7 класс НЛ гот. Урок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш
Скачать 186.89 Kb.
|
г1а урок. Айдамиров Абузар. «Мух1ажарш». («Еха буьйсанаш» роман т1ера дакъа) 1алашонаш: Айдамиров Абузаран дахарх, кхоллараллех лаьцна болу хаамаш шорбар; произведении тема, коьрта турпалхой, идея йовзийтар. Хьехаран кепаш: 1амат т1ера Айдамировн дахарх, кхоллараллех лаьцна йолу статья ешар, йийцаре яр, статьяна тезисаш х1иттор; къастош ешар; хаттаршца доьзна къамел дар. Урок д1аяхьар Ц1ахь бина болх таллар. Х1ун зама ю «Алдара имам Ушурма» декъа т1ехь юьйцург? Х1ун бахьана ду шайх Мансура оьрсийн паччахьан эскарна духьал къийсам латторан? Муха политик а, Немало а ву шайх Мансур? Даладе декъа Нера масалш. Х1ун Нуллакх кхочушдан хьажийна вара Кавказе Павел Потемкин? Х1ун дара Кавказерчу эскаран коьрта командующи ойлане ва- хийтинарг? Х1ун дара Екатерина паччахьан къайлахчу канцелярера даийтинчу кехат Нехь Мансурах лаьцна? Шайх Мансур «акха нохчи» цахилар стеннна Нехь гучуделира? Мича 1алашонца б1о вовшахтухуш хилла шайх Мансура? Полковник Пьерин отряд хГаллакьян аьтто муха белира Мансу- ран? -Х1ун дара, отряд хГаллакьхиларал сов, Потемкинан сагатдийриг, и кхоьрург? ХГунда тарвелира царна йийсарх шайх Мансур? Маца, муха гучуделира лаьцнарг шайх Мансур воций? Яздархочух лаьцна доцца дийцар. Айдамиров Абузаран муьлха произведенеш ешна вай дГадаханчу шерашкахь? ДагайогГий шуна уьш? Дешархоша яздархочух лаьцна шаьш кечбина хаамаш бовзуьйту. Гамат Нера Айдамировх лаьцна йолу статья ешар, тезисаш хГиттор:
Хьехархочун дош. 1865-чу шарахь нуьцкъаха, 1ехош махкахбаьхна Турце кхалхийна нохчийн пхи эзар гергга доьзал. И исторически бакъдерг ду романан декъа т1ехь дуьйцург. Ткъа цу т1ехь вуьйцу Коьрин доттаг11аьлбаг - 1аьлбаг-Хьаьжа ву. 1877-1878-чу шерашкахь Нохчийчохь иза коьртехь а волуш Наттам хилира. Оцу г1аттамах лаьцна Айдамиров Абузара «Лаьмнашкахь ткъес» роман язйина. «Еха буьйсанаш» трилогин шолг1а книга ю иза. Текстан 1-ра дакъа къастош дешар. (Хьехархочо ша я хьалххе кечбинчу дешархоша доыну.) Дешнаш т1ехь болх бар: доьрчий - дуьйцина ахгорга ворданан т1ехьара ога; ялкха - горга лакхе йолу ворданан ога; Хонкара - туркойн мохк; чоа - хьалха бустамаш а долуш, нохчийн божарийн духар; бустамаш - патарми чу духкучу молханан барам къастош долу чоин дакъа. Хаттаршца доьзна къамел дар. Мух1ажарш ц1е х1унда тиллина оцу декъана? Муха ду шен доьзалца махкахвала кечвеллачу М 1аьчиган кертахь долу хьал? Х1ун дог-ойла ю дай баьхна л атта а дитина д1авоьдучу М1аьчиган? Васала муха т1елецира шен доттаг1 М1аьчиг хийрачу махка Хон- кар кхелхаш хилар? Муха кхета шу «Даймохк боцу стаг а, велларг а цхьаъ ву» бохучух? Х1ун бахьана ду махках а бевлла, нохчий туркойн махка кхалха- ран? Маккхала х1ун боху цунах лаьцна? Схьалаха и моНанаш, дГадеша. Стенах дог дуьллур дац шаьш боху дГабоьлхучара а, бухабуь- сучара а? Бухабаьсучу юьртахошка х1ун аьлла вистхилира Аьрзу шаьш новкъадовлуш? Маккхала аьллачу иллин чулацам шайн дешнашца схьабийца. Х1ун ду иллин коьрта маь1на? Х1ун хаало вайна шина arlop болчийн яххьаш Нехь, х1ун гойту цо? Рефлекси. Ц1ахь кхочушдан дезарг. Текстан 1 -ра дакъа къастош деша хаар; 1амат Нехь долчу 1-5-чу хаттаршна жоьпаш кечдар. Белхан тетрадь, 