Главная страница
Навигация по странице:

  • Сарахь, Теркан тог1ехь

  • Беркат

  • викторина. викторина+. Сарахь, Теркан тог1ехь викторина


    Скачать 0.51 Mb.
    НазваниеСарахь, Теркан тог1ехь викторина
    Анкорвикторина
    Дата17.08.2022
    Размер0.51 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлавикторина+.docx
    ТипВикторина
    #647881

    I.Мамакаевн 100 шо кхачарна лерина

    «Сарахь, Теркан тогIехь»

    викторина

    Нохчийн меттан, литературин хьехархо

    Таибова Лариса Омаровна

    Тема: «Сарахь, Теркан тог1ехь» викторина

    Декхарш а, 1алашонаш а:

    1. Мамакаев дагалацар, цуьнан кхоллараллех хастаме дош алар; дешархойн литературина, литературин кхоллараллина самукъа кхиор.

    2. Дешархоша пайдаэцна хаарш зер, дикаллин мах хадор.

    3. Коллективаца цхьаьна бертахь хиларна т1е1аткъам бар, командехь болх бан 1амор, коллективан декъахошца жоьпалле хила 1амор.

    4. Лаккхара оьздангалла д1ах1оттарна г1о дар, дешархойн кхоллараллин хаарш а, суртх1оттор а кхиор.

    Декъашхой: 6-чу классийн дешархой

    Командийн терахь: 4 команда, 6 стаг х1ора командехь а волуш, куьйгаллехь тхьамда а волуш.

    Хьехархочун дош:

    Стаг дахар кхача а делла, шен бакъдуьнене вирзинехь а йовш яц цуьнан ц1е, нагахь цо шен дахарехь йитина сирла лар елахь. Ишттанаш адамийн дегнашкахь беха дуккха а шерашкахь. Цхьаволчо шен хьуьнарш доьналлица гойту, вукхо хьекъалца, кхоалг1ачо дашца.

    Поэзехь уггаре а коьрта берг поэтан кхоллам бу –талламаш ца оьшуш бакъдерг ду иза. Иза дукха хьолахь биографи терахьашна юккъе ца тарлуш, баха буьсу иллин дашца, цу дешан х1ора озаца билгал а болуш. Хан йог1у цкъа керлачу т1аьхьено «яздан ницкъ боллушехь, ца яздеш дисна» дош а, «лаамзий, лаамций поэт лелла некъаш» а билгалдохуш. Оцу дашехь х1ора а керлачу чкъуре шен хенан а, шен вахаран а къайленаш лехийта ницкъ кхочушверг воккха поэт ву.

    Вай тахана вовшахкхетта нохчийн хьакъволу поэт-лирик, яздархо, теркан илланча Мамкхин Шамсуддин к1ант 1аьрби дагалаца. Йоккха, сирла лар йитина цо шел т1аьхьа дуьненчохь яха.

    1аьрби Мамакаевн 100 шо кхачарна лерина викторина д1ахьур ю вай тахана.

    Ловзаран некъ

    Дешархой бекъабелла 4 тобане. Тобан ц1ерш: «Ирс», «Барт», «Беркат», «Г1иллакх».

    1-г1а конкурс «Эстрада»

    а) 1аьрби Мамакаевн биографех лаьцна хаарш гайтар;

    б)1аьрби Мамакаевс язйина стихотворени йийцар.

    2-ра конкурс «Барта сурт»

    Произведенийн автор, ц1е, турпалхо вийца.

    а) «Нуьцкъала схьа а даккхий, олхазар схьа а да, нагахь воккхачу стага дуьхьало еш меттиг хилахь когах буржалш а тохий, валлалц чохь валлор волуш, набахти чу вола,– элира цо»(«Тамашийна олхазар» халкъан туьйра, эло дина къамел)

    б) «Цо дийцира, хьалха паччахьан заманчохь, верта т1етассал бен йоцчу лаьттан майданахь, дечкан нахарца аха а охуш, ялта д1адуьйш, юха иза хьалакхиаре сатуьйсуш, дийнахь а, буса а цу т1ехь букъ саттийна, къечу ахархочо къа муха хьоьгура».(Хь.Саракаев «Баьпкан чкъуьйриг» дас шен канте дина къамел)

