Главная страница

Планы. 11 класс поурочни язык. Предложенеш. 1алашо


Скачать 48.83 Kb.
НазваниеПредложенеш. 1алашо
АнкорПланы
Дата10.04.2022
Размер48.83 Kb.
Формат файлаdocx
Имя файла11 класс поурочни язык.docx
ТипУрок
#459297



Урокан ц1е: Дийцаран а, хаттаран а, айдаран а т1едожаран предложенеш.

1алашо: Предложенин х1ун билгалонаш ю хаар, дешнийн юкъара уьйр йовзар, предложе­нин чаккхенгахь соцунг1а яр. Интона­цин маь1на. Предложени чекхъяларан билгалонаш. Предложени чекхъяьлча х1иттош долу хьаьркаш. Аларца предложенеш тобанашка нисъяр: дийцаран, хаттаран, айдаран. Къамелан 1алашоне хьаьжжина предложенеш еша хаар, церан пунктуаци нисъяр. Оьздангалла кхиор.

Урок д1аяхьар

I. Ойла т1еерзор.

2.Ц1ахь бина болх таллар.

3. Керла коьчал йовзийтар д1ахьо, хьалххе уьн т1е яздинчух пайда а оьцуш:

1. Т1ееара1аьржабуьйсахьоькхурашийламохцумохолестадоралекхадитташ дог1урагуьйренанкхевсинадог1а.

  • Дешал уьн т1ехь яздина дерг.

  • Кхетий шу оцу йозанан маь1нех? Х1унда ца кхета?

  • Цхьанна а хуур. дарий и йоза кхетачу aгlopa нийса д1аяздан? TIeeapa 1аьржа буъйса. Хъоъкхура шийла мох. Цу мохо лестадора лекха дитташ. Дог1ура гуьйренан кхевсина doг1a.

  • Х1ун ала мегар ду вай яздинчух:

а) дешнийн цхьаьнакхетарш?

б) предложенеш?

в) дешнаш?

  • Х1унда олу царех предложенеш? (Предложени д1айолалуш доккхачу элпаца язйо, цунна юкъа догly дешнаш вовшашца уъйр йолуш хуълу, предложенино чекхъяълла ойла гойту).

  • Кхин юй вайна хууш предложенин билгалонаш?

  • Ю. Предложени ешаран шен интонаци ю. Предложенин чаккхенгахь оьшуш йолу хъаьрк xlommaйo (т1адам я хаттаран, я айдаран хъаьрк).

  • Вай язйина предложенеш юй цу бакъонашца йог1уш? (Ю. Чекхъяълла ойла гойту, дешнашна юкъахъ уъйр ю, доккхачу элпаца язйо, чаккхенгахь т1адам буъллу).

  • Ишттачу предложенех олий дийцаран предложенещ? Цара х1ун хаам бо? (Цхъана г1уллакхах я хиламах лаьцна хаам бо). Даладе масалш.

  • Кхин муьлха предложенеш евза шуна, аларан 1алашоне хьаьжжина? (хаттаран, айдаран). Даладе масалш.

4.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.п. 32 йоьшу

2.Кхочушде 73-г1а шардар.

Хьалххе уьн т1ехь яздинчух пайда эца:

1. Октябран баттахь а лаьттара Тамерлан шен накъосташца вахара

Каникулшкахь юьртахь шен деда волчохь вара Кху шарахь хьалххе

Дика 1амийнера ас байташ, суна бен

Школера ваьлча нанна rlo

2.жима 1абдулла

шеллур юй техьа?

ца диллина «пхиъ»

муха до ахьа

довха денош.

1аьржачу х1урдан йисте


  • Хьалхарчу б1ог1амалгехь йолу предложенеш шолг1ачу б1ог1амалгера оьшуш йолу чаккхе т1е а тухуш, д1аязъе.

  • Аларан 1алашоне хьаьжжина муха ю уьш?

  • Уын йоьшуш цхьатерра хуьлий интонаци? Муха ю церан ешаран башхаллаш?

  • Дийцаран предложенеш муха къастайо кхечу предложенийн тайпанех?

Хьалхарчуй, шоллаг1чуй предложенешна бе син­таксически къастам.

  • 1амийнера бохучу дашна бе фонетически къастам.

5. Дозуш долу къамел кхиор.

Дешархочунна шена гуш долчу гуьйренан 1аламе хьаьжжина сурт xIotto 1амадо.

    1. Денош гуьйранна дахделла я дацделла?

    2. 1уьйре-суьйре муха хуьлу?

    3. Стигал муха хийцало?

    4. Дитташ кечлуш дуй 1аьнна к1ел даха? Стенах хаьа шуна и?

    5. Аренаш т1ехь хиллий хийцамаш? Х1унда ду кхузахь дуккха а адамаш?

    6. Олхазарийн эшарш юй хезаш? Шуна гирий уып д1адоьлхуш?

. Акхаройх лаьцна дийцалур дарий хьоьга х1умма а? Церан дахарехь х1ун хийцало гурахь?

  • Х1окху хаттаршна цкъа хьалха барта жоп ло.

  • Д1аяздо г1оьнна дешнаш а, дешнийн цхьаьнакхетарш а.

  • Жимачу сочиненина ц1е тилла. («Дашо гуьйре», «Гуьйренан цхьа де», «Марша я хьо, хаза гуьйре», «Суна дукха еза дашо гуьйре», и. кх. д1.)-

-Хьехархочо йоьшу «Гуьйре» ц1е йолу байташ:

ГУЬЙРЕ.

