Главная страница
Навигация по странице:

  • 9-г1а урок. Классал арахьара дешар.

  • Урок д!аяхьар Ц1ахь бина болх таллар.

  • Тест. 1алашо: иллех муха кхетта хьажар. Тестана материал 1аматан чаккхенехь ю. Рефлекси.

  • 1алашонаш: турпалаллин иллех лаьцна долу хаарш юкъарчу маь1не дерзор; сочинении план xIotto хаар шардар.

  • Урок д1аяхьар «Турпалаллин илли» темина леринчу тестан анализ.

  • Сочинении план х1оттор, йийцаре яр.

  • Планан пункташца барта дийцарш. Ц1ахь кхочушдан дезарг. Сочинени язъяр. 11-г1а урок. Нохчийн шира илли

  • Урок д1аяхьар Хьехархочун дош.

  • Илли къастош дешар. Илли хьехархочо д1адоыну. Иллин идейно-исбаьхьаллин чулацам къастор.

  • Пушкин Александр Сергеевичан «Тутмакх» стихотворени «Нохчийн шира иллица» юстар.

  • Рефлекси. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

  • 12-г1а урок. «Сай» (халкъан илли)

  • Урок д1аяхьар Ц1ахь бина болх таллар.

  • «Сай» илли къастош дешар.

  • Иллин идейно-эстетически маь!на къастор.

  • Иллин исбаьхьаллин башхаллаш къастор.

  • 7 класс НЛ гот. Урок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш


    Скачать 186.89 Kb.
    НазваниеУрок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш
    Дата14.04.2022
    Размер186.89 Kb.
    Формат файлаdocx
    Имя файла7 класс НЛ гот.docx
    ТипУрок
    #472543
    страница3 из 16
    1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   16

    Рефлекси.

  • Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. 1амат т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш кечдар.

    2. Дади-Юрт яккхарх лаьцна болу хаамаш кечбар.

    3. Белхан тетрадь, 4-5-г1ий т1едахкарш.


    9-г1а урок. Классал арахьара дешар.

    «Жерочун к1ентан, гуьржийн к1ентан илли» 1алашонаш: турпалаллин иллех, церан башхаллех лаьцна долу хаарш т1еч1аг1дар; билгалдинчу иллин башхалла, поэтичность гайтар; барта къамел, текст талла хаар кхиор.

    Хьехаран кепаш: дешархойн хаамаш; хьехархочун дош, къастош ешар, текстана таллам бар; тест.

    Урок д!аяхьар

    1. Ц1ахь бина болх таллар.

    • Дешархоша Дади-Юрт яккхарх болу шайн хаамаш бовзуьйту.

    1. «Жерочун к1ентан, гуьржийн к!ентан илли» т1ехь болх бар.

    1. Хьехархочун дош.

    Къаьмнийн доттаг1аллех лаьцна турпалаллин иллеш к1езиг дац вайн барта кхоллараллехь. Царах цхьаъ шуна девзаш ду Иза аша 6-чу классехь 1амийна «Эвтархойн Ахьмадан илли» ду. Цу т1ехь Эвтар- хойн Ахьмадан г1алаг!азкхичуьнца тасаделла доттаг1алла ду дуьйцуш. Лулахь дехачу къаьмнашца нохчий бертахь баьхна, цундела и гергарло, доттаг1алла халкъо шен иллеш т1ехь а гайтина. Къаьсттана уллера уьй- раш хилла нохчийн гуьржашца. Вовшашна оыпучохь г1о-накъосталла а деш, б1ешерашкахь бертахь баьхна нохчий, гуьржий. И доттаг1алла ду халкъо шен турпалаллин илли т1ехь гайтинарг. Гуьржийн ц1еяхна волчу к1антаца доттаг1алла таса воьду илли т1ера Жерочун кГант. Жерочун к1анта шена т1едеанарг кхочушдо цо. Цушинна юккъехь дотаг1алла тасало.

