Главная страница
Навигация по странице:

  • Урок д1аяхьар Щахь бина болх таллар.

  • Сулейманов Ахьмадан «Шуьнехь дош» стихотворени къас­тош ешар.

  • Поэтически текст талларан кепаш.

  • «Шуьнехь дош» стихотворени т1ехь даьккхинчу иллига ладог1ар, иза дийцаре дар.

  • Рефлекси. Щахь кхочушдан дезарг.

  • 27-г1а урок. Гайсултанов Эдилсолтин 1умар. «Болат-г1ала йожар»

  • Урок д1аяхьар I. Щахь бина болх таллар.

  • Повестан фольклорни а, исторически а бух.

  • Комментари ярца 1-ра дакъа дешар. План х1оттор. Герггара план

  • Планах пайда оьцуш ешначух лаьцна къамел.

  • Литературин произведении хиламна анализ яран герггара план. Произведении дакъа, хиламийн юкъарчу з1енан цхьа дакъа

  • Рефлекси. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

  • 28-г1а урок. Болат-г1ала - талорхойн rlan

  • Текст къастош ешар (2-г1а дакъош).

  • Рефлекси. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

  • 29- г1а урок. Гайсултанов 1умар.

  • 7 класс НЛ гот. Урок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш


    Скачать 186.89 Kb.
    НазваниеУрок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш
    Дата14.04.2022
    Размер186.89 Kb.
    Формат файлаdocx
    Имя файла7 класс НЛ гот.docx
    ТипУрок
    #472543
    страница7 из 16
    1   2   3   4   5   6   7   8   9   10   ...   16

    «Шуьнехь дош»

    1алашонаш: Сулейманов Ахьмадан дахарх, кхоллараллех лаьцна болу хаамаш к1аргбар; цуьнан кхоллараллин башхаллаш йовзийтар; поэтически текст талла хаар карадерзор; Даймехкан декхарш кхочуш­дан а, и ларбан а кийча хила везар кхиор.

    Хьехаран кепаш: хьехархочун дош, дешархойн хаамаш, къастош ешар, дешнаш т1ехь болх бар, поэтически текст талларан кепаш.

    Урок д1аяхьар

    1. Щахь бина болх таллар.

    Дешархойн йозанан белхаш таллар, уьш бийцаре бар.

    Сулейманов Ахьмадан дахарх, кхоллараллех лаьцна дийцар.

    1. Хьехархочун дош.

    1. Оцу стеган пох1ма бес-бесара хилла: поэт, этнограф, историк, музыкант, хьехархо, гочдархо. Шуьйра а, тайп-тайпана а хилла цуьнан хаарш. Шен нийсархочуьнца санна къамел деш хилла цо поэташца литературех, 1илманчашца халкъан кхоллараллех, хьехархошца бераш кхетош-кхиорех, ахархошца латганах лаьцна. Кегийрхошца сатийсаме, къеначаьрца хьекъале, берашца дийцархо а хилла иза. И вовза ирс мел хиллачунна дукха везна иза, хьекъал, кхетам болуш, адам дезаш хиларна. Произведенеш к1езиг язйина цо, наггахь бен ца яьлла цуьнан книга зорбанера ара. Амма цуьнан xlopa стихотворени литературин жовх1ар, xlopa дош халкъан хьекъалца кечбина механа беза т1улг хуьлий д1ах1оьттина.

    Шен хьоме хетачу дикчу х1уманашна юккъехь баьрчче баьккхина латтош шира т1улг хилла Ахьмадан. И т1улг васхала х1унда баьккхи- на шега хаьттича, цо дийцина. «Со, кхойтта шо а даьккхина Зумсойн хьомечу лаьмнашка юхавирзича, уггар хьалха тайпанан б1ов йолчу вахара, ткъа xlapa т1улг лакхара дуьйна, керчаш, сан когашка кхечира, со ц1авирзина хазахетта суна дуьхьалвеана сан к1ант санна. Х1етахь дуьйна ларбеш, тхан доьзалхо санна, тхан ц1а чохь 1аш бу иза. И тайпа истореш дукха хилла цуьнан йийца. Царах дукхахъерш т1аьхьо цуьнан стихотворенийн, поэмийн сюжеташ хилла д1ах1иттина.

