Главная страница
Навигация по странице:

  • Пиллакх-оьздангаллин хаттарш дийцаре дар.

  • Рефлекси. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

  • г1а урок. «Напсат» дийцарца доьзна ловзар

  • Ловзар д1адахьар.

  • Халкъо.

  • Жам1аш дар.

  • Урок д1аяхьар I. Хьехархочун хьехамаш.

  • Дешархоша шаьш рецензи Нехь болх бар. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

  • rIa урок. Литературин произведении портрет

  • Урок д1аяхьар Дешархоша язбина белхаш бийцаре бар.

  • «Литературин произведении портрет» статья ешар. Стагьян чулацаман хьокъехь къамел дар.

  • Практически болх.

  • Урокан жам1 дар.

  • г1а урок. Бисултанов Апти. «Хьайбахахь язйина байташ»

  • Урок д1аяхьар Ц1ахь бина болх таллар.

  • Хьехархочун дош.

  • «Хьайбахахь язйина байташ» къастош ешар.

  • Жам1 дар.

  • Рефлекси. Щахь кхочушдан дезарг.

  • 7 класс НЛ гот. Урок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш


    Скачать 186.89 Kb.
    НазваниеУрок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш
    Дата14.04.2022
    Размер186.89 Kb.
    Формат файлаdocx
    Имя файла7 класс НЛ гот.docx
    ТипУрок
    #472543
    страница15 из 16
    1   ...   8   9   10   11   12   13   14   15   16

    Напсатан план-характеристика х1оттор. Цитаташ-масалш харжар.

    1. Напсатан схьаялар, хан, социальни хьал.

    2. Щераяккхале цуьнан хилла дахар.

    3. Напсатан вастх1отторан кепаш:

    1. Цуьнан ц1еран маь1на.

    2. Дийцарехь турпалхо гучуялар.

    3. Куц-кеп довзийтар (портрет).

    4. Шен амал йовзуьйтуш, турпалхочо дийриг, лелош дерг.

    5. Турпалхочун къамел, цуьнан башхаллаш.

    6. Кхечу дакъалацархоша цуьнан хадош болу мах.

    7. Авторан шен турпалхочуьнга болу хьежам, цуьнца йолу юкъа­меттиг.

    1. Ешархойн турпалхочуьнца йолу юкъаметтиг. Тоыпаллаш далор.

    2. Белхан тетрадь, 7, 9, 10-г1ий Недахкарш.

    1. Пиллакх-оьздангаллин хаттарш дийцаре дар.

    1. Хийрачу махкахь мацаллий, шелой ловш дакъазбевллачу, мис- качу нахера кхаьънаш оьцу Гедалан цхьаболчу векалша. Деэшначу стагера кхаъ эцар муха лара деза? Шуна хетарехь, шеца адамалла йолуш вуй иштта стаг? Хайр хир дуй цунна оцу кхоах?

    2. Белхан тетрадь, 8, 11-г1ий Недахкарш.

    1. Рефлекси.

    2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    «Кхойтта шаре бахбелла некъ» проектана махкахбаьхначу нехан дагалецамаш д1аязбар.

    1. г1а урок. «Напсат» дийцарца доьзна ловзар

    1 ал а шо: дешархошна дийцаран чулацам муьлхачу барамехь бевза хьажар; дийцаран проблематика йийцаре яр, башхаллаш къастор.

    Ловзаран кеп: дешархошна хаттарш, царна дог1у жоьпаш ло. Хат­тарш, жоьпаш ловзар д1ахьош волчо доыпу. Тобано нийса жоп харжа деза. Цхьана тобанан декъашхошна жоп дала ца хаахь, жоп вукху тобанан дала йиш ю, амма Наккха царна цхьа кхаж Неязбо.

    Пирс: xlopa стоьла Нехь терахьаш 1, 2, 3, 4 Неяздина кехаташ; тобанийн ц1ерш Неязден кехаташ, кехаташ, ручканаш.

    Ловзар д1адахьар.

    1. Казахстане муха кхечира Напсат?

    1. Гергара нах болчу хьошалНа еанера.

    2. Халкъ махкахдоккхуш ц1ераяьккхинера.