    Х1инца и илли доьшур ду вай.

    1. Илли дешархоша къастош дешар.

    2. Иллин хьокъехь хаттарш.

    • Пхьоьханахь гулбеллачу кегийчу нахе вистхила воллу ша аьлла, Жерочун к1ант юьстаха х1унда воккху Юьспан Тойсама?

    • Х1ун чаг1о йой юьртах волу Жерочун к1ант?

    • Орца доьхуш хезча, х1ун до гуьржийн к1анта?

    • Х1ун бахьана ду Жерочун к1антана дуьхьал а ца волуш, цо аьлларг деш, цуьнца гуьржийн к1ант д1авахаран?

    • Нохчийн, гуьржийн дозанаш къаьстачу кхаччалц шега деллачу хаттарна цхьа жоп ло Жерочун к1анта. Иштта к1оршаме х1унда ву иза гуьржийн к1антаца?

    • Маца дуьйцу ша арадаьккхина г!уллакх Жерочун к1анта ша доттаг1 лаца билгалвинчунна?

    • Х1ун хабар эцна вахара гуьржийн к1ант къеначу инарлина т1е?

    • Мича кепара зоь гуьржийн к1анта Жерочун к!ант, инарла волчуьра ша схьавеача?

    • Х1ун накъосталла до гуьржичун к1анта Жерочун к1антана?

    • Х1ун дара Жерочун к1ант ойлане ваьккхинарг?

    • Х1ун хабар дара к1ентан нене кхаьчнарг?

    • Х1ун бехк боккху Юьспан Тойсаме гуьржийн к1анта ша нускале вистхиллачул т1ахьа?

    • Гуьржийн к1анта Юьспан Тойсамна бина бекхам кхин а цхьана ц1еяханчу турпалхочо бо элана. Мила ву иза? Х1ун ду оцу шина тур- палхочун амалехь цхьаьнадог1ург?

    • Х1ун ду иллин маь1на, муьлхачу дешнашкахь билгалдолу иза?

    • Вай 1амийнчу иллешца дуьстича, х1ун ду кху иллин цаьрца цхьаьнадог1ург, къаьстарг?

    • Турпалхойн муьлха амалш билгалйовлу диалогашкахь?

    • Муьлхачу суртх1отторан меттан г1ирсех пайда эцна кху илли

    т1ехь? Схьалаха уьш.

    • Муха бу иллин д1ах1оттам? Кхечу турпалаллин иллийн д1ах1оттамех къасташ буй иза? Шайн жоп масалшца т1еч1аг1де.

    • Х1ун бахьана ду, шуна хетарехь, илли т1ехь гуьржин къомах волу к1ант нохчийн к1антал вазвина гайтаран?

    1. Кхоллараллин т1едиллар.

    1. Тест.

    1алашо: иллех муха кхетта хьажар. Тестана материал 1аматан чаккхенехь ю.

    1. Рефлекси.

    2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    Доттаг1аллех лаьцна жима сочинени язъяр.

    10-г1а урок. Къамел кхиоран урок. «Турпалаллин иллийн исбаьхьаллин башхаллаш» сочиненина кечам бар

    1алашонаш: турпалаллин иллех лаьцна долу хаарш юкъарчу маь1не дерзор; сочинении план xIotto хаар шардар.

    Хьехаран кепаш: белхашна таллам бар (тесташ), плана т1ехь болх бар, йийцаре яр.

    Урок д1аяхьар

    1. «Турпалаллин илли» темина леринчу тестан анализ.

    Коьрта тидам т1ебахийта беза иллин исбаьхьаллин башхаллаш мел карайирзина хьажарна.

    1. Сочинении план х1оттор, йийцаре яр.

    Дешархошка шайгга план х1оттаяйта 10-12 минот хан л о, цул т1аьхьа планаш йийцаре йо.

    Герггара план.

    1. Турпалалллин иллин жанран башхаллаш.

