Главная страница
Навигация по странице:

  • Урок д1аяхьар I. Хьехархочун дош.

  • Кхоллараллин балхана кечам бар.

  • 1аламан хилам бийца оьшу болу суртх1отторан г1ирсаш лахар,д1аязбар. Белхан йозанаш кечдар. Кхоллараллин болх.

  • Рефлекси. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

  • 22 - г1а урок. Мамакаев Шамсуддин 1аьрби. «Берзан бекхам»

  • Урок д1аяхьар Ц1ахь бина болх таллар.

  • «Берзан бекхам» стихотворени къастош ешар, таллар.

  • Практически болх (тобанашца кхочушбойту).

  • Рефлекси. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

  • Практически болх.

  • Дийцар, очерк жанрашна кластер xlorrop. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

  • 24-г1а урок. Ошаев Дудин Халид. «Иччархо Абухьаьжа Идрисов»

  • Урок д1аяхьар Щахь бина болх таллар.

  • «Иччархо Абухьаьжа Идрисов» очерк къастош ешар.

  • Хиламийн планаца чулацам юхасхьабийцар. Урокан жам1.

  • Рефлекси. Щахь кхочушдан дезарг.

  • Урок д!аяхьар Ц1ахь бина болх таллар.

  • Очеркан исбаьхьаллин башхаллаш къастор.

  • Юкъара маь1на даран хаттарш.

  • 26 - г1а урок. Сулейманов Сулайман Ахьмад.

  • 7 класс НЛ гот. Урок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш


    Скачать 186.89 Kb.
    НазваниеУрок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш
    Дата14.04.2022
    Размер186.89 Kb.
    Формат файлаdocx
    Имя файла7 класс НЛ гот.docx
    ТипУрок
    #472543
    страница6 из 16
    1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   16

    21 г1а урок. 1аламан хиламан сургх1отторан кхоллараллин болх

    1алашонаш: шена гинарг йозанехь дийца, исбаьхьаллин текстана анализ ян хаар, дешархойн кхоллараллин аг1онаш кхиор.

    Хьехаран кепаш: хьехархочун дош; план х1оттор; белхан йозанаш т1ехь болх бар; кхоллараллин болх.

    Урок д1аяхьар I. Хьехархочун дош.

    Вай шуьца Курумова Селимин 1аламах лаьцна йолу кийсак ешна. Цу т1ехь цо говза хГоттийначу Галаман вастах лаьцна дийцира. Тахана хьовсур ду вай шу мел герга ду 1аламна, мел тидаме ду Галамца доьзна долчунна. Стелахаынтигаш а детташ, стигал а къекъаш ч1ог1а догГа тухуш дукхазза а гина шуна. Оцу хиламах лаьцна яздан хьовсур ду вай.

    • Маца хуьлу и тайпа хилам? (Б1аьста а, аьхка а.)

    • Хьовсий вай карзахдаьллачу 1аламан и тайпа сурт муха х1оттийна Сулаев Мохьмада а (д1айоыпу «Лаьмнаша ца дицдо» роман т1ера кий­сак: «Сарахь ерриг стигал д1алоцуш, мархаш гулъелира Эскинойна т1ехула, бода х1оттош» предложени т1ера дайолало иза, «ХГаваъ генна д1а шех чекх сагуш, хьаьъна дара. ПарПат садеГалора» предложеница чекхйолу), Окуев Шимас а («Т1аьххьара верас» роман т1ера «Дарц» дакъа доьшу «Хьалхахьа гуш х1умма а дац: де чекх а далале садайна, т1ех1оьттина дорцан бода» предложени т1е кхаччалц.).

    • Х1ун башхалла ю оцу шина хиламна юккъехь?

    1. Кхоллараллин балхана кечам бар.

    1. Шена гинчу 1аламан башхачу хиламех лаьцна дийцар, оцу хи- ламийн cypTxIoTTop.

    2. Суртх1отторан план х1оттор.

    Герггара план:

    1. Мичахь, маца, хьенан таро хилла и 1аламан хилам ган.

    2. 1аламан хиламан дуьххьарлера билгалонаш.

    3.1аламан хиламан кхиар, уггар ира меттиг.

    4.1аламан хиламан тГаьххьара мур, берзар.

    1. (аламан хиламо суна бина т!е!аткъам, сан синхаамаш.

