арсанов СаьIид-Бейн дахаран некъ  хедира 1968-чу шеран 12 июлехь. Яздархо кхелхинчул тIаьхьа, 1969 шарахь, араяьлла «О близком и далёком» цIе а йолуш, коьрта долчу декъана зорба  тохаза хиллачу произведенийн книга.  Цу тIехь дийцаршца, очеркашца  цхьаьна зорбатоьхна дара  «Маца девза доттагIалла»  романан  шолгIачу книгина  яздархочо лерина  хилла  дакъош а. Кхузахь, цуьнан дукхахайолчу произведенешкахь санна,  гIиллакх-оьздангалла, къонахалла, доьналла долуш бу книгин турпалхой. Масала, райисполкоман председатель Диас, заводан директор Бено, кхиберш а.

    Оьрсийн маттахь язйина Арсанов СаьIид-Бейс шен произведенеш, амма чулацамца, идейно-исбаьхьаллин къастамашца нохчийн къоман литературин произведенеш  ю уьш. Арсанов СаьIид-Бей шен дахар, исбаьхьаллин похIма къоман литература, культура кхиорна дIаделлачарах ву.

    ДАКЪА 2 АРСАНОВ САЬ1ИД-БЕЙН «МАЦА ДОЬВЗА ДОТТАГ1АЛЛА» РОМАНАН АВТОБИОГРАФИЗМ

    2.1 «Маца доьвза доттаг1алла» романан истории а, башхаллаш а  

    «Маца доьвза доттаг1алла» роман кхоллаялар.Яздархочун даг чохь роман язъянй ойла кхоллаелира 20-чу шерашкахь. Иза чакхяьккхина ша ваьлча, уггар хьалха, А.С. Серафимовична йийшира Арсанов Саь1ид-Бейс.

    Вукхо къобалйира роман, амма, оццу хенахь, зорбатоха сих ма ло, кхин а ойла е,т1ехь болх бе аьлла хьехам а бира.И хьехам т1елецира автаро. Кхин а кхаа шарна д1атеттира роман зорбане яккхаран г1уллакх дийцар. Т1аккха А.А.Фадеевга еша елир.

