Главная страница

7 класс НЛ гот. Урок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш


Скачать 186.89 Kb.
НазваниеУрок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш
Дата14.04.2022
Размер186.89 Kb.
Формат файлаdocx
Имя файла7 класс НЛ гот.docx
ТипУрок
#472543
страница13 из 16
1   ...   8   9   10   11   12   13   14   15   16

г1а урок. Кусаев 1адиз. «Амалехь диканиг»

1алашонаш: поэтан дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш балар; стихотворении коьрта маь1на дастар; дена-нанна, махкана, халкъана пайде хила лаам дешархошкахь кхиор.

Хьехаран некъаш: хьехархочун дош; хаттаршца доьзна къамел дар; стихотворении исбаьхьаллин башхаллаш къастор; г1иллакх- оьздангаллех лаьцна дийцар.

Урок д1аяхьар I. Ц1ахь бина болх таллар.

  • Муьлхачу тайпанашка екъало исбаьхьаллин литература?

  • Стенах олу эпически литература?

  • Х1ун ю лирически произведении коьрта билгало?

  • Вай Гамийна, шаьш ешна шайна евзачу эпически а, лирически а произведенийн ц1ерш яха. Дийца, х1унда ю уьш эпически а, лирически а.

  1. Хьехархочун дош.

  1. Кусаев 1адиз ца вевзаш стаг хир вац вайн махкахь. Кхин х1умма а цо ца язйича а, цуьнан «Сан г!ала» стихотворени тоьур яра Кусаев 1адизан ц1е нохчийн литературехь йиса. Шахбулатов Гаднана мукъам баьккхина и йиш тахана а хеза наггахь радио чохь локхуш. Амма 1970-чу шерашкахь Нохчийчоьнан гимн ю ала мегар дара цунах. Ку­саев 1адиз нохчийн литературехь, журналистикехь х!инца а кхиамца къахьоьгуш схьавог1у. Цо язйина нохчийн, оьрсийн меттанашкахь ткъех сов поэзин, прозин, публицистикин, литературоведении книгаш. Газетийн, журналийн аг1онаш Нехь, радиохь, телевиденехь арайийлина цуьнан масех б1е кегийчу жанрашкахь йолу произведенеш: очеркаш, эссеш, дийцарш, статьяш.

Кусаев 1адиз вина 1938-чу шарахь Шоьнахь. Хало 1аьвшина цо жима волуш. Махкахбаьхначу хенахь дан амал доцуш берийн ц1ийне д1авелла жима 1адиз. Киргизехь чекхъяьккхина цо школа, Даймахка ц1авирзича Статистически техникум а. Эскарехь Нуллакх деш во­луш деша хьажийна Неман авиационно-технически училище. Амма жимчохь дуьйна яздаран корматаллина т1ег1ерташ хилла 1адиз. Лаам кхочушбеш, 1963-чу шарахь чекхъяьккхина Ростовски университетан журналистикин отделени. Шен дуьххьарлера стихотворени язйина цо 8-чу классехь доыпуш волуш. Поэтан дуьххьарлера книга араяьлла

1968-чу шарахь. «Амал» - яра оцу гуларан ц1е. Кусаев 1адизан поэзии, прозин книгаш арайийлина Соьлжа-Палахь, Нальчикехь, Москвахь, Элистахь. Царах ю: «Некъаш» (1972), «Цхьаалла» (1982), «Ламанан леча» (1985), «Б1аьстенан мохк» (1987), «Амал» (2008), «Кхоллам» (2011), «Къинхетам» (2012), «Иэс» (2015). Шен кхоллараллехь оьз­дангалла ларъяр, халкъана, махкана пайдехьа хилар, хьаналчу къин- хьегамца вахар ч1аг1до поэто. Даймохк, ненан мотт, даймехкан 1алам, адамалла, доттаг1алла, безам - и адаман дахаран уггар а еза мехаллаш ю Кусаев 1адизан поэзехь, прозехь кхайкхораш.

Цуьнан стихаш т1ехь композиторша б1е сов эшарш, кантаташ яьхна.

  1. Таблицехь гайта поэтан дахаран, кхоллараллин некъ.