    2. Турпалаллин иллийн д1ах1оттаман башхаллаш.

    3. Иллийн патриотически маь1на а, царна т1ехь къоман г1иллакх- оьздангалла а гайтар.

    4. Иллийн турпалхой, церан васташ, къоман цаьрга болу хьежам.

    5. Иллийн меттан исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсаш.

    План хийца мегаш ю, йийцаре ечу хенахь.

    1. Планан пункташца барта дийцарш.

    2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    Сочинени язъяр.

    11-г1а урок. Нохчийн шира илли

    1алашонаш: лирически иллийн башхаллаш йовзийтар, идейно- исбаьхьаллин чулацам дешархошка д1акхачор, текст талла хаар кхиор.

    Хьехаран кепаш: хьехархочун дош; къастош дешар; дешнаш т1ехь болх бар; текстана анализ яр; хаттаршца доьзна къамел дар.

    Урок д1аяхьар

    1. Хьехархочун дош.

    Вай 1амийнчу турпалаллин иллех къаьсташ ду лирически иллеш. Иллин турпалхочо шегара гайтина хьуьнарш, цо лелийнарг, цхьа а хиламаш ца гойту цу т1ехь. Коьртачу декъана лирически иллеш т1ехь схьагойтурш турпалхочун ойланаш ю. Дахарехь цанисделларг, 1аламо бина тЫаткъам хаало вайна оцу ойланашкахь. Царах ду, масала, «Нохчийн шира илли». И тайпа иллеш дукха дац вайн барта кхол- лараллехь. Паччахьан заман чохь кхоьллина долу лирически иллеш

    сингаттаме чулацам болуш ду, халкъо шен баланаш, сингаттамаш балхийна царна т1ехь. Бодане, серло ца гуш, д1акхехьначу дахарехь ирсехьа сатуьйсуш даьхна адамаш. Лаккхара исбаьхьалла йолчу оцу иллийн лаккхара мах хадийна оьрсийн г1арабевллачу яздархоша Толстой Л., Фет А., Гребнев Н., кхечара а. «Сборник сведений о кав­казских горцах» (вып. 1868 г.) книги т1ехь зорба тоьхна долчу «Нох­чийн шира илли» т!е тидам бахара Толстой Л. Иллин лаккхара мах а хадош, шен доттаг1чунна говза поэт-лирик волчу Фетана дахьийтира и илли кхечу иллешца цхьаьна Толстойс. Фета а лаккхарчу поэзех лерира илли, стихашца оьрсийн матте а дерзийна зорба туьйхира цо иза. Х1инца а цуьнан стихотворенеш юкъахь зорба тухуш ду и. Тол­стойс а шен «Хаджи-Мурат» повестехь далийна шена дукхадезаделла долу и илли.

    1. Илли къастош дешар.

    Илли хьехархочо д1адоыну.

    1. Иллин идейно-исбаьхьаллин чулацам къастор.

    • Х1ун ду лирически турпалхочун сагатдийриг? (Турпалхочун сингаттаме ойланаш гучуйовлу илли т1ехь. Шен махке, гергарчу нахе, доттаг1ашка сатуьйсу цо?)

    • Х1ун дагадоуьйту иллино, муха ойла йойту цо? (Иллино г1ийла ойла йойту, паччахьан заманахь адамаша 1азап лайна, бала хьегна хилар хоуьйту. Паччахьан 1едало махках, бевза-безачех, гергарчех къастийнчу тутмакхан г1ийла ойланаш ю иллин чулацамехь ерш.)

    • Маса декъах лаьтташ ду илли? Муха бу xlopa декъан чулацам? (Илли кхаа декъах лаьтташ ду. Xlopa декъа т1ехь чекхъяьлла йолу турпалхочун ойла ю.)

    1. чу декъа т1ехъ болх бар.

    Иллин хьалхарчу декъа т1ехь стенах лаьцна дуьйцу? (Цхьана сингаттамо, г1айг1ано меттахъяьхна турпалхочун ойланаш йовзуьйту хьалхарчу декъо.