Аьхкено кхелина дитташ,

Сийначу духарах дохуш,

Мох хьоькху, юткъа шок етташ:

  • 1аьнна аш кечамбе,- бохуш.


Дог1анна язъелла мархаш,

Кхоьлинчу стиглаца соьцу.

Дерзинчу дитташ т1ехь хьарг1а,

Сингаттам тийсарца ека.

Г1арг1улеш, вовшашка кхойкхуш,

Генарчу къилбехьа йоьлху.

Юкъ-юкъа лайн чимаш кхуьйсуш,

Х1аваэхь шийла дерз доьлху.
Амма яц кхераме шело -

Юьртахой самукъне хьийза:

Амбараш рицкъанех юьзна,

Х1усамашкахь даим ю б1аьсте. (А. Айдамиров)

- Муха ду хьарг1а бохучу дешан лексически маь1на? Тетрадаш т1е язде.

  • Муха ду авторна гуш долу сурт?

  • Вай яздинчу хаттаршна жоьпаш делча, иштта дика гурахь хуьлуш дерг йозанца гайталур дуй вайга?

  • Байташца гуьйренах лаьцна яздан оьший корматалла а, поэтически г1ирсаш а? Шуьга язлур ярий и санна байташ?

6.Рефлекси Ц1ахь бан болх.

1амае 33-г1а §.

Кхочушде 74-г1а шардар.
Урокан ц1е: Предложенехь дешнийн уьйр. Подлежащиний, сказуеминий юккъехь тире.

Урокан 1алашо: 1) предложенехь дешнийн вовшашца йолчу уьйрех дешархой кхетор; 2) коьртачу а, дозуш долчу дешнех лаьцна кхетам балар; 3) цхьаьнакхетаран а, карара уьйраш йовзийтар; 4) кхетош-кхиоран маь1на мало йоцуш, хьанал. къахьегар а, х1уманах кхеташ хилар а сийлахь деза ларар довзийтар, 5)подлежащиний, сказуеминий юккье тире йилларх кхетам балар, 6)дешархойн къамел кхиор, 7) ненан меттан йозане берийн безам кхиор.
1.Ойла т1еерзор.

2.Ц1ахь бина балх таллар.

2.Словарно-орфографически болх. Хьеха, хьехийта, хьоьхуьйту, хьехархо, хьехам, хьехаме. Гергара дешнаш, суффик: къестор. Уьш нийсаяздар.

Дешархошка фронтальни хаттарш ло:

  • Стенах олу дешнийн цхьаьнакхетар?

  • Маса кепара хуьлу уьш?

  • Муьлхачух олу предложени чохь нислун цхьаьнакхетар?

  • Муьлхачух олу шакъаьстина цхьаьнакхетар?

  • Муьлхачух олу дешнийн парг1ат цхьаьнакхетар?

__ Ц1еран х1оттаман сказуеми стенах олу?

Ц1еран х1оттаман сказуеми муьлхачу дакъойх лаьтта?

Даладе царна масалш.

Х1окху лахарчу шина предложенехь билгалдаха дешнийн цхьаьнакхетарш, дийца церан тайпанаш:

    1. Сиха дахана хи xlopdax ца кхетта. 2. Ц1ен xlopd тхуна генахь бара.


3. Керла тема йовзийтар.

И тема йовзуьйту индуктивни методца.

Хьехархочо берашна хаза туьйра дийцира боху предложени доски т1е а, тетрадаш т1е а д1аязйойту. Цул т1аьхьа оцу пред­ложенехь долу дешнийн цхьаьнакхетарш къастадо:

      1. хьехархочо дийцира,

      2. туьйра дийцира,

      3. берашна дийцира,

      4. xaза туьйра.

L Урокан 1-ра 1алашо кхочушъеш, дешархошка д1агойту оцу дешнийн вовшашца маь1ница уьйр хилар. И уьйр гучуяккхархъама, дешархошка цхьана дашна т!ера вукхунна хаттар долуьйту кху кепара: 1) хьехархочо х1ун дира? — хьехархочо дийцира;

        1. х1ун дийцира? — туьйра дийцира;

        2. муха туьйра? — хаза туьйра;

        3. хьанна дийцира? — берашна дийцира.

Цу кеппара, вовшашца уьйр йолу шишша дош цхьаьнакхета.

          1. Х1инца кхочушъян мегар ду урокан 2-г1а 1алашо:

— Муьлхачу дешнашна т1ера ло вай хаттарш? К1ел сиз а хьокхуш, билгалдаха уьш:

1) дийцира хьан? — хьехархочо дийцира,

2) дийцира х1ун? — туьйра дийцира,

3} муха туьйра? — хаза туьйра,

4) хьанна дийцира? — берашна дийцира.