    Романан чулацам шина кепехь хIоттийна бара: къоман къеггина васташший, къоман буххий цхьаьна богIуш, йоккхачу, массарна оьшуш йолчу идейца. И идея схьаеллалора, кIорггера амалш йолчу турпалхошна юкъахь хилла Iотбаккхам романехь говза гайтина хиларна. Нохчийн яздархочун романан А. А. Фадеевс иштта дика мах хадийра, х1унда аьлча, С.-Б. Арсановн идейно-вастийн кеп, дIадолучу, ширделлачу дахарца нисбеллачу Iотбаккхамехь кхиъначу, керлачу стеган амал А. А. Фадеевна шен турпалхойн а хуьлийла луучу амалех тера йолу дела. Нохчийн литературан историно тоьшалла до: говзалла кIарг а лора, ткъа кхоллараллина юкъа керла идейность а йогIура, хьалхарчу рогIехь, шайн кхоллараллин некъ дIабола ма-беллинехь, керла дахар дIахIоттош жигара дакъалаьцначу яздархойн. ШолгIачу рогIехь, оьрсийн яздархошца доттагIаллин юкъаметтигаш а йолуш, церан идейно-эстетически леха- маша тIеIаткъам бинчу яздархойн. Иза тIечIагIдо Арсанов СаьIид-Бейн оьрсийн баккхийчу яздархошца Александр Серафимович Серафимовичца а, Александр Александрович Фадеевца а хиллачу кхоллараллин а, доттагIаллин а уьйраша хаздинчу дахаро а, кIаргйинчу кхолларалло а. Оцу шерашкахь Къилбаседа Кавказан партин крайкоман зорбанан отделехь а, «Советски къилбе» газетан жоьпаллин редакторан а, партийни дахаран отделан заведующин а белхаш беш вара А. А. Фадеев. Арсанов СаьIид-Бейн очеркаш зорбанна А. А. Фадеевс кечйора. ХIетахь тасаделла цу шиннан доттагIалла тIаьхьа чIагIделира. Цунах Арсанов СаьIид-Бейн кхоллараллина доккха гIо а хилира. Оцу шерашкахь Арсанов СаьIид-Бейн дуккха произведенеш А. А. Фадеевн гIоьнца зорбане йовлу «Серло» а, «Автономин Советски Нох- чийчоь» а, кхечу а зорбанашкахь. 14 «Маца девза доттагIалла» роман араяларх лаьцна иштта дийцира Арсанов СаьIид-Бейс 1963-чу шеран февралехь хиллачу къоначу яздар- хойн кхеташонан векалшна хьалха ша динчу къамелехь: «Роман язйина а ваьлла, тIаьххьара тIадам ас хIоттийна дуккха шераш дара. Амма кхеташ долчу бахьанашна нохчочо нохчех язйина произведени зорбане йок- кхийла дацара. Цхьажимма вайнахана маршо яьлча, ас сайн куьйгайоза (рукопись) Алма-Ата издательстве дIаделира. «Ешна ваьлча ас хоуьйтур ду хьоьга», – редактора а аьлла, со цIа вахара. Ала деза, редактора дукха сиха ешнера иза. Цхьа кIира даьлча, цо со издательстве дIакхайкхира. Редактора соьга элира: «Хьан роман боккхачу хьагамца йийшира ас. Иза зорбатоха хьакъ долуш ю. Иштта произведенеш тхоьга наггахь а ца кхочу. Амма цхьа дехар хир дара сан: романан турпалхой ДегIастанан муьлххачу къомах я хIирий хилийтахьара ахь – шун гIиллакхаш, амалш цхьаьнайогIуш ма юй – тIаккха цхьа а дуьхьало хир яцара иза араяккха. Ткъа кху кепара…», – корта ластийра цо. Тхойшиннан барт ца хилира. ШолгIчу Iуьйранна, издательстве а вахана, сайн йозанаш схьа а эцна, цIа вахара со. Цул тIаьхьа иттех де даьлча, и редактор ша веара со волчу цIа. «Схьая хьайн роман. Зорбатухур ю вай, – элира цо. – Ас сайна гечдийр дац и роман зорбане ца яккхахь». Иштта нисделира 1956-чу шарахь Алма- Атахь «Маца девза доттагIалла» роман араялар. Нагахь санна цхьа жимма кIадвелла-малвелла, шен книга зорбатоьхна ган массарна а ма лаьий, хIетахь редактора бохучунна тIетевжинехьара, тахана муха хьоьжур вара со шун бIаьра? – шен къамел чекхдаьккхира СаьIид-Бейс» .