  1. «Амалехь диканиг» стихотворени къастош ешар.

(Стихотворени хьехархочо ша йоьшу.)

  1. Хаттаршца доьзна къамел дар.

  1. - Х1ун меттиг д1алоцу нанас беран амал кхиорехь?

  • Х1ун хьехарш до цо шен берана? Муха хьалакхиа лаьа цунна шен бер?

  • Х1ун дакъалоцу дас беран амал кхиорехь?

  • Дена мича кепара хьалакхиа лаьа шен к1ант?

  • Х1ун декхарш лаьтта, боху поэто, вайна х1оранна хьалха?

  • Муьлха синмехаллаш хила лаьа шайн т1екхуьучу т1аьхьенгахь дена-нанна?

  • Дахарехь муха хила 1амаво стихотворении мог1анаша?

  • Ден-ненан весет кхочушдина к!ентий халкъана, махкана пайде хир буй шуна хетарехь?

  • Стихотворени т1ехь йийцинчу синмехаллех шайгахь муьлханаш хила луур дара шуна?

  1. Белхан тетрадь, 1, 4-г1ий т1едахкарш.

  1. Стихотворении исбаьхьаллин башхаллаш къастор. Тоба- нашца болх бар.

  • Муьлхачу формехь язйина ю стихотворени (монолог, диалог, дийцар и. д. кх. а.)?

  • Шен д1ах1оттамехь маса декъе екъа мегар ду стихотворени? Билгалдаха и дакъош. Дийца, х!ун ду уьш цхьаьнадузург.

  • Стихотворении коьрта маь1на муьлхачу мог1анашкахь ду шуна хетарехь? Дийца, кхин муьлхачу произведенешкахь хуьлу маь1на цу меттехь?

  • Инверсии масалш схьалаха стихотворенехь. Мича 1алашонца пайда эцна поэто цу исбаьхьаллин кепах?

  1. Пиллакх-оьздангаллин хаттарш дийцаре дар.

  1. - Кху т1аьхьарчу хенахь адамашкахь вайна хаало бендацаралла. Хилларг шех и хьакхалуш ца хилчахьана, кхиболчарна х1уъа хилча а бен д1а а ца хета цхьадолчу адамашна. Х1ун ду, шуна хетарехь, адамаш- на юкъара кхечунна хиллачух доглазар, къинхетам д1абаьккхинарг? Рыночни экономика юй адамашна юкъа эвхьазло юьллуш, цаьргара эхь-бехк д1адаьккхинарг?

  • Дас-нанас шайна дина хьехар массо хенахь цхьатера тГеоьций аша? Цара бохург схьаэца шуна новкъарло йийриг х1ун ду, шун муьлха амал ю?

  • Дас-нанас аьлларг беро цхьатера т1е ца оьцу. Дукхахьолахь, дас аьллачунна т1ера ца долу бер, амма цхьадолчара нанас аьлларг наг- наггахь кхочуш ца до. Шун дахарехь нислой ишттаниг?

  • Стихотворени т1ехь боцу муьлха хьехамаш бо шуна дас-нанас? Дийца царах лаций.

  1. Белхан тетрадь, 2, 3-г1ий т1едахкарш.

  2. Кластер xlorrae синмехаллех лаций.

  1. Щахь кхочушдан дезарг.

  1. 1амат т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш кечде.

  2. Рашидов Шаидан биографи еша.

  3. Белхан тетрадь, 5-г1а т1едиллар.

  1. г1а урок. Рашидов Шаид. «Ден весет»

1алашонаш: поэтан дахарх, кхоллараллех лаьцна болу хаамаш шорбар; поэмин коьрта маь1на дастар; дена-нанна, махкана, халкъана пайде хила лаам дешархошкахь кхиор.

Хьехаран некъаш: хьехархочун дош; къастош ешар; хаттаршца доьзна къамел дар;

Урок д1аяхьар

  1. ЦДахь бина болх таллар.

  • Х1ун меттиг д1алоцу нанас беран амал кхиорехь?

  • Х1ун хьехарш до цо шен берана? Муха хьалакхиа лаьа цунна шен бер?