    • Муьлхачу дешнашкахь ду, шуна хетарехь, иллин хьалхарчу декъан маь1на? (Да виса хьан, дела1, ва мерза ва дуьне, Хьо диънарг мила ву, бохуриг а хилла?) Оцу риторически хаттарехь, риторически Недерзорехь ду хьалхарчу декъан маь!на. Стаг, дуьненах марзо а оьцуш, дахарх самалха а долуш, ваха кхоьллина ву. Амма паччахьан

    1едало ша дагалаьцнарг кхочушдан ца витина иллин турпалхо. Пачча­хьан 1едало дагалаьцначух хервина лирически турпалхо холчу хьоле х1оттийна. Риторически дерзорехь далийна дешнаш балано 1овжийнчу даг чуьра схьадовлу. Сингаттамах, г1айг1анах дуьзна ду лирически турпалхочун дог, балано охьата1ийна иза.

    • Хьалха муха хилла тутмакхан дахар, х1инца муьлхачу хьолехь ву иза? (Дика зама а евзина цунна. Шен махкахь волуш, гергарчаьрца, нийсархошца, доттаг!ашца хан токхуш, дуьненан марзо евзина цунна, сакъералуш, самалхадолуш ваьхна иза. Ткъа х1инца иза д1адаьлла, цундела иза г1ийла ву, цуьнан ойланаш а ю сингаттаме. Хьалха хил- ларг дерриг а д!адаьлла, цхьа дагалецамаш бен ца буьсуш. Цуьнан дог балано карзахдаьккхина. Кхузахь юха а д1адеша мегар ду и мог!анаш:

    Да вала хьан дела!, кийрара дилха дог,

    Хьайна там ва хилча, лом санна, айалой,

    Йишин бер ва хуьлий, мел коча качло хьо!

    Хьайна там ца хилча, г!ийла бо ва санна,

    Охьатаь1ий ва Пеллой, дера ча ва санна,

    Мел дера дарло хьо, кийрара дилха дог!

    • Иллин 1-чу декъан исбаьхьаллин Иирсаш билгалбаха, схьалаха цу т1ера эпитеташ (дилха дог, г1ийла бо, дера ча, мерза дуьне), дустарш (лом санна, г1ийла бо санна, дера ча санна), метафора (йишин бер ва хуьлий, мел коча качло хьо), риторически хаттар (Хьо диънарг мила ву, бохуриг ва хилла?), риторически Недерзар (Да виса хьан дела!, ва мерза ва дуьне). Xlapa Недиллар дешархой тобанашка а бекъна дайта мегар ду.

    2-чу декъа т1ехъ болх бар.

    • Стенах лаьцна дуьйцу иллин 2-чу декъа т1ехь? (Шен да, нана, йиша, ваша хьахаво тутмакхо, амма цо догдиллина шена уьш гург хиларх. Царна ша а вицлур ву боху цо, цхьа ваша воцчунна.

    • Илли т1ехь ваша ву тутмакхна массарел а гергара. Х1унда лерина ваша цу кепара? (Вонехь, диканехь вешина уллех1уттуш верг ваша ву. Халкъан кхетамехь а ваша веза ву, х!унда аьлча ваша ларван везаш верг ваша волу дела. Х1уъа т1ех1оьттича а вешин бала вешига кхочуш бу. Стаг ша цхьаъ хилар билгалдоккхуш олу: «Юххевала ваша воцуш ву иза». Цундела иллешкахь ваша веза лерина. Вайн г1иллакхашца

    дуьстича, уггар хьалха лара дезарг да-нана ду. Амма хьуна т1е цхьа хало х1оьттича, цунах хьо хьалхавоккхуш, уггар хьалха хьуна орцах- вала везарг ваша ву. И бахьана долуш халкъо ваша дел, ненал, йишел веза лерина шен иллешкахь.

