Главная страница
Навигация по странице:

  • Урок д1аяхьар Ц1ахь бина болх таллар.

  • Повестан турпалхошна характеристика ялар.

  • Хьехархочун коммен гари.

  • Урокан жамГаш. Хьехархочун дош.

  • Рефлекси. Щахь кхочушдан дезарг.

  • Урок д1аяхьар Щахь бина болх таллар.

  • Повестан исбаьхьаллин башхаллаш къастор.

  • Рефлекси. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

  • Сочинении теманаш йийцаре яр, плана т1ехь болх бар.

  • Щахь кхочушдан дезарг. Сочиненина белхан материал кечъяр.32-г1а урок. Гайсултанов 1умаран «Болат-г1ала йожар» повестан буха т1ехь сочинени язъяр

  • Хьехаран кепаш: сочинени язъяр. Урок д1аяхьар Хьехархочун дош.

  • Сочинени язъяр, белхан материалаш, текст кхачаме ялор. Щахь кхочушдан дезарг.

  • Урок д1аяхьар Хьехарахочун дош.

  • «Алдара имам Ушурма» дакъа къастош дешар.

  • Декъан матта т1ехь болх бар.

  • Юкъара маь1на даран хатттарш.

  • Рефлекси. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

  • 7 класс НЛ гот. Урок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш


    Скачать 186.89 Kb.
    НазваниеУрок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш
    Дата14.04.2022
    Размер186.89 Kb.
    Формат файлаdocx
    Имя файла7 класс НЛ гот.docx
    ТипУрок
    #472543
    страница8 из 16
    1   ...   4   5   6   7   8   9   10   11   ...   16

    «Болат-г1ала йожар»: Леча, Хвичо

    1алашонаш: литературин турпалхочух болу кхетам кхиор; по­вестехь болчу къовсаман башхаллех кхета дешархошна rlo дар; дешархошна текстаца шайнна болх бан хаар карадерзор; текст талла хаар кхиор.

    Хьехаран кепаш: текст юхасхьайийцар; хаттаршца доьзна къамел дар; план х1оттор; юстаран таблица кечъяр, текст талларан кепаш.

    Урок д1аяхьар

    1. Ц1ахь бина болх таллар.

    «Болат-г1ала - талорхойн г1ап» темина дешархоша шаьш кечйина материал йовзуьйту.

    1. Повестан турпалхошна характеристика ялар.

    Лечех, Хвичох лаьцна барта дийцар (тобанашца).

    Хаттарш

    Маь1не дешнаш, цитаташ




    Шина вастан цхьаьнадог1ург а, къаьстарг а

    Х1ун ду юкъара дерг Ленин а, Хвичон а? Муха ду церан куц- кеп? Мел хан йолуш ву? Схьавалар. Къов- самехь муха гойту цара шаьш?

    Леча а, Хвичо а цхьанахенара ши к1ант; ла- манца бехачу маг1арерчу нахах схьаваьлла; шуьйра белшаш йолуш, онда жима ши стаг; билгал вара майраллица; шиммо а майралла гайтира, талорхошца д1ахьбчу къийсамехь, Болат-г1ала йоккхуш.



    Х1ун билгалдо авторо церан аматашкахь?

    Ремана гонаха хьийзаш вара кхиъна вог1у жима ши стат. Цхьаннан берх1итта шо дара,

    вукхуьнан вуьрх1итта. Ший а 1аьржа ц1ена бедар юьйхина, когахь буьхьигаш хьала- хьаьвзина маьхьсеш йолуш вара. Шиннан а юкъах кхелина шаьлтанаш яра.

    • Эла волчохь мича кепара гойту шаышпиъ шина к1анта?

    -Леча кест-кеста ойланашка волий х1унда хуьлура, х1ун ду цуьнан

    сагатдийриг?

    • Х1ун 1алашо йолуш лата 1емаш вара Леча а, Хвичо а. Оцу 1аморашкахь шина к1ентан муьлха амалш билгалйовлу вайна?

