Главная страница
Навигация по странице:

  • Урок д1аяхьар Ешархочун къинхьегамах хьехархочун дош.

  • Дешархоша аьхка ешна книгаш билгалъяхар.

  • Дешархойн литературин кхиар таллар

  • Ц1ахь кхочушдан дезарг. «Халкъан барта поэзи» статья ешар. г1а урок. Халкъан барта поэзи

  • Урок д1аяхьар I. Карладаккхар.

  • Книгица болх бар. Статья ешар.

  • Дешархоша шаып кхочушбинчу балхах лаьцна дийцар.

  • Рефлекси. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

  • З-rIa урок. «Бабин Иэсин, ворх1 вешин йишин илли»

  • Урок д1аяхьар Ц1ахь бина болх таллар.

  • Илли васт xIottoui дешар.

  • Комментари яр, хиламийн план х1оттор.

  • Иллин репродукцех лаьцна къамел.

  • Рефлекси. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

  • Иллин идейно-исбаьхьаллин маь1на даккхар, васташ къастор.

  • Иллин исбаьхьаллин башхаллаш къастор.

  • 7 класс НЛ гот. Урок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш


    Скачать 186.89 Kb.
    НазваниеУрок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш
    Дата14.04.2022
    Размер186.89 Kb.
    Формат файлаdocx
    Имя файла7 класс НЛ гот.docx
    ТипУрок
    #472543
    страница1 из 16
      1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   16

    1. ра урок. Адам гайтар литературин коьрта идейно-синъоьздангаллин проблема санна

    1алашонаш: курсан коьрта тема билгалъяккхар; дешархошна (аматан структура а, боцца чулацам а бовзийтар; дешархойн литера- турни хаарийн барам къастор; яздархочун къинхьегаме болу ларам, шен махке, литературе, искусстве, культуре безам кхиор; литература къоман культурин коьрта мехалла санна т1еэца езарх кхетор.

    Хьехаран кепаш: хьехархочун дош, барта хаттаршна жоьпаш далар; 1аматца болх бар; диалог д1аяхьар; диагностика.

    Урокана эпиграф: «Доттаг1 санна харжа яздархой а». (Ингалс къоман кица.)

    Урок д1аяхьар

    1. Ешархочун къинхьегамах хьехархочун дош.

    7-чу классан литературин коьртачу проблемех, чулацамах лаьцна къамел.

    7-чу классе девллачу шуна г1еххьа зеделларг ду книга ешаран, произведенеш 1аморан. Цу т1ехь вайна rlo до литературоведаша, ли­тературин критикаша. Ешар шина кепара хуьлий хаьа шуна х1инца. Нагахь вай книга самукъадаккха йоьшуш елахь, дукха хан ялале вайна цуьнан чулацам а бицло, юкъара дерг бен дагахь ца дуьсу. На­гахь санна вай ойла еш, леррина йоьшуш елахь, т1аккха и книга вайн синан зеделлачун дакъа хуьлий д1ах1утту. Иза дац самукъадаккхаран 1аматаш ца оьшу бохург. Оьшу, амма цара хьекъална, сина кхача луш йолу литература шайца хуьйцур яц.

    Цундела цо вайга кху кепара маь1на дойту: яздархочун къинхьегам х1ун ю а, цуьнан мах хадо а, произведени т1ехьа яздархо ган а хаа деза. Муьлххачу а говзаллехь санна, яздархочун г1уллакхехь пох1ма хиларх тоьуш дац. Кхуьуш доцу хьацар доккхуш хьоьгучу къинхьегамах мукъадаьккхина пох1ма, мехала ца долуш, марг1алдулу.

    7-чу классехь вай алсссам тидам Небохуьйтур бу массо а кепара про­изведенеш талларна. Цунна лерина рубрикаш ю хрестомати т1ехь ялийна.

    Ешархочунна оьшу пох1ма, яздархочо шен произведени т1ехь гайта билагалдинчух кхетархьама. Вуьшта аьлча, литературина оьшу пох1ма долу яздархой санна, пох1ма долу ешархой а оьшу. Яздархочо- худож­нике белхан цхьа дакъа бен дац шена Неоьцург. Кхидерг т1едузу шен ойланца художнико-ешархочо.