4.г1уллакх кхочушдинчул т1аьхьа хьехархочо дешархошка д1ахоуьйту, шайна т1ера (я шайгара) хаттар х1оттош дерш коьрта дешнаш хилар, цунна жоп луш, шайга хаттар кхочурш дозуш долу дешнаш хилар. 4.Подлежащиний, ц1еран х1оттаман сказуеминий юккъг тире йиллар. И тема йовзийтар кийчачу хаамийн, бакъонийн темица (дедукцица) кхочушдан мегар ду. Дедукцица цхьана урокехь меттан бакъдерш вовшашца дустаран кепех а пайда д1аоьцу.
5.Нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь ц1еран х1оттаман сказуеми хоттам болуш я боцуш аларан башхаллаш йовзийтар Пушкин поэт ву. (Дуста: Пушкин — поэт); а) 1илманан маттахь оьрсаша а олу сказуемехь хоттам Язык есть тело мысли. Язык есть основной элемент мышления
6.Нохчийн маттахь хоттам боцуш ала мега меттигаш йовзийтар: 1. Кицанехь: Дешар — серло, цадешар — бода; 2. Ц1еран дакъа терахьдашах хиллехь: Шозза шиъ — диъ; 3. Стихашкахь: Октябрехь ирсан не1 йиллинарг — Ленин; 4. Тема билгалъеш: «Мало — хало». (Ш. Айсхановн дийцар); 5. Сноске дош довзуьйтуш: амалт — тешийна т1едиллина х1ума.
7.Ц1еран х1оттаман сказуеми хоттам боцуш хилахь, тире юьллуш хиларх а, хоттам хилахь, тире цайилларх а кхетор: хазалла — сарралц, дикалла — валлалц. (Хазалла сарралц ю, дикалла валлалц ю).

4.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Учебникан 137-чу аг1он т1ехь йолу бакъонаш дешархоша йоьшур ю.

И царна девзийнарг ч1аг1дархъама, 73-чу упражнени. 1.п. 34

2. 75-чу упражненера предложенеш язъяр.
Подлежащиний, сказуеминий юккъехь иза боху ц1ердош хилахь, хоттам хиларе ца хьожуш, тире юьллуш хилар_ кхетор: Хьанал къахьегар а, дика дешар а — иза вайн си:, декхар ду.

Кицанийн маь1наш дар. Аьхка мало — 1ай хало. Диканах кханам цабечо вонах а кхачам бийр бац. Оьздачу стагана г1о дахь, и хьайн даг чу воккху ахь, оьзда воцчу стагана г1о дахь, и хьайна дуьхал воккху ахь. Тешам боцчу стагах къонах ца хилла.

5.Дешнашца бен болх: кхерч, амал, осала, эвхьазлонаш бохучу дешнийн маь1наш довзуьйту: кхерч — юург кечъен меттиг, пеш; стаг вехаш 1ен меттиг, х1усам; амал — стеган г1иллакх, цуьнан г1иллакх-амаш, дахарехь стагана 1емина г1иллакх; Шила — кхоьруш, ледара; г1иллакхе доцуш, товш доцчу кепара ледара; эвхьазлонаш — г1иллакх-оьздангалла талхош долу, товш доцу х1уманаш.

6.Кхетош-кхиоран маь1на. Урокан 4-г1а 1алашо кхочушъярхьама, кху кицанан маь1на а до: «Хьанал къинхьегам адаман moлгla нана ю»

Формий, чулацаммий вовшех къастиина 1амо роруш дац. 1амориг маь1нех кхетарца хила деза.

7. Урокан жам1 дар. Урокехь 1амийнарг билгал а доккху, йолу материал йийцаре ярехь дакъалаьцначу дешархошна оценкаш а йохку.

8.Рефлекси.

Ц1ахь бан болх балар: § 33, упражнени 74.


Талламан болх:Ненан дагалецамаш.

1алашо: берийн хаарш т1еч1аг1дар, таллар;вовшашца лераме хилар кхиор

Урок д1аяхьар
1.Ойла т1еерзор

2.Диктант ешар.

НЕНАН ДАГАЛЕЦАМАШ

...Хазачу б1аьстенан 1уьйренца, 1аламо кхелинчу рег1ан к1ел сирлачу малхо къагийна хьоькхучу мохо зазадаккха г1ерта хорбазаш меттигах чекхъяьхна: «Ваха ц1а а веана, г1оза юийла- кх шу» — бохуш, б1аьрг хиларна кхоьруш, туй тесна, йоккхаеш, ц1ехьа йирзира 1айшат. Цхьа бутт баьлча ц1а кхочу волчу Вахина меразчу хорбазал дика кхача ца хетара нанна. 1айшат йог1ура цхьана х1умане сатуьйсуш санна, ког байбина. Амма юьрта чу юлуш: «Т1ом болабелла», — бохучу дашо корта хьовзийна, кийра багош, даге ов туьйхира.

  • Ваха-а-а, нана яла хьан дела1, ма со кхийринарг хили суна! — аьлла, аренца дийкира ненан аз. И аз, сихха адамашлахь айделла, хийла ненан дог-ойла лоцуш, делира х1аваэ. Цо айдинчу гонахьарчийн дегнашца, ойланашца ч1аг1луш хезара:

  • Х1ай, наной, г1овтта!!! Даймехкан сий лардан х1иттинчу шайн кегийчу к1ентийн дуьхьа г1овтта; уьш ир-кара х1иттош, мехкан дай хилла д1ах1иттинчу шайн майройн дуьхьа г1овтта; бохамех даим шаьш лардечу шайн хьомсарчу берийн дуьхьа г1овтта; адаман ирс кхалош, лепачу 1аламан дуьхьа г1овтта. Повтта, наной, г1овтта, т1амна дуьхьал г1овтта. Шайн ондачу ницкъаца и сийсазбеш, гГовтта!!!