    • Х1ун 1алашо ю шина к1ентан? Х1ун некъ бу шина к1анта юьхьар- лаьцнарг?

    • Муха гайтина авторо шен къоначу турпалхошна юкъара дотта- г1алла?

    • Къоначу шина турпалхочун муьлха амалш ю шуна герга?

    • Юьхьарлаьцначу некъа т1ехь ч1аг1вала, шайн 1алашонаш кхо- чушъян к1енташна rlo динарг мила ву?

    • Шина кГентан х1ун мах хадор бара аша?

    Текста т1ера масалш далош кхочушбо и болх дешархоша.

    1. Хьехархочун коммен гари.

    Леча а, Хвичо а, даиманна а бохург санна, цхьаьна гойту повестехь. И шиъ цхьабарт болуш, вовшашна чу садиллина, вовшийн ч1ог1атерго еш а ву. Цу шина к1ентан ойланаш хьанал ю, 1алашонаш беркате ю. Цушиммо юьхьарлаьцна некъ халкъ парг1атдаккхаран некъ бу. Оцу некъа т1ехь ч1аг1вала, шайн 1алашонаш кхочушъян цушинна rlo до воккхачу стага Иагос. Воккха стаг шина к1ентан тсрго chi вара, цо бийцира Ленина даймахка боьду некъ, хьехар а дина, новкъаваьк- кхира цо и шиъ. Ленин, Хвичон хьуьнарш a, Ниллакх-оьздангалла а кхиарехь мехала бара ши к1ант эла волчохь волуш Иагос церан бина тергам. Шаьш дагалаьцнарг хьекъалца а, кхстамца а дар бахьанехь шайн 1алашоне кхочу Леча а, цуьнан накъостий а. Нахана даккхий зенаш деш болу Болат-г1алара талорхой боха а бой, церан г1ала йожайо Лечас, цуьнан накъосташа. Оцу тасадаларехь шайгара майрал- ла, доьналла гойту шина к1анта. Ялх шо хьалха шеца цхьаьна йийсаре

    йигна йолу Кхокха а, кхиболу йийсарш а парг1атбоху Лечас а, цуьнца болчара а.

    Халкъ даим а лоллехь латто хала хуьлу. Шена парг1ато йоккхуш, цо эшаво муьлхха а мостаг1. Халчу хенахь халкъана хьалхабовлу дика к1ентий, цара халкъ г1аттадо мостаг1чунна дуьхьал бечу къийсамна. Иштта къовсам халкъ толарца д1а а боьрзу. Халкъана хьалхабевлла- чарах бу Леча, Куьйра, Лоьма, Чала, кхиберш а.

    1. Урокан жамГаш. Хьехархочун дош.

    Гайсултанов 1умара шена хьалхах1иттийна 1алашонаш исторически хиларал сов, эпически а ю. Хьалхалера дахар гайтарца цхьаьна цо гойту халкъан шен паргатонехьа, машарехьа беш болу къийсам а, цу халкъа юкъара схьабевлла, иза зуламечу нахана духьал г1аттош болу к1ентий а.

    Цхьана arlop, маьрша нах йийсарбеш, уьш кхечу мехкашкахь д1абухкуш, цунах шайн бахам а бина 1аш болу талорхой, вукху arlop, маьрша беха нах го вайна повестехь.

    Гайсултанов 1умара шен повестехь дийцинарг дахарехь хилларг дуй-те? Цу т1ехь буьйцу турпалхой исторически нах буй-те? Мел бакъву яздархо исторически хилларш довзийтарехь? Ма-дарра аьлча, и тайпа талораш дар нислуш хилла ширчу заманахь, амма кхидерг яздархочо ша кхоьллина ду. Коьртаниг цу хенан халкъан дахар ма- дарра гайта яздархочун ницкъкхачар ду. Иза цо говза кхочуш а дина. Повесть йоынучу хенахь вайна хаало цу хенан дахар, цуьнан турпал- хошца цхьаьна вай даха а деха цхьана ханна, и ешна довллалц, вайна уьш беза а ло, царах дог а лозу вайн, эххар а царах дозалла а до вай.