    1. Дешархоша аьхка ешна книгаш билгалъяхар.

    • Муьлха книгаш ешна аша аьхка?

    • Хьалха шаып ешначу книгаш юккъехь шун дагах хьакхаелларш муьлханаш ю?

    • Муьлха яздархо дика хийтира шуна?

    • Яздархочух лаьцна кхин цхьа а керланиг девзирий шуна?

    • Шайна хазахеттачу книгин чулацам боцца схьабийца.

    • Дийца шайна безабеллачу турпалхойх лаций. Х1ун ду шуна уьш безабалийтинарг?

    • Цхьа а книга юхайийширий аша?

    • Муьлха книгаш еша аьлла, хьехар дийр дара аша шайн накьос- ташна?

    Дешархойн ешаре шовкъ кхолларан 1алашонца ироизведенеш т1ера дакъош доьшу, масала:

    • къена Даду Чайрица цхьаьнакхетар;

    • Воккха дадас Зараан хаттарна жоп далар;

    • нускал далош йог1у машенаш, Iaca каг а еш, д1аяханчул тГаьхьа хилларг;

    • Айдамиров Абузаран стихотворени «Вина мохк».

    Дешархошка хаттарш.

    • Муьлхачу произведенеш т1ера ду и дакъош. Муьлш бу церан авторш?

    • Муха гайтина адам оцу дакъошкахь?

    • Адамах лаьцна х1ун ойланаш ю яздархочун сагатдийраш?

    • 6-чу классехь аша 1амийнчу произведенийн синъоьздангаллин муьлхачу проблемаша хийцира шун дахарца йолу юкъаметтиг?

    1. Яздархочун къинхьегам, цуьнан дахаре болу хьежам, синъ­оьздангаллин лакхене кхача иза г1ертар.

    • Яздархочо еша оьший исбаьхьаллин литература? Шайн жоп теч1аг1де.

    • Х1унда ялайо яздархоша шайн произведенеш юх-юха тоеш, кхачаме?

    • Х1унда хила веза яздархо халонех хьалхавала хууш?

    • Дукхаеза книгаш юй шун? Х1ун ду шуна царна т1ехь дика хетарг? .

    • Х1ун ду книгашца адамашца санна, юкъаметтиг хила еза бохург?

    • Поэзино х1ун меттиг д1алоцу адаман дахарехь?

    • Исбаьхьаллин вастийн тайп-тайпанчу кепийн масалш даладе (адаман васт, аламан васт, дийнатан васт, Галаман васт). Х1уи ду церан юкъара маь1на.

    1. 1аматца болх бар.

    1амат йовзийтар.

    • Мила ву 1аматан автор? Мужалт т1ехь долчу суьрташка хьовсур вай. (Чулацам бовзуьйту.)

    • Муьлхачу яздархойн ц1ерш евза шуна? Церан муьлха произве­денеш ешна аша?

    • Муьлха хан чулоцу хрестомати юкъа яхначу произведенеша?

    Хьовсур вай произведенешна ялийнчу рубрикашка.

    Тидам тГебохуьйту яздархойн суьрташна, произведенийн иллю- страцешна. Йоьшу 1аматан «Авторера» статья.

    1. Хьехархочун дош.

    Цхьайолчу исбаьхьаллин произведенийн дакъош бен дац далийна хрестомати т1ехь. Уьш юьззина ялийча, хрестомати т1е тарлур яцара. Цундела яцйина ялийна произведени ерриг а еша еза.

    Тексташ т1ехь болх барал сов, вай шуьца викторинаш, литературин ловзарш, тайп-тайпана къовсадаларш д1ахьур ду, сочиненеш язйийр ю, инсценировкаш х1иттор ю. Болх дукха бу, цундела шуьгара rlo оьшур ду и белхаш вовшахтухуш.

    Белхан тетрадел сов, вайна оьшур ду кхоллараллин белхашна лерина тетрадаш, луг1ат. Терминаш 1амат т1ехьа елахь а, коьрта тер- минаш д1аязъян еза дагахь латтийта, цул сов уьш оьшур ю т1едог1учу шерашкахь.