  • Х1ун дакъалоцу дас беран амал кхиорехь?

  • Дена мича кепара хьалакхиа лаьа шен кант?

  • Х1ун декхарш лаьтта, боху поэто, вайна х1оранна хьалха?

  • Муьлха синмехаллаш хила лаьа шайн т1екхуьучу т1аьхьенгахь дена, нанна?

  • Дахарехь муха хила 1амаво стихотворении моНанаша?

  • Ден-ненан весет кхочушдина к1ентий халкъана, махкана пайде хир буй шуна хетарехь?

  • Стихотворени т1ехь йийцинчу синмехаллех шайгахь муьлханаш хила луур дара шуна?

  • Муьлхачу формехь язйина ю стихотворени (монолог, диалог, дийцар и. д. кх. а.)?

  • Шен д1ах1оттамехь маса декъе екъа мегар ду стихотворени? Билгалдаха и дакъош. Дийца, х1ун ду уьш цхьаьнадузург.

  • Стихотворении коьрта маь1на муьлхачу мог1анашкахь ду шуна хетарехь? Дийца, кхин муьлхачу произведенешкахь хуьлу маь1на цу меттехь?

  • Инверсии масалш схьалаха стихотворенехь. Мича 1алашонца пайда эцна поэто цу исбаьхьаллин кепах?

  • Х1ун ду, шуна хетарехь, х1инцалерчу заманахь адамашна юкъара кхечунна хиллачух доглазар, къинхетам д1абаьккхинарг?

Хьехархочун дош.

Х1окху урокехь вай дуьйцур ду Рашидов Шаидан дахарх, кхол­лараллех лаьцна. Доынур ду «Ден весет» поэмин цхьадолу дакъош, къамел дийр ду церан чалацаман хьокъехь.

1аматца болх бар.

Рашидов Шаидан биографи ешар, йийцаре яр.

  • Маца, мичахь вина Рашидов Шаид?

  • Маца волавелла иза стихаш язъян?

  • Муьлхачу шерашкакхь арайийлина цуьнан поэтически книгаш?

  • Х1ун ю цуьнан поэзин тематика?

  • Рашидовн стихаш Нехь яьхна муьлха эшарш евза шуна?

«Ден весет» поэма къастош ешар.

Текстана комментари.

Поэма автобиографически ю, ала мегар ду. Рашидов Шаидан да шен лаамехь Ном бан вахара Сийлахь-Боккха Даймехкан Ном болабелча. Цу Намехь шегара доьналла, хьуьнарш гайтарна Советски Союзан Тур­палхо ц1е яла хьалхатеттина хилла иза, амма, халкъан мостаНчун к1ант хиларна, и совНат ца луш витира. Т1ом д!абирзина пхи бутт баьлча мах- кахбаьккхинчу шен доьзална Не генарчу Г1ирг1изойн махка веара иза.

Хаттаршца доьзна къамел дар.

  1. - Муха ваьхна шен Нанте весет деш волу воккха стаг?

  • Х1ун бахьана ду дена шен Нанте весет дан лааран?

  • Дена хетарехь, хьаьнга ала тарло: «Т1ам бойна куьйра?»

  • Къонахчун муьлха дика амалш билгалйоху воккхачу стага?

  • Стенах ларлойла лаьа дена Нант?

  • Дахарехь стаг хазвеш дерг х1ун ду, боху поэто?

  • Муха кхета шу «Даймахках, ненах къаьстинарг декъаза гуьйриг ю» бохучух?

  • Муха хила еза, боху поэто, къонахчун кхечу къаьмнашца йолу юкъаметтиг?

  • Шуна хетарехь, кхочушдина хир дуй Нанта ден весет?

  • Поэмица йолу шайн юкъаметтиг билгалъяккха. Муьлха дакъош уггар дика хийтира шуна? Шайн жоп бакъде.

  1. Белхан тетрадь, 6, 9-г1ий Недахкарш.

Ц1ахь кхочушдан дезарг.

  1. Поэма къастош еша хаар.

  2. 1амат Нехь долчу хаттаршна жоьпаш кечдар.