...И де суна, суо коша йиллалц, дицлур дац, — боху 1айшата. Маса хир ю уьш, иштта и даг чу дижна, дуьнан ойлаеш? Чот йина ца валлал, дукха хир бу. Нанна дагара долийла дац, шен к1антах ша йоккхуш, деанчу шийлачу кхоан и ирча де. Цундела, хан-хене мел ели, т1етт1а и карладуьйлуш, нанас сийсазбийр бу и ямарт т1ом, х1унда аьлча, цуьнан ирс, б1аьрган нур, дуьненан хазалла, дахаран марзо, деган йовхо, дег1ан са до д1адаьхьна дела. Нанас боху:

  • Жима вара сан к1ант, топ кара эцдал а вацара. Амма жимчохь дуьйна а, стогалла йолуш, майра вара. Цуьнан дай а бара, нахалахь яхь ца яла, шайн синош а д1алур долуш. Ишттачу къонахалло вигира иза, шен бсрх1итта шо кхочуш, салтийн мог1аршка...

  • И вечу дийнахь, ламчохь долу колхозан жа к1елхьара доккхучохь, 1инах вахна, ц1ийиан да а велла, ас хала кхиийиа, сан г1ийла бо дара Baxa. И кхачанах ца вуьзча, кийра ца бузуш, цунна набаран кхачо ца хилча, г1ийла г1еллуш, сов везаш лелийна сан Ваха боьха мостаг1ий бахьанехь х1аллакьхили, — б1аьрхиш дуьйладелира ехачу юьхь т1ехула.

Вахех къаьстина дукха хан яьллехь а, 1айшатан даг чохь денна к1ентан кехаташ т1ера цхьадолу мог1анаш. 'Пом болабалале, ша отпуске ц1а вог1у аьлла, даийтинчу кехата т1схь Вахас яздинера:

«Нана, со хьан цхьаъ бен вац. Хаьа, хала ду вежарех, йижарех яьлла 1ачу хьуна вайн х1усам ларъян, амма сатохаза ер яц. Са ма гатде, ган доьг1нехь гур вай».

Маьршачу хенахь иштта яздинчу к1антера, т1ом баьлча, х1ун хеза техьа бохуш, 1ийра нана. Xlopa стагера rlo оьшуш, къиза д1ахьош болчу т1амера ц1а воьхур вацара Гайшата шениг а, мел иза дукхавезарх, неханаш цигахь леташ хиларна. Цундела, яздира цо к1анте: «Со нана хиларна, соьга йолу марзо сов яьлла,

Даймахкана хьоьгара к1айдарг гахь, ас баийна кхача хьарам хилла, суна дуьхьал юхь1аьржа вог1ийла хьо. Хаалахь, сан диканиг, майрачу к1ентан ц1е маьлхан седа хилла лепий. Хьан дай а ца хеттера нахана к1езиг, хьо а ма хилалахь хьайна юххерчарел ледара. Иза ненан весет ду хьуна, деза декхар хилла т1едуьллуш».

Цул т1аьхьа Вахера xlapa кехат кхечира:

«Нана, бакъдерг дийца ахь бахарна, ма-дарра яздо, ахь цунна со осала ма лара. Дийна висна аьлча, адам тешар доцуш, 1аьржачу лаьттах ийна ваьллира со, хилларг дийца юххехь накъост воцуш. Хьоьга туьйсучу синан марзоно ваьккхиний техьа аьлла, хета суна, со цу 1ожаллин багара. Амма xlopa минотехь адамийн синош д1ахьош, дог1анах т1едеттачу 1аьржачу дашо кхоччуш хьан ойлаян да витарна, ахь суна бехк ма билла. Сан дехар ду хьоьга: хиндерг хууш дац, нагахь, со велла аьлла, кост кхачахь, маьхьарца г1араяьлла, нахалахь и айбина, хьомечу юьртахошна хьалха вайн ц1ийнан сий цалахдар. Хаалахь, сан хьомениг, цхьаннан а хьох цецъяла, дина х1умма а доцийла. Хьайниг санна, xlopa ненан к1ант ву, 1ожаллех цуьрриг оза ца луш, Даймехкан дуьхьа шен са д1адала д1ах1оьттина. Xlapa кехат д1адог1у, 1уьйранна д1аболалучу т1аме со д1а а х1утту ».

Иза дара т1аьххьарлера Вахин кехат. Цул т1аьхьа к1антах хиъна х1ума дац.

— Хьанна хаьа, — боху нанас, — оцу 1уьйранна д1абоьлхуш, новкъахь т1е бомбанаш йиттина, эрна арахь цо 1ожалла т1еэцний; я дуьххьара т1ам т1е х1уттуш, даьллачу мостаг1чун герзо кхин ца г1атта вожийний; я и кехат схьатесначул т1аьхьа, т1едилхинчу дашо лаьттан кийра верзийний. Иза хууш дац. Ду иза дукха дийца хала, лан деза — доьза вар. Иза иштта дуьсийла яц. Дикачу к1антана, кхин вала теш ца хилча, латта айкхдолу олуш ду дайн кица. Г1а-бацо дийцина а, Вахех дерг 1орадалаза дуьсур дац, — ч1аг1до 1айшата.
3.Дешнаш т1ехь болх бар: д1аболалучу
4.Диктант язъяр
5.Рефлекси.

Урокан ц1е: Цхьалхечу предложенийн кепаш

1алашо: Дешархошна хаа деза, цхьалхечу предложенийн кепех лаьцна 1амийнарг. Хаа деза, предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш къасто.

Урок д1аяхьар.

1. Ойла т1еерзор

2. Ц1ахь бина болх таллар.

3. 1амийнарг карладаккхар.

Шена чохь подлежащий, сказуемий – шиъ коьрта меже йолчу предложених шинах1оттаман предложен иолу. Масала: 1уьйранна дашо малх схьакхийтира. Кхана а малх хьожур бу. Тамара отличница ю.