1, 2 Недахкарш. г1а урок. Айдамиров Абузар. «Мух1ажарш». («Еха буьйсанаш» роман Нера дакъа) 1алашонаш: произведении идейх кхетор, патриотически дог-ойла кхиор, произведени талла хаар карадерзор. Хьехаран кепаш: къастош ешар; хаттаршца доьзна къамел дар; текстана анализ яран кепаш. Урок д1аяхьар Ц1ахь бина болх таллар. Мух1ажарш ц1е х1унда тиллина оцу декъана? Муха ду шен доьзалца махкахвала кечвеллачу М1аьчиган кертахь долу хьал? Х1ун дог-ойла ю, дай баьхна латта а дитина, д1авоьдучу М1аьчиган? Васала муха т1елецира шен доттаН М1аьчиг хийрачу махка Хон- кар кхелхаш хилар? Муха кхета шу «Даймохк боцу стаг а, велларг а цхьаъ ву» бо- хучух? Х1ун бахьана ду махках а бевлла, нохчий туркойн махка кхалха- ран? Маккхала х1ун боху цунах лаьцна? Схьалаха и моНанаш, д1адеша. Стенах дог дуьллур дац шаьш боху д1абоьлхучара а, бухабуь- сучара а? Х1ун хаало вайна шина arlop болчийн яххьаш Нехь, х1ун гойту цо? Бухабаьсучу юьртахошка х1ун аьлла вистхилира Аьрзу шаьш новкъадовлуш? Маккхала аьллачу иллин чулацам шайн дешнашца схьабийца. Х1ун ду иллин коьрта маь1на? Текстан шолг1а дакъа къастош дешар. (Хьехархочо ша я хьалххе кечбинчу дешархоша доыну.) Дешнаш Нехь болх бар: шатлакх - сийлаллина, дозаллина ирх герз кхийсар; ч1аж - ламанан ахк; омра - Недиллар, буьйр (приказ). Хаттаршца доьзна къамел дар. Х1ун эр дара аша Коьрас а, цуьнан дотгагГаша а биъначу дуйнах лаьцна? Х1ун дийр ду аьлла йина ч1аг1о яра иза? Х1ун хьехар дира 1аьлбага Хонкара д1авоьдучу Коьрина? Муха доттаг1 лара мегар ду 1аьлбаг? Аьлларг Неч1аг1деш, масалш даладе. Стен гойту Коьрин, цуьнан накъостийн дайша шайн маршонехьа, парНатонехьа латтийна къийсам эрна байна цахилар? Дийца кегийчу наха д1ааьллачу иллин чулацамах лаций. Х1ун ойла кхуллу цо? Произведении темица а, идейца а дог!уш дуй иза? Произведении исбаьхьаллин башхаллаш къастор. Шен произведени юкъа ши илли далийна авторо. Дийца, мича 1алашонца далийна цо уьш. Тидам бе предложенийн синтаксически д1ах1оттаман. Яздархочун мотт кхета атта а, ц1ена а бу. Чолхсчу карчамех лаьтгачу пред- ложенешна гена ву автор. Текстан муьллха а цхьа дакъа талла, кху хаггаршна жоп дала а хьовсуш: а) чолхечу предложенийн муьлхачу тайпанех алсам пайда эцна яздархочо; б) муьлха шакъаьстина меженаш, карчамаш бу текстехь? Эпически произведенехь дийцархо цхьана кепара билгал ца волуш ца 1а: я генара хьоьжу иза хуьлучуьнга, я жигара дакъалоцу хиламашкахь, церан мах а хадош. Мила ву кху декъа т1ехь дийцархо? Х1ун эр дара аша цунах лаьцна? Дийцархочо дуьйцург доцург, диалогаш а ю «Мух1ажарш» декъа т1ехь. Х1ун гучудолу оцу диалогашкахь? Х1ун г1уллакх кхочушдо цара персонажийн амалш йовзийтарехь, произведении тема ястарехь? «Мух1ажарш» декъо цхьаьнатуху тайп-тайпана персонажаш, романан кийсакаш. Шуна хетарехь, и башхалла декъан д1ах1оттамехь билгалъяьллий? Муьлхачу темано цхьаьнатуху и дакъош? XVI-XVIII бешерашкахь хьолахоша шаьш бацор ца лайна оьрсийн ахархой, мух1ажарш хуьлий, вайн махка бог1уш хилла. Муха хилла церан а, вайн махкара Хонкара д1абаханчу вайн махкахойн а кхоллам? Дийца, х1ун ду церан кхолламехь цхьаьнадог1ург, къаьстарг. Белхан тетрадь, 3-7-г1ий т1едахкарш. Рефлекси. Щахь кхочушдан дезарг. «МухГажарш» темина хаамаш кечбе. Белхан тетрадь, 