арсанукаев шайхи. Арсанукаев Ш. Мохкбегор
Скачать 57.34 Kb.
|
Урокан тема: Арсанукаев Ш. Мохкбегор 1алашо: Арсанукаев Шайхин дахарх а, кхоллараллех а болу хаамаш бовзийтар; керланиг довзаран хьашто хилар. Ойла яран хаарш дустар, жам1дар, маь1нийн дерзораш т1ехь болх бар. Шен кийрахь 1аь1на сингаттам бовзийтархьама автора автора пайдаэцна дешанш. Де дика хуьлда шун, хьоме бераш! Вай д1ахьур ю вешан рог1ера урок. Х1окху урокехь вай дуьйцур ду Арсанукаев Шайхи А. кхоллараллех лаьцна, йийцаре йийр ю «Мохкбегор» ц1е йолу стихотворени. (1930-2012) Урокана эпиграф: «Синтем боцу дог сан кийрахь Детталуш мел ду, Даймахкана г1уллакх дан а Даим кийча ву.» 1.Ойла т1еерзор. 1)Хьехархочун дош: -Вайн нохчийн поэташ, яздархой бевзий шуна? Ц1ераш яха. -Х1ун произведенеш язйина цара?Аша муьлхарш ешна? -Тахана вай дуьйцур ду Арсанукаев Шайхи Абдулмуслимовичах лаьцна. 2.Керлачу хаарийн дуьххьара д1алацар. 1. Арсанукаев Ш. вина 1930-чу шарахь, август беттан 15-чу дийнахь Дишни-Веданахь. Юьртара школа чекхъяккхинчул т1аьхьа Семиналатински финансови техникумехь дешна цо, ткъа 1968-чу шарахь цо чекхйоккху Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан педогогически институт заочни отделении. Белхаш бина финансово органашкахь,районни газетан редакцехь, Н-Г1-н книжни издательствехь, ,, Орга” альманахан редактор а хила иза. Яздан волавелла школехь доьшуш волчу шерашкахь.Дуьххьара стихотворени зорбатоьхна 1959-чу шарахь.Х1етахь дуьйна газетан аг1онашна т1ехь ,,Орга” альманах,коллективни сборникаш т1ехь. Нохчийн-Г1алг1айн книжни издательствехь арахецна Ш.Арсанукаевн стихотворенин а,поэмийн а сборникаш:,,Лаьмнашкахь 1уьйре”(1965), ,,Безаман шовда”(1967), ,,Ц1еран суй”(1969), ,,Новкъахь”(1970), ,,Стихаш”(1971), ,,Сийна некъаш”(1973), ,,Лакхенан г1иллакх” (1975), ,,Баххьаш (1977), ,,Тешам(1978). 60-чу шераш дуьйла ма даллара веара Шайхи нохчийн литературехь. Цуьнан хьалхара г1улчаш и къона поэт велахь а, онда яра. Книга ешархошка цуьнан дуьххьарлера стихаш ма йийшинехь хиира Арсанукаевн корматталла нохчийн классикийн С.Бадуевна,М.Мамакаевн поэтически кхоллараллина т1ехь дебна а, кхиъна а йог1уш хилар. 2. Стихотворенехь говза сурт х1оттор ду гойтуш дерг.Махке деанчу вонна дуьхьалвала кийча волчу лирически турпалхочун ойланаш гойту кху стихотворенехь. Иштта цуьнан меттан исбаьхьалла. «Мохкбегор» - стихотворени таллар. Чулацам бовзар Ц1еххьана кхерийна, Лаьттан дег1 дегий. Эх1, Латта, дийцахьа хиллариг хьайна? Алахьа, Х1ун цатам хилла дог дегий? Я дог хьан лазий-те, Харцо ца лайна? Я атом иккхина мархаш гин г1енах? Я жима бер гин-те, къаьстина ненах, Дестечун маьхьаро дина ша хьере, Ц1еначу б1аьргаш чу г1оьртина