    1. Рефлекси.

    2. Щахь кхочушдан дезарг.

    1амат т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш дала кечам бар.

    Белхан тетрадь, 8-11-Пий Иедахкарш.

    30-г1а урок. Повестан исбаьхьаллин башхаллаш

    1алашонаш: повестан исбаьхьаллин башхаллаш къастор; текстана анализ ян хаар шардар; патриотически дог-ойла кхиор.

    Хьехаран кепаш: дакъош дешар; текст таллар.

    Урок д1аяхьар

    1. Щахь бина болх таллар.

    • Муьлха зама ю повестехь юьйцург?

    • Муха кхиош хилла кхиазхой цу хенахь?

    • Стенга боьлхуш йийсар бира НажаПар?

    • Муьлш хилла талорхой, х1ун ницкъаш беш хилла цара маьршачу нахана?

    • Мича меттехь йина хилла Болат-г1ала? И тайпа ц!е х1унда тил­лина хилла цунна?

    • Х1ун 1алашо йолуш йийсар деш хилла маьршачу нахана талор- хоша?

    • Муха кхечира Леча гуьржийн махка?

    • Х1ун 1алашо йолуш лата 1емаш вара Леча а, Хвичо а? Мила хилла царна rlo деш церан 1алашо кхочушъярехь?

    • Лечин сагатдийриг х1ун дара? Х1ун ойланаш йора цо?

    • Т1аьххьара а х1ун дан сацийра Лечас, Хвичос, хьенан г!оьнца? Хвичона х1унда лиира Лечица цхьаьна вада?

    • Х1ун сацам бира Малх-Арарчу бахархоша Куьйра шаып долчу веанчул т!аьхьа?

    • Барзас ваийтина геланча т1е муха ийцира юьртарчу наха? Х1ун аьлла вахийтира иза цара юха Болат-г1ала д1а?

    • Х1ун кхаъ баьккхира Куьйрас Лечин нене? И кхаъ муха Иеийцира

    цо?

    • Муха нисло Лечин шен ненаца цхьаьнакхетар?

    • Х1ун дара Болат-г1алин гонахарчу бахархойн собар кхачийнарг? Т1аккха х1ун сацам бира цара?

    • Муха аьтто белира Чалин, цуьнан накъостийн Болат-г1ала яккха?

    • Х1ун бахьана дара Болат-г1ала йожаран?

    1. Повестан исбаьхьаллин башхаллаш къастор.

    ' 1. Повестехь исбаьхьаллин билгало.

    Исбаьхьаллин билгало - иза пейзажан, бахаман, турпалхочун куьцан, цуьнан кьамелан, к!оргтера васт довза, идейх кхета По деш йолу деталь ю.

    Д1айоьшур вай НажаИар йийсар деш йолу метгиг. Воккха ши стаг а, Леча а, цунна юххех1оьттина йоьлхуш йогГуш Кхокха а йолуш, и турпалхой д1абигар гайтинчул т!аьхьа, новкъахь зезагаш дуьсу, марПал а лой. Уьш Кхокхас охьакхийсина зезагаш ду. Зезагаш адамийн да-

    харехь, 1аламехь сирланиг, хазаниг, исбаьхьаниг шайца дозаделла хуьлуш ду, цара б1аьрг белабо, самукъане во. Ткъа зулам дерриг а ди- качунна дуьхьал ду, цо диканиг, сирланиг дохадо, х1аллакдо. Кхузахь марг1алделлачу зезагаша кхин а ч1аг1до талорхоша дина зулам.

    • Схьалаха повестехь турпалхойн, персонажийн амал к1орггера йовзийта rlo деш долу исбаьхьаллин билгалонийн масалш.

