Главная страница
Навигация по странице:

  • Саидов Билалан «Вина юрт» стихотворени къастош ешар.

  • Поэтан дахарх, кхоллараллех лаьцна йолу 1амат т1ера статья ешар я дешархоша кечйинчу докладе ладог1ар. Практически болх.

  • Жам1 даран хаттарш.

  • 18-г1а урок. Саидов Саь1идан Билал. «Деган аз»

  • Урок д1аяхьар Ц1ахь бина болх таллар.

  • Саидов Билалан «Деган аз» стихотворени къастош ешар. Текст хьехархочо йоыпу. Стихотворении хьокъехь иза талларан кепара къамел дар.

  • IV. Тобанашца практически болх бар.

  • Рефлекси. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

  • 19-г1а урок. Классал арахьара дешар. Саидов Билалан «Меттиган сурт» стихотворени

  • «Меттиган сурт» стихотворени къастош ешар.

  • Хаттаршца доьзна къамел дар (стихотворении анализ).

  • Рефлекси. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

  • 1алашонаш: лирически прозин башхаллех кхетам балар; къастош еша а, текстана анализ ян а, сурт xIotto а хаар кхиор.

  • «Дохк» повестан кийсак къастош ешар.

  • Хаттаршца доьзна къамел дар.

  • 7 класс НЛ гот. Урок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш


    Скачать 186.89 Kb.
    НазваниеУрок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш
    Дата14.04.2022
    Размер186.89 Kb.
    Формат файлаdocx
    Имя файла7 класс НЛ гот.docx
    ТипУрок
    #472543
    страница5 из 16
    1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   16

    Урок д1аяхьар

    1. Ц1ахь бина болх таллар.

    • Х1ун зама ю дийцар т1ехь юьйцург?

    • Муьлш бу дийцаран турпалхой?

    • Х1ун хабарш дара нахана юкъахь даьржинарш?

    • Муьлха хиламаш бара Адам ойланашка верзийнарг?

    • Эскархочо шега аьлларг т1е муха ийцира Эдас?

    • Адаман даго хила доллург т1елаца х1унда ца туьгура, шеконаш кхуллург х1ун дара?

    • Х1унда хета Эдина ша ц1ера ваккха бахьана дац аьлла?

    • Муьлхачу билгалонашца гайтина дийцар т1ехь бохам хила боллий?

    • Х1ун бахьана ду, шуна хетарехь, гуьржийн инарлас шайга бина хаам цхьа а дуьхьало йоцуш гулбинчу наха т1еэцаран?

    • Адам ц1ерадаккхар бехкбоцу зударий, бер дерца д1адоладо сал- таша? Х1ун гойту цо?

    • Дийцар ц1аьххьана хедаш ду. Турпалхойн кхин д1а болу кхоллам муха хир бу, шуна хетарехь?

    • Дийцаран д1ах1оттам муха бу? Х1ун ду цуьнан д1ах1оттамехь шатайпа дерг?

    • Х1ун маь1на ду, шуна хетарехь, х1окху дийцаран? Х1ун ала г1ерта шен произведеница автор?

    1. Саидов Билалан «Вина юрт» стихотворени къастош ешар.

    Текст хьехархочо йоыпу.

    • Хьан язйина xlapa стихотворени?

    • Х1ун хаьа шуна цуьнан авторх лаьцна?

    • Стихотворени т1ера муьлха мог1анаш къаьсттана хазахийтира шуна?

    1. Поэтан дахарх, кхоллараллех лаьцна йолу 1амат т1ера статья ешар я дешархоша кечйинчу докладе ладог1ар.

    2. Практически болх.

    Стихотворенина анализ яран план х1оттор. Ритмико-метри­чески башхаллашна харакатеристика ялар. Меттан исбаьхьаллин аг1онгахьара мехала меттан исбаьхьаллин-суртх1отторан г1ирсаш билгалбахар (поэтически лексика, тропаш и. д. кх. а).

    Лирически стихотворенина анализ яран план йовзийта шайна:

    1. Стихотворенино поэтан кхоллараллехь д1алоцу меттиг (истори­ко-биографически комментари).

    2. Стихотворении жанрови башхаллаш.

    3. Тема.

    4. Композиционни башхалла.

    5. Лирически турпалхочун васт.

    6. Муьлхачу дог-ойланца, синх1оттамца язйина ю стихотворени.

    7. Текстан лексически д1ах1оттам.

    8. Синтаксисан поэтически башхаллаш (т1едерзарш, риторически хаттарш, айдарш, инверсеш).