    Хьалха-Мартанан к1оштан Олхазар-К1отарахь вина 1922-чу ша- рахь, дешна школехь, белхаш бина хьехархойн институтехь тайп- тайпанчу меттигашкахь. Яздан а, халкъан фольклор гулъян а дукха хьалхе волавелла. Амма шен произведенеш зорбане яха сих ца велла иза, х1унда аьлча шен кхолларалле болу хьежам дукха жоьпалле хе- тарна. Цундела Ахьмадан дуьххьарлера книга 1967-чу шарахь бен ара ца яьлла. Амма цул т1аьхьа тайп-тайпанчу хенашкахь цо арахецна нохчийн, оьрсийн меттанашкахь стихийн, поэмийн гуларш: «Цхьа-ши дош», «Лаьмнийн шовданаш», «Даймехкан мукьамаш» и. д. кх. а.

    Адамийн дегнашкахь ваха кхаж баьллачех цхьаъ ву Сулейманов Ахьмад, х1унда аьлча Даймахкана, халкъана вацар цуьнан дахаран, кхоллараллин коьрта маь1на хилла.

    1. Поэтан дахарх кхоллараллех лаьцна кластер х1оттор.

    1. Сулейманов Ахьмадан «Шуьнехь дош» стихотворени къас­тош ешар.

    1. Хьехархочо я хьалххе кечам бинчу дешархоша йоыну.

    2. Дешнаш т1ехь болх бар:

    синпха - дегаэшарехь бетталун дег1ера коьрта пха;

    г1арол - кхузахь: машар ларбеш дийриг;

    той даар - маларца долу доккха ловзар;

    г1улч - когийн цхьа ша.

    1. Поэтически текст талларан кепаш.

    1. - Стихотворении коьрта ойла х1ун ю, и муьлхачу синхаамехь язйина ю къастаде.

    • Стихотворени маь1нин дакъошка екъа, xlopa дакъа цитатица билгалде.

    • Къонахчун х1ун мах хадийна поэто, мел деза ду цуьнан дарж?

    • Къонахчун коьрта амалш муьлханаш лору авторо? Шайн жоьпаш стихотворении мог1анашца т1еч1аг1де.

    • Авторо юьйцу амалш йолу къонахий буьйцу хезний шуна?

    • Муха кхета шу: «Xlapa дуьне-м къонахийн белшаш т1ехь дай» дешнех?

    • Къонахчун билгалонаш муьлхачу дустаршца гайтина авторо?

    • Х1унда лара еза «Шуьнехь дош» стихотворени лирически про­изведени?

    • Стенца доьзна ду, шуна хетарехь, къонах Даймехкан дуьхьа шен са д1адала кийча хилар?

    • Поэто буьйцу къонахий ца хилча дуьненна х1ун эшам хир бара?

    • Муха дан деза боху поэто къонахийн сий?

    • Х1ун ойланаш кхоллало шун xlapa стихотворени ешча?

    1. Стихотворении исбаьхьаллин башхаллех лаций дийца вай.

    • Стихкхолларан муьлхачу барамехь язйина ю xlapa стихотворени?

    • Айдаран хьаьркаца йоьрзу предложенеш дукха ю стихотворе­нехь? Ойла е, х!ун г!уллакх кхочушдо цара стихотворенехь?

    • Муьлхачу формехь язйина ю стихотворени (дийцар, диалог, монолог, ойлаяр и. д. кх. а)?

    • Шен стихотворени юкъа диалог ялийна авторо. Мича 1алашонца ялийна цо иза?

    • Хьалхара барх1мог1а стихотворении чаккхенехь а балийна авторо. Дийца, х1унда далийна цо и мог1анаш юха а.

    • Дустарех пайдаэцар дукха нисделла стихотворенехь. Шуна хе­тарехь, муьлхачу 1алашоне кхача г1ерташ дина цо иза.

    1. Тобанашца болх бар.

    1. Муьлха синьоздангаллин мехаллаш хила еза къонахчуьнгахь? Дийца царах лаций.

    2. Дийца, муха кхета шу кху дешнех: «Къийсамна хьалха бу бай- ракхан суьртахь».

    3. Муьлхачу турпалхошца дуоза мегар ду стихотворении мог1анаш? Х1ун хаьа шуна церан хьуьнарех лаьцна?

    1. «Шуьнехь дош» стихотворени т1ехь даьккхинчу иллига ладог1ар, иза дийцаре дар.

    1. - Х1ун дохьу илли хиллачу стихотворене композиторо а, ил- ланчас а?

    2. Белхан тетрадь, 1, 5-г1ий т1едахкарш.