    3. Шен к1ентий болчу яха еанера.

    4. Казахашца гергарло таса еанера.

    1. Маса шо дара Напсатан?

    1. Б1е шо.

    2. Ши 6Ie шо.

    3. Дезткъа шо хир дара.

    4. Цхьанна а ца хаьара я цунна шена а.

    1. Ша махкахйоккхуш Напсата шеца араяьккхинарг х1ун яра?

    1. Т1орказ.

    2. Текх.

    3. Пондар.

    4. Кортали.

    1. Маса к1ант вара Напсатан?

    1. Шиъ.

    2. Виъ.

    3. Ялх.

    4. Ван а вацара.

    5. Казахстанан муьлхачу метте ялийнера Напсат а, цуьнца цхьаьна ц1ерабаьхнарш а?

    1. Чу станце.

    2. Карабалта.

    3. Алма-Ата.

    4. Чушкала юьрта.

    1. Щерайоккхуш а, яьккхинчул т1аьхьа а х1ун духар хуьлура Нап- сатана т1ехь?

    1. Пабали.

    2. Жигетка.

    3. Йоманаш летийна тиша коч.

    4. Шола коч.

    1. Напсатан когахь даим х1ун мачаш хуьлура?

    1. Не1армачаш.

    2. Тударгаш.

    3. Когаш берзина хуьлура.

    4. Пошмакхаш.

    1. Йоккхачу стеган юьхь муха яра?

    1. Торга, безамехь.

    2. Ал бос богуш, ц1ена.

    3. Юткъа, еха.

    4. Хебна, цхьа шад хилла.

    1. Махкахбаьхнарш Чушкапа-юьртахь мича д1атарбира?

    1. Фермехь.

    2. Божал чохь.

    3. Хьешан ц1а чохь.

    4. Клуба чохь.

    1. Напсата лекхна йиш хьан яьккхинера?

    1. Халкъо.

    2. Димаев 1умара.

    3. Цо ша яьккхинера.

    4. Айдамирова Марема.

    1. Юьхьанца буьйсанаш мичахь йохура Напсата?

    1. Божал чохь.

    2. Клубехь.

    3. Казахашкахь.

    4. Напсата ша-шена даьккхинчу коша чохь.

    1. Деле х1ун дехар дора Напсата?

    1. Рицкъ ло шена олий.

    2. Т1едуха, когадуха латтаде шена олий.

    3. Лаьттара д1аэца ша олий.

    4. Даймахка цГаерзае ша олий.

    1. Кавказера бохийна балийнчу нахе хьовса баьхкинарш цецбаьх- нарг х1ун дара?

    1. Багахь шаьлтанаш, коьртахь ма1аш цахилар.

    2. Уьш цигонех тера хилар.

    3. Уьш хаза кечбелла хилар.

    4. Церан карахь герз цахилар.

    1. Беже лелачу Сайд-1алис шайца 1ен д1айола аьлча, цуьнга х1ун элира Напсата?

    1. - Йиш яц сан.

    2. - Со кешнашка хьажа дезаш ма ю.

    3. - Со ц1а яха дезаш ю.

    4. - Со сайн к1ентий болчу rlyp ю.

    1. Нохчашна Даймахка ц1а берза бакъо елла, аьлла, хаам хилча, адам аьчк-некъа йистехь 1аш долу мел хан яра?

    1. Бутт сов хан яра.

    2. Цхьа к1ира дара.

    3. Кхо де-буьйса.

    4. Ахшо.

    1. Нах ц1а ца бохуьйтуш латторан бахьана х1ун ду бохура цхьа- болчара?

    1. Хьалхавала стаг цахилар.

    2. Вагонаш цахилар.

    3. Берриш а цхьаьна бига лаар.

    4. Божарий хьалха ц1а бига лаам хилар.

    1. Шен к!енташна ц1а баха бакъо яккха хьанна т1е йоьду ша олура Напсата?

    1. Хрущевна.

    2. Молотовна.

    3. Ворошиловна.

    4. Сталинна.

    1. Нохчий ц1а бохкуьйтучу хенахь 1едалан коьртехь хилларг мила

    ву?

    1. Хрущев Н.С.

    2. Калинин М.И.