    9. Исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсаш (метафора, метоними, эпитет, дустар, аллегори, символ).

    10. Стихотворении барам (шинахГоттаман, кхаах1оттаман барам). Стихан мукъаме хилар.

    11. Рифмин башхаллаш.

    12. Стихотворенина тиллинчу ц1еран маь1на.

    Плана юкъара шайна оыпу пункташ а харжий, стихотворенина анализ е.

    1. Жам1 даран хаттарш.

    • Х1ун ойланаш кхоллайолуьйту стихотворенино? Х1ун сурт х1утту шуна хьалха и ешча?

    • Лирически турпалхочунна дагара яла х1унда ца туьгу ша кхиъна юрт? Х1ун ду иза цо шена юх-юха а Неийзош дерг?

    • Ненан сурт Даймахкаца дусту поэто. Дийца, х1ун маь1на ду цуьнан.

    • Шуна хетарехь, шена т1е хала киртиг х1оьттича, адаман Даймахке болу безам сов х1унда болу?

    • Х1ун ду, поэтана хетарехь, юрт къонъеш, ц1инъеш дерг?

    • Х1ун ду Саидов Билалана хьоме юьрт дагахь лоттуьйтург? Юста xlapa стихотворени кхечу поэтийн юьртах лаьцначу с гихотворенешца. Х1ун ду уьш цхьаьнатухург?

    • Муьлха синхаамаш хаало вайна стихотворенехь? Билгалйолу вайна xlapa стихотворени?

    • Пейзажни лирикин стихотворени ю ала мегар дуй «Вина юрт» я лирически стихотворени ю иза?

    1. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. 1амат т1ерачу хаттаршна жоп дала кечло.

    2. Стихотворени къастош еша хаар шардар.

    3. Белхан тетрадь, 2-3-г1ий т1едахкарш.

    18-г1а урок. Саидов Саь1идан Билал. «Деган аз»

    1алашонаш: дешархошна стихотворении идейх кхета rlo дар, къастош еша, текстана анализ ян хаар шардар; ешнарг йийцаре ян а, талла а хууш волу ешархо кхиор.

    Хьехаран кепаш: къастош ешар, хаттаршца доьзна къамел дар, текстана анализ яран кепаш.

    Урок д1аяхьар

    1. Ц1ахь бина болх таллар.

    • «Вина юрт» стихотворенехь лирически турпалхочунна дагара яла х1унда ца туьгу ша кхиъна юрт? Х1ун ду иза цо шена юх-юха а т1еийзош дерг?

    • Ненан сурт Даймахкаца дусту поэто. Дийца, х1ун маь1на ду цуьнан.

    • Шуна хетарехь, шена т1е хала киртиг х1оьттича, адаман Даймахке болу безам сов х1унда болу?

    • Поэтана хетарехь, х1ун ду юрт кьонъеш, ц1инъеш дерг?

    • Х1ун ду Саидов Билалана хьоме юьрт дагахь лоттуьйтург? Юста xlapa стихотворени кхечу поэтийн юьртах лаьцна йолчу стихотворе- нешца. Х1ун ду уьш цхьаьнатухург?

    • Шуна хууш ду, лирически произведенино авторан синх1оттам, синхаамаш бовзуьйтуш хилар. Муьлхачу синхаамашца билгалйолу вайна xlapa стихотворени?

    • Пейзажни лирикин стихотворени ю ала мегар дуй «Вина юрт» я лирически стихотворени ю иза?

    1. Саидов Билалан «Деган аз» стихотворени къастош ешар.

    Текст хьехархочо йоыпу.

    1. Стихотворении хьокъехь иза талларан кепара къамел дар.

    • Стенах лаьцна ю стихотворени?

    • Х1ун синхаамаш кхоллаболуьйту цо? (Велар, хазахетар, кьинхе- там, цецвалар, бендацаралла, лаамаш, кхайкхам, сирла 1алашонаш.) Шайн жоп т1еч1аг1де.

    • Х1ун ду стихотворении лирически турпалхочунна уггар хьалхарчу рожехь лууш дерг?

    • Х1ун Нуллакхаш кхочушдан дагахь ву лирически турпалхо дуьнен т!ехь машар х1оттийнчул т1аьхьа?

    • Халкъаца йолу юкъаметтиг муха ю лирически турпалхочун?

    • Стенца къуьйсуш схьавог1у шен дахарехь лирически турпалхо?

