Главная страница
Навигация по странице:

  • 3. Личностни

  • 3. 1алашо йовзийтар. -Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш I , I .

  • Х1аваэхь яздо йозанан жима элп I . Тептарш т1е д1аяздо йозанан жима элп I . -Х1ун кхиамаш бехи аша

  • 1ИНДАГ1 дешан схема х1оттор.

  • 6. Йозанан жима элп 1 дешнашкахь яздар. Дешнаш яздар. Уьн т1е д1аяздо дешнаш.Йо1 , во1 , не1 , 1ам.

  • Ц1енааларш la - la - la - атто Iyттyp ю ма1а. Iy - ly - ly - ведда вог1уш ву беж1у AI - al - al - нанна йоьлхуш ю чайта1

  • 7. Жам1 дар. 1 элпах лаьцна байт 1амор. Терахь ворх1 ду вайна гуш, Цхьацца хаам шеца болуш. Цхьа-ши г1аж ахь цунах яккха

  • чеч лит 1 класс аз а, элп а 1. Конспект урока по чеченской литературе 22. 12. 2022 Урокан ц1е Аз а, элп I, I


    Скачать 21.39 Kb.
    НазваниеКонспект урока по чеченской литературе 22. 12. 2022 Урокан ц1е Аз а, элп I, I
    Дата21.12.2022
    Размер21.39 Kb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлачеч лит 1 класс аз а, элп а 1.docx
    ТипКонспект урока
    #857912

    1 класс Абатан мур (еша 1амор) № 32 Конспект урока по чеченской литературе 22.12.2022

    Урокан ц1е: «Аз а, элп I, I».

    1алашо: йозанан жима а, доккха а элпаш I, I довзийтар. Уьш шаьш а, дешдакъошкахь а яздан 1амор.

    Кхочушдан лерина жам1аш:

    1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а I , I . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.

    2. Метапредметни:

    Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан рог1алла а ларъеш йозанан корматалла караерзо. Берашна 1емар ду коллективехь эбала , болх бан.

    Коммникативни: берашан 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. 1емар ду шайна хетарг маь1ница нийса д1аала. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан , тобанашкахь кхиамаш баха.Берийн кхуьур ю меттан говзалла.

    Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар, ойлаяр . 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берийн алсамдер ду дешнаш довзар. Берийн мотт шарлур бу.

    3. Личностни: берийн лаам хир бу 1алам довза, иза 1алашдан.

    Урок д1аяхьар.

    1. Маршалла хаттар.

    2. Дешаре шовкъ кхоллар.

    Ловзар: «Кагделла дош нисде».

    ЛАМ1А

    -Муьлха дош ду кагделларг? (1алам).

    -Х1ун ю 1алам? (Берийн жоьпаш. 1аламах лаьцна байт ешча нийса хир ду).

    1алам-иза хьо ц1а чуьра араволуш дуьххьара гуш йолу буц , зезаг . Зезагана т1е хиъна пола, гонахара дитташ , охьадог1у хиш , лаьмнаш , хьаннаш , стигла , т1улгаш-иза дерриг 1алам ду. Адам ша а ду 1аламан цхьа дакъа. 1алам вай лардан, доладан дезаш ду.

    3. 1алашо йовзийтар.

    -Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш I , I. 1емар ду уьш хаза а , нийса а а яздан ша-ша а, дешдакъошкахь , дешнашкахь.

    4. Йозанан, жима а , доккха а элпаш I , I довзийтар , яздар.

    Йозанан жима а, доккха а элпаш I , I довзийтар.

    -Бераш, схьагайта зорбанан жима а , доккха а элпаш I , I . Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).

    -Хьанна девза шуна йозанан доккха а ,жима а элпаш I , I ? Схьагайта.

    -Х1ара йозанан жима элп I ду,х1ара йозанан доккха элп I ду.

    -Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш I , I).

    -Массарна девзин шуна? Юха гайта сунна.

    Йозанан жима элп I яздар.

    Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп I яздан.

    -Т1адам буьллу белхан моганна юккъе. Билгалонна деллачу сизе терра хьалавоьду лакхарчу белхан мог1ане кхаччалц. Кхузахь ша волччохь аьтту аг1ор хьаьвзаш охьавог1у шад а беш, лахарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе кхаччалц Кхузахь аьрру аг1ор хьаьвзаш хьалавоьду , шад а беш ,хьаькхначу сизал дехьаволу.