    1. Дешархойн литературин кхиар таллар

    • Книгаш еша стенна оыпу? (Книгех, турпалхойх кхета я дахарх дика кхетархьама.) Шайн жоп бакъде.

    • Х1ун оыпу пох1ма долу дика ешархо хилархьама?

    • Х1ун rlo дийр ду дахарехь литература 1аморо, книгаш ешаро?

    1. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. «Халкъан барта поэзи» статья ешар.

    1. г1а урок. Халкъан барта поэзи

    1алашонаш: халкъан барта кхоллараллех долчу хаарийн юкъара маь1на дар; иллийн жанрах болу кхетам шорбар; турпалаллин иллийн, лирически иллийн башхаллаш къастор; дешархойн дегнашкахь патри­отически ойла, халкъан иллешка безам кхиор.

    Гайтаман г1ирс: Нохчийн фольклоран пхи том.

    Хьехаран кепаш: карладаккхар, хьехархочун дош, 1аматан хат- таршна жоьпаш далар; тестови т1едахкарш кхочушдар.

    Урок д1аяхьар

    I. Карладаккхар.

    1. Дагадаийта, фольклор бохург х1ун ду.

    • Халкъо кхоьллина муьлха произведенеш 1амийра вай даханчу шарахь?

    • Фольклоран муьлха жанраш евза шуна?

    • Муха къаьста фольклор а, литература а вовшех?

    • Муьлха турпалаллин иллеш 1амийра вай 6-чу классехь?

    • Муьлш бара царна т1ехь буьйцу турпалхой?

    • Вукху халкъан иллешца дуьстича, х1ун башхалла ю турпалаллин иллийн?

    1. Барта кхоллараллин жанрашна кластер х1оттае.

    1. Хьехархочун дош.

    Къоман хьалха хилла долу дерриг а дахар билгалдолу фольклорехь. Халкъан лаамаш, сатийсамаш, цуьнан г1айг1анаш, баланаш, хазахе- тарш, халахетарш, цо лайна вон а, дика а, халкъан кхетам, ойла - и дерриг а фольклорехь ду. Нохчийн фольклорехь дуккха а жанрашкахь йолу произведенеш ю. 5-чу классехь аша 1амийна туьйранаш, кицанаш, х1етал-металш нохчийн халкъан барта кхоллараллина юкъадог1уш ду. Ткъа 6-чу классехь аша 1амийра нохчийн барта кхоллараллин керла жанр - иллеш.

    Иллеш кхолладелла герггарчу хьесапехь кхо б1е шо сов хьалха. Нохчийн иллеш к1орггера чулацам, йоккха исбаьхьалла йолуш ду Шен иллешкахь халкъо ч1аг1до Даймохк безар, иза 1алашбар, кхечу кьаьмнашца доттаг1алла хилар. Къонахалла, майралла, оьздангалла, адамийн сий лардар кхайкхадо иллешкахь. Иллеш т1ехь дуьйцург цхьадерг исторехь хилла бакъдерг ду важадерг - халкъо ша кхоьлли­на. XVI-XVII б1ешерашкахь къоман парг1ато ларъеш, тайп-тайпанчу мостаг1ашна дуьхьал къийсам латтийна вайн халкъо. И къийсам бу цхьадолчу иллийн чулацамехь берг. Мехкан, къоман сий лардеш, халкъана хьалхабевлла хилла нах бу иллийн турпалхой. Шен дик- чу к1ентийн хьуьнарш хастаме деш дийца лаарна, уьш Некхуьучу г1аьхьенга д1ахаийта 1алашо йолуш кхуллуш хилла халкъо и иллеш. Царна т1ехь буьйцурш халкъан тоьлла к1ентий, халкъан турпалхой болу дела царах турпалаллин иллеш олу. Турпалаллин иллеш доцурш, кхин а ду халкъо кхоьллина иллеш. Уьш лирически иллеш ду. Царна г!ехь халкъо бовзуьйту шайн синхаамаш, сатийсамаш, шаып ловш болу баланаш. Турпалаллин иллеш т1ехь буьйцурш халкъан тоьлла к1ентий, цхьана хенахь баьхна турпалхой белахь, вукху иллешкахь буьйцурш маг1арера нах бу. Цара ца гойту шайгара хьуьнарш, дахарехь нислуш болу маг1арера хиламаш бу царна т1ехь буьйцурш. Паччахьан заманахь кхоьллина и иллеш сингаттаме чулацам болуш ду. Халкъо царна т!ехь шайн сингаттамаш, баланаш балхийна. Ирсечу, маьршачу дахаре сатуьйсуш, шайн ойланаш ялхийна халкъо цу иллешкахь.