    1. 1аламан хилам бийца оьшу болу суртх1отторан г1ирсаш лахар,д1аязбар.

    2. Белхан йозанаш кечдар.

    3. Кхоллараллин болх.

    Урокехь д1аболо беза болх, ц1ахь чекхбаккхийта.

    1. Рефлекси.

    2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. Сочинени чекхъяккхар.

    2. Балхана иллюстрацеш кечъяр (суьрташ, открыткаш, репродук- цеш (шайн лаамехь).

    22 - г1а урок. Мамакаев Шамсуддин 1аьрби. «Берзан бекхам»

    1алашонаш: стихотворении идейх кхета rlo дар, дийнаташ муха гойту довзийтар; дешархошкахь къинхетам кхиор.

    Хьехаран кепаш: хьехархочун дош; къастош ешар; хаттаршца доьзна къамел дар, текстана анализ яр, практически болх.

    Урок д1аяхьар

    1. Ц1ахь бина болх таллар.

    Сочиненеш ешар, таллар.

    Дика хир ду, нагахь санна иза язйинчара шаын дича, къаьсттана и сочиненеш суьрташ, иллюстрацеш шайца долуш елахь.

    1. Хьехархочун дош.

    1. Мамакаев 1арбин муьлха произведенеш евза шуна? Царах муьл- ханаш шаьш ешна аша? Доцца дийца царах лаций.

    2.1амат т1ера биографи ешар, йийцаре яр.

    • Маца гучуболу поэтан нохчийн литературе болу безам?

    • Поэтан произведенийн дуьххьарлера гулар зорбанехь маца ара- яьлла?

    • Х1ун дара хаалуш Мамакаев 1арбин поэзехь, х1ун керланиг деара цо шен поэзица нохчийн литературе?

    Мамакаев Тарбин муьлха прозаически произведенеш евза шуна?

    • Стен гойту вина мохк, Даймохк поэтана дукхабезаш хилар?

    • Стен гойту халкъана поэт дукхавезаш хилар?

    1. «Берзан бекхам» стихотворени къастош ешар, таллар.

    1. Дешнаш т1ехь болх бар: боьра - к1орга 1ин;

    йорт - чехка болар; пхьаьрчий - ж1аьлеш;

    Чухчахьера - Малая Медведица; г1уьнжара - б1аьргаш разхьоьжуш хилар; з1ара - юьйцина керт.

    1. Хаттаршца доьзна къамел дар.

    • Стенах лаьцна ю xlapa стихотворени? Х1ун дог-ойла кхуллу цо? (Самукъадалар, белам, къинхетам, цецвалар, бендацаралла, къизалла, оьг1азло.) Шайн жоп теч1аг1де.

    • Хьанна йоьлхуш, тийжаш, хьаьнга орца дохуш ю нана-борз?

    • Шена кхераме доллушехь, юьрта юккъе х1ун дан яхна хилла иза?

    • Х1ун дара, даьллачу орцанехь, хьоькхучу маьхьаршлахь барзана хезаш дерг? Стен т1еийзайора божална нана-борз?

    • Мичхьа гучудолу ненан безам сел боккха хилар?

    • Х1ун бекхам бира барзо шен к1еза д1адаьхьначарна?

    • Шена орцах еана нана хааеллачу к1езано дечух лаций дийца. Муха гайтина и поэто? Схьа а лахий, д1адеша и мог1анаш.

    • Авторан нана-барзах, цуьнан к1езанах доглозуш хилар стен хоуьйту вайна? Даладе масалш.

    • Х1ун маь1на ду х1окху стихотворении?

    1. Практически болх (тобанашца кхочушбойту).

    Меттан исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсаш билгалбахар: по­этически лексика (тропаш), синтаксис (стилистически фигураш), не ологизмаш и. д. кх. а. Цара кхочушден г1уллакх къастор. Цитатийн таблица хьалаюзар.

    Тобанаш

    Т1едиллар

    масалш

    Текстехь

    кхочушден

    гГуллакх

    1. Поэтически лексика

    Схьалаха метафораш, эпитеташ, гиперболаш, дустаош. антитезатп







    2. Поэтически синтаксис

    Схьалаха инверсеш, риторически хаттарш, айдарш, т1едерзарш







    3. Неологизмаш

    Схьалаха авторски не­ологизмаш







    1. Жам1 даран къамел.