    3. Сталин И.В.

    4. Ворошилов К.Е.

    1. Ц1а даха вагонаш яларна «бехкениг» х1ун лерира массара а?

    1. «Пайбин чкъуьйриг».

    2. Уполномоченни.

    3. Баккхий нах.

    4.1едалан векалш.

    1. Щерпошт дГайолаелча, Напсат х1ун деш яра?

    1. Халхар деш яра.

    2. Йоьлхуш яра.

    3. Хиъна 1аш яра.

    4. Вагонах тийсалуш яра.

    1. Напсат шен халкъаца Даймахка ц1а х1унда ца еара?

    1. Сталинера бакъо яьккхина йоцу дела.

    2. Коьртаца телхина хиларна.

    3. Шен Даймахкахь цхьа а воцу дела.

    4. Казахех дГакъаста цалаарна.

    1. Шен гергарчу нахах маца къаьстинера Напсат?

    1. Даймахкахь йолуш.

    2. Казахстане ялийча.

    3. Новкъахь ц1анонна вагон Нера охьайоьссинчохь.

    4. Пала яханчохь.

    Жам1аш дар.

    Кхаьжнаш лору, тоьлларш совг1аташца билгалбо.

    1. г1а урок. Къамел кхиоран урок

    1амийнчу произведенина рецензи ялар.

    1алашонаш: жанрах болу кхетам т1еч1аг1бар; дешархойн кхолла­раллин хьуьнарш кхиор; рецензех болу кхетам к!аргбар.

    Хьехаран кепаш: хьехархочун хьехамаш, дешархоша шаьш болх бар.

    Урок д1аяхьар

    I. Хьехархочун хьехамаш.

    Рецензи - латинийн маттахь хьажар бохург ду. Иза критически кепара произведенига хьажар, цуьнан маххадор, ткъа иштта шена хетарг цунах лаьцна алар ду. Рецензехь оцу произведенех болу шайн хьежамаш билгалбаха йиш ю шун: цуьнан дика а, ледара а аг1онаш. Ешначух лаьцна шайна хетарг ала бакъо ю шун рецензехь.

    Рецензии герггара план:

    1. Произведении жанр къастор.

    2. Оцу произведеница йолу жанран билгалонаш.

    3. Произведении маххадор: цу Нехь х1оттийнчу проблемин ме- халалла, иза маь1не хилар; произведенехь проблемаш кхочушъяран кепаш; авторо пайда эцна, исбаьхьаллин кепаш, цара произведенехь кхочушден Нуллакх.

    4. Произведенех лаьцна шуна хетарг.

    1. Дешархоша шаьш рецензи Нехь болх бар.

    2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1амат Нера «Литературни произведении портрет» статья ешар.

    1. rIa урок. Литературин произведении портрет

    1алашонаш: литературин теорех болу хаамаш балар; литературин произведении портретах болу кхетам к1аргбар; дешархошкахь дикчу турпалхочун амалш кхиор.

    Хьехаран некъаш: хьехархочун дош; хаттаршца доьзна къамел дар; практически болх.

    Урок д1аяхьар

    1. Дешархоша язбина белхаш бийцаре бар.

    Дешархоша язйинчу рецензии хьокъехь дош олу хьехархочо. Билгалйоху оцу белхийн дика а, ледара а аг1онаш. Уьш цу кепара яз- даран бахьана а довзуьйту. Царах тоьлла ши-кхо болх классехь боьшу. Кхид1айолчу хенахь болх цу кепара язбан безар хоуьйтуш.

    1. Хьехархочун дош.

    Х1окху урокехь вай дуьйцур ду литературин портретах лаьцна. Портрет (французийн portrait дашах схьадаьлла) литературехь - да- къалацархочун куц-кеп гайтар ду: юьхь, дег1, духар, лелар, д1ах1оттар. И тайпа суртх1оттор хила тарло эпически произведенеш т1ехь. Кху- захь иза дакъалацархочунна характеристика яларан цхьа г1ирс хуьлий д1ах1утту. Лирически, драматически произведенеш т1ехь портреташ ца даладо.