    1. Книгица болх бар. Статья ешар.

    1. «Халкъан барта поэзи» статья ешар.

    2. Статьян чулацамах лаьцна къамел.

    • Фольклоран х1ун жанраш евза шуна?

    • Ширчу заманахь кхоьллина иллеш таханлерчу дийне схьа муха кхаьчна?

    • Муьлхачу тобанашка декъало халкъан иллеш?

    • Муха бу иллийн чулацам? Стенах лаьцна дуьйцу царна т1ехь? Дийца, х1ун хаьа шуна иллийн турпалхойх лаьцна.

    • Х1ун ду иллешкахь деза лорург?

    • Муха гайтина иллешкахь кхечу къаьмнашца йолу юкъаметтиг?

    • Турпалаллин илли муха къаьста вукху иллех?

    • Мила хеставо, муьлш емалбо турпалаллин иллешкахь?

    • Х1ун башхалла ю турпалаллин иллийн?

    • Пебартойн, г1умкийн элашна дуьхьал халкъо латтийна къийсам буьйцуш долу муьлха иллеш девза шуна?

    Барта поэзин иллийн исбаьхьаллин башхаллех лаций дийца.

    1. Дешархоша шаып кхочушбинчу балхах лаьцна дийцар.

    Т1едиллар кхочушдан кечам бечу хенахь дешархой тобанашка бекъа мегар ду. Цара иллеш т1ехь болчу меттан исбаьхьаллин г1ирсех лаьцна хаамаш кечбийр бу.

    Урокан муьрехь дешархошна дика бевзаш болу теоретико-лите- ратурин кхетамаш дагалоцур бу: эпитет, дустар, гипербола. Дешар- хошка и болх кхочушбайта харжа мегар ду царна дика девзаш долу турпалаллин иллеш.

    1. Жам1 дар. Дерзоран дош.

    Тахана вай халкъан барта кхоллараллин поэзех лаьцна дийци. Хьалха аша 1амийна фольклоран жанраш дага а леци, керла жанр а йовзийти - халкъан поэзи. Вайн барга кхоллараллехь дукха ду турпа­лаллин иллеш. Цо гойту вайн халкъ шен маршонехьа, парг1атонехьа къийсамаш беш б1ешерашкахь схьадеана хилар. Оцу къийсамашкахь билгалбовлуш хилла халкъан тоьлла к1ентий, къонахий. Церан хьуь- нарш дуьйцуш, майралла, доьналла гойтуш халкъо иллеш дохуш хилла. Лирически иллеш кхуллуш а хилла халкъо. Царна т1ехь билгалдолуш хилла халкъан хала дахар. Уып маьршачу, ирсечу, парг1атчу дахаре сатесна хилла. И сатийсамаш бу иллешкахь бовзуьйтурш. Турпалал­лин иллеш т1ехь турпала г1уллакхаш дуьйцу, ткъа лирически иллеш т1ехь довзуьйту дахарера хьелаш, билгалйовлу адамийн ойланаш, сатийсамаш.

    1. Рефлекси.

    2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. Хамат т1ехь далийнчу хаттаршна жоьпаш кечдар.

    2. Недузаран хаттар: халкъан бакъйолчу исторех кхета йиш юй, халкъан барта кхолларалла евзаш яцахь? Жоп тоыпаллашца т!еч1аг1де.

    З-rIa урок. «Бабин Иэсин, ворх1 вешин йишин илли»

    1алашонаш: турпалаллин иллех, цуьнан башхаллех болу хаамаш т1еч1аг1бар; иллин чулацам т1ехь болх бар, маь1нех кхетор; дешархой патриотически ойланехь кхетош-кхиор.