Шена чохь подлежащих, сказуемих коьрта меже цхьаъ бен йоцчу предложених цхьанах1оттаман предложен иолу. Масала: Арахь шелъелла. Ц1а чохь тийна дара. 1аьнан суьйре. Аьхка хьалххе сахуьлу.

Шена чохь подлежащи а, сказуеми а долчу предложених юьхьан предложени олу. Масала: Дешархоша сочинени язйира. Трамвай йог1у.

Шена чохь подлежащи а доцуш, сказуемино формица я маь1ница иза билгалдечу предложених билгала-юьхьан предложени олу.Масала: Тховса тхоьга волахьа. Бакъдерг алахьа соьга. Бакъдерг дийцахьа тхуна.

Шена чохь подлежащи доцуш а, юьхь билгал ца еш а йолчу предложених билгалза-юьхьан предложени олу. Масала: Аьхка мангал хьокху.

Шена чохь подлежащи а доцуш, юкъарчу маь1ница иза дало тарлучу предложених юкъара-юьхьан предложени олу. Масала: Охуш аьлларг оруш карийна. (Хьанна а). Барзана бага п1елг ца буллу. (Цхьаммо а). Нехан динара хотталахь вуссу. (Милла а).

Подлежащи а доцуш, хила оьшуш а йоцчу предложених юьхьза предложени олу. Масала: Х1инца шелъяла йоьлла. Арахь хаза ю.

Подлежащи бен кхин коьрта меже йоцчу предложених ц1еран предложени олу. Масала: Гуьйренан юьхь. Тийна буьйса.

Кхетарна оьшуш йолу меженаш шена чохь йолчу предложених юьззина предложени олу. Масала: Автобус йог1у. Бераш школе деша доьлху.

Коьрта я коьртаза меженаш эшош, амма уьш маь1ница атта схьакарош йолчу предложених юьззина йоцу предложени олу.

Яхас Заргане хаьттира:

- Хьо соьца школе йог1ий?

- Йог1у.

4.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Кхочушдо 77 шардар.

5. Дешархошка шайга болх байтар.

Масех предложени язъе, коьрта а, коьртаза а меженаш къастае.

6. Самукъане грамматика.

7. Урокан жам1 дар.

8. Рефлекси

9. Ц1ахь: х1ора тайпана юкъа йог1у предложени язъе

Урокан ц1е: Предложенин цхьанатайпара меженаш, церан нийсаязъяр.

1алашо: 1) предложенин цхьанатайпанара меженаш 1амор; 2) дешархойн къамел кхиош, дешнашца болх бар.1аламе болу безам кхиор.
Урок д1аяхьар.
1.Ойла т1еерзор.
2.Ц1ахь дешархоша кхочушйина упражнени толу.
3.Предложенин цхьанатайпанара меженаш йовзийтар: цхьана дашах йозуш а, цхьана хаттарна жоп луш а йолу меже­наш цхьанатайпанара меженаш хилар. Тамара а, Зина а, Хазбика а школе яхара. Бешан кертахь ц1ен а, сийна а, можа а зезагаш дара.

Предложенехь цхьанатайпанара подлежащеш, сказуемеш, кхачамаш, къастамаш, латтамаш хила тарлуш хиларх кхетам балар. Ненан маттахь цхьанатайпанара меженаш хуттургаш йолуш, йоцуш, хуттурган суффиксашций ала йиш хилар довзийтар, масала: Хьасан, Адам, Салман; Хьава а, Малика а; Хьавай, Тамарий.
4.Шайца кхеторан дешнаш долчу яьржинчу цхьанатайпа­нарчу меженех лаьцна кхетам балар.

Совхозан кемсаш чуерзоран балхахь къахьоьгуш университетан студенташ, хьехархойн, медицински училищийн дешархой бара.
5.Цхьанатайпанарчу подлежащешца сказуемино а, къастамо а бартбар довзийтар.

Цхьанатайпанара подлежащеш цхьаллин терахьехь хилахь, сказуемино цаьрца барт бо терахьехь а, классехь а: Со а, Хьа­сан а школе вахара. Асет а, Саду а, Зина а балха яхара.

Тайп-тайпанчу классашкахь долчу цхьаллин терахьан подле­жащешца сказуемино барт бо цхьаллин терахьехь, ду классехъ: Салман а, Тамара а, Хьава а деша дахара. К1ант а, йо1 а школе ddxapa.

Маса, масех, масийтта бохучу дешнашца цхьаллин терахьехь, дукха, к1езиг, массо а, дерриге а бохучу дешнашца цхьаллин а, дукхаллин а терахьехь х1отта тарло подлежащи: масех книга, масех къолам, масийтта ручка; массо а адам — массо а адамаш, дерриге а адам — дерриге а адамаш; массо а кор — массо а кораш.

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

1. п. 36

2.79-г1а упражнени кхочушъяр, тема ч1аг1ъяр.

6.Боьра, Пулозан боьранаш, лег1ана басе, сосакхийн кор­тош боху дешнаш довзийтар, д1аяздайтар.

Кеп: боьра (лощина) —шина a arlop басеш а йолуш, чутаь1на меттиг я тог1и; Пулозан боьранаш — Калаусан боьранаш; со­сакхийн кортош — акхачу бежлойн, гезарийн кортош; лег1ана

басе — 1ункар йоцу басе.

7.Рефлекси.

Ц1ахь бан болх балар: § 36, упражнени 80.