    Жам1 даран хаттар:

    • Х1ун керланиг деара нохчийн поэзе шен стихашца Сулейманов Ахьмада (фольклорана гергахилар; романтизман амалш шайца йолуш хилар).

    1. Рефлекси.

    2. Щахь кхочушдан дезарг.

    Йозанехь жоп ло: «Муьлха синъоьздангаллин мехаллаш ч1аг1йо шен стихотворенехь Сулейманов Ахьмада я «Шуьнехь дош» стихот- воренина анализ е».

    Проект. Сулейманов Ахьмадан дахарх, кхоллараллех лаьцна барта журнал кечдар.

    27-г1а урок. Гайсултанов Эдилсолтин 1умар.

    «Болат-г1ала йожар»

    1алашонаш: яздархочун дахарх, кхоллараллех лаьцна долу хаарш шордар; повесть кхолларан истори а, цу т1ехь ширчу заманахь хилла адамийн дахар, цара лайна халонаш йовзийтар; произведении сюжетах, турпалхойх болу хьалхара хаамаш бийцаре бар.

    Хьехаран кепаш: яздархочух лаьцна дош; повестан дакъош дешар; хаттаршца доьзна къамел дар; комментари ярца текста т1ехь болх бар.

    Урок д1аяхьар

    I. Щахь бина болх таллар.

    1. Дешархоша шаьш язбина белхаш боьшу.

    2. Барта кеч дина журнал довзуьйту дешархоша.

    1. Яздархочух лаьцна дош.

    1амат т1ера Гайсултанов 1умаран дахарх, кхоллараллех лаьцна статья ешар, йийцаре яр. Статьяна план xlorrop.

    Яздархочун литературе безам дукха хьалха х1унда кхоллабел- ла?

    Ден ненан, оьрсийн литературин т1е1аткьам Гайсултановн кхолла- раллина.

    Маца д1айолаелла Г айсулта- новн литературни кхолларалла?

    Гайсултановн 50-чу шерийн кхол­ларалла.

    Муьлхачу жанрашкахь язъеш хилла шен произведенеш Гай- султановс?

    Яздархочун кхоллараллин тайп- тайпана жанраш.

    Х1унда лору Гайсултанов 1умар берийн яздархо?

    Яздархочун произведенешкахь берийн дахар, церан уьйраш, юкъаметтигаш.

    Х1ун уьйр хилла Гайсултановн тайнигийн театраца?

    Берашна лерина пьесаш.

    Стенах лаьцна язъеш хилла Гай- султановс шен произведенеш, муьлш бу церан коьрта турпал­хой?

    Гайсултановн кхоллараллехь бе­рийн дахар, церан дог-ойла, са­тийсамаш, шайх масал эца мегар долу, хьанал беха къинхьегамхой, харцахьарчу новкъабевлларш.

    Х1ун уьйр хилла яздархочун хал­къан историца?

    «Болат-г1ала йожар», «Александр Чеченский» - исторически по- весташ.

    Х1ун дакъа лаьцна яздархочо нохчийн литература кхиорехь?

    Гайсултанов 1умаран кхоллараллин мехала аг1онаш

    1. Повестан фольклорни а, исторически а бух.

    Яздархочун Гайсултанов 1умаран кхоллараллехь «Болат-г1ала йо- жар» повесто шатайпа меттиг д1алоцу. Цуьнан дуьххьара зорбанехь араяьлла книга ю иза. Повестан чулацаман бухехь ду ширчу заманахь адамийн хилла дахар, церан юкъаметтигаш, г1иллакх-амалш. Яздархо- чунна оцу хенахьлерчу адамийн дахар довзарехь rlo дина халкъан барта кхолларалла евзаш хиларо, ширчу дийцарех пайдаэцаро. Повестехь хиламаш д1абоьлху зама кхо-диъ б1е шо хьалха хилла хила тарлун х1ума ду. Нохчийн литературехь яц оццул вайн истории генарчу муьрах лаьцна исбаьхьаллин произведенеш. Повестан сюжетан бухехь Лечин, Кхокхин кхоллам бу. Муха хуьлу церан и кхоллам, х1ун халонаш лан дийзира цушиннан а, кхечу турпалхойн а шайн маршоне кхача, вайна хуур ду повесть ешча. Х1инца повестан чулацам муха бу хьовсур ду вай.

    1. Комментари ярца 1-ра дакъа дешар.

    План х1оттор.

    Герггара план:

    1. Шалаж-Юьртара нах майданахь гулбалар, Малина баркалла алар.