    Хьехаран кепаш: илли васт х1оттош дешар; дешнаш т1ехь болх бар; комментари яр; хиламийн план х1оттор, чулацамах лаьцна къамел дар.

    Урок д1аяхьар

    1. Ц1ахь бина болх таллар.

    • Муьлха жанраш евза шуна халкъан барта кхоллараллин?

    • Муха къаьста иллеш вукху барта кхоллараллин жанрех?

    • Маца кхолладелла турпалаллин иллеш, х1ун бахьана долуш?

    • Стенах, хьанах лаьцна дуьйцу турпалаллин иллеш т1ехь? Муьлш бу царна т1ехь буьйцурш?

    • Х1унда олу цунах турпалаллин илли?

    • Мила хеставо, муьлш емалбо турпалаллин иллеш т1ехь?

    • Х1ун чаг!до халкъо шен турпалаллин иллешкахь?

    • Х1ун хуьлуш хилла дукхахьолахь иллийн чулацамехь дерг?

    • Муха ю иллеш т1ехь кхечу къаьмнийн векалшца йолу юкъамет- тигаш?

    • Вайн заманахь кхуллий халкъо турпалаллин иллеш? Муха бу церан чулацам?

    • Муха къаьста турпалаллин иллеш лирически иллех?

    Барта поэзин иллийн исбаьхьаллин башхаллех лаций дийца.

    • Халкъан бакъйолчу исторех кхета йиш юй, халкъан барта кхол­ларалла евзаш яцахь? Жоп тоьшаллашца т1еч1аг1де.

    1. Илли васт xIottoui дешар.

    1. «Бабин Иэсин, ворх1 вешин йишин илли» васт х1оттош деша 1амор.

    Хьехархочо илли хьалххе кечам бинчу дешархочуьнга доынуьйту я ша доьшу.

    1. Дешнаш т1ехь болх бар: гила - дика дин;

    жулар - гаьллаш йоцу дуьрста;

    сулу - хи оьцу меттиг; хи маладо, говраш лийчайо меттиг; расха дин - говран ал бос;

    четар - арахь малхах а, дог1анах а хьулвала юг1у 1ойла;

    гила борз - ша лела борз;

    децийн дажар - ламанан уьстаг1ийн дажар.

    1. Иллин хьокъехь хаттарш:

    • Муха хийти шуна илли?

    • Иллин муьлха меттигаш къаьсттана дика хийти шуна?

    • Х1ун ойла кхоллаели шун иллин турпалхойх лаьцна?

    1. Комментари яр, хиламийн план х1оттор.

    1. Илли дакъошка а доькъуш, комментари а еш, хиламийн план х1оттайо.

    Хиламийн план:


    1. Вежарий шеран балха баха кечбалар;

    2. Гуьржийн элашка вежарий шеран балха х1иттарх лаьцна кхаъ баккха айкх вахар;

    3. Гуьржийн элашца бинчу т1амехь вежарий эгар;

    4. Гуьржийн элаша ша нуьцкъала д1аюьгуш хиларх лаьцна арен­да лелаш волчу к1анте ворх1 вешин йишас Бабин Иэсе хабар-кост дахьийтар;

    5. Шена т1едиллина г1уллакх аренда лелачу к1анта кхочушдар;

    6. Бабин Иэса ворх1 вешина орцахвалар, йишин коьрте хьийза карзахе ойланаш;

    7. Элийн орца а дохийна, ворх1 вешин йишица Бабин Иэса юха- верзар.

    1. Хиламийн планах пайда а оьцуш, дешархошка иллин чулацам юхасхьабийцийтар.

    2. Аренда лелачу к1ентан, Бабин Иэсин диалоган инсценировка х1оттор.

    1. Иллин репродукцех лаьцна къамел.

    1амат т1ехь долчу суьрте хьовсур ду вай. Иллин чулацаман цхьана хиламах лаьцна ду иза.

    • Х1ун ду суьрта т1ехь гайтинарг?

    • Иллин муьлха меттиг ю цу т1ехь гайтинарг?

