7 класс НЛ гот. Урок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш
Скачать 186.89 Kb.
|
Урок д1аяхьар Щахь бина болх таллар. Х1ун ойла кхоллайолуьйту «Дош» стихотворенино? Стеган дахарехь х1ун меттиг дГалоцу олучу дашо? Литературин муьлхачу кепах алсам пайда эцна авторо шен стихотворенехь. Дийца, муха кхета шу «дашо декхначу дийнахь йочане и буьйса гойту» бохучух? Стаг маца хазво, вазво дашо, ткъа маца сийдойуш, юьхь1аьржачу х1оттаво, цунах безам боккхуш? Кхин х1ун ницкъ бу дашехь? Дийца цунах лаций, текста т1ера масалш далош. Шуна хетарехь, дуьнен т1ехь цхьа а лар ца юьтуш, дашо стаг вайар маца нисло? Маца йог1а тарло дашо, дато г1аланаш шерачу арахь? Шуна хетарехь, стаг дакъаза маца вала тарлуш ду? Адамашна юкъахь масла1ат деш дерг х1ун ду, шуна хетарехь? Дашо кийра ц1е латайо, кийра ша бойту боху поэто. Маца хуьлу стагехь и хьал, х1ун ду иза оцу хьоле кхачош верг? Дош мазал мерза а, д1овш санна къаьхьа а хуьлу бохучух теший шу? Т1аккха маца хуьлу иза мерза, ткъа маца - къаьхьа? Хьехархочун дош я дешархоша баснех лаьцна хаамаш. чу классехь баснин жанрах лаьцна цхьаболу хаамаш бевзира шуна. 1амийнарг дага а лоцуш, баснех лаьцна болу хаамаш мелла а к1арг а беш къамел дийр ду вай. Басни жанр литературехь чаг1ъяран, кхиоран декъехь шатайпа меттиг д1алоцу Ширчу Грецино. 1илманчашна хетарехь, дуьххьара басня кхоьллинарг Гесиод ву (вайн эра т1еяле VII—VIII б1ешераш). Бакъду, баснеш кхоьллинарг вайн эра т1еяле VI б1ешарахь ваьхна г1араваьлла Эзоп ву. Цу хенахь басня халкъан барта кхоллараллин цхьа кеп санна лоруш яра. Эзопан ламасташ кхид1а а лардира шайн кхоллараллехь кхечу авторша а: Горацийс, Плутарха а. Вайн эрин I б1ешарахь римерчу поэто Федра Эзопан баснеш стихотворни кепе ерзийра. Иштта кхол- лаелира латински стихан баснин жанр. XVII б1ешарахь французийн яздархочо Лафонтена и жанр лакхарчу т1ег1ане яьккхира, шуьйра, яьржина, хьекъале стихан кепехь баснеш язъеш. Оьрсийн литература баснех пайда эца юьйлира XVIII б1ешарахь. Оьрсийн поэзехь басня ч1аг1йинарг Сумароков ву. Хьехаме баснеш язйина Хемницера а, Дмитриеве а. Лаккхарчу т1ег1ане басня елира Крылов И.А. кхоллараллехь. Ткъа нохчийн литературехь баснин жанр кхиа йолаелла XX б1е- шарахь. Амма оцу жанрехь произведенеш язъеш болу яздархой вуно к1езиг бу вайн литературехь. Царах цхьаъ ву Кибиев Мусбек. «Зов» басни къастош ешар. Стенах лаьцна дуьйцу кху басни т1ехь? Х1ун тайпа нах гайтина шен баснехь авторо? Цхьогалца х1унда вуьстина малонча поэто? Х1ун ю, шуна хетарехь, х1иллана дуьхьалъяккха езарг? Х1ун амалш йолуш бу баснин турпалхой? Пекъаран «1ахь» баьхна букъ башийнера бохучух муха кхета шу? Х1ораммо бинчу белхан мах муха хадийна ахча схьалуш волчо? Ша болх ца бинехь а, ахчане сатесна ву малонча а? Цуьнан муьлха амал гойту цо? Х1ун маь1на ду кху баснин? Схьалаха баснин маь1на шайца долу