    Дешнийн портрето дакъалацархочух лаьцна маь1не хаамаш чулаца тарло шена: муьлхачу къомах ву, социальни хьал, хан, могашалла. Цул сов, портретехь авторан дакъалацархочуьнца йолу юкъаметтиг билгалъяла а тарло: везаш хилар я т1елоцуш цахилар.

    Дагалаца, аша ешначу барта кхоллараллин произведенешна, тур­палаллин иллешна т1ехь дарий портретан суртх1оттор. Дацара. Царна т1ехь буьйцучу турпалхойн куц-кеп билгалдоккхура даим пайда оьцучу эпитеташца «бос хаза», «дуткъа дегЬ>. Ткъа иллеш т1ера турпалхойн куц-кеп хьахийна а ца хуьлура, дукхахьолахь XIX б1ешарахь бен литературехь портрет турпалхочун амал а, психологи а йовзийтаран г1ирс хуьлий д1а ца xlyny. Психологически портретийн масалш вайна го Лермонтов М. «Вайн заманан турпалхо», Толстой Л. «Т1ом а, ма- шар а» романашкахь. Нохчийн литературехь и тайпа психологически портреташ долу произведенеш яц.

    1. «Литературин произведении портрет» статья ешар.

    2. Стагьян чулацаман хьокъехь къамел дар.

    1. - Дийца, х1ун ду литературин портрет бохург.

    • Мича кепара хуьлу литературин произведенехь портреташ?

    • Барта произведенеш т1ехь хуьлий турпалхочун портрет?

    • Маца деана литературе турпалхочун психологически суртх1оттор?

    • Яздархочун х1ун юкъаметтиг хуьлу шен произведении турпал- хочуьнца?

    • Оцу юкъаметтиго турпахочун портретана т1е1аткъам бан тарлой?

    • Аша ешначу муьлхачу произведенехь ду шина дакъалацархочун дуьхь-духьал дерзийна портретан сурх1оттор?

    • Муха яла еза литературин турпалхочун портретан характеристика?

    1. Ешначун хьокъехь инсерт xlorrop.

    1. Практически болх.

    Литературин турпалхочун портретан харакатеристика муха яла еза гойтучу схемех пайдаэцарца барта я йозанан портретан характеристика ло Напсатан, Яшуркаев Султанан «Напсат» дийцаран коьртачу турпал­хочун, ткъа иштта Хамидов 1абдул-Хьамидан «Абубешар» дийцаран коьртачу турпалхочун Абубешаран.

    1. Леррина юха а д1адеша оцу литературин дакъалацархочуьнца доьзна долу портретийн дерриг суртх1оттораш. Тетрадь т1е схьаязде.

    2. Тидаме хила, цхьадолу портретан дакъош (месийн, б1аьргийн бос, меран, лергийн кеп, мекхаш, маж хила а, ца хила а тардалар) цхьана меттехь далийна хила а мега я ерриг произведени т1ехь д1асакхийсина хила а тарло.

    3. Текста т1ерачу цитатех пайдаэцарца турпалхочун портретан суртх1оттаде, къаьсттана тидам текстехь юх-юха ялийнчу деталашна, портретехь хуьлучу хийцамашна т1е а бохуьйтуш.

    4. Портретан сурт xIottoiu пайда оьцуш йолу исбаьхьаллин кепаш (эпитеташ, дустарш, метафораш) билгалъяха.

    5. Портретан билгалонашца авторан дакъалацархочуьнга болу хьежам билгалбаккха хьовса.

    6. Жам1 де: а) мел кхоччуш сурх1оттийна турпалхочун портретан произведенехь; б) цуьнан амал йовза а, и муьлхачу хьолехь ву а хаа мел rlo до портрето.

    1. Урокан жам1 дар.

    Тахана урокехь литературин теорех болчу хаамех лаьцна дийци вай. Нохчийн исбаьхьаллин литературехь турпалхочун портрет гойтуш йолу меттигаш дукха ца нисло. Дукхахьолахь цуьнан цхьа-ши билга­ло къаста а йой, кхидерг ца хьахош дуьту. Делахь оцу билгалонаша а таро ло вайна цуьнан амал йовзарна. Яздархочо шен турпалхочуьнга болчу хьежаме хьожжий портрет а х1оттадо цуьнан. Дагалаца аша, мел беламе ду Абубешаран куц-кеп. Шех масал эца тарлучу турпалхочун куц-духар а хуьлу безамехь, шена т1е тидам бохуьйтуш. Билггал чу хьесапехь турпалхочун амал йовза таро ло вайна литературин портрете.