    • Иллин 1 -чу декъа т1ехь тутмакхо йинчу ойланийн бахьана билгал муха долу 2-чу декъа т1ехь? (Гуттаренна а ша д1акъаьстана лору тур­палхочо шена дукхабезачех. Стеган дахарх, адамийн вовшашца йолчу уьйрех лаьцна ю тутмакхан ойланаш. Ша бакъдуьнен чу д1авахча, ша дагалаца мила ву-те бохуш, ойла йо цо. Ша дагалаца а, хьахо а верг цхьа ваша ву цо билгалвеш.

    Иллин 3-чу декъа т!ехь болх бар.

    • Муьлхачу хьоле воьрзу тутмакх, муха бастало цуьнан ойланийн уьйриг? (Иллин 3-чу декъа т1ехь тутмакхо ен ойланаш кхид1а а к1аргло, иза, волчунна т1е а, холчух1оттаво Иийлачу ойланаша. Цуьнан кийрара схьадолу аз а ду шийла:

    Ша ваза елара ша вина ва нана,

    Довзаза велар ша xlap мерза ва дуьне.

    Да виса хьан дела1, т1ейог1у ва суьйре!

    Нахана йог1у хьо хаза нус ва хуьлий,

    Шена ма йог1у хьо, меца борз ва хуьлий.)

    • Стенга сатесна ву иллин турпалхо? (Адам даим а дикане сатесна хила деза. Иллин турпалхо ву маршоне, парг1атоне сатуьйсуш. Гергар- чаьрца вистхиларе, дагаваларе сатесна ву иза. Стигал, латта, дерриг дуьне дГадала кийча ву иза цкъа шен вешица охьахуург, доттаг1чух дагавериг, шен езарх цкъа б1аьрг тухург.

    • Х1ун лара мегар ду бехке лирически турпалхочух тутмакх ви- нарг? (Паччахьан 1едал ду. Цо къастийна иза гергарчарах, безачарах. Г1айг1ане, балане, сингаттаме, бодане ду цуьнан х1инцалера дахар. И тайпа тутмакхаш дукха хилла цу заманахь. Церан ойланаш гойтуш кхоьллина халкъо и шира илли.

    • 3-чу декъан исбаьхьаллин г!ирсаш схьалаха: эпитеташ (мерза дуьне, к1айн дети, сийна стигланаш), метафорш (нахана йог1у хьо, хаза нус ва хуьлий, шена ма йог1у хьо, меца борз ва хуьлий. 1аьржа латтанаш к1айн дети ва хилла, дезачун делара, лекха ламанаш ц1ен ц1аста ва хилла, дезачун делара), риторически т1едерзар (да виса хьан дела!, т1ейог1у ва суьйре).

    1. Пушкин Александр Сергеевичан «Тутмакх» стихотворени «Нохчийн шира иллица» юстар.

    • Дуста, х1ун ду церан цхьаьнадог1ург, къаьстарг.

    1. Урокан жам1.

    • Х1ун керланиг девзи шуна тахана урокехь?

    • Муха къаьста вовшех турпалаллин илли лирически иллех?

    • Х1унда кхоьллина халкъо xlapa илли?

    1. Рефлекси.

    2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. 1амат т1ерачу хаттаршна жоьпаш кечдар.

    2. Илли къастош деша хаар.

    3. Белхан тетрадь, 2-3-г1ий Недахкарш.

    12-г1а урок. «Сай» (халкъан илли)

    1алашонаш: иллин эстетически чулацам дешархошка д1акхачор, цуьнан идейно-исбаьхьаллин маь1на дастар; текстана анализ ян хаар кхиор; къастош ешар шардар.

    Хьехаран кепаш: къастош ешар; дешнаш т1ехь болх бар; иллин маь1на дастар; исбаьхьаллин аг1онаш билгалъяхар.

    Урок д1аяхьар

    1. Ц1ахь бина болх таллар.

