Главная страница
Навигация по странице:

  • Аьхка ешначу книгех лаьцна къамел

  • Ц1ахь кхочушдан дезарг. «Книга - хьан доттагИ» статья ешар. 1,5, 7-чуй хаттаршна жоьпаш кечде. Дешан исбаьхьаллин кепаш.

  • Ц1ахь кхочушдинарг таллар.

  • Ц1ахь кхочушдан дезарг. «Дешан исбаьхьаллин кепаш» статья ешар. ТТедахкарш кхочушдар. Халкъан барта кхолларалла.

  • Ц1ахь кхочушдинарг таллар. Кхочушдина т1едахкарш таллар. Хьехархочун дош.

  • «Халкъан барта кхолларалла» 1амат т1ера статья ешар, йийцаре яр. Дешархоша хаттаршна жоьпаш ло, 7-10 т1едахкарш кхочушдо. Педузаран хаттарш.

  • Барта кхоллараллин произведенеш юьйцурш бовзийтар.

  • «Тамашийна олхазар» Ц1ахь кхочушдинарг таллар.

  • Туьйранех лаьцна къамел дар.

  • Суьрташца а, иллюстрацешца а болх бар.

  • 5.1амат т1ера «Туьйранех лаьцна» статья ешар а, йийцаре яр а.

  • Туьйранан план х1оттор, и тетрадаш т1е д!аязъяр.

  • Туьйранахь дахаран бакъдерг а, хила йиш йоцург а.

  • ПП ЧЯ 5 кл.. Литература кхуллу дашна говза болчу наха, цундела иза дешан исбаьхьалла а лара мегар ду. Яздархоша шайн произведенеш т1ехь ширчу заманахь хилларг, тахана дерг, кхана хиндерг а довзуьйту вайна.


    Скачать 26.45 Kb.
    НазваниеЛитература кхуллу дашна говза болчу наха, цундела иза дешан исбаьхьалла а лара мегар ду. Яздархоша шайн произведенеш т1ехь ширчу заманахь хилларг, тахана дерг, кхана хиндерг а довзуьйту вайна.
    Дата18.10.2022
    Размер26.45 Kb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаПП ЧЯ 5 кл..docx
    ТипЛитература
    #739134


    25

    ХЬАЛХАРА ДАКЪА
    Литература кхуллу дашна говза болчу наха, цундела иза дешан исбаьхьалла а лара мегар ду. Яздархоша шайн произведенеш т1ехь ширчу заманахь хилларг, тахана дерг, кхана хиндерг а довзуьйту вайна. Вукху искусствошца юьстича, литература церан йиша ю, ала мегар ду. Стаг вело, велхо, г1айг1ане вожо, дог айа ницкъболуш ю исбаьхьаллин произведенеш. Аша ешна хир ю халкъан барта кхоллараллин, яздар- хойн цхьайолу произведенеш, царна юкъахь шуна езаелларш а хир ю, церан турпалхой а хила там бу аша шайн тидаме лаьцна. Уьш хьайн доттаг1ий хила а луур дара хьуна. Хьан бовзийтина хьуна уьш? Цу декъехь хьан нийса накъост хилла д1ах1оьттинарг книга ма яра. Т1аккха иза хьан доттаг1 ю-кх. Х1инца дуьйна оцу хьайн керлачу доттаг1чуьнца дага а вуьйлуш, цуьнца дика а, вон а доькъуш, дахаран халчу муьрехь чекхвала некъ харжа декхарийлахь ву хьо. Бакъду, хала-м хир ду иза кхочушдан. Компьютер, книга - царах цхьаъ харжа дезар ду хьан я цу шинцца а доттаг1алла лело. Доттаг1ий дукха мел хили а, дика ду. Дуккха а керланиг, довзазниг, хьайн ойланийн къайленашкахь ахьа хийла дагалецнарг, сатийсинарг довзийта тарло хьуна книга. Цаьрца дага а вуьйлуш, церан г1оьнца хьайн хаттарийн шаддаш достуш, хьайн дахаран некъ д1абахьа йиш хир ю хьан, ахьа хьайн бакъволу накъост книга харжахь. Цаьрца гергарло лелош, шайгахь дика амалш кхиош, дуьненахь хуьлучуьнца шайн юкъаметтигаш нисйийр ю аша. Бакъйолу книга - иза цхьа тамашеначу къайленга кхачар ду. Аша жимма и ницкь т1ебахийтахь, схьаеллаяла кийчча ю иза, шуьца къамеле яла лаам бу цуьнгахь, шайн догц1еналла аша гайтичхьана. Шуна яца кийча а ю иза - схьаделла цунна шайн дог, хьекъал а.