    1. Рефлекси.

    2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. 1амат т1ера «Литературин произведении портрет» статья ешар.

    2. Муьлххачу а цхьана исбаьхьаллин произведени т1ера турпалхо­чун куц-кеп схьаязде.

    1. г1а урок. Бисултанов Апти. «Хьайбахахь язйина байташ»

    1алашонаш: поэтан дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш балар; халкъ махкахдаккхарх лаьцна йолу произведенеш йовзийтар; халкъан истори йицъян йиш цахилар ч1аг1дар.

    Хьехаран некьаш: хьехархочун дош; къастош ешар; хаттаршца доьзна къамел дар.

    Урок д1аяхьар

    1. Ц1ахь бина болх таллар.

    1. Хаттарш:

    • Дийца, х1ун ду литературин портрет бохург.

    • Мича кепара хуьлу литературин произведенехь портреташ?

    • Барта произведенеш т1ехь хуьлий турпалхочун портрет?

    • Маца деана литературе турпалхочун психологически суртх1отгор?

    • Яздархочун х1ун юкъаметтиг хуьлу шен произведении турпал- хочуьнца?

    • Оцу юкъаметтиго турпахочун портретана т1е1аткъам бан тарлой?

    • Аша ешначу муьлхачу произведенехь ду шина дакъалацархочун дуьхь-духьал дерзийна портретан cypxlorrop?

    • Литературин турпалхочун портретан характеристика муха яла еза?

    1. Дешархоша шаьш произведени т1ера схьаяздинарг довзуьйту, хГоттадо литературин портрет.

    1. Хьехархочун дош.

    1. Вайн халкъ махкахдаккхарх лаьцна тема дукха хенахь дуьйна йихкина яра. Советски Союз йоьхначул т1аьхьа бен, халкъана лазамечу теманах язъян маршо а ца елира. Халкъан истории оцу халчу муьрах лаьцна цхьаъ вукхул т1аьхьа зорбанехь арайийла юьйлаелира исбаь­хьаллин произведенеш. Царна юкъахь ю Бисултанов Аптин «Хьайба­хахь язйина байташ» поэма а. Оцу поэми т1ехь йолчу шина назманах лаьцна дуьйцур ду вай. Ала деза, и поэма язйина Бисултанов Апти нохчийн литературе веана XX б1ешеран 1980-г1а шераш чекхдовлуш. Веара шен аз, шен хат1 долуш, шен ойланашца. Цуьнан дукхахйолу стихаш Даймахках, 1аламах, ненах, безамах лаьцна ю. Кхоъ поэтически книга зорбанехь араяьлла цуьнан. Даймохк, 1алам хесторца цхьаьна, цо емалйо шен стихашкахь осалалла, тешнабехк, харцо, къизалла. По­этан кхоллараллехь йоккха меттиг д1алоцуш ю къонахаллин тема а. Шен стихашкахь цо кхайкхабо машар, дехарш до адамашна юккъера керташ д1аяха бохуш. Ма-дарра аьлча, Аптин поэзин турпалхо - иза къийсамхо ву диканиг дан араваьлла, вочунна духьалваьлла.

    2. Поэтан тематикин хьокъехь синквейн х1оттае.

    1. «Хьайбахахь язйина байташ» къастош ешар.

    (Хьехархочо йоыну.)

    Дешнаш т1ехь болх бар:

    TIana куйнаш - шех буденовка олу, ира бохь болу куй.

    Пхьа - ч1ир эцар.

    Чартех хьоьгуш - кошана чурт дог1аре сатесна.

    Комментари.

    Назманан кепехь язйина ю байташ. Назма - иза бусулба динах лаьцна чулацам а болуш, мукъамца д1а а олуш, стихашкахь йолу исбаьхьаллин произведени ю. Дуьненахь, эхартахь пайдехьа хиндерг дуьйцу назманашкахь.