    • Сурт иллин чулацамца дог1уш дуй?

    • Х1ун ойла кхоллайолуьйту суьрто?

    1. Рефлекси.

    2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. Илли къастош деша хаар.

    2.1амат т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш кечдар.

    1. Бабин Иэсин, ворх1 вешин йишийн иллих лаьцна статья ешар.

    2. Белхан тетрадь, 2-3-г1ий т1едахкарш.

    1. г1а урок «Бабин Иэсин, ворх1 вешин йишин иллин» идейно-исбаьхьаллин билгалонаш

    (алашонаш: иллин идейно-исбаьхьаллин аг1онаш билгалъяхар, коьртачу турпалхойн васташ къастор, уьш кхуллуш пайда эцна Иирсаш бовзийтар; дешархошкахь кхечу къаьмнашка ларам кхиор.

    Хьехаран кепаш: цитаташ ялор; идейни маь1на даккхар; васташ къастор; исбаьхьаллин башхаллаш билгалъяхар, дискусси д1аяхьар.

    Урок д1аяхьар

    1. Ц1ахь бина болх таллар.

    • Муьлхачу хенахь хилла, шуна хетарехь, илли т1ехь дуьйцург?

    • Илли т1ехь дуьйцурш башха даккхий г1уллакхаш а дац, т1аккха турпалаллин илли лара мегар дуй xlapa? Дийца, муьлхачу билгало- нашца къастийра аша иза турпалаллин илли хилар?

    • Х1унда лууш ца хилла йишина шен вежарий шеран балха ба- хийта?

    • Вежарша муха жоп ло йишас шайга аьллачунна?

    • Гуьржийн элашна муха хиира вежарий шайн йишица ц1ера бевлла хилар?

    • Х1унда хилла гуьржийн элий вежарий шайн йишица ц1ерабовларе сатесна?

    • Х1ун олу шен вежаршка йишас гуьржийн элийн орца дог!у дайча?

    • Х1ун аьлла болийра гуьржийн элашца вежарша т1ом?

    • Ша муха гойту йишас вежарша т1ом бечу хенахь?

    • Бабин Иэсина муха хаьа ворх1 вешин йиша гуьржийн элаша нуьцкъала д1аюьгуш юй?

    • Х1ун бохуш белхар деш яра ворх1 вешин йиша гуьржийн элаша шега Бабин Иэсах дог дилла деза ахьа аьлча?

    • Ша муха гойту Бабин Иэсас элашца бечу т1амехь?

    • Х1ун билгалдолу Бабин Иэсас, ворх1 вешин йишас дечу къаме- лехь?

    1. Иллин идейно-исбаьхьаллин маь1на даккхар, васташ къастор.

    Иллин чулацамах шу дика кхетта. Х1инца оцу иллин идейно-ис­баьхьаллин маь1на муха ду, хьовсур ду вай.

    • Х1ун хаамаш бовзуьйту вайна иллин турпалхойх лаьцна иллин хьалхарчу декъо?

    • Х1ун бахьана ду, шуна хетарехь, ворх1 вешин йиша, ехча, гуьр­жийн эле маре цаяхаран?

    • Шуьга, ехча, ца елла ворх1 вешин йиша, га доцу сараг санна, кхин накъост воцуш ю шуна, олий, кхаъ боккху айкхо гуьржийн элашка. Дийца, муха кхета шу цунах.

    • Х1унда лууш ца хилла вежаршна йишас шайга бохург дан? Сте­нах кхоьрура уын? Церан муьлха амалш билгалйовлу оцу меттехь?

    • Муха гойту ша ворх1 вешин йишас вежарша гуьржашца бечу т1амехь?

    • Х1ун накъосталла до аренда лелачу к1анта ворх1 вешин йишина? Ша муха к1ант хилар гойту цо оцу хиламехь?

    Х1ун бахьана ду гуьржийн элаша шаьш д1аюьгучу ворх1 вешин йишега даккхий къамелаш даран? Церан муьлха амал билгалйоккху оцу диалого?

    • Шена т1екхача Бабин Иэса хьевелча, х1ун дог-ойла кхоллало ворх1 вешин йишин коьртехь?