кхерам? Алахь, х1ай Латта, Х1ун гира хьуна: Доттаг1чо тешнабехк Бин доттаг1чунна? Я меттахь д1атесна Шайн нана къена, Сапарг1ат баха-те к1ентий д1а гена? Я къона безам осалчо 1ехош? Я поэт воллура харц дешнаш лехьош? Бен доцуш лелачийн гин аьрта яххьаш? Я гин –те т1аьхьашха тоха урс кечдеш? Эх1, маржа-я1, Латта, Х1ун хили техьа? Со орцах вер ву-кх, хьо Дега мА дехьа… 3. Кхетарх дуьххьарлера таллам. (ешначу стихотворених ойла йийр ю вай). Муьлхачу синхаамех юьзна ю х1ара стихотворени? Поэтан х1ун сингаттамаш бу 1аламан хиламна т1ехьа гуш? Муьлха халонаш, харцонаш нисло адаман дахарехь? Лаьтта т1ехь бохамаш ца хилийта х1ун дан деза? Адамийн амалехь долу муьлха сакхте х1уманаш ду поэта 1орадохурш? Халкъалахь муха дуьйцу, маца бегош хуьлу мохк? Стихотворенин исбаьхьаллин башхаллаш. Стихотворенехь рефренах пайда эцна авторо: эх1, латта, алахьа боху дешнаш юх-юха далийна, жимма хийцарца. Х1ун маь1на долуш ялийна и кеп? Муьлхачу дешнех алсам пайда эцна автора шен кийра 1аь1на сингаттам бовзийтархьама? Х1ун ду стихотворени кхечу ламасталлин стихотворених къастош дерг? Г1иллакх-оьздангаллин хаттарш дийцаре дар. Муьлха синоьздангаллин мехаллаш хьахийна авторо шен стихотворенехь? Да-нана д1атасар, харцо яр, ненах бер даккхар, тешнабехк бар аша муха т1елоцу? Цунах шайна хетарг ала. Оцу стихотворени тIехь вайна дагах хьакхалуш дерг, вайна лазаме хеташ дерг хIун ду билгалдаккха. -Поэтан х1окху мог1анех муха кхета шу? «Эх1, маржа-я1, Латта, Х1ун хили техьа? Со орцах вер ву-кх, хьо Дега мА дехьа…» 4. Дешнаш т1ехь болх: Аьрта яххьаш-кхузахь, х1умане бен доцуш хьежар, къинхетам цахилар. 5. 1амийнарг т1еч1аг1дар. 1. Дешархошка ешийтар. 2. Т1едерзарш дукха х1унда далийна дийцаре дар. 2.Дуьххьара шера а, дика а йоьшуьйту дешархошка. 3.Дешархошка шаьш ма кхеттара схьабуьйцуьту чулацам. 6. Хаттарш а луш д1ахьо болх. -Х1ун хии вайна яздархочух лаьцна? -Цуьнан муьлха произведенеш евза шуна? -Поэтан х1ун сингаттам бу 1аламан хиламна т1ехьа гуш? -Къоман г1иллакх-оьздангалла муха гайтина стихотворенехь? 7. Урокан жам1 дар. Поэтан сингаттам бу 1аламан хиламна т1ехьа гуш. Цхьадолчу адамийн амалехь долу сакхташ 1орадоху поэта шена бен доцуш цахетарна, шен сингаттам хилар гойту цо да-нана д1атесна, доьзал д1абахар, харцо яр, ненах бер даккхар, тешнабехк бар. Адамалла адамера д1аяьлча олуш ду халкъашлахь «Дала оьг1азло йина, мохк бего тарло». Аллах1 Дала 1алашдойла вай ша реза воцчу вочу г1уллакхех! 8. ЦIахь бан болх балар: -Стихотворени ешар, чулацам бовзар. Цу т1ехь чекхйолу вайн рог1ера урок. Адамалла – Сийлахь ц1е ларъян а, и сийлахь йоккха ц1е д1акхехьа Аллах1а доьналла лойла вайна. 1одикайойла! Марша 1ойла! |