    Дешан говзалла шеца йолу стаг адамо эзарнаш шерашкахь Ыийнчух, цунна девзинчух кхета аьтто болуш ву. Иза кхочушдан дук- кха а къахьега деза, уггар хьалха книга ешарна шен ницкъаш Иеберзо беза. Вай тидамбарца, леррина, ойлаярца, кхоллараллица еша 1емар ду. Пох1ма долу яздархой санна, литературина пох1ма долу ешархой а оыну. Вайн декхар - ешаран и пох1ма вайгахь кхиор ду. И декхар, дешаран шерашна хилла ца 1аш, дерриг дахарна а ду.

    5-чу классехь вайна девзар ду литература кхолларан хьасташ, литература талларан хаарийн баххаш, ша аьлча, кхид1а а литература кхиамца 1аморан лард юттур ю.

    1. Аьхка ешначу книгех лаьцна къамел

    • Муьлха книгаш ешна аша аьхка?

    • Царах муьлханаш ю шуна дагахь лаьттарш?

    • Уын хьан язйина, дагадогГий шуна?

    • Шун ойла т1ейирзина турпалхой муьлш бу царна т1ехь?

    • «Еша хаьа» бохучух муха кхета шу?

    3.1амат йовзийтар

    1. Вай кхушара шеца болх бийр болу книга 1амат а, хрестомати а ю. Хрестомати - иза хаьржинчу произведенийн я церан дакъойн гулар ю. Нохчийн яздархойн тоьлла произведенеш 1амор ю вай.

    Вайн 1амат пхеа декъах лаьтташ ю.

    1. - Мила ву 1амат х1оттийнарг? (Эдилов Салауди Элимирзаевич).

    • Мила ву xlapa книга суьрташца кечйинарг? (Дадакаева Э.Д.)

    Кхуьнан чулацаме хьовсий вай.

    • Муьлха яздархой бу шуна царах бевзарш?

    Церан муьлха произведенеш ешна аша?

    Д1асалистий вай 1аматан аг1онаш. Исбаьхьаллин произведенеш йоцург, кхин х1ун материал яхна цу юкъа?

    Хьехархочо йовзуьйту 1амат. XIopa ядархочун дахаран некъ бов- зийтина, произведенех лаьцна хаамаш бу, литературин теорех лаьцна статьяш ю. Произведени йийцаре яран 1алашонца далийна хаттарш а, т1едахкарш а ду. Книгин чаккхенехь литературин терминийн дошам а ю. Произведенеш т1ера кхета хала долчу дешнийн маьГнаш дастаран Нетовжарш ю книгин аг1онаш т1ехь лахахь.

    1амат т1еюзуш ду произвенешца доьзна долу суьрташ.

    Цул т1аьхьа книга муха кхуллуш ю а, иза стенах лаьтта а довзуьйту: араяларх лаьцна болу хаамаш, зорба тоьхна шо, формат, тираж, му- жалт, переплет, титулан arlo, форзац. Дешархошна и кхетамаш балар оьшуш ду аьлла хета тхуна, х1унда аьлча цо книгех лаьцна долу дийцар дуьззина кхочушдан таро ло.

    1. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. «Книга - хьан доттагИ» статья ешар.

    2. 1,5, 7-чуй хаттаршна жоьпаш кечде.

    Дешан исбаьхьаллин кепаш.