    Романан башхаллаш. Романан шен башхаллаш а ю. Шен тур- палхойн амалш, дегнийн Iийжамаш, чоьхьара синхаамаш гучубохуш, Арсанов СаьIид-Бейс Iаламат кIезиг пайдаоьцу Iаламах. Иза дац, оцу декъехь, цуьнан романна тIехь Iаламо цхьа а тайпа маьIна ца леладо бохург. Оьшучохь оцу кепах пайдаоьцу авторо. Амма, дукхахьолахь, ро- манна тIехь Iаламо кхин декхарш кхочушдо. Оцу тIехь яздархо кхечарех тера вац. Вуьшта, и роман кхечу яздархойн произведенеша тIеIаткъам бина кхоллаелла а яц. Я кхоллалойла а дацара. «Маца девза доттагIал- ла» роман – иза нохчийн халкъан дахар ма-дарра а, дуьззина а гойтуш дуьххьарлераниг ю. Дуьххьарлераниг елахь а, ша автор доккха похIма долуш яздархо хиларна, иза шен Iалашоне кхаьчна. Кхин а ду. Нагахь санна Арсбин, Селимин, Бенон, Мариян, Дмит- рийн васташ къегина а, дуьззина а кхоьллинехь а, романехь гайтинчу кхечу турпалхойх масех дош аларца кхачо йо яздархочо. Иза цо ша хаьржина кеп ю, ткъа авторера яьлла ледарло яц. Кхуззахь билгалдаккха оьшу: йоккхачу дегайовхонца а, безамца а кхоьллина Арсанов СаьIид-Бейс зударийн васташ: Арсбин ненан Хеди- жатан а, зудчун Селимин а, Мариян а, кхечеран а. Нохчий даима хилла зударийн сий-ларам беш. Дагадаийтал шайна вайн шира гIиллакх: стаг вийча – цхьа цIий Iанадо, зуда йийча – шиъ. И цхьа масал а кхачаме хир ду аьлла хета лакхахь аьлларг тIечIагIдан. 20 КIант боккхачу новкъа вала кечлуш, сийлахьчу гIуллакхана иза Селимас декъалвеш чекхйолу роман. «Бено, сан кIант, цкъа а ма кхералахь Iожаллах!» – боху Селимас. Иза дахарехь тIеIиттаеллачу халонаша яхчийна стаг ю. ЮьхьIаржо тIе йогIучохь, шен яхь-бехкан сий лардеш валар тоьлашха ду. Цунах дика кхета дахаро зийна Селима. «Цецваларний, дозаллиний юхаиккхира Бено: цуьнан нанас, гIора- сиз, хьоме йолчу цуьнан нанас бохура и дешнаш! Иза сийлахь-йоккха а, башха а хетара цунна. Дукха бац оцу тайпана дика дешнаш нанас шайга аьлла болу кIентий! Шуьйрра бIаьргаш къарзийна, нене хьоьжуш Iapa иза. – Хьо, хьо бакъ йолу нана ю! – воккхаверна бIаьргаш лепаш дара цуьнан. – Ма воккхаве-кха со! Куьг некха тIе а деана, тIаккха хьаьж тIе хьалаайира цо. – Ма самукъадаьккхи-кх ахь сан! Хьайн дешнашца суна кхин а ницкъ бели-кх ахь! Ткъа нана безамаххий, дозаллеххий дуьззина долчу бIаьргашца, зударий ма-хиллара, дагна кIеда хиларехь сийлахь-йоккха, сатоха юьззина, собаре, хIуъа а лан кийча йолуш, шен берашка а хьоьжуш лаьттара». Ишттачу чаккхено гойту романан тIаьхье хила езаш хилар. Авторо ша а ма яздина тIаьххьарчу агIонна тIехь: «Хьалхарчу книгин чаккхе», – аьлла. Амма шолгIа книга чакхъяккха