    2.1еминарг гойтуш, бераша хьуьнарш къовсар.

    1. Новкъавала кечлуш Нажий, Цицкий тайпанан яй болчу вахар.

    2. Ц1ой-Пхьедахь керла эла валарх лаьцна хабар.

    3. Лечас шегара гайтина хьуьнар.

    4. Некъахой йийсар дина д1абигар.

    1. Планах пайда оьцуш ешначух лаьцна къамел.

    • Муьлха зама ю повестехь юьйцург? Хан кхераме х1унда яра?

    • Х1унда элира Нажас Малина баркалла?

    • Х1унда боху Чалас т1ех1оьттина де шена шалха деза ду?

    • Х1ун тайпа хьуьнарш къевсира Чалас кечбинчу кегийрхоша?

    • Мича ваха кечлуш вара Нажа а, Цицка а?

    • Юкъара яй болчу х1унда вахара Нажий, Цицкий шаьшшиъ нов- къавалале?

    • Мича меттехь, муха йина хилла Болат-г1ала?

    - Мича 1алашонца талораш деш хилла Болат-г1аларчу бахархоша?

    • Х1ун дуьйцура наха Ц1ой-Пхьедахь ваьллачу эланах лаьцна?

    • Шайх йийсарш деш шаьш муха гайтира Нажаг1ара?

    1. Литературин произведении хиламна анализ яран герггара план.

    Произведении дакъа, хиламийн юкъарчу з1енан цхьа дакъа

    1. Сюжет кхиарехь, композиуехь хиламо д1алоцу меттиг

    2. Произведенин вастийн системехь хиламийн турпалхой

    3. Турпалхой,церан хьуеарш

    4. Къамелан характеристика

    5. Турпалхойн, хиламийн юкъара уьйр

    6. Произведенин идейни маь1на билгалдаккхарехь хиламо д1алоцу меттиг

    Герггарчу плана юкъара «Нажаг1ар новкъахь» хиламна анализ а еш, шайна маь1не хета пункташ харжа.

    Тобанашца болх бар:

    1. ра тоба. Диалог. Х1ун rlo до церан амалш билгалйохуш турпал- хоша дечу къамело? Муха бу авторан шен турпалхошка болу хьежам?

    2. г1а тоба. Дийцар. Муьлха хиламаш бу коьрта хиламехь? Уьш вовшашца муха бозабелла бу? Шаьш муха гойту турпалхоша. Мах хадабе цара дечун. Вовшашца муха бозабелла бу турпалхой, хиламаш?

    3. г1а тоба. Суртх1оттор. Хиламехь портретан характерстика схьала­ха. Къастаде, хьенан ц1арх д1ахьош ду сутрх1оттор. Суртх1отгоран билга- лонаша (деталаша) х1ун rlo до турпалхойн чоьхьара хьал довзийтарехь?

    4. г1а тоба. Повестан хиламийн з1енехь хиламо д1алоцу меттиг. Х1ун дакъа лоцу хиламо сюжет кхиарехь? Хиламан турпалхоша х1ун меттиг д1алоцу вастийн системехь? Гайсултановс шен повестан юьхье х1унда хоттийна и хилам? Повестан идейни маь1на дастарехь х1ун маь1на ду оцу хиламан?

    1. Рефлекси.__Ц1ахь_кхочушдан_дезарг.'>Рефлекси.

    2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. Повестан хьалхара дакъа къастош деша хаар, билгалдинчу хат­таршна жоьпаш кечдар.

    2. Повестан 2-4-г1ий дакъош дешар.

    3. Белхан тетрадь, 1-3-г1ий Недахкарш.


    28-г1а урок. Болат-г1ала - талорхойн rlan

    1алашонаш: повестан коьрта маь1на билгалдаккха дешархошна rlo дар; вочунна, зуламечунна дуьхьал къийсам латто безарх уьш кхетор; текст талла а, къастош еша а хаар шардар.

    Хьехаран кепаш: хьехархочун дош; хиламаш юхасхьабийцар, къастош ешар; текстана анализ яран кепаш.

    Урок д1аяхьар

    1. Щахь бина болх таллар.

    • Муьлха зама ю повестехь юьйцург?

    • Ша кхиийна бераш шайн дайша ц1а дигале цаьрга х1ун дойтуш хилла Чалас? Х1ун тайпа хьуьнарш гойтуш хилла цара?