  3. Белхан тетрадь, 2, 5-г1ий Недахкарш.

  1. г1а урок. Рашидов Шаид. «Ден весет»

1алашонаш: поэмин идейно-исбаьхьаллин башхаллаш къастор, текстана анализ ян хаар кхиор.

Хьехаран некъаш: текст таллар; тобанашца болх бар.

Урок д1аяхьар

  1. Ц1ахь бина болх таллар.

  • Стенах лаьцна дуьйцу поэми т1ехь?

  • Муха ваьхна шен к1анте весет деш волу воккха стаг?

  • Х1ун бахьана ду дена шен к1анте весет дан лааран?

  • Дена хетарехь, хьаьнга ала тарло: «Т1ам бойна куьйра?»

  • Къонахчун муьлха дика амалш билгалйоху воккхачу стага?

  • Стенах ларлойла лаьа дена к1ант?

  • Дахарехь стаг хазвеш дерг х1ун ду, боху поэто?

  • Муха кхета шу «Даймахках, ненах къаьстинарг декъаза гуьйриг ю» бохучух?

  • Муха хила еза, боху поэто, къонахчун кхечу къаьмнашца йолу юкъаметтиг?

  • Шуна хетарехь, кхочушдина хир дуй к1анта ден весет?

  • Поэмица йолу шайн юкъаметтиг билгалъяккха. Муьлха дакъош уггар дика хийтира шуна?

  1. Поэмин исбаьхьаллин башхаллаш къастор.

  • Поэмин сюжетан дакъош билгалдаха: йолор, сюжет кхиар, куль- минаци, дерзор.

  • Поэмин йолор, ерзор т1амах лаьцна дийцарца доьзна ду. Поэмин чулацамца муха дозаделла ду и дакъош? Х1ун г1уллакх кхочушдо цара поэмин коьрта ойла йовзийтарехь?

  • Поэмин исбаьхьаллин д1ах1оттамехь шуна дика хеттарг х1ун ду?

  • Х1ун ду поэмин чулацамехь халкъан туьйранашкахь хуьлучуьнца дог1ург? Х1ун ду поэма туьйрана гергаялориг?

  • Маца хийцало поэмин интонаци? Стенца доьзна ду иза?

  • Д1адеша мог1анаш: мотбеттарг массарел хуьлуш ву боьха; дика ц1е бахамал тоьлуш ю хьуна; делла дош кхочушде, ма хила шалха. Къоман амалш муха билгалйоху оцу дешнашкахь авторо?

  • Исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсех к1езиг пайда эцна авторо? Иза стенца доьзна ду шуна хетарехь?

  • «Къонахчуьнгахь муьлха амалш хила еза?» хаттарна барта жоп ло.

  • Дийца, муха кхета шу кху моНанех:

Малхбалехь, малхбузехь Klyp баьлча наггахь,

Баккхийчийн, кегийчийн Йо тахна ойла.

Цхьаццаннан мотт хуьлу Марзонца говза,

Д1овш хилар матта к1ел Ахь диц ма делахь.

Маь1на даста дешнийн:

Кхехкаш ду дахар а;

Буьйсана урамехь седарчий лета.

  1. Пиллакх-оьздангаллин хаттарш дийцаре дар. Тобанашца болх бар.

  1. - Поэтана хетарехь, муьлха синмехаллаш хила еза къонахчуьн­гахь?

  • Дас к1антана хьехам беш, иза муха хила веза дуьйцу. Поэми т1ехь юьйцучу синмехаллех шуьца йоцурш муьлханаш ю?

  • Х1ун ду дас к1анте ма-баххара хила шуна новкъарло йийриг?

  1. Белхан тетрадь, 1^4-г1ий Недахкарш.

  2. Синквейн х1оттае синмехаллех лаций.

  1. Щахь кхочушдан дезарг.

  1. Поэма къастош еша хаар.

  2. Поэмин исбаьхьаллин башхаллаш къасто хаар.

  3. Белхан тетрадь, 7, 10-г1ий Иедахкарш.

  1. г1а урок. Классал арахьара дешар.