    2.2 «Маца девза доттаг1алла» романан д1ах1оттам

    Оьрсийн маттахь язйинехь а, шен проблематикин чолхаллица а, нохчийн халкъан дахар Iаламат бакъ гайтаран барамца а Арсанов СаьIид-Бейн «Маца девза доттагIалла» роман тахана а нохчийн литературехь коьртачех шен йоккха меттиг дIалоцуш ю. Лакхахь ма-аллара, «Революци а, ламанхо а» журнала тIехь зорба- тоьхна хиллачу хьалхарчу кортошкахь – «Эвла а, адамаш а», «Нускал дало», «Латта цунна!» – дешархочунна бевзинера романан тIаьххьарчу кепана юкъабахана турпалхой: Арсби, Джо, Таташ, Джабраил, кхиберш а, шайн васташ дуьззина даьстина ца хиллехь а. Ткъа литературин гIиллакхех аьлча, яздархочо шуьйра пайдаэцна халкъан барта кхоллараллах. Халкъан турпалаллин иллеша, шаьш сан- 1 Шайхиев Iалвадин дагалецамаш. 15 нарш кхин боцчу къоман мукъамаша, цуьнан амалша яздархочун таро хилийтина шен роман исбаьхьаллин лаккхарчу тIегIане яккха. Нохчийн турапалаллин халкъан иллешна тIера могIанаш чIогIа дуцалуш, бустамаш санна, хаза дIатегаделла романан «духарх». Жанран башхаллица «Маца девза доттагIалла» роман историко- революционни елахь а, цу тIехь йоккха меттиг дIалоцу нохчийн ширачу дахаро а, цуьнан синхаамийн, синIаткъамийн суьрташа а. Яздархочун Iалашо – вайн мехкан дукхакъаьмнийн доттагIаллин уьйраш а, патриархально-тайпанийн а, классови а галморзахаллашкахь ХIХ-гIа бIешо чекхдолуш – ХХ-гIа бIешо долалуш керла стаг – турпалхо кхиар а гайтар, – оцу романна тIехь юьззина кхочушхилла. Нохчочун-ахархочун Арсбин а, цуьнан кIентан Бенон а дахар ду романан чулацамехь коьртаниг. Романо чулоцу 1888-чу шарера 1907-чу шаре кхаччалц болу мур. Нохчийнлитературехьцхьана стаганий, юкъараллинийюкъахьнислуш йолчу юкъаметтигашна тIе тидам дуьххьара С.-Б. Арсановс бахийтира. Арсбин а, Бенон а халкъаца хадалур йоцучу зIено кхиийра церан граждански ойланаш, кIаргбира политически лехамаш. Романан коьрта турпалхо – халкъ. Романан коьрта турпалхо, шеко йоццуш, къинхьегаман халкъ ду. Ларамаза дац яздархочо коьрта тидам могIарерчу нохчочун-ахархочун, ткъа тIаьхьо белхалочун Арсбин а, цуьнан доьзалан а чолхечу, халачу кхолламна тIебахийтина хилар. Роман дIайолало ХIХ-гIа бIешо чекхдолучу муьрехь нохчийн хал- къан исторически а, Iер-дахаран а хьелаш гайтарца. Оцу хьелашкахь бехаш бара юьртан урхаллин хьаькам Хьажбекар а, совдегарш Бакар а, Хьамзат а, говрийн реманийн да ТугIан а, уьста- гIийлелорхо ИбрахIим а, иштта царех тера кхиболу хьолахой а. Уьш бара цIеяхханчу гIалгIазакхашца цхьаьнакхета, Кавказе веана Александр III, куьйгаш а даржийна, тIелаьцнарш. Яздархочун безам мискачаьргахьа бу. Нагахь санна йоккхачу жига- раллица ХьажбекаргIеран дуьзна дахар а, ямартло а цо гайтахь а, амма шен ерриге дегайовхо къинхьегаман халкъана дIаялар хаало. Арсби а, цуьнан доттагIий Джо а, Таташ а, илланча Джабраил а, БатIал а, Мурад а къен-миска нах, ахархойн векалш бу. Царех ву «халкъан эхь-бехк» аьлла цIе яхана воккха стаг Джанхот а, Арсбин нана Хадижат а, зуда Селима а. 16 Арсбин васт. «Маца девза доттагIалла» роман автобиографически ю. Арсбин васт шен ден Арсанбекана тIера диллина Арсанов СаьIид-Бейс, ткъа Бенон васт – шена тIера.