    • Стихотворении барам къасто хьовса. Тохар долу а, доцу а деш- дакъойн хийцадалар талхийна меттиг схьалаха. Х1ун маь1на ло цара текстана?

    • Стихотворенехь ритм хилар т1еч1аг1де.

    • Схьалаха текстехь рифмаш.

    • Юста вовшашца Мамакаев Гаьрбин «Берзан бекхам» а, Есенин Сергейн «Песнь о собаке» а стихотворенеш. Дийца, х1ун ду церан цхьаьнадог1ург а, къаьстарг а.

    1. Рефлекси.

    2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. Къастош еша хаар.

    2.1амат т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш кечде.

    1. Белхан тетрадь, 1,3, 4-г1ий Недахкарш.

    23- г1а урок. Очерках кхетам балар 1алашонаш: Ошаев Халидан дахаран, кхоллараллин некъ бов- зуьйтуш очерках лаьцна дешархошна хаам балар; дийцар, очерк вов-

    шех къасто хаар кхиор.

    Хьехаран кепаш: хьехархочун дош; 1аматца болх бар; хаттаршца

    доьзна къамел дар.

    Урок д1аяхьар

    1. Ц1ахь бина болх таллар.

    • Хьанна йоьлхуш, тийжаш, хьаьнга орца дохуш ю «Берзан бекхам»

    стихотворенехь нана-борз?

    • Шена кхераме доллушехь, юьрта юккъе х1ун дан яхна хилла иза?

    • Х1ун дара даьллачу орцанехь, хьоькхучу маьхьаршлахь барзана хезашдерг? Стен Неийзайора божална нана-борз?

    Мичхьа гучудолу ненан безам сел боккха хилар?

    • Х1ун бекхам бира барзо шен к1еза д1адаьхьначарна?

    • Х1ун до шена орцах еана нана хааеллачу к1езано?

    • Авторан нана-барзах, цуьнан к1езанах доглозуш хилар стен хоуьйту вайна?

    • Вай стенах лардан Перта шен стихотвореница поэт?

    • Х1ун ду Мамакаев 1аьрбин стихотворении Есенин Сергейн «Песнь о собаке» стихотвореница цхьаьнадог1ург а, къаьстарг а?

    1. Хьехархочун дош.

    1амат т1ера Ошаев Халидан биографи ешар, йийцаре яр.

    • Х1ун хаьа хьуна яздархочун Ошаев Халидан кхоллараллин да- харх лаьцна?

    • Ц1ерш яха цуьнан произведенийн. Муьлхачу жанрашкахь язъеш хилла цо уьш?

    • Муьлш бу цуьнан произведенийн коьрта турпалхой?

    • Х1ун маь1на ду Ошаев Халидан кхоллараллин къона т1аьхье кхетош-кхиорехь?

    • Муха хилла яздархочун дахаран некъ? Х1ун халонаш лайна цо?

    • Х1ун лар йитина Ошаев Халида халкъан культура кхиарехь?

    1. Очерках кхетам балар.

    1. 1амат т1ера статья ешар.

    2. Хаттаршца доьзна къамел дар.

    • Дийцар, очерк вовшех муха къаьста?

    • Стенах я хьанах лаьцна дуьйцу очеркехь?

    • Маца кхоллаелла нохчийн очерк? Мила лара мегар ду нохчийн литературехь оцу жанран бухбиллархо?

    • Къаьсттана дика кхиа маца йолаелла и жанр вайн литературехь?

    • Х1ун меттиг д1алоцу нохчийн очерко вайн литературехь?

    1. Практически болх.

    Хьовса, терминийн луг1ат т1ехь очерк х1ун тайпа произведени ю.

    Очерк, дийцар литературин вовшех тера йолу жанраш ю. Амма уьш къаьста шайна х1оттийнчу 1алашонца.

    • Муха довзуьйту очерко хилларг? (Очеркехь хилларг ша ма-дарра довзийта деза.) Ткъа дийцарехь муха гойту иза? (Дийцарехь авторо шениг юкъадалорца, шена хетачу arlop довзуьйту хилларг.)