Мусаев Мохьмад. «Таймин Бийболат»

1алашонаш: дешархойн ешаран го шорбар; Мусаев Мохьмадан прозех долу хаарш шордар; ша ешначу литературни произведении маь1на дан хаар кхиор; доьналла долуш, яхь, юьхь д1алур йоцуш, диканиг дан кийча хила везаш хилар дешархошкахь кхиор.

Хьехаран кепаш: хьехархочун дош; комментари еш къастош ешар; текстана анализ яран кепаш.

Урок д1аяхьар

  1. Щахь бина болх таллар.

  • Х1ун ду «Ден весет» поэмин чулацамехь дерг?

  • Шен к1анте весет до дас. Х1ун бахьана ду цуьнан?

  • Къонахчун муьлха дика амалш билгалйоху воккхачу стага?

  • Стенах ларлойла лаьа дена к1ант?

  • Х1ун ду, боху поэто, дахарехь стаг хазвеш дерг?

  • Муха кхета шу «Даймахках, ненах къаьстинарг декъаза гуьйриг ю» бохучух?

  • Муха хила еза, боху поэто, къонахчун кхечу къаьмнашца йолу юкъаметтиг?

  • Шуна хетарехь, кхочушдина хир дуй к1анта ден весет?

  • Поэмин сюжетан дакъош билгалдаха: йолор, сюжет кхиар, куль- минаци, дерзор.

  • Поэмин йолор, ерзор т1амах лаьцна дийцарца доьзна ду. Поэмин чулацамца муха дозаделла ду и дакъош? Х1ун Нуллакх кхочушдо цара поэмин коьрта ойла йовзийтарехь?

  • Х1ун ду поэмин чулацамехь халкъан туьйранашкахь хуьлучуьнца догТург? Х1ун ду поэма туьйрана гергаялориг?

  • Д1адеша моНанаш: мотбеттарг массарел хуьлуш ву боьха; дика ц1е бахамал тоьлуш ю хьуна; делла дош кхочушде, ма хила шалха. Къоман амалш муха билгалйоху оцу дешнашкахь авторо?

  • Муьлхачу исбаьхьаллин суртх1отторан Нирсех пайда эцна авторо шен поэмехь? Даладе масалш.

  • «Къонахчуьнгахь муьлха амалш хила еза?» хаттарна барта жоп ло.

Хъехарахочун дош.

5-чу классехь аша 1амийра Мусаев Мохьмадан «Ц1ен маьхьси» туьйра. Тахана вай дуьйцур ду цуьнан кхин а цхьана произведенех лаьцна, вуыпта аьлча, цуьнан «Таймин Бийболат» роман Нера цхьана декъах лаьцна. Оцу декъа Нехь вуьйцург ву Нараваьлла Таймин Бий­болат. Къаьстана аьлча, цуьнан бераллин мур бу цу Нехь буьйцург.

  1. «Таймин Бийболат» дакъа къастош дешар.

Тобанашка а, х1оранга шегга а болх байта хаттарш Нехь.

  • Аганахь волчу хенахь дуьйна муьлха амалш билгалйовлу жимчу Бийболатехь?

  • Жимчохь дуьйна дас Бийболат майра хила 1амош хиларан ма­салш даладе.

  • Х1унда ца дезаделира Таймина шен к1ант говра Нера охьавожар?

  • Ша к1антана тоьхна Пара Бийболата ларах там хуьлу Таймина. Х1ун бахьана ду цуьнан? Ша динчунна бехкалваха везаш вацара иза?

  • Шайн хан муха токхура цу хенахь бераша? Муха билгалваьллера Бийболат берашна юккъехь?

  • Хьуьжарехь доыпуш волуш муьлхачу кхиамашка кхечира Бий­болат?

  • Ушурмех тера хила лууш х1ун дора жимчу Бийболата? Дас-нанас муха Нелецира цо цергашца хин к1удал айъина дийриг?

  • Тайма, ерриг Кавказехь а, бохург санна, вевзаш хилар стенца доьзна дара?

  • Х1ун халонаш лан дийзира нохчийн Нумкийн, Небартойн элий бахьанехь?