Арсби санна, лурвоьлла, махках ваьлла вахана, БуритIахь дети а, даш а доккхучу заводехь болх бина СаьIид-Бейн дас а. Дуьххьара вай Арсбица цхьаьнакхета хьолахочун Хьамзатан кIанта ИсмаьIала Хадижат бердах чукхоьссинчу хенахь, иза кIелхьара йоккхуш. Арсбин кхетам самаболу, иза оьрсийн пролетариатан могIаршка хIоьттинчул тIаьхьа. Большевикийн партин векалша Ивашин Дмитрийс а, Ульяшева Марияс а схьагойту цунна хала, амма къийсаман нийса некъ. Ивашин Дмитрийс ша юкъавигначу социально-демократически гоно а, йоккха, сирла Iалашо йовзийтарехь накъосташа динчу гIоно а хийцира Арсбин дуьнене а, адамашка а болу хьежамаш, кIаргбира цуь- нан синхаамаш. Арсби хIинца къийсамехь ирс даккха кийча ву. Романна тIехь халкъан къегина васт кхолларехь а, ша тайпана пси- хологически а, синъайаман а хатI турпалхошкахь гайтарехь а доккха маьIна долуш ю яздархочо шех боккха пайдаэцна нохчийн халкъан барта кхолларалла. Арсбин амал йол-йолуш гучуйолу. Вайна го иза говраш хохкучохь. ХIара ялхо, къерсиг йоьлла неIармачаш а когахь, шен тешамечу дотта- гIашца тола воллу. Бека дечиг-пондар, стиглахула тIома кхерста Джабраи- лан иллин аз. Цо шен илли тIехь емалбо ямартхой-элий, ир-кара хIиттадо кегийрхойн дегнаш. Цо хьуьнарш гайтаре кхойкху яхь йолу кIентий. Царна дика хаьа хьуьнаро яхь дIа ца еллачочохь толам буйла. «Цхьан тайпа элий тхуна бовза ца лаьа! Тхо маьрша нах ду. Некъ бу тхан маьрша! – ХIей, Джабраил, баркалла хьуна, бакъ болчу къонахех и илли аларна! – элира Арсбис». Баккъалла, ламанхойн ойланех а, синхаамех а дешархо дика кхета, къехойн доттагIчо Джабраила дIаолу иллеш хезча. Кхуза гулбелла бу юьртара мехкарий а. «Береша, мехкарий гича, шодмаш а аййой, дой тIехьарчу когашна тIе хIиттадо…». Вовшашка цабезамца хьуьйсу хьолахой а, миска нах а. Цигахь Арсби юха а цхьаьнакхета совдегаран кIантаца ИсмаьIалца.ХIинца луьрачу къовса- мехь «совгIат» даккха говраш хохкучохь ву и шиъ. Къинхьегамо вахчийначу Арсбига, цуьнан чоьхьарчу боккхачу лааман ницкъо, каде хиларо хьеречу 17 къовсамехь толам боккхуьйту ИсмаьIална тIехь. Берриге мискачу наха цуьнан толам, шайн толам санна, баккхийбеш тIелоцу. Юкъадиллина совгIат – верта а, башлакх а, куй а, цIеяхханчу хазачу йоIа дина чоа а, Нохчийчоьнан тоьллачу пхьераша йина дуьрста а ю. Уьш Арсбина кхочу. Яздархочо Арсбин керла амалш вайна гучуйоху кегийрхоша бак- кхийчу наханий, шайн тIехьийзачу мехкаршний хьалха дIахьочу къий- садаларшкахь а. Цигахь цунна дуьххьара евза Селима. КIуьран а, цIеран а юккъехула, йоIана хьалхахула, Iодара кхоьссича санна, иза шен динахь чекхъоьккху. Дукха хан ялале доттагIаша цунна ялайо Селима.