Урокан ц1е: .Цхьанатайпара а, цхьанатайпара боцу а къастамаш
Урокан 1алашо: Г) къастамаш 1амор; 2) дешархойн къамел кхиор.Г1иллакх кхиор.
Урок д1аяхьар.
1.Ойла т1еерзор.
2.Ц1ахь бина болх таллар: § 36, упражнени 79. Предложенин коьртазчу меженех лаьцна болу юкъара кхетам карлабаккхар: предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш кхеточу меженех коьртаза меженаш хилар. Нийса а, лач а кхачамаш карлабахар.

Кху хаттарех пайдаэцар: 1) Предложенин коьртаза меженаш стенах олу?

2) Коьртаза меженаш маса кепара ю?

3) Уьш а кхаа кепара муха нисло?

4) Кхачамаш маса кепара бу?

5) Нийса а, лач а дожарш стенах олу?

6) Нийса а, лач а кхачам а стенах олу?
3.Керла коьчал т1ехула болх.
1.Къастамах кхетам балар. Х1уманан билгало гойтучу предложенин коьртазчу меженах къастам хилар.

2..Къастам муьлхачу къамелан дакъойх хуълу, довзийтар (морфологин синтаксисца йолу уьйр ларъяр). Къастам хуьлу лаамазчу билгалдашах, рог1аллин терахьдашах, причастих, гайтаран, доладерзоран ц1ерметдешнех: ц1ен байракх, шолг1а де, ешна книга, xlapa поэма, тхан школа.

3.Доланиг дожаран бертаза къастам а, доланиг дожаран лач кхачам а вовшех муха къаьста, довзийтар. Тхан вешин кос­тюм хаза ю. Маликиций, Тамариций хьошалла тасаделира Хьаван. Зайнап шен ненан метта балха яхара.

Билгалдаккхар: 1. Доланиг дожаран къастам ша билгалдечу шен ц1ердашна хьалха а, шен маь1ница лаамечу кепехь ала мегаш а хилар: вешин костюм — вешиниг, аннийн керт — аннийниг, тхан школа — тхайниг. Доланиг дожаран къастамо х1уманан долахь хилар я и х1ума стенах йина, гойтуш хилар.

4.Нар, б1ал, (б!аьллаш), ц1еран алу, миндар, суй, хаьштиг, хьалкха, пошмакх, талл, чорда бохучу дешнийн маь1наш къестор, уьш берашка словарикаш т1е я тетрадаш т1е д1аяздайтар.

Кеп: нар — маьнга; охьахууш а, вуьжуш а болу дечиган маьнга; миндар — леррина охьахаа лелош болу жима г1айба.
5.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.п. 37 йоьшу

2. упр 81

8.Рефлекси.

Ц1ахь бан болх балар: § 37, упражнени 82.


Урокан ц1е: Предложенин шакъаьстина меженаш.Шакъаьстина юххедилар.

Урокан 1алашо: 1) юххедилларх кхетам балар; шакъаьстина меженаш йовзийтар. 2) нийсаяздар; 3) къамел кхиор.

Урок д1аяхьар
1.Ойла т1еерзор.

2.Дешархойн белхан кеп д1ах1оттор, урокана оьшу г1ирс кечбар.

3.Ц1ахь бина болх таллар.

Дешархочо доски т1е д1аязйо предложенеш: Б1аьстенан сийначу бацалахь лепара ц1ен зезагаш. Бай т1ехь ловзуш кегий бе­раш дара. Схьакхеттачу маьлхан з1аьнарша самаяьккхира иза. Цу предложенешкара къастамаш билгалбоху.

4.Карладаккхаран хаттарш: 1. Къастам стенах олу?

2. Къастамана муьлха хаттарш х1иттадо?

3. Къастамаш маса кепара хуьлу?

4. Бертан къастам стенах олу?

5. Бертаза къастам сте­нах олу?

6. Къастамаш муьлхачу къамелан дакъойх хуьлу?

7. Доланиг дожаран къастам муха къаьста доланиг дожаран лач кхачамах?

5.Керла тема йовзийтар.

Керла тема хьехархочо доски т1е д1аязйо: «Юххедиллар». Бераша доски т1е д1аязйо xlapa предложенеш: Зуда-хьехархо класса чу елира. Бераша Терка чуьра баьккхира чабакх-ч1ара а, яй ч1ара а. Цу предложенешкахь юххедиллар къастадо: клас­са чу яьлларг хьехархо ю, иза зуда ю; бераша Терка чуьра баьк кхинарг ши ч1ара бу, ткъа царах цхьаъ чабакх ю, шолг1аниг яй ю. Цу кеппара, хьехархочунна а, шина ч1ерана а керла ц1ераш ло вай, зуда, чабакх, яй олий. Цу вай керла еллачу ulepex юххедилларш хуьлу. Х1уманна керла ц1е а луш, и билгалъеш цунна юххех1уттучу ц1ердашах юххедиллар хуьлу.

Юххедилларан кху билгалонех кхетам балар:

    1. Юххедилларехь ший а юкъара ц1е хилахь, хьалхарниг юххедиллар, шолг1аниг цо билгалдеш долу дош хилар, (йо1-дешархо, дешархо-йо1, француз-хьехархо/ хьехархо-француз).

    2. Юххедилларехь юкъара а, долахь а ц1ераш хилахь, долахьчу ц1арах юххедиллар, юкъарчу ц1арах цо билгалдеш долу дош хилар. Москва-г1ала, Нева-хи, хи Терк.