    • Сюжет, турпалхой хуьлий очеркехь? (Хуьлу, амма дийцарца юь- стича, дийнна сюжет йоцуш, цхьацца кескех вовшахтоьхна хуьлу иза очеркехь. Дукхахьолахь цхьана турпалхочух лаьцна хуьлу очерк, цо динарг, лелийнарг довзуьйту яздархочо. Ткъа дийцарехь дийнна сюжет хуьлу, цу т1ера хиламаш турпалхочуьнца боьзна хуьлу. Дийцаран сюжет шен юьхь, кхиар, чаккхе йолуш хуьлу. Турпалхочо дийриг дахарехь ца хилла а хила мета. Цхьадерг яздархочо ша кхуллуш ду дийцарехь. Очер­кехь дахарехь хилларг, билггал турпалхочо динарг бен дийца йиш яц.)

    • Очеркехь, дийцарехь турпалхочун ерриг амалш йовзуьйтий? (Турпалхочун къеггина билгалъяьлла, и ша ма-варра вовзийта таро луш йолу амалх лоций дуьйцу яздархочо очеркехь, ткъа дийцарехь цуьнан амалан дика а, ледара а аг1онаш йовзуьйту, цул сов, оцу сакх- течу амалех иза хьалха муха велира а гайта мета.)

    • Очеркан, дийцаран турпалхой вовшех къаьсташ хуьлий? (Очеркан турпалхой хьанал къинхьегамхой, майра т1емалой я шайгара хьуьнар гайтина нах хуьлу, ткъа дийцаран турпалхо муьлхха а стаг хила йиш йолуш ву.)

    1. Дийцар, очерк жанрашна кластер xlorrop.

    1. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. Ошаевн биографех, очерках лаьцна йолу статьяш ешар.

    2. «Иччархо Абухьаьжа Идрисов» очеркан хьалхара дакъа дешар.

    24-г1а урок. Ошаев Дудин Халид.

    «Иччархо Абухьаьжа Идрисов»

    1алашонаш: дешархойн очерках болу кхетам к1аргбар; текст талла хаар кхиор; патриотически дог-ойла кхиор.

    Хьехаран кепаш: къастош ешар; хиламийн план xlorrop; планах пайда оьцуш чулацам юхасхьабийцар.

    Урок д1аяхьар

    1. Щахь бина болх таллар.

    • Х1ун хаьа хьуна яздархочун Ошаев Халидан кхоллараллин да­харх лаьцна?

    • Ц1ерш яха цуьнан произведенийн, муьлхачу жанрашкахь язъеш хилла цо уьш?

    • Муьлш бу цуьнан произведенийн коьрта турпалхой?

    • Къона т1аьхье кхетош-кхиорехь х1ун маь1на ду Ошаев Халидан кхоллараллин?

    • Муха хилла яздархочун дахаран некъ, х1ун халонаш лайна цо?

    • Халкъан культура кхиарехь х1ун лар йитина ОшаевХалида?

    • Дийцар, очерк вовшех муха къаьста?

    • Стенах я хьанах лаьцна дуьйцу очеркехь?

    • Маца кхоллаелла нохчийн очерк? Мила лара мегар ду вайн ли- тературехь оцу жанран бухбиллархо?

    • Къаьсттана дика кхиа маца йолаелла и жанр нохчийн литерату- рехь?

    • Х1ун меттиг д1алоцу нохчийн очерко вайн литературехь?

    1. «Иччархо Абухьаьжа Идрисов» очерк къастош ешар.

    (Текст хьехархочо ша еша а мега, ткъа иштта дешархошка ешийта а тарлуш ду.)

    1. Хиламийн план xlorrop.

    1. Бераллин хала мур.

    2. Т1еман хьалхарчу хенан к1уьрлахь.

    3. Снайперан болх шен лаамехь бар.

    4. Снайпер хила 1амор.

    5. Снайперан атта доцу г1уллакхаш кхочушдар.

    6. Снайперан хила еза амалш.

    7. Мостаг1ийн снайпершца къийсам.

    8. Цкъа а дицлур доцу ши х1ума.

    9. Пачхьалкхан совг1аташ.

    1. Хиламийн планаца чулацам юхасхьабийцар.

    2. Урокан жам1.

    • Х1ун керланиг девзи шуна тахана урокехь?

    • Х1ун 1еми шуна, х1ун карадирзи.

    Рефлекси.

    1. Щахь кхочушдан дезарг.

    1. Текст къастош еша, чулацам схьабийца хаа дезар.

    2. 1амат т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш кечдар.