    Арсбин васт – иза шен заманан муьлххачу а къехочун васт чулоцуш ду. Арсби санначаьргахь кхуьу стогаллин амалш – цхьана а стагана, цхьана а халонна хьалха бIокъажор боцчу нохчийн къонахийн амалш. И тайпа нах цIена хуьлу шайн дегнашца, ойланашца, леларца. Къонахий белахь а, Арсби а, цуьнан доттагIий а шайн эвлахь цхьа а бакъо йоцуш, цхьалха нах бу. Кхузахь авторо кхин некъ хоржу. Ишта а чолхе йолу романан сюжет кхин чолхе еш, Арсбин кхоллам кхечу хорша боккху Арсанов СаьIид-Бейс: луралла шена тIе а лоций, махках волу иза. Авторо цхьа а хIума шеггара тIедетташ, дестош дац кхузахь. Роман автобиографица йозаелла хилар тидаме эцча, яздархочо сюжет оцу агIор дIа хIунда йохуьйту хаа хала дац. Цуьнан да а ма ваьлла, лурвоьлла, мах- ках. Иштта ма нисвелла иза БуритIе. Цо цигарчу дети а, даш а доккхучу заводехь болх а ма бина. Арсби шен доьзалца чIирхойх ведда воьдучу заман чохь, гIалгIа- закхашна тIеIоттало. Цара, етта а еттий, набахти чу кхуссу. Деха пхи шо чохь доккху Арсбис. Оцу заманахь Арсбица, цуьнан декъазчу кхолламан декъаза дакъа декънарш а кIезиг ца хилла. Историн и агIонаш шуьйра евзаш ю. Цундела Арсанов СаьIид-Бейс шен турпалхо дуккхачу наха дIакхехьначу новкъа валаво. Яздархочо кхузахь а шех дешархо шеквала меттиг ца буьту. Арсбин кхидIа долчу дахарехь доккхачу маьIне хилира, иза Бу- ритIерчу набахти чохь воллуш волчу Ивашин Дмитрийца цхьаьнакхетар. Ткъа Арсбин зудчунна Селимина дика доттагIа хилира «хьомечу тетех» – Ульяшева Мариях. Арсбин синкхетам Дмитрийс самабоккху. Набахтера араваьлча, иза белхалойн могIаршка дIахIутту. Белхалойн духарахь вогIу иза, чIирхошна а ца вевза. ТIера бедар хийцаелла ца Iа цуьнан. Дог-ойла а хийцаелла. Нагахь санна хьалха эвлахь, хьолахочунна ша вецачу хенахь: «Къа дац, 18 ткъа, хьолахошна оьгIазвахча? Уьш эвланна Дала белла», – баьхнехь, хIинца цуьнан ойла кхечу агIор керчина. «Со кхетта хьуна, Бено, – боху цо шен кIанте. – И ерриге бакъонаш вайн ю, вай а, уьш санна, лаьтта тIехь адамаш ду. ХIан-хIа, лаьтта тIехь дай ду вай, хIунда аьлча, цу тIехь къахьоьгуш вай ду, йогIур ю вайн зама а». И зама а йогIур ю. Арсбина ца гахь а, цуьнан берашна а, берийн берашна а гур ю иза. Романна тIехь къеггинчех цхьа васт ду илланчин Джабраилниг. Паччахь лаьмнашка вар бахьанехь хиллачу ловзаргахь Джабраила дIааьллачу иллино кхин цкъа а дагадаийтира халкъана шен паргIатонехьа къийсам латто безар. Ишттачу иллино, халкъан дог-ойла чIагIйина ца Iаш, дешархошна дикахо йовзуьйту халкъан Iер-дахаран керла агIонаш а. Иллин идейни чулацам боьзна бу уьш кхоллархочун – мискачу хал- къан дахаран хьелашца. Ткъа романна тIехь цуьнан векал Джабраил ву. «ДоттагIий чубирзира: xIapa ю-кх Джабраил веха керт а. Буьйдачу ки- барчигах доьттина цIа ду шина декъе декъна, юккъехь сени а йолуш. Цхьа чоь – чохь Iаш ю, важа, хьешийн чоь, йина ялаза ю. Ах керт йинчу уьйтIахь гуш paгIу а, божал а дац», – иштта гойтуш ду илланчин ков-керт. «...Хала кхоллалуш ду илли. Атта дац шен синхаамехь иза ган. Кер- лачу иллина, даго хьехна, керла дешнаш оьшу. Ткъа и дешнаш стиглара охьаоьгуш дац, я бен а доцуш кхоллалуш а дац. Уьш дерраш дуьнен чохь даьржина ду: исбаьхьа а, маьттаза а, бакъдерш а, бакъдоцурш а. Накхармозано зезагашна тIера моз санна, гулдеш, хоьржуш лаха дезаш ду и дешнаш. Цхьана меттехь ца латталора Джабраил. Мехкаршна тIера кегийчу нахана тIехIуьттуш, цигара дIа дошлой болчу, цигара – баккхий нах болчу вуьйлуш, лелара иза. ЛадоьгIуш, хIораннан бIаьргаш муха ду, муха Iа хьоьжуш: Iaxap санна, эсала, цIоькъалом санна, дера. Иза дерриге дагахь латтадора. Мила, муьлхачу дахарца вехаш ву? ХIораммо хьенан гIайгIа бо: дерриг а халкъан я ша-шен? Адамна ялта даа елла ца Iа бага: цуьнан сийлахь-доккха декхар – адам доьлуьйтуш я доьлхуьйтуш, цуьнан даг чохь безам я цабезам кхуллуш – дош говза алар ду. Цундела, уггаре хьалха, шена ган деза, хаза деза, дагахь латто деза, ойла ян еза. ТIаккха карор ду оьшу дешнаш. ТIаккха кхоллалур ду илли». Джабраилан васт доккха маьIна лелош ду романна тIехь. Къехойн доттагIа ша хиларе терра, цо царна хьехамца, дашца гIo до, боькъу церан бала а, хазахетар а. Церан дегнашакахь гIиттайо къийсаман ойланаш. 