    • Забарш а еш, луьрчу т1аме xlyny Бабин Иэса. Дийца, х1ун гойту цо.

    • Бабин Иэсас а, ворх1 вешин йишас а дечу къамелехь цушиннан муьлха амалш билгалйовлу?

    • Х1ун маь1на ду иллин? (Иллин дерзорехь гучудолу вайна цуьнан коьрта маь1на а: яхь йоцу, тешам боцу, соьмах бохкалуш болу нах емалбо халкъо. Къоман ламасташкахь долу г1иллакх, оьздангалла, оыпучунна вошалла дар, вовшийн лоруш, сий деш хилар ч1аг1до илли т1ехь. Шайн сийх, йохьах ца боха, синош д1адала кийча болу къонахий хестабо илли т1ехь. Пийлачуьнгахьа Иолацар, цунна накъосталла дар, яхь д1ацаялар, сий лардар, ницкъбечарна бекхам бар ду илли т1ехь коьртаниг.)

    • Вовшашца буста иллин турпалхой. Муха ду церан куц-кеп, х1ун амалш ю? (Турпалхойн куц-кеп илли т1ехь хьахийна а дац, ала мегар ду, х1унда аьлча цу хьокъехь аьлла вуно к1езиг долу дела. Иза цхьатера ду, ала тарлуш а ду-кх. Цхьатера дика ду т1ера духар, иштта тоьлла дой, герзаш. Ткъа церан амалш вайна билгалйовлу диалогехь. Вайна хаало уын майра, доьналла долуш, яхь д1алур йоцуш, юхабевр боцуш кГентий буй. Бистхилар а ду церан оьзда, г1иллакхе. Шайн ц1ершца бовзийтина бацахь а, дикчу амалшца билгалбовлу уьш. Шайн яхь д1а ца луш, сий ца дойуш, бевдда боху дош ца дезаш, йишас дехарш дешшехь, доьналлица чекхбовлу илли т1ехь буьйцу вежарий. Иштта шегара доьналла гойту церан йишас а. Гуьржийн элашца бечу т1амехь шен вежарий эга боьлча, йоьхна, тийжаш ца 1аш, охьа мел воьжна ваша бакъхьа верзош, царна гонаха хьийза иза. Шегара лаккхара оьздангалла гойту цо Бабин Иэсе йистхуьлучу хенахь а.

    Иштта ша дикчу arlop гойту аренца лелачу к1анта а. Шена мила ю а ца хуучу йо1ехьа rlo даккха дагахь ву иза, нуьцкъаха юьгуш елахь, летта а. Вайн къоман гиллакхашца йог1уш амал ю иза. Амма лаккхара доьналла, яхь, оьздангалла шегара гайтинарг Бабин Иэса ву. Адин Сурхо санна, майра к1ант ву иза. Адин Сурхос эла Мусостана т1ехь баьккхина толам санна, гуьржийн элашна т1ехь толам а боккхий, шена дукхаезачу йо1аца юхавоьрзу Бабин Иэса а.)

    • Илли т1ера масалш а далош, жоп ло хаттаршна:

    • Турпалхойн муьлха амалш дика хета шуна?

    • Гуьржийн элийн амалехь шуна цадезарг х1ун ду?

    Бабин Иэса комаьрша к!ант хилар гойтуш долу масал даладе илли т1ера.

    1. Иллин исбаьхьаллин башхаллаш къастор.

    • Муха бу иллин д1ах1оттам? (Илли кхаа декъах лаьтташ ду:

    1. Bopxl ваша шайн йишица шеран балха х1оттарх пайда эцначу гуьржийн элаша уьш х1аллак а бина, церан йиша дайигар;

    2. Bopxl вешин йишас аренца лела к1ант Бабин Иэсе ша гуьржийн элаша юьгий хаийта вахийтар, цо и хабар-кост Бабин Иэсе д1ахаийтар.

    3. Г уьржийн элий х1аллак а бина, Бабин Иэса ворх1 вешин йишица юхаверзар.)