    • Дийца, муха кхета шу кху мог1анех:

    Пхьуьйшахь лаьхьа оьхьуш,

    Со велакъежна вац,

    Даг т1ехь сайн д1овш сецош,

    Х1илланца векна вац...

    -Стихотворении лирически турпалхочун дог-ойла шун ойланашца йог1уш ю я яц? Кхин х1ун дан луур дара шуна шайн дахарехь?

    • Х1ун дог-ойла кхоллайолуьйту кху стихотворении мог1анаша?

    • Стихотворении чулацамо дукхахьолахь цуьнан кеп билгалйоккху. Поэто хаьржина кеп цуьнан чулацамца Й011уш юй шуна хетарехь?

    -Х1ун ду xlapa стихотворени кхечу поэтийн стихотворенех къас­тош дерг?

    • Даьржинчу т1едерзарх пайда эцна авторо шен стихотворенехь. Х1ун г1уллакх кхочушдо цо стихотворенехь?

    • Лааме причастеш алсам ялийна шен стихотворенехь авторо. Ойла е, х1ун гГуллакх кхочушдо цара лирически турпалхочун Дог-ойланна т1аьхьа кхиорехь. Авторо хаьржина кеп кхиаме юй шуна хетарехь?

    IV. Тобанашца практически болх бар.

    Цитаташца таблица хьалаюза.

    Тобанаш

    Т1едиллар

    Масалш

    Текстехь

    кхочушден

    Пуллакх

    1. Аьзнийн хазар

    Схьалаха аллитераци, ассонанс







    2. Поэтически лексика

    Схьалаха метафораш, эпитеташ, гиперболаш, дустарш, антитеза







    3. Поэтически синтаксис










    4. Неологизмаш

    Схьалаха авторски неологизмаш







    1. Жам1 даран хаттарш.

    • Стихотовренин барам къасто хьовса. Тохар шайна т1ехь долу а, доцу а дешдакъойн хийцадалар талхийна меттиг юй стихотворенехь? Х1ун маь1на ло цара текстана?

    • Стихотворенехь ритм хилар т1еч1аг1де.

    • Схьалаха стихотворенехь ялийна рифмаш. Х1ун маь1на гучудолу рифма кхуллу дешнаш дуьхь-дуьхьал х1иттийча: та1ийнарг-1ехийнарг- д1атилларг и. д. кх. а.

    • Поэтан сагатдийриг х1ун ду? Муьлха проблемаш уьйу цо шен поэзехь?

    • Х1ун башхалла ю цуьнан поэтически хот1ан?

    Дийца, муха т1елоцу аша Саидов Билалан поэзи.

    1. Рефлекси.

    2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. Барта 1амат т1ерачу хаттаршна жоьпаш далар, текст къастош еша хаар.

    2. Курумова Селимин биографи ешар.

    3. Белхан тетрадь, 1, 2-г1ий т1едахкарш.

    19-г1а урок. Классал арахьара дешар.

    Саидов Билалан «Меттиган сурт» стихотворени

    1алашонаш: дешархошна стихотворении идейх кхета rlo дар, къастош еша, анализ ян а хаар шардар.

    Хьехаран кепаш: къастош ешар, хаттарш х1итторца къамел дар, хьехархочун комментареш, текстана анализ яран кепаш.

    Урок д1аяхьар

    1. Ц1ахь бина болх таллар.

    Х1ун ду «деган аз» стихотворении лирически турпалхочунна уггар хьалхарчу рожехь лууш дерг?

    • Х1ун г1уллакхаш кхочушдан дагахь ву лирически турпалхо дуьнен т1ехь машар х1оттийнчул т1аьхьа?

    • Муха ю лирически турпалхочун халкъаца йолу юкъаметтиг?

    • Стенца къуьйсуш схьавог1у шен дахарехь лирически турпалхо?

    • Стихотворении лирически турпалхочун дог-ойла шун ойланашца йог1уш ю я яц? Кхин х1ун дан луур дара шуна шайн дахарехь?

    • Х1ун дог-ойла кхоллайолуьйту стихотворении мог1анаша?

    1. «Меттиган сурт» стихотворени къастош ешар.

    Хьалххе кечвинчу дешархочо йоьшу.

    Дешнаш т!ехъ болх бар: варш - хьуьнан луьсте, дитташ долу меттиг; rlan - Неман ч1аг1онна йина г1ишло; элийн сту - элан зуда, тоьлла зуда; г1аларт - кхоьлехь, бодашкахь гучу х1уманан сурт; йийсар - кхузахь: нуьцкъала чохь валлош верг; корсам - хьеха тайпа дитташ т1е а, т1улга т1е а лацало соьналла - орамат.