    • Дахаран-1еран билгалонаш схьалаха. Х1ун г1уллакх кхочушдо цара повестехь?

    1. Повестехь пейзажо д1алоцу меттиг.

    Пейзаж бохург х1ун ду дагалаций вай? Х1ун г1уллакх кхочушдо цо произведенехь?

    • Стенна т1е тидам бохуьйту авторо 1аламан сурт х1оттош? (Ада­мийн дахарца цхьаьнадоНуш ду уьш: адамо ког ловзаза луьста хьун, б1ешерийн даккхий дитташ, новкъахь хьаяьлла буц, хьаннашкахь дебна акхарой. Цара гойту адамийн дахар маьрша цахилар, церан бахар-бах- кар к1езиг нислуш хилар, зама маьрша йоцу дела.)

    НажаНар новкъа схьабоНуш лаха чохь г1овг1анца дог1у ламанан шийла хи гайтина повестехь. Иза, лаьмнаша юкъа1аьвдинчуьра а даьлла, кхечу даккхийчу хинех дакхета сихделла доьдуш ду. Повестан коьртачу идейца муха дозаделла ду, шуна хетарехь, xlapa пейзажан сурт?

    1. Исбаьхьаллин-суртхотторан Иирсаш.

    • Повестехь йолчу тропийн масалш даладе. Къастаде, х1ун Пуллакх кхочушдо цара. (Тропаш дукхахилар билгалдоккхур вай: эпитеташ, дустарш, метафораш, олицетворенеш, гиперболаш.)

    • Муьлхачу исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсех пайдаэцар бахьана долуш кхолладелла авторе иштта исторически бакъдолу къегина сурт? (Уггар хьалха хьалдолчу нохчийн маттах шуьйра пайдаэцар бахьана долуш.)

    • 1аламан суьрташ цухенарчу дахарца дог1уш дуй, шуна хетарехь? Делахь, масалшца бакъде шайна хетарг.

    1. Талорхойн вастх1оттор. Повестехь дуьхь-дуьхьал xlorrop.

    • Муха гайтина талорхой повестехь? (Уьш юьхьанца маьршачу нахана т1ехь олалла деш, нуьцкъала нах а, говза Немалой а санна гайтина. Болат-г1ала а маьршачу наха х!илланца йоккху.)

    • Меттан муьлхачу исбаьхьаллин суртх1отторан Нирсех пайда эцна авторо талорхойн, маьршачу нехан тасадаларехь Болат-г1ала йоккхуш? (Дустарш, инверсеш, эпитеташ.) (Шайна гечдийр доцийла хууш дера

    летара талорхой. Амма царна духьалбевлларш а бацара юхабовла дагахь. Дукха сатийсинера цара xlapa де Некхачаре. Буьйлабелира уьш вовшийн ата.)

    1. Повестан исбаьхьаллин башхаллаш.

    • Повестан сюжет муха ю? Х1ун ду цуьнан бухехь дерг?

    • Повестан сюжетни д1ах1оттаман коьрта дакъош билгалдаха. (Иолор, хиламан кхиар, кульминаци, ерзор.)

    • Шуна хетарехь, х1ун Пуллакх кхочушдо произведении д1ах1от- тамехь хиламаша: НажаНарах йийсарш бар; Болат-Наларчу бахархойн дахар; Леча гуьржийн махкахь; ловзар.

    • Шуна хетарехь, х1ун ду Гайсултановн повесть халкъан барта кхол- лараллина гергаялориг? Шайн жоп текста т1ера масалшца т1еч1аг(де.

    • Тидам бе Барзин къамелан. Говза хаьржинчу лексикин Ноьнца авторо цуьнан кГоршаме хилар, адамашка цавашарца хьежар муха гайтина тидам бе. И оьНазе, оьздавоцу стаг санна гойтий цуьнан къа- мело? Шайна хетарг т1еч1аг1де текста т1ерачу масалшца.