    • Стента боьлхуш хилла Нажаг1ар? Новкъахь х1ун тешнабехк бира царна талорхоша?

    • Муьлш хилла талорхой? Х1ун ницкъаш беш хилла цара маьршачу нахана?

    • Шаьш юьртара арабовлале, майданахь кхозучу тайпанан яй т1е х1унда бахара Нажаг1ар?

    • Мича меттехь хилла Болат-г1ала? И тайпа ц1е х1унда тиллина хилла цунна?

    • Х1ун 1алашо йолуш йийсар деш хилла маьршачу нахана талор­хоша?

    • Х1ун бахьана ду Болат-г1аларчу бахархоша шайн дахар хийцаран?

    • Нажаг1ар иштта атта йийсар х1унда бабелира талорхошка?

    1. Хьехархочун дош.

    Яздархочо шен произведенехь гайтина зама чолхе а, хала а зама ю. Цхьа а пачхьалкх, дин а доцу зама ю иза. Цундела адамийн дахар цхьана а х1уманан меха лоруш ца хилла. Цхьаболчара шайн дахар хьаналчу къинхьегамца даьккхинчу рицкъанах дузуш хилла, вукхара шайна атта дахар лохуш хилла: маьрша нах схьа а лоьцуш, уьш кхечу мехкашкахь мехах д1абухкуш. Оцу шина тобане бекъна бу повестан турпалхой а. Шолг1ачу тобанерачара, адам т1е ца кхачалучохь г1ала а мина, йийсар дина нах цхьаберш шайна хьалхара бацош, кхиберш йабухкуш, зуламаш ду деш.

    1. Текст къастош ешар (2-г1а дакъош).

    Хиламийн план xlommop:

    1. Болат-г1ала йиллина меттиг.

    2. Болат-г1алара бахархой а, церан зуламе г1уллакхаш а.

    3. Барза а, йийсарш а.

    4. Леча йийсарш долчохь волуш.

    5. Болат-г1алахь д1ах1оттийна хилла къепе.

    1. Планах пайда оьцуш ешначух лаьцна къамел.

    • Мича меттехь йиллина хилла Болат-г1ала?

    • Иштта ц1е хунда тиллина цунна?

    • Хьалха муха хилла Болат-г1алара бахархойн дахар?

    • Т1аьхьарчу хенахь муха хийцаделла церан дахар?

    • Муха стаг ву талорхойн баьчча Барза? Ша муха гойту цо йий- саршца дечу къамелехь?

    • Х1ун билгалдолу йийсарша вовшашка дечу къамелехь?

    • Муха хилла Болат-г1алахь д1ах1оттийна къепе?

    • Х1ун тайпа юкъаметтигаш хилла йийсаршна а, талорхошна а юккъехь?

    • Х1ун ду адамийн талорхошка цабезам кхуллург? Даладе текста т1ера масалш.

    1. Практически болх.

    Барзина а, цуьнан накъосташна а характеристика ялар (ешначух пайда оьцуш).

    Литературин турпалхочунна анализ яран плане хьовса. Царна ха­рактеристика лучу хенахь цу юкъара шайна оьшург схьахаржа. Литературин турпалхочун вастана анализ яран план.

    1. Кхечу васташна юккъехь цо д1алоцу меттиг. Кхечу персонажаш- ца, произведении хиламашца цуьнан йолу уьйр.

    2. Васт кхуллуш авторо пайда эцна кепаш:

    • Цунна тиллинчу ц1еран маь1на.

    • Произведенехь дуьххьара гучувалар.

    • Куц-кеп (портрет). Хьенан б1аьргашца го вайна турпалхо.

    • Турпалхочун синх1оттамца йозаелла пейзажаш.

    • TIepa духар, кхийолу х1умнаш, цуьнан амал билгалъеш йолу.

    • Турпалхочун къамел.

    • Цуьнан амал гойтуш цо дийриг.

    • Кхечу персонажаша цуьнан хадош болу мах.

    • Авторан шен турпалхочуьнга болу хьежам.

    Планах пайда а оьцуш характеристика ло Барзина, цуьнан на- къосташна.

    1. Рефлекси.

    2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. Текстан дисна дакъош дешар.

    2. Барта жоп кечде «Болат-г1ала - талорхойн rlan» темина.

    3. Белхан тетрадь, 4-7-г1а т1едахкарш.

    29- г1а урок. Гайсултанов 1умар.
    1   2   3   4   5   6   7   8   9   10   ...   16


    написать администратору сайта