    Лермонтов М.Ю. «Мцыри» поэмин турпалхо.

    1. Хаттаршца доьзна къамел дар (стихотворении анализ).

    • Муьлха теманаш яьстина поэто шен стихотворенехь? (Винчу мехкан тема, халкъан д1аяхна истори, гуьржийн вежаршка болу дотта- Наллин безам.)

    • Муха схьаеллало стихотворенехь доттаг1аллин тема? (1аламан суртх1отторца.)

    • Муха ду гуьржех ваханчу поэтана гуш долу 1аламан сурт? Схьа­лаха и могГанаш, д1адеша.

    • И исбаьхьа 1алам оынуш дац поэтана, нагахь санна.... Чекхдак- кха xlapa алар. (Нагахь цуьнца, и 1алам кхин а хаздеш, адамаш дацахь.)

    • Стенах воккхавоь поэт? (Поэт даим а воккхавен дерш адамаш ду.)

    • Х1ун дагадоуьйту поэтана лам буьххьехь лаьтташ йолчу rlono? (Поэтана хьалха х1уьтту д1аяханчу хенахь баьхначу нехан исбаьхьа сибаташ, дагабог1у церан лехамаш, къийсамаш.)

    • Х1ун хаало вайна стихотворенехь Лермонтовх лаьцна? (Оьрсийн сийлахь поэт гуьржийн 1аламо хьистинийла, цо кхузахь к1орггера ой­ланаш йинийла, оцу 1аламо, махко цунна дукха поэтически теманаш хьехнийла, кхузахь цуьнан поэзехь баккхий кхиамаш хиллийла.)

    • Х1ун ду, шуна хетарехь, Лермонтовы ц1аро а, ширъеллачу мо- настырах б1аьрг кхетча а, поэтана дуьхьалтосург? (Цунна дагавог1у маршонехьа чог1а сатийсина волу, «Мцыри» поэми т1ехь вийцина нохчийн к1ант. Хууш ма-хиллара, г1араваьллачу художникан Петр Заха­ровы кхоллам бу поэмин турпалхочун вастаца Лермонтове гайтинарг.)

    • Х1ун ду боху поэто Даймахке болчу безамо стагана луш дерг? (Оцу безамо стагана ваха а, къийса а керла ницкъ ло.)

    • Х1ун ду поэтана лууш дерг, х1ун ю цуьнан 1алашо? (Халкъийн дахарехь тахана хилла хийцамаш гайтар ду. Шира хан, хаьрцина мо­настырь санна, д1аяхна. Зама ша къонъелла. Лаьмнаш, бос хуьйцуш, ирс кхолла х1иттина. Халкъаша ширчу заманца къуьйсуш даьккхинчу ирсан цхьа arlo церан вовшашца доттаг1алла лело таро хилар ю.)

    • Муьлхачу дешнаша гойту къаьмнашна юкъара доттаг1алла? (Стихотворени ерзош далийнчу дешнаша.)

    • Муьлхачу исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсех пайда эцна авто­ро шен стихотворенехь 1аламан сурт х1оттош? (Дустарш, эпитеташ, метафораш.) Схьалаха уьш.

    • Х1ун ду, шуна хетарехь, стихотворении коьрта маь1на?

    1. Рефлекси.

    2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. «Меттиган сурт» къастош еша хаар.

    2. Курумова Селимин биографи ешар.

    20-г1а урок. Курумова С.М. «Дохк» (повесть т1ера кийсак)

    1алашонаш: лирически прозин башхаллех кхетам балар; къастош еша а, текстана анализ ян а, сурт xIotto а хаар кхиор.

    Хьехаран кепаш: хьехархочун дош; къастош ешар; дешнаш техь болх; хаттаршца доьзна къамел дар; иллюстрацица болх бар.

    1. Ц1ахь бина болх таллар.

    • Муьлха теманаш яьстина шен «Меттиган сурт» стихотворенехь Саидов Билала?

    • Муха гайтина поэто шен стихотворенехь къаьмнашца йолу юкъаметтиг?

    • Х1ун ду боху лирически турпалхочо Даймахке болчу безамо стагана луш дерг?

    • Х1ун ду лирически турпалхочунна лууш дерг, стенга сатесна ву иза?

    • Муха т1еоьцу лирически турпалхочо д1адахнарг а керла т1едо- rlypr а?

    • Муха дуьйцу шен стихотворенехь поэто Лермонтовх лаьцна?

    1. Хьехархочун дош.