  • Къонах муха хила веза, боху Таймас?

  • Меран ц1а йоьдучу зудчунна х1ун накъосталла дира беже воьл- линчу Бийболата? Дас муха Неийцира цо динарг?

  • Шайгахь болчу юьртахошца х1ун Ниллакх лецира Бийболата?

  • «К1ант дех ца вусту наха. Да к1антаца узу». И дешнаш олу Таймас. Бийболата х1ун ч1аг1о йира цул Наьхьа?

Комментари.

Майралла къовсаран ловзар д1ахьора цу хенахь бераша. Цхьаммо кешнашка баьхьна куй буьйсана кхечо схьабан безара. И дан ваьхьаш Нант атта ца нислора.

Пебартойн, Нумкийн элий, шайн ялхой балош баьхкина, нуьцкъала нохчийн латтанаш Не хевшира. Нохчаша, уьш шайн махкара д1абаха Нерташ, къийсам латтабора цаьрца. Цу хьокъехь даьхна иллеш а ду вайн, масала, «Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан, Адин Сурхон илли».

Гермчигахь нуьцкъала шайн коча хаийна эла Девлат-Гири нохчаша, Наттам бина, эккхийра.

«Гул не1арх чоьхьабаьлла», - олуш хилла ширчу заманахь. Генех д1а а ц1анбой, хен чоьхьабоккхуш хилла. Богу-уш, жимлуш хилла, не1арх чоьхьабаьлча, цу чохь сакъера гуллуш хилла юьртахой. Иштта меттиг ю Тайма волчохь а. Цу Нуллакхна хьежийна гомаш а йийна, и тилош бохкуш бу уьш Тайма волчохь.

  1. Декъан матта Нехь болх бар.

Схьалаха цу т1ера кхета хала долу дешнаш, схьаязде уьш.

Дийца, х1ун гучудолу вайна декъан персонажех лаьцна йолчу диа- логашкахь.

  1. Юкъара маь1на даран хатттарш.

  • Х1ун зама ю декъа т1ехь юьйцург?

  • Мича кепара хилла нохчийн Iep-дахар цу хенахь?

  • Муха да ву Тайма? Муха ю Бийболатан шен деца, кхиболчаьрца йолу юкъаметтиг? Даладе масалш декъа Мера.

  • Жимчу Бийболатна масал хилла лаьтташ болу къонахий муьлш хилла? Цара тЫаткъам биний, шуна хетарехь, цуьнан кхолламна?

  • Дас аьлларг бакъдеш, х1ун дира Таймин Бийболата шен кхид1а хиллачу дахарехь?

  1. Рефлекси.

  2. Щахь кхочушдан дезарг.

Дикаев Мохьмадан биографи ешар, цуьнан дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш кечбар.

  1. г1а урок. Дикаев Мохьмад. «Нохчо ву со»

1алашонаш:Дикаев Мохьмадан дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш балар; стихотворении идейно-исбаьхьаллин аг1онаш билгалъ­яхар; шен къомах воккхавер, кхечу къаьмнашка ларам дешархошкахь кхиор.

Хьехаран кепаш: хьехархочун дош; комментари еш къастош ешар; текстана анализ яран кепаш.

Урок д1аяхьар

  1. Хьехархочун дош.

Тахана урокехь вай башхачу поэтан Дикаев Мохьмадан дахарх, кхоллараллех лаьцна дуьйцур ду, ткъа иштта толлур ю цуьнан г1араяьлла «Нохчо ву со» стихотворени.

Цкъа хьалха вай ладуг1ур ду дешархоша поэтах лаьцна кечбинчу хаамашка.

Кхаа - веа дешархочо шаьш кечйина материал йовзуьйту.

- Маца, мичахь вина Дикаев Мохьмад?

  1. Дийцинчун юкъара маь1на дар.

  1. - Маца волавелла Мохьмад стихаш язъян? Х1ун мах хадийра нохчийн сийлахь яздархочо Мамакаев Мохьмада кьоначу поэтан?

  • Х1ун башхалла ю цуьнан поэзин?

  • Цуьнан поэзин коьрта теманаш муьлханаш ю?