    • Повестехь Иебазбелла бала, г1айг1а, сингаттам хаало. Мича кепара кхочушдаделла иза авторе? Схьалаха цу т1ера и тайпа масалш.

    -Повестехь исторически бакъдолчуьнца доНург схьалаха. «Болат- г1ала йожар» исторически повесть хилар муха т1ечаг1до оцу масалша?

    Белхан тетрадь, 12-14-г1ий т1едахкарш.

    1. Рефлекси.

    2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    Дешаран проект кечъяр.

    Проект. Презентаци кечъе «Болат-Нала йожар» - исторически повесть».

    31-г1а урок. Гайсултанов 1умар. «Болат-г1ала йожар»

    Къамел кхиоран урок.

    Урокан 1алашо: ц1ахь язъечу сочиненина кечам бар.

    Хьехаран кепаш: хьехархочун дош; плана т1ехь болх бар.

    Урок д1аяхьар

    1. Ц1ахь бина болх таллар.

    Проект кхочушъяр. Дешархоша йовзуьйту шаьш кечйина материал.

    1. Хьехархочун дош.

    Аша ц1ахь язъян езачу сочиненина кечам бан хьовсур ду вай тахана. Литературин темина сочинени язъян атта дац. И язъярхьама, произве­дени дика евзаш хила еза, бовза беза цуьнан турпалхой, хаа еза церан амалш и. д. кх. а. Уггар хьалха билгалъян еза язъечу сочинении тема. Цул таьхьа план х1оттайо. План xlorrop - иза гулйина материал цхьана кепа тохаран цхьа дакъа бен дац. План xIottoui шуна хаа деза 1амийна материал цхьана ойлане ерзо, стенна т1ера д1адоло а, чекхдаккха а деза.

    1. Сочинении теманаш йийцаре яр, плана т1ехь болх бар.

    Герггара теманаш:

    «Повестехь бакъдерг, яздархочо ша кхоьллинарг»;

    «Леча а, Хвичо а - повестан коьрта турпалхой»;

    «Болат-г1ала йожаран бахьана»;

    «Повестехь талорхой, маьрша нах»;

    «Болат-г1ала йожар».

    1. ра мур. Тема ястар: тема хаттаран предложенига ерзор.

    (Х1ун башхалла ю Ленина, Хвичона юкъахь?)

    1. г1а мур. Хаттарна жоп караде.

    Тера дерг. Къаьстарг.

    1. rIa мур. Материал харжар. Xlopa пунктана билггал хилам схьа­лаха текстера.

    2. г1а мур. Сочиненина план xlorrop.

    1. Леча а, Хвичо а - повестан коьрта турпалхой.

    2. Коьрта дакъа (хьажа 2-чу муьре).

    3. Жам1. Сан турпалхошка болу хьежам я «Болат-г1ала йожар» темина план xlorrop.

    Иза кху кепара дТадахьа тарло:


    1. Повестехь юьйцу зама.

    2. Тешнабехк.

    3. Талорхойн къизалла.

    Талорхой а, цара маьршачу нахана бен ницкъаш а.

    Нажаг1ар йийсарбар.

    Талорхоша дагалаьцнарг.

    1. Лечин, Хвичон парг1ато- нехьа йолу ойла.

    2. Лечин винчу юьрте а, нене а болу безам.

    3. Талорхошна бина бек­хам, Болат-г1ала йожар.

    Нохчи Лечий, гуьржи Хвичой талор­хоша вацор.

    Лечина вина юьрт дагахьлаттар. Маьрша нах талорхошна Лелата кеч- балар. Талорхошна т!ехь толам баккхар.

    Юста xlapa ши план. Аьтту arlop ялийначу плано повестехь хуьлуш дерг хьалха-Наьхьа д1анисдина хилар бен ца гойту, ткъа аьрру arlop ялийначо оцу повестан идейни маьна гучудоккху. Цундела кхунах пайда эца беза сочинени язъеш.