    1алашонаш: дешан коьртачу исбаьхьаллин кепех - эпитетах, дустарх, метафорех - кхетам балар.

    1. Ц1ахь кхочушдинарг таллар.

    1. Статьян чулацамах лаьцна дийцийтар;

    2. 1,5, 7-чуй хаттаршна жоьпаш далийтар.

    1. «Дешан исбаьхьаллин кепаш» статья ешар а, йийцаре яр а.

    Билгалдакюсар. Статья еша а ешна, хьехархочо хьехамаш бинчул Наьхьа дешархоша тетрадаш т1ехь д1аяздо тропех лаьцна дерг, хат- тарша жоьпаш ло, Недахкарш кхочушдо.

    Коьртаниг - царах кхетар, текстехь уьш схьалаха, вовшех къасто, тропаша х!ун г1уллакх кхочушдо хаар ду.

    1. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. «Дешан исбаьхьаллин кепаш» статья ешар.

    2. ТТедахкарш кхочушдар.


    Халкъан барта кхолларалла.

    1. Ц1ахь кхочушдинарг таллар.

    Кхочушдина т1едахкарш таллар.

    1. Хьехархочун дош.

    Халкъо кхоьллина барта произведенеш вайна евзаш ю дахаран дуьххьарлерчу шерашкахь дуьйна. Уьш ю вайн наноша бкшерашкахь шайн берашна лекхна аганан эшарш, дагардарш, чехкааларш. Кхиа дуьйладелча, бераш туьйранашка ладегГа, х1етал-металшкахь дерг къасто, чехкааларш дийца лууш хуьлу; ловзаршкахь цара пайда оьцу дагардарех, берийн фольклорах; xlopa стага шен къамел кицанашца, ирачу аларшца хаздо. Уьш ерриг а халкъан барта кхоллараллин, фоль- клоран произведенеш ю.

    «Фольклор» термин, ингалсан маттера гочйича, «халкъан хье- къал» бохург ду. Амма цунах кхетар тайп-тайпана ду: цкъацкъа цунна юкьалоцу муьлхха халкъан искусство (халхарш, мукъамаш (музыка), тир яккхар, дечигах, аьчках х1уманаш яр и. д. кх. а). Оцу дешан готтачу маь1нехь барта кхоьллина поэтически произведенеш ю, иллеш, эшарш юкъа а лоцуш. Оцу маь1нехь хьовсур ду вай барта кхолларалле.

    Халкъан барта кхоллараллин коьрта башхалла - адамаша кхуллуш хилар, барта лелар, ламасталла. Халкъан ламасташ лардеш, т1аьхьено т1аьхьене д1акхачош ю и произведенеш. Дукхахьолахь вайн ала йиш яц, мила ву и йиш, илли, туьйра, кица кхоьллинарг. Цигахь гучудолу цуьнан халкъалла - кхоллархо (автор) лара мегар ду дерриг халкъ. Шена хезнарг, к1еззиг хийцамаш бой, барта вукхуьнга д1акхачош хилла цхьаммо кхечуьнга.

    Х1етал-металш, чехкааларш, кицанаш, дукхахьолахь, цхьа а тайпа хийцам боцуш д1акхачадо халкъе. Уьш фольклоран кегийра жанраш ю. Уьш йоций а, атта дагалацалуш а ю. Ткъа туьйра дийца, цхьа а дош ца хуьйцуш, хало ду: уьш шайн барамца даккхий а, дуккха турпалхой а, баьржина чулацам а болуш хуьлу. Цундела юкъара чулацам а, маь1на а лардеш х1оразза туьйра юхасхьадуьйцуш, цхьацца хийцамаш а, юьстахта1ар а нисло. Иштта билгалйовлу фольклором варианташ, ша аьлча, цхьана произведении тайп-тайпана варианташ.