    • Муха нислуш хуьлу иллин долор а, дерзор а? (Иллин долор ду- кхахьолахь юкъара сурт х1отторца нисло, ткъа дерзор иллин коьрта маь1на чулоцуш хуьлу. Масала:

    Делар-кха хьо, дуьне, хи т1ера хьер санна,

    Харцахьа ва хьийзаш, шарахь ши го боккхуш,

    Хьалхара го боккхуш, тешам боцу нах бойуш,

    Шолг1а го ша боккхуш, яхь йоцу нах бойуш.)

    • Муха билгалъяьхна илли т1ехь коьртачу турпалхойн амалш? (Мас- со а турпалаллин иллешкахь ма-хиллара, диалогашкахь гучуяьхна).

    • Меттан муьлхачу исбаьхьаллин суртх1отторан Иирсех пайда эцна илли т1ехь турпалхойн сибат-амат, куц-кеп гойтуш, церан хьуьнарех лаьцна дуьйцуш, хиламаш бовзуьйтуш? Даладе церан масалш.

    XIapa т1едиллар тобанашкахь кхочушдайта мегар ду дешархошка. Хьалхарчу тобано илли т1ера эпитеташ схьалоху, шолг1ачу тобано - дустарш, кхоалг1ачу тобано - гиперболаш.

    • Иллин турпалхоша, шаьш цхьа г1уллакх дан кечлуш, динца къа­мел до, иза хьосту, цуьнга накъосталла дар доьху. Схьалаха илли т1ера и масал. Дийца, х1унда ялийна илли юкъа и кеп.

    Х1ун Иуллакх кхочушдо иллешкахь юх-юха аларша? Даладе илли т1ера масал. (Иллин коьрта ойла гучуяккхархьама, дуьйцург бакъдеш, т1еч1аг1деш илли юкъа далош хуьлу юх-юха аларш.

    • Муха бу иллин могг, муха ю цуьнан ритм? (Йоккхачу поэтически говзаллица кхоьллина илли ду. Шера ритм ю, говза бу мотт, кхета атта а, датах кхеташ а ду илли.)

    Бабин Иэса гуьржийн элашка к1оршаме вистхуьлу:

    • Х1ай елла йовла шу, х1ай, к1иллой ва элий!

    Дийца, х1ун бахьана ду иза цаьрга цу кепара вистхиларан.

    Дерзоран хаттар:

    • Х1ун ду илли кхечу турпалаллин иллех кьастош дерг, х1ун ду цаьрца цхьаьнадог1ург.

    1. Дискусси д1аяхьар.

    Вайн къоман Ииллакхашца дог1уш ца лору моттохар. Кху илли т1ехь а иштта емалво гуьржийн элашка мотт тоха вахнарг. Ткъа кхечу кьаьмнийн и тайпа х1ума мелхо а кьобалдеш ду. Шена гинарг, дев- зинарг 1едалан белхалошка д1ахаийта декхарийлахь во цара массо а стат. Вайна юкьахь иза моттохар санна лору. И вайн вадд (менталитет) бахьанехь зуламхочо динарг, дийриг лачкъадо вай, мотт тоха ца лаьа олий. Аша муха лору и тайпа хаамбар? Моттохар дуй иза? (Шена кхаъ баларе сатуьйсуш цо и деш делахь, т1акккха моттохар санна лара мегар ду иза.)

    1. Урокан жам1 дар.

    Вай шина урокехь халкъо кхоьллина «Бабин Иэсин, ворх1 вешин йишин иллех» лаьцна дийцира. Иллин жанрах, цуьнан башхаллех, идейно-исбаьхьаллин билгалонех лаьцна хаамаш а бевзина вайна. Кху- захь коьртаниг - и иллеш халкъо шен тоьлла к1ентий, церан хьуьнарш, хьанал Иуллакхаш хестош, Некхуьучу т1аьхьенашка цаьргара масал эцийта кхоьллина хилар ду. Шу а иштта яхь йолуш, тешаме хилийта, шайн дайша лелийнарг шуна довзийта лаам болуш кхоьллина уьш. Халкъо шена т1екхуьучу Наьхьенашка д1акхачо лууш дерг барта про- изведенешка - иллешка, эшаршка, кицанашка - дерзийна.
    1.   1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   16


    написать администратору сайта