  • Х1ун лар йитина цо нохчийн литературехь шен кхоллараллица?

Ван а вара Дикаев Мохьмад пох1ма долуш, башха поэт. Сулейманов

Ахьмадан дешнашца аьлча: «Дикаев Мохьмад, мурйоьлла дечиг санна, кхерчахь сийсачех вацара, иза, чоь серла а оьккхуьйтуш, вогучех вара». Баккъал а серлонан поэт вара иза. Дуьненан хазалла, оьздангалла ган, и хасто кхоьллинчу, бер санна, ц1енчу дагца дахаре хьоьжучу поэтана хала дара ваха харцонан бодано адамийн кхетам д1алоцучу хенахь. Цуьнан стихашкахь гуш верг иза ша ву, хаалуш ерг цуьнан амал ю - цуьнан ойланаш, сатийсамаш, лаамаш.

Х1етахьлерчу 1едална ца лаьара, боцу бехк т1ера а баьккхина, нох­чийн халкъ маьрша дахийта. Оцу 1едална ца оьшура нохчийн бакъйолу литература, истори, культура. Поэтана хьалха лаьтташ цхьа къастам бара: я, майрра шен къомах дош олуш, самукъане халхаран боларехь, мостаг1ашна кхардашех х1ума цадолуьйтуш вахар, я... Х1ан-х1а, ба- цара кхин некъ. Синойн парг1ато йихкина зама уггар ч1ог1а ч1аг1ъелча, цо язйира «Нохчо ву со», «Къинхетаме Нохчийчоь», «Дог аьлча а, аьрха дин» стихотворенеш. Уьш х1етахьлерчу 1едална дуьхьалтоьхна къонахчун ондда дош дара - бакъдолчух, шен халкъе, махке болчу безамах дуьззина дош.

  1. Фишбоун х1оттае Дикаевн стихотворенех лаций.

  1. «Нохчо ву со» стихотворени къастош ешар. (Хьехархочо ша йоыпу.)

Комментари.

Дикаев Мохьмад веха зама харцонан буха т1ехь лаьттара. Шен ойла ц1ена йолчу, нехан ирсе сатуьйсучу стеган зама яцара иза. Дикаевс шен халкъан сатийсамаш буьйцура, д1адаханчух дозалла дора, нох­чийн оьздачу г1иллакхех дуьйцура. Амма цу хенахь СССР-н империи коьрта 1алашо кегийчу къаьмнех бовлу къонахий цакхиийтар, нагахь уьш царалахь бовлахь, уьш х1аллакбар яра. Цу т1е харц язъеш истори а яра, Нохчийчоь Россех шен лаамехь д1акхетта бохуш. Цунна лерина терахь а дара кхоьллина - 200 шо кхайкхор. Дикаев Мохьмад а, и санна

къонахий а оцу харц концепцина реза бацара. Т1аккха уьш юьстахтет- тар, царна т1ехь харц ц1ерш кхоллар д1адоладелира. Шена сийлахь дерг Дикаевга ца дуьйцуьйтура, ткъа харццерг а дийцина, синлохалле воссар Мохьмадан амалца ца доНура. Поэт эххар а вегира, шен кхолларалла заза даьккхина йог!учу хенахь вайна юкъара д1авахара иза.

  1. Хаттаршца доьзна къамел дар.

  1. - Стенах дозалла до стихотворении лирически турпалхочо?

  • Поэтан Даймахке болу безам муха билгалболу стихотворенехь?

  • Мила ву лирически турпалхочо, къа ца хеташ, шех д1ахервеш верг?

  • Хьешаца а, мостаНчуьнца а муха хила веза, боху поэто? Схьа а лахий, д1адеша и мог1анаш.

  • Поэтана гергадерг а, цо коьрта лорушдерг а х1ун ду?

  • Муха яздо поэто къаьмнийн доттаНаллех лаьцна?

  • Даймохк, халкъ, маршо мел герга ю поэтана? Шаьш дуьйцург т1еч1аг1деш, стихотворени Нера масалш даладе.

  • Х1ун ойла кхоллало шун стихотворени ешча?

