Главная страница
Навигация по странице:

  • 1-ра тоба. 1.Жерахьо дуьйлийша школе - боху предложени ю

  • 5.Оьшучохь сацаран хьаьркаш х1иттае

  • 2.тоба

  • .Охуш аьлларг оруш карийна - боху предложени ю

  • Г1иллакх-оьдангаллин хаарш зеран т1едахкарш

  • хаарийн б1ов. хаарийн б1ов2022. 1. Нохчийн мотт бийца атта хилар, хьалдолуш хилар д1ахаийтар


    Скачать 29.25 Kb.
    Название1. Нохчийн мотт бийца атта хилар, хьалдолуш хилар д1ахаийтар
    Анкорхаарийн б1ов
    Дата17.08.2022
    Размер29.25 Kb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлахаарийн б1ов2022.docx
    ТипДокументы
    #647768


    «Хаарийн б1ов»

    1алашонаш:

    1. Нохчийн мотт бийца атта хилар, хьалдолуш хилар д1ахаийтар.

    2.Нохчийн мотт ца байта кхио а, ларбан а безар;

    3.Вайн дегнашкахь ненан матте болу безам ч1аг1бар, нохчийн мотт марзбар.
    Мероприяти д1аяхьар:
    Хьехархочун дош.

    Нохчийн меттан де пачхьалкхан т1ег1ана т1ехь даздар дозалла ду. Боккха кхаъ а, доккха хазахетар а ду иза вайн дерриге а нохчийн къомана. Нохчийн мотт ларбар, цуьнан сий-пусар дар – иза нохчийн г1иллакхаш, оьздангалла , къоман истори ларар ду. Вайн литература а, мотт а кхиорехь дуккха а 1илманчаш а, яздархой а бу къахьоьгуш. 2003-чу шарахь 23-чу мартехь т1еэцначу Нохчийн республикан Конституци т1ехь нохчийн мотт, оьрсийн маттаца цхьаьна, пачхьалкхан хилар д1акхайкхира. Цул т1аьхьа Нохчийн парламенто арадаьккхинчу «Нохчийн республикан меттан хьокъехь» долчу законо, нохчийн мотт а, кхидолу меттанаш а Нохчийн Республикехь леларан низам билгалдаьккхира.

    Оцу закона буха т1ехь Нохчийн респуликан куьйгалхочо Россин турпалхочо Р.А.Кадыровс куьг яздина 25 апрель-Нохчийн меттан де, аьлла.

    Нохчийн Республикин Президентан УКАЗ

    11.05.2007ш. Соьлжа-ГIала № 207

    Нохчийн мотт Iалашбаран, кхидIа шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маьIна лакхадаккхаран Iалашонца:

    «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин законна куьг яздина апрелан 25-гIа де Нохчийн меттан Де д1акхайкхо.

    «Нохчийн меттан Де дIакхайкхоран хьокъехь» долу 2005-чу шеран 15-чу апрелехь лера № 90 йолу Нохчийн Республикан Президентан указ дIадаккха.

    XIapa указ бакъонан ницкъ болуш ду зорбатоьхначу дийнахь дуьйна.

    Нохчийн Республикин Президент Р.А. КАДЫРОВ.
    25-г1а апрель (нохчийн дуьххьарлера газета «Серло» арадаьлла де)
    «Хаарийн б1ов» т1едахкарш

    Х1ора тобан хила еза шайна хаьржина:

    1.ц1е, девиз, эмблема.

    2.Ненан маттах лаьцна стихотворени йийцар.

    3.Инсценировка(хаттар) кечъяр, гайтар

    4.Нохчийн меттан хаарш.

    5.Литературин хаарш

    6.Г1иллакх-оьздангаллин хаарш.

    Жам1 дар.

    Дешархойн тобанийн векалша довзуьйту шаьш: шайн тобан ц1е, девиз.

    Хьехархо:
    -Х1ора тобанна т1едиллинера цхьацца сценарий х1отторца хаттарш кечдар, х1инца вай хьовсур ду и т1едиллар муха кечдина.
    -Шолг1а т1едиллар ду ненан маттах долу хаарш зер

    (Х1ора тобанера цхьацца дешархо т1е а вог1ий схьаоьцу т1едиллар)

    1-ра тоба.