    в) « Ва, Аруха! Со тохарлера хьуна новкъахеттарг вац, соьга ц1а вола ма боху ахь? Ма ч1ог1а совваьлла, етташ, г1ело хьегийтира ахь соьга! Делахь а, х1умма а дац, ца къуьйсур ас хьоьца! Ахь соьца лелийна вон амалш ас хьоьца а лелийча, хьуна санна вон г1иллакхаш 1емар дар-кха суна а».(С.Бадуев «Зайнди» дийцар)

    г) Елакъежа ницкъ кхечира ненан а. Т1аккха нене а кховдийра цо канахь 1а1ийна малх. Довхачу, хазачу куьйгашца схьаийцира нанас малх. Цуьнга хьоьжуш а 1ийна, шен метта т1е биллира. Къежаш, кампет санна дуккха а багахь ц1уббина, хьагаме къурдаш дира».(Амаев В-Хь. «Малх чубаре хьоьжура иза»дийцар)

    Къаставе автор:

    1. «Эвтархойн Ахьмадан илли» (халкъан илли).

    2. «Барзо амалш ца хуьйцу» басня (Гайсултанов 1умар).

    3. Чекхдаккха кица «Хазачу дашо…(Башлам а башийна)», «Доьзал дика….(–беркат дукха)».

    Къаставе автор:

    1. «Нийса кхел» дийцар (Гайсултанов 1умар).

    2. «Ломмий, цхьогаллий» басня. (Сатуев Хь.).

    3. Чекхдаккха кица «Аьхка мало йинчо…(1ай хало хьоьга)», «Хьаша цавезарг…(нахана а ца веза)».

    Къаставе автор:

    1. «Чайра» дийцар (Ошаев Халид).

    2. «Дарта» стихотворени (Гадаев М-С.).

    3. Чекхдаккха кица «Ваша воцу ваша…(т1ам бойна леча)», «Стеган дагара…(матто схьадуьйцу)».


    Къаставе автор:

    1. «Таймин Биболатан илли» (халкъан илли).

    2. «Ницкъ болу Солса» (халкъан туьйра).

    3. Чекхдаккха кица «Нехан динара…(хотталахь вуссу)», «Тешамал деза…(х1ума дац)».


    4-г1а конкурс

    Синквейн х1оттор «Дикалг» темина

    1. Дикалг.

    2. Дика, собаре.

    3. Ладуг1ура, г1о дора, тешара.

    4. Дикалг даима а адамашца дика вара.

    5. Стаг.
    Хьехархочун дош
    Массарна везаш а, вевзаш а волу поэт 1аьрби Мамакаевна лерина викторина чекхъяла гергаяхна. Массара а жигара дакъалецира х1окху викторинехь, дика хаарш а гайтира. Массо а тобанаша кхачаме жоьпаш а делира, вовшийн лерам а, низам хилар а дара гуш. Шуна массарна а Дела реза хилла.


    2018 шеран, 29-чу ноябрехь Гуьмсан к1оштан Комсомольскера юккъерчу ишколехь нохчийн меттан, литературин хьехархочо Таибова Лариса Омаровнас д1аяьхьира 1аьрби Мамакаевн 100 шо кхачарна лерина «Сарахь, Теркан тог1ехь» ц1е йолу викторина.

    Викторина 4 конкурсах лаьтташ яра, дакъалоцуш бара 6-чу классийн дешархой.

    1-чу «Эстрада» конкурсехь дешархоша нохчийн сийлахьчу поэтан кхоллараллех лаьцна дийцира, йийшира 1.Мамакаевн байташ.

    2-чу «Барта сурт» ц1е йолчу конкурсехь дешархоша къастийра муьлхачу произведени юкъара ду дешнаш, билгалъехира произведенийн ц1ерш, авторш, турпалхой.

    3-г1а конкурсехь дешархоша билгалваьккхира произведенин автор, чекхдехира долийна кицанаш.

    4-чу конкурсехь х1ора тобано х1оттийра синквейн.

    Х1ора тобан декъахоша гайтира дика хаарш. Гуш дара дешархошна тобанашкахь болх бан хаар а, вовшех дагабовла а, ладог1а а хаар. Викторинехь хьалхара меттиг белира «Беркат» тобанна (6В кл.) 2-г1а меттиг – «Ирс» тобанна (6В кл.), 3-г1а меттиг д1абелира «Барт» (6А кл.), «Г1иллакх» (6Г кл.) тобанашна.


    написать администратору сайта