    Тайп-тайпана варианташ хиларан масех бахьана ду. Цкъа-делахь, коьрта ду, мила ву дуьйцург. Тайп-тайпана дешнийн барам бу нехан: цхьаверг шера, хьал долуш мотт болуш хуьлу, ткъа важа- къен. Шолг1а- делахь, вариант хилар дозуш ду, хьанна дуьйцуш ду хьаьжжина. Масала, кегийчу берашна доций, атта дагалацалур долу туьйранаш дуьйцу. Жим- ма а даккхийчу берашна самукъане хуьлу мелла а голатуху чулацам болу туьйранаш. Кхоалг1а-делахь, дийцархочун 1алашо а ю тидаме эца езаш: бер тедан, набаре лацийта, шегахьа дерзо, цхьана х1уманах самукъада- лийта, вукхунах лардан я жимма кхеро (массо а халкъан туьйранаш ма дац дика чекхдовлуш) 1алашо йолуш дуьйцуш хуьлу уьш.

    Кхин цхьа башхалла а ю барта кхоллараллин. Шен-шен меттехь, шен-шен хенахь дуьйцуш хилла уьш. Масала, аганан илли 1уьйрана олуш ца хуьлу, ткъа туьйранаш дийцаран шен хан а, 1алашо а ю.

    Массо а къаьмнийн хилла и тайпа произведенеш кхуллуш а, уьш халкъа юкъахь яржош, шуьйра йовзуьйтуш болу говза нах: оьрсийн - гусляраш, украинцийн - кобзараш, кхазахийн, г1ирг1изойн - акынаш, французийн - трубадураш, нохчийн - илланчаш.

    1. «Халкъан барта кхолларалла» 1амат т1ера статья ешар, йийцаре яр.

    Дешархоша хаттаршна жоьпаш ло, 7-10 т1едахкарш кхочушдо.

    Педузаран хаттарш.

    • Кегийчу жанрийн масалш даладе: х1етал-металш, кицанаш, чехкааларш, дагардарш.

    • Х1ун башхалла ю уьш далоран? Маца, мичахь, муьлхачу хьелаш- кахь далош хуьлу уьш?

    1. Барта кхоллараллин произведенеш юьйцурш бовзийтар.

    Барта произведенеш, шайн жанре хьаьжжина, йийца а, ала а йиш йолуш ю. Говза туьйра я кицанаш, хIстал-металш далош, илли олуш волу стаг билгалволий хуьлу. Ишттачу нахе ладог1а дог дог1у, дукха адам гулло цига, цуьнан говзаллех цецдолий, ладог1а сатосий. Иштта нах цкъа а биц ца ло, уьш дагахь а лаьтта. Дуьненна а евзаш ю Пуш- кинан хилла няня Арина Родионовна. Цуьнан туьйранаш т1ехь, эшарш т1ехь дуккха исбаьхьаллин произведенеш язйина поэто. Иштта вай яздархочун Саидов Б. ден нана Зарет а хилла туьйранаш хууш, уьш говза дуьйцуш. Цара т1е1аткъам бина кхоьллина Саидов Б. вайн бе­рашна дукхадезаделла туьйранаш «Майра к1ант Сулима», «Сулимин ц!архо». Уьш цо яздина ден ненан тамашеначу туьйранашка ладег1аро йитинчу лар т1ехь, цаьрга ладоьг1уш йовза йолаелла цунна халкъан меттан хазалла, говзалла, исбаьхьалла.

    1. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. Д1аязъе хьайн доьзалехь евзаш йолу халкъан произведенеш: туьйранаш, х1етал-металш, кицанаш, чехкааларш, хьадисаш, дагар- дарш.

    2. Хьайн лаамехь цхьана барта произведении чулацамца дог1у сурт дилла.



    1. «Тамашийна олхазар»

    1. Ц1ахь кхочушдинарг таллар.

    Дешархоша шаьш д1аязйина халкъан произведенеш йоыпу.

    Суьртех лоций дуьйцу.

    Хьехархочун дош.