    Назманаш, кар-кара луш, вовшашкара язъеш, халкъо 1алашйина. Уьш ца «елла» нохчий махкахбаьхначу хенахь а; цхьа а шеко йоцуш, цара къам лардина хийрачу махкахь. Советан 1едало тоьлла 1еламнах лецначул т1аьхьа кхийолчу барта произведенел дукха назманаш еха

    халкъалахь. Иллеш, эшарш т1аьхьатотту цара. Барта кхоллараллин ерриг аг1онаш шайна чулоцу назманаша.

    Хьалха-Мартант1ехь х1оттийнчу х1олламан экъан т1ехь Бисултанов Аптин поэми т1ера дешнаш ду далийна:

    «Т1апа куйнаш дайрий шуна,

    Го беш салтий байрий шуна,

    Эхартахь бен хир дац баьхна,

    Къемата-де дайрий шуна?»

    1. Хаттаршца доьзна къамел дар:

    • Вайн халкъан дахарехь хилла муьлха киртиг ю назманан байташ т1ехь юьйцург?

    • Нохчийн халкъ махкахдаккхаран эрчалла муха гайтина поэто?

    • Халкъана маршо езар, Далла 1амал ян лаар муха Нелоцуш хилла Советан 1едалан векалша? Схьа а лахий, дГадеша и мог1анаш.

    • Муха кхета шу х1окху мог1анех:

    Шиша цхьамза г/ортор йолуш,

    Щийза д!аъндарг г1иллакх долуш...

    • Нуьцкъала хийрачу махка балийнчу вайнаха лайначу халонех лаций дийца. Масалш даладе байташ т1ера.

    • Шаьш хьалха баьхна хиллачу махке вайнах сатесна хилар ч1аг1деш долу бакъдерш даладе назми т1ера.

    • Нохчий шайн махках баьхначул т1аьхьа Даймохк муьлхачу хьо- лехь бисна церан? Цунах лаьцна долу мог1анаш схьа а лахий, д1адеша.

    • Нуьцкъала махкахбаьхна нохчий дукхахьолахь Казахстанехь, Киргизехь д1анисбина? Поэто Сибрех х1унда юьйцу т1аккха шен стихашкахь?

    • Даймахке иштта сатесна х1унда хилла цГерабаьхнарш?

    • Х1ун дог-ойла кхоллайолуьйту х1окху байташа?

    1. Белхан тетрадь, 1, 2, 3-г1ий ткдахкарш.

    1. Жам1 дар.

    Халкъ махкахдаккхар дагахь лаьтта вайн баккхийчарна. Т1аьхь- т1аьхьа жимлуш ду махкахбаьхначеран терахь, амма халкъан эсехь диса дезаш ду нохчаша лайнарг. Вайн декхар ду церан дагалецамаш д1а а язбеш, уьш Наьхьенашка д1акхачор. Цундела спецпересенцашкара интервью эца 1ама деза вай.

    Интервьюн план.

    1. Хьаьнгара эцна ю, маца, мичахь вина, ваьхна, мича кхалхийна, мел хан яьккхина цигахь.

    2. Муха хилира ц1ераваккхар.

    3. Щерадохуш дуй хьаьнгара хиира?

    4. Муха лайра некъ, цигахь яьккхина хан?

    5. Муха Неийцира шу цигахь болчу бахархоша?

    6. Цигахь яьккхинчу хенах лаьцна документаш, суьрташ дуй дисна?

    7. Маца, хьаьнгара хиира Даймахка ц1а дохуьйтуш дуй?

    8. Муха нисделира ц1адерзар, ц1ахь д1атардалар?

    1. Рефлекси.

    2. Щахь кхочушдан дезарг.

    1. Байташ къастош еша хаар.

    2. 1амат т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш кечдар.

    3. Белхан тетрадь, 4, 6-г1ий Недахкарш.

    1. г1а урок. Бисултанов Апти. «Хьайбахахь язйина байташ»

    1алашонаш: байтийн исбаьхьаллин башхаллаш къастор; назманан кепехь йолу байташ талла хаар кхиор.

    Хьехаран некъаш: 1аматца болх бар; текст талларан кепаш.
    1   ...   8   9   10   11   12   13   14   15   16


    написать администратору сайта