дешнаш. Баснин юьххьехь ду уьш я чаккхенехь? Тобанашца болх бар. «Зов» басни хилар т1еч1аг1де. (Х1окху произведенехь баснин билгалонаш ю: д1адолор ду - хьалхара шийтта мог1а; диалог а ю цу т1ехь; цхьогал - аллегори; произведении маь1на чаккхенехь билгалдолу.) Муха ю баснин композици? Х1ун ю цуьнан башхалла? Баснин аллегории кепехь долу маь1на даста хьовса. Х1ун ду xlapa басни кхечу баснех къастош дерг, х1ун ду кхуьнан вукху баснешца цхьаьнадог1ург? Баснехь дакъалацархой гайтаран бухехь дуьхь-дуьхьал х1отторан кеп ю. Т1ечаг1де иза, дакъалацархой вовшашца бу старца. Юста xlapa басни Дмитриев И. «Моза» басница. Х1ун ду церан цхьаьнадог1ург, къаьстарг. Баснеш юстаран план. Баснин тема. Баснин турпалхой. Хиламаш, турпалхоша дийриг. Баснин 1алашо. Баснин маь1на. Исбаьхьаллин башхаллаш (исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсаш). Пиллакх-оьздангаллин хаттарш дийцаре дар. Кибиев Мусбекана хетарехь, адамаш шайн сакхтех хьалхадевр ду уьш беламе дохуш хилахь. Адамийн муьлха сакхташ беламе даьхна поэто? Шуна хетарехь, х1инцалерчу юкъараллехь малончашка, хьарам, хьанал къастош доцчу нахе болу хьежам хийцабеллий? Ша болх ца бинехь а, ахча схьаэца воьду малонча а кхин эхь ца хеташ. Шуна муха хета цо динарг? Белхан тетрадь, 4-г1а тГедиллар. Адамийн амалех лаций кластер х1оттае. Ц1ахь кхочушдан дезарг. Басни къастош еша хаар. 2.1амат Нехь долчу хаттаршна жоьпаш кечдар. Белхан тетрадь, 1^4-г1ий Недахкарш. г1а урок. Произведени къастош ешаран практикум 1алашонаш: произведении маь1на довзарехь къастош ешаро х1ун гуллакх кхочушдо гайтар; текстана анализ ян хаар кхид1а а кхиор. Хьехаран кепаш: хьехархочун дош; поэтически текстийн анализ; къастош ешар; дагалацам хГоттор. Урок д1аяхьар Ц1ахь бина болх таллар. Х1ун тайпа нах гайтина шен баснехь авторо? Малонча цхьогалца х1унда вуьстина поэто? Х1иллана дуьхьалъяккха езарг х!ун ю, шуна хетарехь? Х1ун амалш йолуш бу баснин турпалхой? Шу муха кхета пекъаран «1ахь» баьхна букъ башийнера бохучух? Х1ораммо бинчу белхан мах муха хадийна ахча схьалуш волчо? Ша болх ца бинехь а, ахчане сатесна ву малонча а? Цуьнан муьлха амал гойту цо? Адамийн муьлха сакхташ беламе даьхна поэто? Шуна хетарехь, х!инца малончашка, хьарам, хьанал къастош боцчу нахе болу хьежам хийцабеллий? Х1ун маь1на ду кху баснин? Схьалаха баснин маь1на шайца долу дешнаш. Баснин юьххьехь ду уьш я чаккхенехь? И. Хьехархочун дош. Хьехархочо дуьйцу къастош ешарх лаьцна а, цо х1ун меттиг д1алоцу а произведении маь1на дастарехь. Къастош ешаран декхарш билгалдахар. Муха кхета шу къастош ешар бохучух? Ешначух кхетарехь х1ун гуллакх кхочушдо къастош ешаро? Цунах дешархой дика кхетийтархьама, яккхийра йоцу лирически произведенеш еша еза (басня, лирически стихотворени), уьш хьехархочо ша хоржу. Къастош ешарна кечам бар. Сих ца луш, йоыпучун ойла а еш, текстан маь1не кхиа