    • Маца, х1ун бахьана долуш кхоьллина ду «Нохчийн шира илли»?

    • Иллин долорехь муьлхачу дешнаша гойту тутмакхан синх1оттам таь1на хилар?

    • Тутмакхан х1ун сатийсамаш гойту иллино?

    • Стенга сатуьйсу тутмакхо, муьлхачу дустаршца гойту цуьнан сатийсам?

    • Муьлш бу цунна дагабаьхкинарш, хьанна сагатдо цо?

    • Маьрша цахилар т1е а лаьцна, цунна к1ел сецна, цунах вола мегий стаг?

    • Х1ун дог-ойла кхуллу тутмакхан иллино? Муьлха синхаам бу илли т1ехь алсам хаалуш: сингаттам я сатийсам?

    Илли т1ехь далийнчу дустарша х1ун Нуллакх кхочушдо тутмакхан ойланаш йовзийтарехь.

    • Муха бу иллин д1ах!оттам? Дийца, муха дозаделла и дакъош вовшашца.

    • Иллин интонаци даим а цхьатера юй? Хийцалуш елахь, муьлхачу меттехь? Чулацамца муха бозабелла бу и хийцамаш?

    • Шуна хетарехь, х1ун ду илли т1ехь коьрта: тутмакхан дакъаза- даьлла дахар я цо ен ойланаш?

    • Шуна хетарехь, халкъо дезаш т1е х1унда эцна илли?

    • Муьлхачу дешнашкахь ду иллин коьрта маь1на?

    1. «Сай» илли къастош дешар.

    1. Хьехархочо доыну илли, х1унда аьлча xlopa стихехь соцунИина т1екхочуш, йиш жимма лахъеш, т1аьххьара стихотворени кхечу ин- тонацица еша еза дела, ткъа ша илли доынуш дагардаран интонацех пайда эца беза.

    2. Дешнаш т1ехь болх бар:

    варш - хьуьнан йист, юькъа коьллаш, дитташ долу меттиг;

    марг1ала сийна буц - х1инцца хьалакъедда керла буц;

    зорх - дийнатан хьер;

    йорт етташ - болабелла лелар;

    муж - мела аьттан малар;

    иччархо - таллархо, нийса топ тухург;

    мокхаз - ч1ог1а т1улг (кремень);

    кур - сен ма1аш;

    торг1ал - къорза;

    т1а - хьайбанан хьалхара ког;

    арц - т1е хьун яьлла лам;

    Нала - стен сай; rleprlap - кхайкхар, Iexap.

    1. Иллин идейно-эстетически маь!на къастор.

    • Х1ун сурт xlyny шуна хьалха иллин мог1анаш д1адешча? (1аламан исбаьхьалла хьалхах1утту илли д1адешча, сен оьзда амалш, хаза куц - и дерриг а хаалуш санна, гуш долуш санна хетало. Стешха а, сема а бу сай, сатийна а бац иза, даим а ладоьг1уш бу. Шена болчу кхерамах к1елхьарабала г1ерташ, цхьана 1алашонна т1екхача г1ерташ, цкъа а са- цар доцуш, синтем боцуш гайтина сай. Ламанан шийла шовда мелла, маргГала сийна буц йиъна кийрана там ца беш, хьуьнан хотешкахь

    берзан йорт етташ лела сай. Иччархочун тоьпах ларлуш, сема ладоьг1у цо. Накъостех хаьдда, ша бисна иза. «Мокхазан ва бердах куьран га ва хьоькхуш, цу попан орамах тор г I ал т1а ва детташ, лергаш дуьхьал ва туьйсуш, кур аркъал сеттабеш», - г1елашка кхойкхуш лела сай.