    1. Дукхахьолахь лирика дешан бухехь хаало поэтически произ­ведени. Ма дарра аьлча поэзи шеца лирика йолу литературин дакъа ду. Амма поэтически произведенеш эпически и, дийцаран а кепехь хуьлу. Цхьайолу эпически произведенеш шайца лирически мог1анаш долуш хуьлу. Проза а хила тарло лирически. Цуьнан масал ду Курумова Селимин «Дохк» повесть т1ера кийсак.

    2. - Маца, мичахь йина Курумова Селима?

    • Маца йолаелла иза произведенеш язъян?

    • Х1ун бахьана долуш хьеделира ешархошка ца кхочуш цуьнан дуьххьарлера дийцарш?

    • Муьлха произведенеш язйина яздархочо? Муьлхачу темина лерина ю уьш?

    1. «Дохк» повестан кийсак къастош ешар.

    Хьехархочо йоыыу.

    Дешнаш т1ехь болх бар:

    чхар - боккха т1улг;

    боьра - шина рег1ан юкъ, чутаь1на меттиг;

    ше туьйсуш - йохалла юстаран барам (г1аттийнчу нана-п1елганий, ц1аза-п1елганий юккъера шоралла);

    арц — хьун яьлла лам;

    чечакх - к1адин йистера куьцана йоккху к1инж.

    1. Хаттаршца доьзна къамел дар.

    • Маса декъе екъа мегар ду xlapa кийсак? (Кхаа декъе: лам, цунах схьадовлу хиш; 1инца йозаелла хьун, цуьнан «бахархой»; аренан сурт, ирзу, адаман хьацаро дендина ардаш.)

    • Х1ун дуьйцу авторо хьалхарчу декъехь? Муха сурт х1оттийна цо лекхачу ломан, цунах схьадовлуш охьадог1учу хийн?

    • Шолг1ачу декъехь юьйцу жирга меттиг дег1е зуз доуьйтуш хи-
      ларан х1ун бахьана ду?

    • Стенах таръеш гайтина авторо кхоалг1ачу декъехь юьйцу аре?

    • Х1ун ю боху авторо аьрха 1алам хаздийриг, шен доладерзориг?

    • Шеран муьлха хан ю кийсак т1ехь юьйцург?

    • Муьлхачу исбаьхьаллин кепах пайда эцна авторо буьрсачу ломан сурт xIottoiu: «Чхерийн лаба хьала а оьзна, т1ехарца кечбелча санна, лаьтта и буьрса лам»? (Дустар.) Схьалаха и тайпа кепаш текста т1ера.
      Xlapa болх тобанашца байта тарло.

    Меттан исбаьхьаллин суртх1отторан муьлхачу г1ирсах пайда эцна авторо кху аларехь «1инан хоршах мотт хьоькху шал шийлачу шовдано»? (Метафора.) Схьалаха текстехь йолу метафораш.

    • Кхин муьлхачу исбаьхьаллин суртх!отторан г1ирсех пайда эцна авторо 1аламан васт х1оттош? («Шуьйрра къерза хенара пепнаш», «схьакъеда коча маъ» и. д. кх. а — олицетворенеш; «балха йолу юрт»,
      «эшаршца самаболу лекха арц» и. д. кх. а - метафораш; «кузан чечакх
      санна, шина arlop еттало кулан, диттан соьналла», «безамо санна, са
      хьоьсту цо» и. д. кх. а - дустарш; «дера Орга», «са сиха Орга», «куьце
      пепнаш» и. д. кх. а — эпитеташ.) Схьалаха уьш.

    Т1едузаран xammap.

    • Х1ун ду юкъара поэтически а, прозаически а тексташкахь?
      (Юкъара дерг вастийн система цхьатера хилар ду - 1аламан васташ
      дукха хилар; исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсех алсам пайдаэцар;
      синхаамаш бовзийтар, дог айаделла хилар.)

    Прозаически а, поэтически а, лирически а тексташ вовшех къаьста
    формица.

    1. Иллюстрацица болх бар.

    • Аша ешна муьлха произведенеш герга ю суьртан чулацамна?

    • Суьртана ц!е туьллуш текстан муьлха мог1анаш схьаэца мегар дара?

    • Дийца, муха, х1ун гайтина художнике шен суьрта т1ехь.

    1. Рефлекси.

    2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1 .Текст къастош еша хаар.

    1. 1амат техь долчу хаттаршна жоьпаш дала хаар.

    2. Вслхан тетрадь, 1, 2-г1ий Иедахкарш.

    1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   16


    написать администратору сайта