г1ерташ, еша еза текст. Оцу 1алашоне кхача rlo дийр ду практически кепара т1едиллар кхочушдаро. Цуьнан бухехь ду меттан исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсаш таллар: лексика, предложенийн тайпанаш, ал- литераци, исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсех пайдаэцар. Цу кепара текст таллар хьалха а кхочушдина дешархоша. Царна иза девзаш ду. Сих ца луш, меллаша ешаро а, авторо кхоьллина суьрташ ган хааро а таро ло текст йоынучу хенахь интонаци харжа а, авторо дагалаьцнарг озаца, синхаамашца бовзийта а. Аьлларг т1еч1аг1деш, муьлххачу а цхьана авторан кийсак ешийта еза дешархошка (хьехархочо хоржу иза). Исбаьхьаллин произведенина интерпретаци яр. Интерпретаци - иза кху урокехь бовзийта беза коьрта кхетам бу. Дешархоша хьехархочун г1оьнца къастош ешарх болчу хаамийн жам1 до. Коьртаниг дешархошка х1окху хаттаршна т1ехь ойла яйтар ду: Х1ун ала г1ерта со сайн ешарца? Ладуг1учаьргахь х1ун синхаамаш кхолла г1ерта? Хаттаршна жоп лаха деза лирически произведени толлучу хенахь. Цхьа кийсак масех дешархочо еша а мега. Х1ораммо а ша и произведени муха толлур яра а дуьйцу. Т1ейог1учу урокана кечам беш, Окуев Шимин «Мацалла» произведени къастош ешар, хьехархочо дагабохкуьйту белхан муьраш: коьрта декхар билгалдаккхар; текст дакъошка екъар, xlopa дакъа муха деша деза къастор; ладог1архошкахь муьлха синхаамаш кхолла беза бохучух кхетам хилар; къастош ешаран г1ирсаш билгалбар (озан тембр, сихаллин барам, интонацеш хийцар, соцунг1аш и. д. кх. а). Урокан материалаша rlo дийр ду «Муха кечам бан беза къастош ешарна» дагалацам xIottoih. Урокан жам1. Интерпретацино rlo до произведении маь1на билгалдаккхарехь, амма таро ло тайп-тайпана маь1на даккха, и кхочушдечунна коьрта х1ун хетта хьожжий. Рефлекси. Щахь кхочушдан дезарг. Окуев Шимин «Мацалла» произведении цхьа дакъа къастош деша кечдар. «Муха кечам бан беза къастош ешарна» дагалацам х1оттор. г1а урок. Окуев Шима. «Мацалла». («Т1аьххьара верас» роман т1ера дакъа) 1алашонаш: Окуев Шимин дахарх, кхоллараллех лаьцна болу хаамаш шорбар; произведении тема а, коьрта турпалхой а, идей а йовзийтар. Хьехаран кепаш: 1амат т1ера Окуевн дахарх, кхоллараллех лаьцна йолу статья ешар, йийцаре яр, статьянатезисаш х1иттор; къастош ешар; хаттаршца доьзна къамел дар. Урок д1аяхьар I. Щахь бина болх таллар. Х1ун ду къастош ешар бохург? Х1ун билгалдоккху вай текстехь къастош ешарца? Х1ун г1уллакх кхочушдо къастош ешаро ешначух кхетарехь? Х1ун ду произведенина интерпретаци яр бохург? Дагалацам хьан х1оттийна аша? Герггарчу хьесапехь болу дагалацам. Коьрта декхар билгалдаккхар. Текст дакъошка екъар. Дакъош муха деша деза къастор. Ладог1архошка авторо дагалаьцнарг д1акхачор. Къастош ешаран г1ирсаш (интонаци, тембр, сихаллин барам, соцунг1аш). Яздархочух лаьцна доцца дийцар. - Окуев Шимин муьлха произведенеш сшна вай д1адаханчу ше рашкахь? Дагайог1ий шуна уьш? Дешархоша яздархочух лаьцна шаьш кечбина хаамаш бовзуьйту. 1амат т1ера Окуевх лаьцна йолу статья ешар, тезисаш х1иттор:
III. Хьехархочун дош. 1920-1930-чуй шерашкахь йокъа а х1оьттина, Волга-хица беха цхьаболу оьрсий, украинцаш, мацаллех бевдда, Къилбседа Кавказе баьхкира. Вайн наха уьш дика т1е а ийцира, мацалла баларх к1елхьара а бехира. Украинцашна, нохчашна юкъахь х1етахь кхолладелла доттаг1алла тахана а д1адаза ду. Цу доттаг1аллех лаьцна нохчаша эшарш а ехира, цхьана хенахь радиохула лоькхуш а хезара уьш. Шуьйта к1ошта иштта бевдда баьхкинчу нахана юучуьнца г1одарх лаьцна дуьйцу романан декъа т1ехь. Текстан 1-ра дакъа къастош дешар. (Хьехархочо ша я хьалххе кечбинчу дешархоша доьшу.) Дешнаш т1ехь болх бар. Харштосу де - 1ай, б1аьстей къаьстинчул т1аьхьа (март беттан 23-г1а де чекхдаьлча) ши к!ира даьлча билгалдоккхуш хилла. Делан ц1арца д1адолош хилла х1утасар. Цул т1аьхьа гота йохуьйтура. Гота д1айолош, xly тосуш волу стаг юьртахь шен оьздангаллица, хьанал' вахарца билгалваьлла стаг хила везаш вара. Нох шозза д1адахча, готанан хорша чу кхузза шура а тухуш, етт оза безаш хилла. Лаьттан беркат совдаккха, иза хьандан, д!адийна ялта хьийкъина хилийта деш хилла иза. Оцу дийнахь тайп-тайпана къовсадаларш д1ахьош хилла: я говраш хохкуш, я хьалхабовларех бовдуш я кхитайпа хьуьнарш гойтуш. Къепал - эмкалийн я кхидолчу хьайбанийн ковра. Имам Нажмудди - иза Суьйличохь, юха Нохчийчохь г1азот кхай- кхийна волу Нажмуддин Гоцинский ву. Советан 1едална дуьхьал къийсам латтийна цо. Амма большевикаша дуьйцучух тешна нохчийн халкъ, цунна т1аьхьа а ца х1уттуш, Советан 1едалехьа долу. Хаттаршца доьзна къамел дар. «Мацалла» ц1е х1унда тиллина оцу декъана? Стенна саготта ву Жаьмбиг а, Галсолта а? Х1ун дара Жаьмбигна зеделларг, баккхийчу наха бакъду бохуш дуьйцург? Ватас х1ун керланиг дийцира цушинна? Хьала-Кела йолчу arlop д!аяхна къепал х1ун къепал ю? (Советан 1едална дуьхьал г1азот кхайкхийнарш бу уьш. Нажмуддин Гоцинскийн б1о бу иза.) Х1ун аьлла вистхилира Жаьмбиг Шуьйтахь гулбеллачу нахе? Адам карзахдаьккхинарг мила лору молла Шемила? Т1аьхьарчу заманан билгалонаш муьлханаш ю боху цо? Майданахь гулбеллачу нахана хьалха Жаьмбига ши некъ бил- галбоккху. Х1ун ши некъ бу и шиъ? Латтанаш ахар, уьш д1адер тайп-тайпана х1унда нисделира ла- манхошна юкъахь? Х1ун зенаш хилира ламанхошна йокъа х1оттар бахьана долуш? Цунна бехке мила лорура цара? Мацалло б1арзбина Россера, Украинера бевдда баьхкина нах т1е муха ийцира шотоша а, кхечу наха а? Т1ебаьхкинчу нехан г1айг1а бар муха кхочушдора 1едалан векалша а, латта декъаран комиссии декъашхоша а? Белхан тетрадь, 1-3-г1ий т1едахкарш. Рефлекси. Ц1ахь кхочушдан дезарг. 1. Текстан 1-ра дакъа къастош деша хаар. 2.1амат т1ехь долчу 1-9-г1ий хаттаршна жоьпаш кечдар. г1а урок. Окуев Шима. «Мацалла». |