    1.Жерахьо дуьйлийша школе - боху предложени ю:

    1.юьхьан;

    2.билгалза-юьхьан;

    3.юьхьза;

    4.билгала-юьхьан+

    2. Дошамаш х1иттор 1амочу лексикологин декъах олу

    а) этимологи; + б) лексикографи; в) семасиологи; г) диалектологи.

    3. Х1ара ц1ерметдешнаш дефисца ца яздо:

    1) цхьа?волу, кхи?волу, наггахь?волу;+

    2) со?суо, и?ша, шу?шаьш;

    3) муьлх?муьлха, мил?милла, хьаъ?хьаъа а;

    4) тхо?тхьаьш, шун?шайниг, цуьнан?шен.

    5.Оьшучохь сацаран хьаьркаш х1иттае

    Стаг дукхахверг шен дагалецамашкахь веха(1) шен г1енашкахь(2) я лехамашкахь.

    Ткъа хьан лехам-къонах хилар(3) хьан кхетамехь волу къонах. Къонах хила 1алашо х1оттийначо лов(4) дахаран вон а(5) дика а цхьабосса(6) дикане 1еха ца войтуш(7) вонна к1ел ца вуьсуш.(13567)
    2.тоба

    1.Аьхка мангал хьокху - боху предложени ю:

    1.юкъара-юьхьан;

    2.билгалза-юьхьан;+

    3.юьхьан

    4.билгала-юьхьа
    2.Дошамаш х1иттор 1амочу 1илманах олу:

    1.грамматика;

    2.фразеологи;

    3.лексикологи;+

    4.этимологи.
    3.Х1ара куцдешнаш дефисца ца йазйо:

    1.мас?санхьа, тах?ханехь,мац?цах;+

    2.ул?уллехь, мин?минотехь,наг?наггахь;

    3.ма?бохху, ма?элли,ма?хетта;

    4.кхана?лама, мин?минотехь,парт?аьлла.

    5.Оьшу сацаран хьаьркаш йахка:

    Йоккхачу стеган(1) 1одика йина(2) араделира Лоьмий(3) Тамарий. Самукъане б1аьргаш а те1ош (4) хьоьжура цу шинга(5) стиглара седарчий.Гонаха дерриге а(6) тийна дара.(24569)
    3.тоба

    1.Охуш аьлларг оруш карийна - боху предложени ю:

    1.юкъара-юьхьан;+

    2.ц1еран;

    3.билгалза-юьхьан;

    4.юьхьза.
    2.Дешнийн нийсайаздаран бакъонех олу:

    1.фразеологи;

    2.синтаксис;

    3.диалектологи;

    4.орфографи.+
    3.Х1ара дешнаш дефисца ца йазйо:

    1.кад?1айг, мотт?г1айба, ков?керт;

    2.ялта?лелор, стун?да, к1алд?даьтта;+

    3.да?нана, дика?вон, вер?ваккхар;

    4.ког?корта, куц?кеп, чу?ара.

    5. Оьшу сацаран хьаьркаш йахка:

    Суна хетарехь(1) иза инженерех(2) массарел а хьалхе г1оттуш вара(3) х1унда аьлча(4) со мел хьалхе г1аьттича а(5) иза вижна а волуш(6) аравала аьтто ца баьлла сан.(1356)
    Литературин т1едахкарш

    1.тоба

    1.Х1ума, хилам декъаза, жима дина дийцарх олу?(литота)

    1.гипербола

    2.метафора

    3.литота+
    2. Нохчийн литературин бухбиллархо

    1.Бадуев Са1ид-СалихьСулейманович;+

    2.Мамакаев 1аьрби Шамсуддинович;

    3.Айсханов Шамсудди Катаевич
    3.Нохчийн литературехь дуьххьара роман язйинарг?

    1.Сулаев Мохьмад Амаевич;

    2.Бадуев Са1ид-СалихьСулейманович;+

    2.Сальмурзаев Мохьмад Сальмурзаевич.