    • Х1ун ду xlapa илли кхечу лирически иллех къастош дерг? (Барта кхоллараллехь кхечу иллешца цхьаьна 1аламах, акхаройх, олхазарех лаьцна дуьйцуш долу лирически иллеш а хуьлу. Адамийн дахар сен дахарца дустуш далийна кху илли т1ехь. Вукху дешнашца аьлча, xlapa илли аллегори ю ала мегар ду. И сай санна, халонаш ловш, адам бала- нехь дехаш хилар гайтина халкъо шен илли т1ехь.)

    • Х1ун бахьана ду сай синтем байна хьийзаран?

    • Сай х1унда къастийна халкъо адаман дахар довзийта, кхидолу дийнат а ца хоржуш?

    • Муьлхачу моНанашкахь билгалдолу сай оьзда хилар?

    • Гучуяккха халкъо сений, адамний юккъехь xIottohi йолу уьйр.

    Сен дахар гайтарал сов, кхин х1ун маь1на ду оцу лирически иллин?

    Муьлхачу дешнашкахь билгалдолу иллин коьрта маь1на? (Адамийн дахар а, сениг санна, иштта хала хилар гайтина илли т1ехь. «Вай бен дац, к1енатий, бохуриг ца хуьлуш?» Оцу дешнашкахь ду иллин коьрта маь1на. Шайн 1алашонаш, сатийсамаш кхочуш ца хуьлуш, 1азапехь даьхна адам. Сен халчу, кхерамечу дахаран суртх1отторца илли т1ехь гайтина паччахьан заманахь халкъан дахарехь хилла йолу халонаш, даим а цхьана баланаша, г1айг1анаша адамашкахь сингаттам латтийна хилар.)

    • Х1ун ду илли т1ехь иштта хаза сен куц xIotto аьтто бинарг?

    1. Иллин исбаьхьаллин башхаллаш къастор.

    • Х1ун эр дара аша иллин д1ах1оттамах лаьцна? (Цхьана пред- ложенех лаьтта xlapa илли. Чолхсяьлла цхьалхе предложени ю иза. Барамехь доккха доцчу илли т1схь сен хазалла, цуьнан исбаьхьа куц, оьзда амалш гайтина халкъо.

    • Муьлхачу суртх1отторан г1ирсех пайда эцна илли т1ехь? Схьа- лаха цу т1ера гуттаренан эпитеташ (марг1ала сийна буц, мела муж, торг1ала т1а, мокхазан берд), метафораш (берзан йорт етташ, сема ла ва доьг1уш), риторически т1едерзор, хаттар (масане сай лела г1елашца ва боцуш, вай бен дац к1енатий, бохуриг ца хуьлуш?)

    • Муьлхачу барамехь кхоьллина ду илли? (Еа стопах лаьттачу дактилан барамехь).

    • Муха бу иллин мотт, муха ю цуьнан ритм? (Шера, ц1ена бу ил­лин мотт. Иллин шера ритм а ю, xlopa стихотворени шен маь1ница, д1ах1оттамца чекхъяьлла ю. Илли т1ера xlopa дош шен къеггина маь1на долуш, исбаьхьаллин суртх1отторехь билгалйолу меттиг д1алоцуш ду.)

    • Дийца, х1ун маь1на ду иллехь долчу «ва» дакъалгийн. (Цара rlo до иллин ритм ларъярехь, и шера д1адешарехь.)

    • «Юенатий, бохуриг» дешнаш мелла а кхечу кепара далийна илли т1ехь. Х1унда далийна уьш илли т1ехь цу кепара? (Халкъан иллеш т1ехь и тайпа кеп ларъеш далийна дешнаш к1езиг ца хуьлу. Иллин ритм ца йохош, шера д1адешийтаран 1алашонца далош хилла халкъо и тайпа дешнаш.)

    • Вайн барта кхоллараллехь йоккха меттиг д1алоцу сен васто. Халкъан дийцаршкахь иза оьзда, куьце дийнат ду. Кхечу къаьмнийн иштта лоруш долу дийнаташ муьлханаш ду, масала, оьрсийн, казахийн

    и. д. кх. а?
    1. 1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   16


  • написать администратору сайта