19 «Вай дийна мел ду, латта вайн карахь ду. Вай ду цуьнан дай! – мохь туьйхира Джабраила. – Ткъа вай делча – вайх шена луъург дойла цо!» И дешнаш Джабраила Арсбига олу. Цундела, дахаран маьIнех ша ойла а еш, диканах а, вонах а кхета гIертачу муьрехь, дика даиманна Джабраилан цIарца доьзна хуьлуьйту Арсбис. «Дика а, вон а – адамийн ойланийн а, куьйгийн а гIиллакх ду. Джабраила вонна некъ боьхку, ткъа дика хуьлуьйту. Халкъан илланча – халкъан эхь-бехк ду. Ткъа эхь-бехко цкъа а вочу хIума- нан гIo лоцур дац», – ойла йо Арсбис Джабраилах лаьцна. Ала деза, Арсбин дахарехь ша д1абахьа безачу некъах ойланаш хий- цаялар Джабраилан тIеIаткъамца хилла хилар. Хьолахочун Хьажбекаран ялхочух тIаьххьара а, шен лаамашкахь чIагI а лой, къийсамхо хуьлу. ХIетте: «Цхьаболчеран карахь Iедал а долуш, вукхеран царна баца хIунда деза техьа?» – оцу шен хаттарна нийса жоп Арсбина ца карадора. Я Джабраилна а ца гора халкъ паргIатдаккхаран нийса некъ. Арсбин кхетам самабалар, кхиар дIадоладелира иза Ульяшева Мариян а, Ивашин Дмитрийн а тIеIаткъамца, иза цаьрца цхьанакхеттачу муьрехь. Романан башхаллаш. Романан шен башхаллаш а ю. Шен тур- палхойн амалш, дегнийн Iийжамаш, чоьхьара синхаамаш гучубохуш, Арсанов СаьIид-Бейс Iаламат кIезиг пайдаоьцу Iаламах. Иза дац, оцу декъехь, цуьнан романна тIехь Iаламо цхьа а тайпа маьIна ца леладо бохург. Оьшучохь оцу кепах пайдаоьцу авторо. Амма, дукхахьолахь, ро- манна тIехь Iаламо кхин декхарш кхочушдо. Оцу тIехь яздархо кхечарех тера вац. Вуьшта, и роман кхечу яздархойн произведенеша тIеIаткъам бина кхоллаелла а яц. Я кхоллалойла а дацара. «Маца девза доттагIал- ла» роман – иза нохчийн халкъан дахар ма-дарра а, дуьззина а гойтуш дуьххьарлераниг ю. Дуьххьарлераниг елахь а, ша автор доккха похIма долуш яздархо хиларна, иза шен Iалашоне кхаьчна. Кхин а ду. Нагахь санна Арсбин, Селимин, Бенон, Мариян, Дмит- рийн васташ къегина а, дуьззина а кхоьллинехь а, романехь гайтинчу кхечу турпалхойх масех дош аларца кхачо йо яздархочо. Иза цо ша хаьржина кеп ю, ткъа авторера яьлла ледарло яц. Кхуззахь билгалдаккха оьшу: йоккхачу дегайовхонца а, безамца а кхоьллина Арсанов СаьIид-Бейс зударийн васташ: Арсбин ненан Хеди- жатан а, зудчун Селимин а, Мариян а, кхечеран а. Нохчий даима хилла зударийн сий-ларам беш. Дагадаийтал шайна вайн шира гIиллакх: стаг вийча – цхьа цIий Iанадо, зуда йийча – шиъ. И цхьа масал а кхачаме хир ду аьлла хета лакхахь аьлларг тIечIагIдан. 20 КIант боккхачу новкъа вала кечлуш, сийлахьчу гIуллакхана иза Селимас декъалвеш чекхйолу роман. «Бено, сан кIант, цкъа а ма кхералахь Iожаллах!» – боху Селимас. Иза дахарехь тIеIиттаеллачу халонаша яхчийна стаг ю. ЮьхьIаржо тIе йогIучохь, шен яхь-бехкан сий лардеш валар тоьлашха ду. Цунах дика кхета дахаро зийна Селима. «Цецваларний, дозаллиний юхаиккхира Бено: цуьнан нанас, гIора- сиз, хьоме йолчу цуьнан нанас бохура и дешнаш! Иза сийлахь-йоккха а, башха а хетара цунна. Дукха бац оцу тайпана дика дешнаш нанас шайга аьлла болу кIентий! Шуьйрра бIаьргаш къарзийна, нене хьоьжуш Iapa иза. – Хьо, хьо бакъ йолу нана ю! – воккхаверна бIаьргаш лепаш дара цуьнан. – Ма воккхаве-кха со! Куьг некха тIе а деана, тIаккха хьаьж тIе хьалаайира цо. – Ма самукъадаьккхи-кх ахь сан! Хьайн дешнашца суна кхин а ницкъ бели-кх ахь! Ткъа нана безамаххий, дозаллеххий дуьззина долчу бIаьргашца, зударий ма-хиллара, дагна кIеда хиларехь сийлахь-йоккха, сатоха юьззина, собаре, хIуъа а лан кийча йолуш, шен берашка а хьоьжуш лаьттара». Ишттачу чаккхено гойту романан тIаьхье хила езаш хилар. Авторо ша а ма яздина тIаьххьарчу агIонна тIехь: «Хьалхарчу книгин чаккхе», – аьлла. Амма шолгIа книга чакхъяккха Арсанов Саь1ид-Бейн дахар ца тоьира…

