Урок. Конспект урока на тему _Б1аьсте_, Л.Н.Толстой (2 класс).. Л. Толстой Б1аьсте
Скачать 43 Kb.
|
70-г1а урок. Тема: Л. Толстой «Б1аьсте». 1алашо: Л. Толстойн дахар, кхолларалла ,«Б1аьсте» ц1е йолу дийцар довзийтар; нийса а,шера а, кхеташ а дийцаран текст еша 1амор; б1аьстенан 1аламан тидамбан,башхаллаш йовза 1амор. Кхочушдан лерина жам1аш Предметни: 1емар д1 шайн дагахь а,хезаш а дийцаран тексташ еша; хуур ду хьехархочун т1едилларца, хоржуш еша; 1емар ду шайн кхетамехь дийцаран чулацам т1еэца. Метапредметни Регулятивни: хуур ду шайн белхан план х1отто, цуьнан рог1аллица болх бан; 1емар ду шайн накъостийн кхиамаш лан, пайдениг схьаэца; хуур ду шайн белхан мах хадо. Коммуникативни: 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала; б1аьстенан хазаллехь лаьцна дийца 1емар ду. Познавательни: 1емар ду текстаца болх бан; алсамдер ду ойлаяр, тидамбар, кхетам кхуьур бу. Личностни: 1алман хазалла гуш, цуьнан доладан лаам болуш, аматаш хир ду дешархойн амалшкахь. Урок д1аяхьар. I. Организационни момент II. Ц1ера болх таллар. 1. Дешархоша д1адоьшу Х. Берсановн «Олхазарш схьадаьхкина» ц1е йолу дийцар. III.Меттан говзалла кхиор. -Д1адеша чехкаалар. Лакха кхевдинарг лаха шершина, лаха кхевдинарг лакха шершина. -Д1адеша чехкаалар дешдакъошца. -Д1адеша дешнашца. -Дагахь 1амаде. Нийса а, чехка а схьаала. IV.Хаарийн актуализаци. Урокан 1алашо йовзийтар. -Д1аелла учебникан 105-г1а аг1о. -Муьлха произведении евзар ю вайна тахна? (Дийцар «Б1аьсте»). -Мила ву цуьнан автор? (Л. Толстой). -Мила ву Л. Толстой? Х1ун хаьа шуна цунах лаьцна? -Стенах лаьцна хир ду дийцар? Муьлха дешнаш хир ду цу юкъахь шеко йоцуш? V.Керла тема хьехар. 1. Хьехархочун дош яздархочух лаьцна. ЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖЖ 2.Хьехархочо д1адоьшу Л. Толстойн «Б1аьсте» ц1е йолу дийцар. 3. Чулацамах лаьцна къамел дар. -Б1аьстенан муьлха мур бу дийцар т1ехь буьйцург? (Б1аьстенан юьхь). -Муха дара 1алам б1аьстенан юьххьехь? (Б1аьсте еха лаьттира ца йолуш. Шийла яра. Дийнахь латта дасталора,буса г1орадора). -Муха хийцаделира и сурт? (Мела мох белира ц1еххьана. Кхаа буьйсанна, кхаа дийнахь мела дог1а деара. Цул т1аьхьа б1аьсте елира). -Муха хийцамаш бира 1аламехь малхо? (1уьйранна къеггина малх хьаьжира. Цо ша башийра. Хьалаелира буц). -Муьлхачу дитто ехира ч1енгаш? (Муьрго ч1енгаш ехира). -Муьлха сагалматаш гучудевлира?Накхармозий дара заза т1ехула хьийзаш). -Х1ун боху олхазарех лаьцна?(Декаш хезаш дара чибис олу хьозий. Г1арг1улеш ,г1езаш лакххула д1аяхара). -Х1ун боху дийнатех лаьцна? (Дажа арадехира бежнаш, уьстаг1ий). -Х1ун боху берех лаьцна? (Девдда лелара бераш). -Яздархочо х1иттийначу суьртех муьлхачеран тидам хила шун? Дийца. VI.Сада1аран миноташ. VII.Керла тема кхин д1а а хьехар. Дийцар дешале хьалха бан беза болх. Т1АЬХ-ХЬАР-ЧУ К1ИР-НАШ-КАХЬ О-ХЬА-ДУЬЙ-ЛА-ДЕ-ЛИ-РА ХЬА-ЛА-Г1УЬТ-ТУ ХЬА-ЛА-Г1ЕР-ТАШ СЕНЪ-ЕЛ-ЛА НА-КХАР-МО-ЗА-ША ЯЬК-КХИ-НА Дешархоша д1адоьшу Л. Толстойн «Б1аьсте» ц1е йолу дийцар. Хоржуш ешар. Д1аеша б1аьстенан юьхьах лаьцна дуьйцу к1айдарг. -Муха хьаьжира малх? Д1аеша к1айдарг. -Х1ун боху ораматех лаьцна? Д1аеша к1айдарг. -Д1аеша олхазарех лаьцна йолу к1айдарг. -Д1аеша дийнатех лаьцна йолу к1айдарг. -Д1аеша берех лаьцна йолу к1айдар. 3. Тобанашкахь болх. (Х1ора тобано шайн к1айдаргана сурт дилла). 1-ра тоба , схьаязъе б1аьстенан юьхьах лаьцна к1айдарг. 2-г1а тоба, схьаязъе малх кхетарх лаьцна йолу к1айдарг. 3-г1а тоба, схьаязъе олхазарех лаьцна йолу к1айдарг. 4-г1а тоба,схьаязъе дийнатех лаьцна йолу к1айдарг. -Д1аеша шаьш язйина к1айдаргаш х1окху рог1аллехь-3-г1а, 4-г1а, 1-ра, 2-г1а тоба. -Х1ун хили? (Текст юьйхи). -Аша ма ешшара хила йиш юй 1аламан хийцамаш? (Яц). -Х1унда? (Бераша шайна хетачу кепара жоьпаш ло. Хьехархочо кхетабо , 1аламан хиламаш шайн рог1ехь хилар: малх-ораматаш-сагалматаш , дийнаташ). VIII.Рефлекси. -Х1ун кхиамаш бехи аша? IX.Урокан жам1. -Муьлха произведени йийшира вай? -Мила у цуьнан автор? -Х1ун хьоьху дийцаро вайна? (1аламан тидамбеш, девзаш хила веза). X.Ц1ахь бан болх балар. 1. Л. Толстойн «Б1аьсте» ц1е йолу дийцар шера д1адеша. |