    3. Юххедилларехь долахьчу ц1арца йолу юкъара ц1е говзалла я корматалла гойтуш хилахь, юкъарчу ulapax юххедиллар. долахьчу ulapax цо билгалдеш долу дош хилар (поэт Рашидов Ш., артист Дудаев М.).

    4. Юххедиллар х1ума бохучу ц1ердашца цхьаиакхета тарло: коч-х1ума, ахча-х1ума, к1ади-х1ума.

6.Тема 1амор, ч1аг1ъяр.

1.п. 39 2. упр. 83-85

7.Чабакх, ч1ир, гувернантка, яхь, хьаг1, куралла, баттам бохучу дешнийн маь1наш довзийтар, уъш берашка д1аяздайтар. хилахь, юххедиллар и; юкъарчу ц1арах хуьлуш хилар.

9.Рефлекси.

Ц1ахь бан болх балар: § 38-39, бакъонаш 1амор, 86-г1а упражнени кхочушъяр

Урокан ц1е: Латтаман дурс, цуьнан нийсяздар. Юкъадало дешнаш, предложенеш.

Урокан 1алашо: 1) латтаман дурс 1амор; 2) юкъадало дешнаш, предложенеш йовзийтар.1аламе безам кхиор.
Урок д1аяхьар.
1.Ойла т1еерзор.
2.Ц1ахь бина болх таллар: 111-г1а упражнени. Шакъаьстина юххедиллар карладаккхар.

Шакъаьстина юххедиллар стенах олу? Юххедиллар муха, ма­ца шакъаьста? Шакъаьстина юххедиллар йозанехь стенда къастадо?
3.Керла коьчал т1ехь болх.

1.Латтаман дурсах кхетам балар. Дурс 1арбийн дош дуг вайн маттахь иза билгалдар, оърсийн маттахь уточнение ду. Шел хьалхарчу латтаман маь1на дуьззина нийса билгалдечу латтамах латтаман дурс хуьлу. Предложенехь латтаман ' дурс запятойшца къастадо: Селхана, пхоьалг1ачу апрелехь, тхан классера дешархой концерте хьовса бахара.
2.Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш довзийтар. Лат­таман дурс хенан а, меттиган а хуьлу. Шел хьалхарчу хенан лат­таман маь1на дуьззина нийса билгалдеш хуьлу хенан латтаман дуре. Тахана, йолхалг1ачу апрелехь, тхо экскурсе Захара. Шел хьалхарчу меттиган латтаман маь1на дуьззина нийса билгалдеш хуьлу меттиган латтаман дуре. Шайн х1усамехь, дечиган маьнги т1е биллинчу меттахь, 1уьллуш яра Марижа. (М. Я.)

3. Керла тема йовзийтар. Дуьйцуш волчо гайтинчу ойланца йолу шен юкъаметтиг билгалъян юкъа ялочу предложених юкъаяло предложени хуьлу. Кхузахь дустаран некъах пайда а оьцуш, юкъадало дешнаш а, юкъаяло предложенеш а муха ю хъовсур вай. Схьахетарехь, кестта б1аьсте ер ю (юкъадало дош). Со тешна ву, кестта б1аьсте ер ю (юкъаяло предложени). Кест­та, суна хаьа, б1аьсте ер ю (юкъаяло предложени).

5.Тема 1амор, ч1аг1ъяр.

1. п.40-41.

2.90-чу упражнени ах урокехь кхочушъяр, хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш къастор, бакъонаш шаръяр, ч1аг1ъяр.

6.Къамел кхиор. Классан гайтамаш болу ц1ердешнаш дагалацар, харжар, д1аяздар.

Кеп: ваша ву, йиша ю; во1 ву, йо1 ю; вовхатар ву, йовхатар го; йист го, диет ду; гокъ ю, дукъ ду, букъ бу; кучан гох го, ведаран бух бу; асанан гоьхьиг го, мачин буьхьиг бу.

7.Рефлекси.

Ц1ахь бан болх балар: § 40-41, 91-чу упражненин ах.

Урокан ц1е: Т1едерзар, цуьнан нийсаяздар.

Урокан 1алашо: т1едерзар 1амор; орфографически бакъонех пайдаэцар (озоран хьаьрк й яздар).Оьздангалла кхиор.
Урок д1аяхьар.
1.Ойла т1еерзор.
2.. Ц1ахь бина болх таллар: язйина предложенеш талла еза, цуьнца цхьаьна предложенин цхьанатайпанара меженаш а, церан бакъонаш а карлайоху.

( Керла тема йовзийтар. Предложеница грамматически уьйр йоцчу дешнех кхетам балар: предложенехь хила тарло цуьнца цхьа а тайпа уьйр йоцуш а, шайх цуьнан меженаш ца хуьлуш а дешнаш. Предложеница грамматически уьйр йоцу |дешнаш ду т1едерзар а, юкъадало дешнаш а. Предложеница церан уьйр йоцу дела, йозанехь уьш запятойшца къастадо. Царах ларало х1аъ, х1ан-х1а боху дешнаш-предложенеш а, айдардешнаш а.
3.Т1едерзар довзийтар. Къамел хьаънга до, гойтучу декъах т1едерзар хилар. Асет, хьо школе яхарий?
4.ТГедерзарехь сацаран хьаьркаш х1иттор. Предложенехь т1едерзар юьххьехь а, юккъехь а, чаккхенгахь а хила тарло. Предложенехь т1едерзар запятойца къастор, юккъехь хилахь, шина a arlop, юьххьехь я чаккхенгахь хилахь, цхьана arlop. Селисат, хьуна Яха яйрий? Хьава стенга яхара, Зайнап? Охьадахка, вежарий, герзаш. (М. Я.)