  • Шуна хетарехь, муха хила веза вуьззина к1ант, оьзда йо1? Мила лара мегар ду вуьззина нохчо?

  1. Белхан тетрадь, 1-ра Недиллар.

  2. Х1ун маь1на дуьллуш хилла поэто «нохчи» бохучу даше? Клас­тер х1оттае.

  1. Стихотворении исбаьхьаллин башхаллаш къастор.

  • Дикаев Мохьмадан стихийн исбаьхьалла йоьзна ю нохчийн хал­къан поэзица. Схьалаха и тоыналлаш стихотворени Нера.

  • Тидам бе, Даймохк а, нохчи а поэтан кхетамехь цхьаьнауьйш, уьш вовшех къасталур доцуш хиларан. И кхетамаш цхьаьнаийна сти- хотворенеш юй кхечу поэтийн?

  • Ойла е, стихотворении муьлхачу моНанехь ду маь1не дешнаш, поэтан ойла НечаНъеш долу дешнаш.

  • Рифма бохург х1ун ду шуна хаьа. Рифмаш зударийн, божарийн хуьлу. Шайна Нехь тохар долчу меттиге хьаьжжина, рифмаш хуьлу божарийн - Наьххьарчу дешдекъа Нехь тохар долуш, зударийн - Наьххьарчу дешдекъан хьалхарчу дешдекъехь тохар долуш (вина - Наттавина). Божарийн рифмаш юй стихотворенехь? Елахь, схьалаха уьш.

  • Лирически турпалхочо нохчичух дозалла дар муха билгалдолу стихотворенехь? Даладе текста Нера масалш.

  • Дийца, муха кхета шу кху моНанех:

«Нохчо ву со,

Сайн ден дакъа, ц!е-к1ур доцуш

ца дисийта, юкъ йихкина...»

  • Мотт а, Даймохк а цхьаьнабузу поэто. Дийца, х1ун маь1на ду цуьнан.

Белхан тетрадь, 2-г1а Недиллар.

  1. Пиллакх-оьздангаллин хаттарш дийцаре дар.

  1. Пушкин А.С. веран хьокъехь стихотворени язйина Лермонтов М.Ю. Кавказе хьажийра. Уггар майрачу, кадечу тобанан командир х!оттийра иза. Нохчашца бечу Намехь шен майраллица билгалваьлла хилла иза. Х1етте а Дикаев Мохьмада шен «Нохчо ву со» стихотво­ренехь боху:

«Нохчо ву со,

Лермонтовна Неман к1уьрлахь хийла гина,

Топ кхетарна цунна кхоьруш,

сан Даймехкан сий лардина».

Амма жимма лахо юха боху цо:

«МостаНчуна, бекхам боцуш,

цхьа а зулам ца дитина.

Нохчо ву со...»

Лермонтов ларван лаьа поэтана, цхьана а мостаНчо дина зулам бекхам боцуш дита ша дагахь вацахь а. Дийца, муха кхета шу цунах.

  1. Вайн къоман Ниллакхашца дог1уш дац со-аса бахар. Амма по­это юх-юха чаг1до ша нохчи хилар, со-аса бохуш. Ша кхечу къаьмнел лакхара хетар ду цуьнан иза я кхин маь1на ду церан?

  2. Белхан тетрадь, 3, 6-г1ий Недахкарш.

  1. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

  1. Стихотворени къастош еша хаар.

2.1амат Нехь долчу хаттаршна жоьпаш кечдар.

  1. Белхан тетрадь, 4, 5-г1ий Недахкарш.

  1. г1а урок. Шайхиев 1алвади. «Ч1аг1о»

1алашонаш: Шайхиев 1алвадин дахарх, кхоллараллех лаьцна хаа­маш балар; стихотворенехь ден дош деза, сийлахь хилар, доттаг1аллин уьйраш еза хилар ч1аг1дар; дас-нанас аьллачунна т1ехь совца хууш хила дешархой кхиор.

Хьехаран кепаш: хьехархочун дош; комментари еш къастош ешар; текстана анализ яран кепаш.
1   ...   8   9   10   11   12   13   14   15   16


написать администратору сайта