    Класс кечъяре хьаьжча, шу кхетта хир ду вайн урок фольклоран уггар самукъанечу жанрана лерина хирг хилар - туьйранна. Туьйра ца девзаш, ца дезаш стаг хир ву, ала хала ду. Кегий долчу хенара дуьйна вайн дахарехь шен меттиг д1алоций схьадог1у туьйра. Туьй- ранийн чулацам т1ехь дуккха а спектаклаш, исбаьхьаллин фильмаш, мультфильмаш кхоьллина, цаьрга дог дог1уш баккхийнаш а, бераш а хьовсу. Халкъан туьйранаш - иза литературин туьйранийн а бух бу, художникаш иракарах1итторан хьаст а ду иза. Туьйранийн чулацам т1ехь дехкина суьрташ шуна гуш ду вайн классан пенаш т1ехь а, 1аматан иллюстрацешкахь а.

    1. Туьйранех лаьцна къамел дар.

    • Х1унда деза шуна туьйранаш?

    • Шуна хетарехь, х1ун ду туьйра вукху барта кхоллараллин про- изведенех къастош дерг?

    • Туьйранийн муьлха турпалхой беза шуна? Х1унда беза шуна уьш?

    1. Суьрташца а, иллюстрацешца а болх бар.

    • Суьрташка хьовса. Туьйранийн турпалхойн ц1ерш яха.

    • Схьабийца, дата а лаций, суьрташ т1ехь гайтинчу хиламийн чулацам.

    • Муьлхачу билгалонашца къасто мегар ду сурт туьйранан чулацам г1ехь диллина хилар?

    5.1амат т1ера «Туьйранех лаьцна» статья ешар а, йийцаре яр а.

    Статья йоыиуш, йийцаре еш дешархоша шайн тетрадаш т1е д1аяздо:

    • туьйранан жанр къастор;

    • туьйранийн тайпанаш: инзаре-тамашена, дахаран, дийнатийн (масалшца);

    • литературин терминех лаьцна кхетам балар: д1адолор, чаккхе, гуттаренан эпитеташ, юх-юха аларш; д1адолор, хилам кхиар, кульми- наци,дерзор.

    1. Хьехархочун хьехамаш.

    Туьйра - самукъанечу кепехь хила тарлуш боцу, цхьаммо шеггара кхоьллина хиламаш буьйцу барта кхоллараллин произведени ю. Барта кхоллараллин кхечу жанрашца дуьстича (хьадисаш, шира дийцарш, кицанаш-дийцарш), туьйра массо хена цхьаммо шеггара кхоьллинарг ду, ткъа важа произведенеш - цхьана бакъдолчунна т1ехь кхоьллинарг ду. И бохург ду, ладуг1уш верг а, дуьйцуш верг а кхеташ ву, туьйранахь дуьйцуш дерг дахарехь хилла доцург хиларх. Туьйранахь коьртаниг са- мукъадаккхар, ойланехь суртх1оттор ду. Амма и суртх1оттор к1орггера маь1на долуш хуьлу, туьйранашкахь билгалдолу халкъан дикачу а, во- чух а долу хетарг. Туьйранийн турпалхой «дикачарна» а, «вочарна» а бекъало. Дикачо, нийсоно, доттаг1алло, беркато толам боккху зуламна, харцонна, ямартлонна, цабезамна т1ехь.

    Инзаре-тамашеначу туьйранашкахь хуьлу Ешап, 1аьржа-Хожа, Жоьра-баба, къамел деш долу дийнаташ, акхарой; г1о-накъосталла деш йолу х!уманаш: мел генара а х1ума гейту куьзга, т1емадолу верта, т1емайолу говр и. д. кх. а. Оцу туьйранашкахь турпалхошца боьзна инзаре-тамашена хиламаш хуьлу.

    Дахаран туьйранашкахь гучудолу халкъан векалш кхетамца, хье- къалца, шайн хьуьнарца халонех хьалхабовлуш хилар. Халкъо къехой хьуьнаре, хьекъал долуш гейту, хьолахой - беламе, церан х1иллий, къизаллий Iopa а йоккхуш.