    3. Белхан тетрадь, 1, 3-г1ий т1едахкарш.


    25-г1а урок. Очеркан турпалхо Идрисов Абухьаьжа (алашонаш: очеркан турпалхочун коьрта амалш билгалъяхар; Даймехкан дуьхьа шайгара хьуьнарш гайтинчу нехан сий дан дезар дешархошкахь кхиор, патриотически дог-ойла rlarrop.

    Хьехаран кепаш: очеркан исбаьхьаллин башхаллаш къастор; очерк т1ера цитаташ ялош, турпалхочунна характеристика ялар; очер­кан юкъара маь1на дар.

    Урок д!аяхьар

    1. Ц1ахь бина болх таллар.

    • Маца, мичахь вина очеркан турпалхо?

    • Х1ун 1аткъам бина жимчу Абухьаьжина дайн, вежарийн доьнал-

    лин Пуллакхаша?

    • Муха хилла цуьнан бераллин дахар?

    • Маца дГадуьйладелла Идрисов Абухьаьжин б1ахаллин г1ул- лакхаш? Муьлхачу меттигашкахь бина цо т1емаш?

    • Х1ун бахьана ду Идрисов Абухьаьжа массарна а дукхавезаран?

    • Муха хилира Абухьаьжех снайпер?

    • Муьлха Ииллакх ду снайперехь уггар хьалха хила дезарг?

    • Абухьаьжа тидам болуш, х1уманна духе кхуьуш снайпер хилар

    стенна т1ехь гучудолу?

    • Текста т1ера масалш а далош, Абухьаьжин снайперски Пуллакхах

    лаций дийца.

    • Шегара х1ун тайпа хьуьнарш гайтина Неман шерашкахь Идрисов Абухьаьжас? Пачхьалкхо х1ун совг1аташ делла цунна?

    1. Очеркан исбаьхьаллин башхаллаш къастор.

    1. чу тобанна т1едахкарш:

    • Бозабелла чулацам а боцуш, кийсакех вовшахтесна сюжет йолуш ю xlapa очерк. Х1ун бахьана ду цуьнан?

    • Со, ас бахар дукха ду очеркехь. Очеркан кеп ю иза я яздархочо шен лаамехь юкъадалийна ду иза?

    • Диалогех алсам пайда эцна очеркехь авторо. Х1ун Нуллакх кхо- чушдо цара очеркехь?

    1. чу тобанна т1едахкарш:

    • «Мача Неюха ца кхуьуш юхалохкур бу гитлеровцаш» бохучух муха кхета шу?

    • «Гали чуьра арадовлура» ч1аг1деллачу цхьаьнакхетаран маь1на даста.

    • Очерка т1ера суртх1отторан Нирсаш схьалаха. Дийца, х1ун ба­хьана ду уьш к1езиг хиларан.

    1. Практически болх.

    Очеркан турпалхочунна харакатеристика ялар, план х1оттор:

    Турпалхочун амалш

    Масалш

    Муьлхачу хенара ву Абухьаьжа? Цуьнан хьалха хилла дахар




    Абухьаьжин амал билгайоккхуш долу хьуьнарш




    Абухьаьжин къамел, цуьнан башхаллаш




    Накъосташа Абухьаьжин хадош болу мах




    Иччархочуьнгахь хила деза коьртаниг Абухьаь- жигахь хилар




    Абухьаьжина уггар дагахь лаьтташ дерг




    Авторан шен турпалхочуьнца йолу юкъаметтиг




    Жам1аш:




    1. Юкъара маь1на даран хаттарш.

    • Хьанах лаьцна ю очерк?

    • Пачхьалкхо муха мах хадийра очеркан турпалхочун?

    • Маьршачу хенахь а ша муха гойту Абухьаьжас?

    • Абухьаьжа Советски Союзан турпалхо ца хиллехь цунах лаьцна очерк язъян тарлорий Ошаев Халида?

    Белхан тетрадь, 2, 5-г1ий 11едахкарш.

    1. Рефлекси.

    2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    Йозанехь характеристика ло Абухьаьжина я хаттарна жоп ло: «Х1унда до аса дозалла Идрисов Абухьаьжах?» (Дешархойн лаамехь).

    26 - г1а урок. Сулейманов Сулайман Ахьмад.
    1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   16


    написать администратору сайта