    Планан xlopa пунктана масалш лохуш болх бар.

    1. Щахь кхочушдан дезарг.

    Сочиненина белхан материал кечъяр.

    32-г1а урок. Гайсултанов 1умаран «Болат-г1ала йожар» повестан буха т1ехь сочинени язъяр

    1алашонаш: шена хетарг ала а, йозанехь т1еч1аг1дан а хаар кхиор.

    Хьехаран кепаш: сочинени язъяр.

    Урок д1аяхьар

    1. Хьехархочун дош.

    (Тема харжарехь, план х1отторехь, сочинени язъяран хьокъехь консультаци.)

    1. Сочинени язъяр, белхан материалаш, текст кхачаме ялор.

    2. Щахь кхочушдан дезарг.

    Гайсултанов 1умаран «Алдара имам Ушурма» дакъа дешар.

    ЗЗ-rIa урок. Классал арахьара дешар. Гайсултанов 1умар.

    «Алдара имам Ушурма»

    1алашонаш: дешархойн ешаран го шорбар; Гайсултанов 1умаран прозех болу кхетам шорбар; ша ешначу литературин произведенех лаьцна шена хетарг яздан хаар кхиор.

    Хьехаран кепаш: хьехархочун дош; комментари а еш, къастош ешар; юхасхьайийцар; текстана анализ яран кепаш.

    Урок д1аяхьар

    1. Хьехарахочун дош.

    Дешархоша язйинчу сочиненех лаьцна дийцар, церан дика а, ледара а агГонаш билгал а йохуш. Тоьлла сочиненеш ешар.

    Тахана вай дуьйцур ду Гайсултанов 1умаран кхин а цхьана про- изведенех лаьцна, вуынта аьлча, цуьнан цхьана декьах лаьцна. Оцу декъа т1ехь вуьйцург ву г1араваьлла шайх Мансур.

    1. «Алдара имам Ушурма» дакъа къастош дешар.

    Тобанашка а, х1оранга шегга а болх байта хаттарш:

    • Х1ун г1уллакх кхочушдан хьажийна вара Кавказе Павел Потемкин?

    • Х1ун дара Кавказерчу эскаран коьрта командующи ойлане ва- хийтинарг ? Х1ун дара Екатерина паччахьан къайлахчу канцелярера даийтинчу кехат т1ехь Мансурах лаьцна?

    • Шайх Мансур «акха нохчи» цахилар стенна т1ехь гучуделира?

    • Мича 1алашонца б1о вовшахтухуш хилла шайх Мансура?

    • Полковник Пьерин отряд хГаллакьян аьтто муха белира Мансу- ран?

    • Х1ун дара, отряд х1аллакьхиларал сов, Потемкинан сагатдийриг, и кхоьрург?

    • Х1унда тарвелира царна йийсарх шайх Мансур?

    • Маца, муха гучуделира лаьцнарг шайх Мансур воций?

    1. Декъан матта т1ехь болх бар.

    Схьалаха цу т1ера кхета хала долу дешнаш, схьаязде уьш.

    Дийца, х1ун гучудолу вайна декъан персонажех лаьцна диалогаш- кахь. (Иийсар динчо къамел, сихвелла, хьаькаме ша и дуьйцуш хиларе терра до и. д. кх. а.)

    1. Юкъара маь1на даран хатттарш.

    • Х1ун зама ю декъа т1ехь юьйцург?

    • Х1ун бахьана ду шайх Мансура оьрсийн паччахьан эскарна духьал къийсам латторан?

    • Муха политик а, Немало а ву шайх Мансур? Даладе декъа т1ера масалш.

    1. Рефлекси.

    2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    Айдамиров Абузаран биографи ешар, цуьнан дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш кечбар.
    1. 1   ...   4   5   6   7   8   9   10   11   ...   16


    написать администратору сайта