    ДЕРЗОР

    Нохчийн литература кхиар ч1ог1а чолхе а, а хала. Дуккха а тайп-тайпана халонаш т1е1иттаелира цу чолхечу новкъахь. Дуккха а яздархой, поэташ, 1илманчаш бара шайн са, шайн дег1, дахар ца кхоош, чу са диллина нохчийн литература кхиарна хьокъехь болх беш.

    И белхаш дан а дацара атта. Язъйина йолу произведени, и мел чулацаме, исбаьхьа язйина елахь а, ца магош меттигаш а хилла. 1едало йихкина темнаш а нислора, шех лаьцна х1умма а язъйан йиш йоцуш.

    Нохчийн литература, къам махкара д1адохийна Казахстанехь, Киргизехь даьккхинчу 13-чу шарахь, кхидолчу къаьмнийн санна, кхиар доцуш сецна яра. Амма яздан а, яздинчунна зорбатоха а бакъонаш ца хиллехь а, ойланаш ян а, винчу латтане сагатдан дехка а, я уьш совцо а цхьаьннан ницкъ бацара.

    Даймахках къастийна даьхначу шерашкахь кийра ца таръяллал ойланаш 1аь1нера, баланаш лайначу яздархойн а, халкъан а.

    Яздархоша, поэташа шайн произведенешкахь дуьйцуш дерг шаьш диначу лаьтте болу безам бара, дахарх, стеган кхолламах еш йолу ойланаш яра. Хетарехь, 1едало шайн биначу ницкъо баьхнера яздархой, стеган дахаран филосовски къайленашка кхийдаш, ойланаш ян езачу новкъа.

    Шаьш кхечу къаьмнийн яздархошца йахь йолуш хиларна, шайн кхолларалла церачул оьшуш хилар шайн ца магадора нохчийн яздархоша. Кхечу къаьмнийн яздархошца доттаг1алла, кхоллараллин уьйраш а лелайора цара.

    «Маца девза доттаг1алла» романан турпалхой, хуьлда уьш ламанхой я кхиберш, ешархочун дагахь лаьтташ бу х1ора а бохург санна.

    Цуьнан къайле лехар хала х1ума а дац: уьш берриг бохург санна авторна шена бевзина, зиэбелла нах бу, ткъа коьрта ша цхьаъ а волуш.

    Х1ора роман дукхахдолчу т1ехь Арсановг1еран доьзалан декъазчу кхолламан буха т1аьхь язйина ю.

    Адамийн дахар (Къилбаседа Кавказера а, Россера а, Европера а халкъийн дахар) шина б1аьрга гина, девзина, церан 1оттбаккхамийн дуьнене кхиъна, царна маршой, парг1атой, нийсой хьакъхиларх тешна, и кхочушдан лиъна стаг ву Арсанов Саь1ид-Бей.

    Цундела ду цуынан романехь мел дерг ешархо дика кхеташ, цуьнан дагна гергара. Цу тӀе а, муьлхха а хиламан бахьана довзийтарна тера бен рогIерчу халамна тle a ца воьрзу автор вай юьйцучу романехь.

    Тхан белхан коьртачу 1алашонех цхьаъ - иза Саь1ид-Бейн кхолларалла дешархошна д1ахьехаран керла керла некъ лахар яра. Оцу 1алашоне тхаьш кхаьчна аьлла хета тхуна.

    \

    ПАЙДАЭЦНА ЛИТЕРАТУРА А,ХЬОСТАНАШ А

    1. Арсанов С.-Б.Когда позноется дружба.Роман Алма-Ата,1956

    2. Арсанов С.-Б. О верном друге.Роман. М.,1968

    3. Арсанов С.-Б. О близком и далеком.Рассказы и очерки.Грозный,1968

    4. Арсанукаев А.М. Нохчийн яздархой, 11-г1а том. – Соьлжа-Г1ала:


    написать администратору сайта