    5.Чекхдаха кицанаш:

    Г1иллакх дезаш волчунна ……………………….… (и генахь дац)

    Коьртехь хьекъал ца хилча, ………………………… (когаша къахьоьгу)
    2.тоба

    1.Дуьхь-дуьхьал маь1на долу дешнаш исбаьхьаллин произведенехь цхьаьнадалор:

    1.оксиморон;+

    2.метафора;

    3.риторически хаттар;
    2.Нохчийн литературехь дуьххьара стихашкахь повесть язйинарг:

    1.А.Айдамиров;

    2.Ш.Арсанукаев;+

    3.А.Нажаев.
    3. «Х1инца латта шайна, букара баракаш» аьлла стихан мог1анаш хьан язйинера?

    1.Ш.Айсхановс;

    2 М.Мамааевс;

    3.1.Мамакаевс.+

    5.Чекхдаха кицанаш:

    Х1ума хаар - …………………….(нахе ладог1ар)

    Школа кема, …………………………(1илма х1орд)
    3. тоба.

    1. Исбаьхьаллин васт х1отторца х1ума т1ехдоккха гайтарх олу:

    1.Анапест;

    2.Градаци;

    3.Гипербола.+
    2. «Лийрбоцурш» турпалаллин драмин автор:

    1.Дудаев 1абди;

    2.1-Хь.Хамидов;+

    3.Сулаев М.
    3. «Мохьсолтин доьхна де» иза:

    1.очерк;

    2.пьеса;+

    3.повесть.
    5.Чекхдаха кицанаш:

    1иллинчу т1улга к1ел ………………..… (хи ца кхаьчна)

    Ала йоІе……………………………. (хаза несе)

    Г1иллакх-оьдангаллин хаарш зеран т1едахкарш

    (Хаттарш массарна а ло, хьалха куьг айина жоп делларг тоьлла лору.
    1.Х1ун ларам хила беза оьздачу стеган ялтица а, юучу х1уманца а?

    -Вайн къоман къаьстттина хилла юучун пусар дар, махках даьхна и хало гина дела.Ялта хала д1адуьйш а, чудерзош а къахьоьгу, юучун пусар дан деза, х1унда аьлча массери а хир яц яах1ума а. Хьалха цуьргаш диъча хаза хуьлу олура, к1анта яьгна х1ума йиъча майра хуьлу олура. Иза баккъал а хуьлу бохург дац иза, рицкъан пусар дар хилла, кхоам бар а ду.
    2. Нохчийн юкъараллехь муха д1ахьош хилла белхи бар?

    -Вайн нохчийн къоман юкъахь лелла г1иллакх, 1адат ду и, х1окху замане к1езиг кхаьчнехь а, хьалха заманахь дукхах болу болх куьйгаца беш бара, хьаьжк1аш хьайохуш, мангал хьокхуш, т1арг1а къажбеш, беш охкуш, поппар хьокхуш, цуьнах кибарчигаш еш,ялта чудерзош а. Арахь, чохь деш долчу х1уманна накъосталла ду и.

    3.Шиъ цхьаьний вистхила воьлча х1ун дан деза?

    -Ший а саца веза, вовшашка раг1 кховдош. Раг1 схьаэцначо: «Баркалла, хьайн дош ма дицделахь», - олий, шен къамел доладо.
    4.Дуьнен чохь цкъа а леш йоцург? (Дикалла)

    5.Барзо шен кан хийцарх ца хуьйцуш ерг х1ун ю? (Амал)

    6. Нанас шен берана клмаьрша кховдош ерг х1ун ю?( Йовхо)

    7.Гергарлонан бух хилла лаьтташъерг х1ун ю? ( Марзо)

    8.Кицанахь сарраалц бен лаьтташ яц бохуш, юьйцург х1ун ю? (Хазалла)

    9.Муьлххачу къийсамехь уггаре а дика герз муьлха ду(Хьекъал)

    10.Муьлххачу а адамехь ца хилча йиш йоцург х1ун ю? (Адамалла)







    Хаарийн б1ов т1едахкарш

    9 а класс

    9 б класс

    9в класс

    1.

    ц1е, девиз, эмблема.




























    2.

    Ненан маттах лаьцна стихотворени йийцар.










    3.

    Инсценировка(хаттар) кечъяр, гайтар










    4.

    Нохчийн меттан хаарш














































    5.

    Литературин хаарш














































    6

    Г1иллакх-оьздангаллин хаарш зер.















































    написать администратору сайта