2 ТЛК. Нохчийн меттан талламан болх 4 класс 2 вариант Талламан белхан хьокъехь кхетам балар
Скачать 21.5 Kb.
|
Т ЛК 2023. Нохчийн мотт. 4 класс. Код НОХЧИЙН МЕТТАН талламан болх 4 класс 2 вариант Талламан белхан хьокъехь кхетам балар Нохчийн меттан талламан болх кхочушбан 90 минот хан ло. Болх шина декъехь далийнчу 15 тӀедилларх лаьтта. 1-чу а, 2-чу а дакъойн тӀедахкарш тайп-тайпанчу деношкахь кхочушдо. 1-чу декъан тӀедахкарш кхочушдан 45 минот ло. 2-чу декъан тӀедахкарш кхочушдан а ло 45 минот. Болх кхочушбеш, Ӏаматах, белхан тетрадех, грамматикин справочникех, орфографин дошамех, кхечу справочни коьчалх пайдаэца ца магадо. Эшахь черновиках пайдаэца мега. Черновик тӀехь дина йозанаш толлур а дац, мах хадор а бац. 2023 шо. Т ЛК 2023. Нохчийн мотт. 4 класс. Код 1-чу декъан тӀедахкарш кхочушдаран инструкци Нохчийн меттан талламан белхан 1-чу декъан тӀедахкарш кхочушдан 45 минот ло. 1-чу декъо 3 тӀедиллар йукъалоцу. ТӀедахкарийн жоьпаш балха йукъахь лерина царна далийнчу могӀанашкахь йазде. Нагахь хьайна жоп хийца лаахь, цунна тӀе сиз а хьакхий, йуххехь керланиг йазде. Болх кхочушбеш Ӏаматах, белхан тетрадех, грамматикин справочникех, нийсайаздаран дошамех, кхечу справочни коьчалх пайдаэца ца магадо. Эшахь черновиках пайдаэца мега. Черновик тӀехь дина йозанаш толлур а дац, мах хадор а бац. ТӀедахкарш шаьш далийнчу рожехь кхочушдар бакъахьа хир ду. Хан ларйархьама, кхочуш ца дало тӀедиллар дита а дитина, рогӀера тӀедиллар кхочушдан мегар ду. Хьайн ма-хуьллу алсам тӀедахкарш кхочушдан хьажа. Дала аьтто бойла! 2023 шо. Т ЛК 2023. Нохчийн мотт. 4 класс. Код 1-ра дакъа Диктант 1 ЛадогӀарца дӀайазйе текст.
2 Схьалаха текстера цхьанатайпанчу сказуемешца йолу предложени. Схьайазйе и предложени, цхьанатайпанчу сказуемешна буха сиз хьакха. Жоп. ______________________________________________________________________ ___________________________________________________________________________ 3 Схьайазйе текстера 7-гӀа предложени. Жоп. ______________________________________________________________________ __________________________________________________________________________ 1 ) Цу предложенера коьртачу меженашна буха сиз хьакха. 2) ХӀора дашна тӀехула дӀайазде, муьлха къамелан дакъа ду иза. |