    Х1аваэхь яздо йозанан жима элп I .

    Тептарш т1е д1аяздо йозанан жима элп I .

    -Х1ун кхиамаш бехи аша?

    Дешдакъошкахь йозанан жима элп I яздар.
    Хьехархочо уьн т1е д1аяздо дешдакъош.
    I а Iу

    -Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан яздина массарчул хаза?

    1ИНДАГ1 дешан схема х1оттор.

    Тоьхча, туьро а цахадориг? (1индаг1).

    Б1аьргашца го, куьйгашца схьа ца эцало? (1индаг1) .

    -Х1ун ю х1етал-металш т1ехь юьйцург? (1индаг1).

    -Маса дешдакъа ду 1ИНДАГ1 дешан? Муьлханиг ду хьалхара? (1ин).

    -Шолг1а? (Даг1).

    -Муьлханиг ду хьалхара аз (1)?

    -Аз (1) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ).

    -Муьлхачу басца билгалдо и схеми т1ехь? (Сийначу).

    -Муьлханиг ду шолг1а аз (И)?

    -Аз (И) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа ).

    -Муьлхачу басца билгалдо и схеми т1ехь? (Ц1ен).

    -Муьлханиг ду кхоалг1а аз (Н)?

    -Аз (Н) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ).

    -Муьлхачу басца билгалдо и схеми т1ехь? (Сийначу).

    -Муьлханиг ду доьалг1а аз (Д)?

    -Аз (Д) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ).

    -Муьлхачу басца билгалдо и схеми т1ехь? (Сийначу).

    -Муьлханиг ду пхоьалг1а аз (А)?

    -Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа ).

    -Муьлхачу басца билгалдо и схеми т1ехь? (Сийначу).

    -Муьлханиг ду йолхалг1а аз (Г1).

    -Аз (Г1) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ).

    -Муьлхачу басца билгалдо и схеми т1ехь? (Сийначу).

    -Маса аз ду 1ИНДАГ1 дашехь? Маса элп ду?

    Муьлханаш ду аьзнийн цхьанаэдаларш? (1И, ДА).

    -Муха билгалдоху уьш схемехь? (Ши бос болчу еък1овца).

    -Йилла схема. (Хьехархочо уьн т1ехь а бойту болх ).

    Ц1

    С


    С

    Ц1

    С


    С

    -Х1ун кхиамаш бехи аша?

    5. Сада1аран миноташ.

    Эх1, ма хаза бу-кха из а!

    Муттанах и ма бу буьзна.

    Куьг ахь кховдош лаккха,

    1аж цу т1ера баккха.

    Мохо генаш лестадо,

    Соьга 1аж ца баккхало.

    Кхоссалуш, куьг кховдор ду,

    Сихха 1аж схьабоккхур бу!

    Эх1 ! Ма 1аж бу-кха из а!

    Муттанах и ма бу буьзна.

    (Бераша байташ т1ехь дуьйцург до.)

    6. Йозанан жима элп 1 дешнашкахь яздар.

    Дешнаш яздар.

    Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

    Йо1 , во1 , не1 , 1ам.

    -Д1адеша и дешнаш.

    -Д1аязде и дешнаш.

    -Х1ун кхиамаш бехи аша?

    Ц1енааларш

    la - la - la - атто Iyттyp ю ма1а.

    Iy - ly - ly - ведда вог1уш ву беж1у

    AI - al - al - нанна йоьлхуш ю чайта1

    -Х1ун ю чайта1? (Чанан к1орне ю).

    7. Жам1 дар.

    1 элпах лаьцна байт 1амор.

    Терахь ворх1 ду вайна гуш,

    Цхьацца хаам шеца болуш.

    Цхьа-ши г1аж ахь цунах яккха,

    Массарна I гучудаккха.
    -Муьлха элп ду байт т1ехь дуьйцург? (1).

    Стенах тера ду элп? 1 элпо муьлха аз билгалдо? Аз (1) мукъа ду я мукъаза ду?

    8. Рефлекси.

    -Х1ун кхиамаш бехира аша?


    написать администратору сайта