5.1амийнарг т1еч1аг1дар.


  1. П. 42

  2. Ш. 93


5.Даьржина т1едерзар. Шеца кхеторан дешнаш долчу т1едерзарх даьржина т1едерзар хилар. Недерзар ц1ердашах а, лаамечу билгалдашах а хуьлу: Марша 1алда хьо, ирсе дуьне! (П.) Тхан хьомениг, тхуна цкъа а виц ца велла хьо.
6.. Орфографически миноташ. Озоран хьаьрк й яздар. Мукъа аьзнаш и, уь, юь, озош (дахдеш) олучохь царна т1ехьа й дуьллу: дийнахь (динахь); дуьйлу (дуьлу), юьйлу (юьлу), 1амийна (1емина), латтийна— (лаьттина), къастийна (къаьстина).
7.Рефлекси.

Ц1ахь бан болх бала

Урокан ц1е: Айдардешнаш, церан нийсаяздар. Дешнаш-предложенеш х1аъ,х1ан-х1а
1алашо: Хаа деза, муьлхачу дашах олу айдардош, х1ун маь1на ду цуьнан. Муьлхачу интонацица билгалдоккху айдардош.1аламе болу безам ч1аг1бар.

Урок д1аяхьар.

I. Ойла т1еерзор.

2.Ц1ахь бина болх таллар.

3.Текст т1ехь болх бар.

Д1аязъе диалог.

  • Къайлах-м дац хьан иза?

- Жимма къайлах-м ду, делахь а дуьйцур ас. Шепелев сайна тоьъарг вевза моьтту суна. Суо а цуьнан куьйгаллин к1ел вог1у сурт а х1оттийна, шу сайх схьатухуьйтур ду ас.

  • Г1уллакх хирий теша?

  • Хила мега. Т1аккха-м гойтур дара вай французашна!

  • Дара те! - ч1аг1дира Чеченскийс. (/. Гайсултанов)

Диалогехь х1иттийначу сацаран хьаьркийн бакъонаш йийца.

  • Дакъалгаш билгалдаха,церан тайпанаш дийца.

- Билгалдаьхначу дешнийн лексически маь1на дийца. Куьйгаллин боху

дош муха кхолладелла? Муьлха къамелан дакъа ду иза?


  • Т1аккха-м гойтур дара вай французашнабохучу предложенина бе

синтаксически къастам. Т1еэцна дош дуй кхузахь? Йийца оьрсийн маттера т1еэцначу деш­нийн нийсаяздаран бакъонаш.

4. 1амийнарг карладаккхар а, т1еч1аг1дар а.

Дешнийн диктант.

Лахдо - лахдина, арайоккху - араяьккхина, малхавоккху - малхаваьккхина, самсайоккху - самсаяьккхина, айаделла, стамделла, жимделла, 1аржло, сенло, мажло, вохло, шелло, алало, вахало, махбало, кхехкало, доьшуьйту - дешийтина, сихвойту - сихвайтина, д1айоьйту, д1аейтина, товойту - товайтина, малало - маладелла, вахало - вахавелла, къахьло - къахьделла.

  • Шайн х1оттаме хьаьжжина, муьлха хандешнаш ду аш яздинарш? Маса кеп хуьлу чолхе хандешнийн? Дийца, муьлха бакъонаш хаа еза, уын нийсаяздаран?

5. Керла коьчал йовзийтар.

Комментированни яздар.

а) Эх1, ма хаза дара бешахь!

б) Вари-варийлахь, айхьа дийриг кхачам боллуш делахь!

б) Гап-гип аьлла г1овг1а елира арахь.

г) Маржа-я1, ма ца 1ий-кх хьо хьайна и ца хилча!

д) Вададай! Зуда ялош бог1урш схьаккхечи, ткъа вай-м дац кийча!

  • И предложенеш д1айолош долу дешнаш вай 1амийначу къамелан дакъошна юкъахь дарий?

  • Предложенехь х1уманан я г1уллаккхан хаадалар тайп-тайпана маь1нехь хилар билгалдой оцу дешнаша?

  • Интонацица ешал лакхахь язйина предложенеш. Муха олу вай и дешнаш? Аз хийцалой уьш олуш? Хазахетар, халахетар, цецвалар, ларвалар, азтардар я кхидолу маь1на дуй цара билгалдеш?

  • Х1уманан я г1уллакхан хаадалар хазахетарца, инзарваларца, кхайкхарца билгалдечу дешнех айдардош олу аьлча иза нийса хир дарий? Х1ун эр дара аша айдардашах? Даладе масалш.

Айдардош бохучу дашна гергара дешнаш язде.

Ж а м I дар. Стенах олу айдардош? Даладе масалш

6.1амийнарг т1еч1аг1дар.

  1. Кхочушде 98-г1а шардар.

  2. Бакъонца цадог1ург д1адайа:

а) ткъа, х1унда аьлча, ур-атталла;

б) эх1, вай-вай, цхьабакъду, ой;

в) ма, х1аъ, те, нагахь;

г) вайх хьалха, сарахь дуьйна, со бен.

7. Рефлекси

Ц1ахь бан болх.

    1. 1амае 43-44-г1а §.

    2. Кхочушде 99-г1а шардар.


написать администратору сайта