8-9-г1ий т1едахкарш. г1а урок. Къамел кхиор. «Даймохк мазал мерза бу» темина сочинени язъяр 1алашо: шайна девзинчунна т1ехь сочинени язъян хаар кхиор. Хьехаран некъаш: сочинени язъяр. Урок д1аяхьар Хьехархочун дош. Тахана вай шуьца сочинени язйийр ю вай 1амийнчу произведении, хезначун, девзинчун буха т1ехь. Коьртаниг Даймахке болу безам гайтар ду. Сочинени язъяр. Щахь кхочушдан дезарг. Сочинени чекхъяккхар. «Мух1ажарш» темин проектана материал гулъяр. г1а урок. «Мух1ажарш» темина проект 1алашо: билгалйинчу темина хаамаш гулбан а, уьш цхьана кепа тоха а, юха уьш бовзийта хаар 1амор. Хьехаран некъаш: хьехархочун дош, дешархойн хаамаш, жам1 дар. Урок д1аяхьар Хьехархочун дош. Тахана вай мух1ажарех лаьцна дуьйцур ду. Вайн халкъан дахарехь маситтазза нисделла и х1ума. Амма вай дуьйцур ду 1865-чу шарахь махкахбевллачу нахах, церан т1аьхьенех. Уьш махкахбовларан бахьана, уьш ц1ерабовлуш церан коьртехь хилла нах - и дерриг а вайна девзар ду тахана. И хаамаш вайна кечбина дешархоша. Дешархоша бовзуьйту шаьш кечбина хаамаш. (Оцу боламан коьртехь хиллачу Кундухов Мусех, кхиболчех лаьцна хаамаш болуш бу исторически документаш т1ехь. Мух1ажарш мичахь д1анисбина, царах хилларг дуьйцур ду дешархоша. Церан т1аьхье ю х1инца а Хонкарахь ехаш, царах цхьаберш ц1а а баьхкина. Церан да- галецамаш а бахка мегар бу хаамийн бухе.) Хьехархочо жам1 до дешархоша дийцинчун, цара бинчу белхан. Щахь кхочушдан дезарг. Литературин турпалхочух, символах лаьцна статья ешар. г1а урок. Литературин турпалхочух, символах 1алашонаш: литературин турпалхочух болу кхетам кГаргбар; авторан шен турпалхочуьнца йолу юкъамспиг къасто хаар кхиор. Хьехаран некъаш: хьехархочун дош; текста т1ера масалш лахар. Урок д1аяхьар Хьехархочун дош. Х1окху урокехь вай дагалоцур ду ли тературин турпалхо мила ву, ткъа иштта дуьйцур ду литературин символах, билгалонах лаьцна. Цо х1ун г1уллакх кхочушдо а къастор ду. «Литературин турпалхочух а, символах а лаьцна» статья ешар. Статьян чулацаман хьокгьехь къамел дар. Мила лара мегар ду литературин турпалхо? Произведенехь муха вевза вайна турпалхо, муьлхачу билгало- нашца? Мил-милла а лара мегар дуй литературин турпалхо? Символо х1ун Нуллакх кхочушдо произведенехь? 1аламан сурт а, турпалхо а. Х1ун меттиг д1алоцу 1аламо турпалхочун амал йовзийтарехь? Тобанашца болх бар. Яздархочо х1ун меттиг д1алоцу шен турпалхочуьнца йолчу юкъа- меттигехь? Даладе масалш. «Иччархо Абухьаьжа Идрисов» очеркан авторан х1ун ойла ю, шуна хетарехь, цуьнан турпалхочух Абухьаьжех лаьцна? Стенах го иза? Х1ун маь1на ду 1аламан суьртийн турпалхо вийцарехь? Даладе масалш. Гайсултанов 1умаран «Болат-г1ала йожар» повесть т1ера схьалаха символаш ялийна меттигаш. Дийца шайна евзачу символех лаций. Урокан жам1 дар. Тахана урокехь литературин теорех болчу хаамех лаьцна дийци вай. Литературин турпалхо воцуш произведени атта хуьлуш яц. Амма вайна хаа деза литературин турпалхо произведении персонажах къасто. Шех масал эца мегар дерг ларалуш ву дукхахьолахь литературин турпалхо, ткъа кхиберш персонажаш лара мегар ду. Литературин символо Нехулара хьаьжча ца гуш диснарг билгалдо. Рефлекси. Ц1ахь кхочушдан дезарг. 1амат Нехь долчу хаттаршна жоьпаш кечдар. Арсанукаев Шайхих лаьцна хаамаш кечбар. |