    Дийнатийн туьйранашкахь адам гойтуш ца хуьлу. Церан метта адамийн амалш йолу, церан г1уллакхаш кхочушдеш долу, къамел дийца хуу акхарой, дийнаташ хуьлу. Цу декъехь дийнатийн туьйранаш ли­тературин жанран баснина герга ду. Халкъан туьйранашкахь, баснехь санна, шайн цхьа амалш йолуш хуьлу: лом - майра, цхьогал - мекара, борз - къиза, сутара, пхьагал - осала и. д. кх. а.

    Хьехархочо «Тамашийна олхазар» туьйра дийцар.

    Туьйра дийцинчул т1аьхьа цуьнан чулацам т1ехь болх бо. Цуьнан бухехь - 1аматан 1-10 хаттарш.

    Хьехархочун хьехамаш 5, 8, 10-чуй хаттаршна.

    Туьйранан д1адолор лара мегар ду воккхачу стагана хьуьнхахь ла- зийна олхазаран к1орни карор. Кульминаци - элан оьзданашка олхазар д1адалар, эло и даар. Дерзор - олхазар юха дендалар, цо бина ши 1аж биъна, йоккха стаг лазарх хьалхаялар.

    12-чу хаттарна. Туьйранахь бакъдерг хила йиш йоцчуьнца цхьаьна далош ду. XIapa самукъане дийцар ду тамашеначу хиламех лаьцна. Кху т1ехь инзаре, дахарехь хила йиш йоцу хиламаш хуьлу.

    1. Туьйранан план х1оттор, и тетрадаш т1е д!аязъяр.

    Герггара план.

    1. Воккхачу стагана олхазаран к1орни карор.

    2. Дарбане 1ежаш.

    3. Олхазаран дехар.

    4. Элана хилла тешнабехк.

    5. Олхазар юха а дендалар.

    1. Туьйранахь дахаран бакъдерг а, хила йиш йоцург а.

    Хьехархочун дош.

    Муьлххачу а исбаьхьаллин произведенино, хуьлийла и халкъан я цхьаммо язйина, оцу я вукху arlop дахарера бакъдерг гойту. Хила йиш йоцу хиламаш, х1уманаш цу т1ехь йийцахь а, цу бухехь бакъдолу дахар ду. Ша ду, нагахь санна и бакъдерг кхоллархочун ойланехь, са- тийсамехь, фантазехь хийцинехь. Хьовсий вай «Тамашийна олхазар» туьйранахь и муха кхочушхуьлу.

    Къамел дар.

    - Х1ун ду шуна туьйранахь бакъ хетарг? Х1ун ду цу т1ехь баккъал хила тарлург?

    Муьлха хиламаш бу хила йиш йоцурш, бакъ ца хстарш?

    Муха дозаделла ду туьйранахь бакъдерг а, кхоьллинарг а?

    1. Туьйранан башхаллаш.

    Дахарца доьзна бакъдерш туьйранахь xlopui ду: доккхачу шина стеган Iep-дахар, эло олхазар нуьцкъала д1адаккхар. Туьйранан тур- палхойн, дакъалацархойн амалш: доккха ши стаг къинхетаме, догккда, дика хилар, эла а, цуьнан оьзданаш а къиза хилар. Бакъдолучуьнца бог1уш болу церан синхаамаш: халахетар, хазахетар. Муьлхха а адамаш санна, уыи цомгуш хуьлу, юха толо, эла вала а ле. Дахарехь хьаьнцца а хила тарло бакъдерг ду иза.

    Кхоьллинарг юкъадалоро туьйра самукъане, тамашена, инза- ре до, ткъа иза кег-мерса х1уманашца хаадолуьйту вайна: олхазар дистхиларца а, цунна т1ера яьккхина мае лаьтта охьайоьжча, иза юха дендаларца а.

    Бакъдерг, кхоьллинарг цхьаьнадоьзна туьйранахь, цара таро елла и туьйра самукъанечу, ладог1а дог доуьйтучу кепе дерзо.

    1. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1.1амат т1ера туьйранех лаьцна статья ешар.

    1. Планаца туьйра схьадийца хаар.

    2. Хаттаршна жоьпаш кечдар.



    26



    написать администратору сайта