7 класс НЛ гот. Урок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш
Скачать 186.89 Kb.
|
Урок д1аяхьар Щахь бина болх таллар. Вайн халкъан дахарехь хилла муьлха киртиг ю назманан байташ т1ехь юьйцург? Муха гайтина поэто нохчийн халкъ махкахдаккхаран эрчалла? Халкъана маршо езар, Далла [амал ян лаар муха т1елоцуш хилла Советан 1едалан векалша? Нуьцкъала хийрачу махка балийнчу вайнаха лайначу халонех лаций дийца. Шаьш хьалха баьхна хиллачу махке вайнах сатесна хилар ч1аг1деш долу мог1анаш даладе. Нохчий шайн махках баьхначул т1аьхьа Даймохк муьлхачу хьо- лехь бисна церан? Цунах лаьцна долу мог1анаш схьа а лахий, д1адеша. Нуьцкъала махкахбаьхна нохчий дукхахьолахь Казахстанехь, Киргизехь д1анисбина? Поэто Сибрех х1унда юьйцу Наккха шен стихашкахь? Даймахке иштта сатесна х1унда хилла ц1ерабаьхнарш? Муха лайна халкъо ша ц1ерадаккхар, хийрачу махкахь яьккхина хан? 1аматца болх бар. «Хьайбахахь язйина байташ» статья ешар. Шен поэмин эпиграфна муьлха дешнаш далийна поэто? Х1ун ала Нерта вайга шен мог1анашца автор? Билгалде церан коьрта маь1на. Произведении исбаьхьаллин башхаллаш къастор. Х1ун ю Бисултанов Аптин байтийн коьрта тема? Назманан формехь язйина ю «Хьайбахахь язйина байташ». Назманан стихан барам еа стопах лаьттачу дактилан я хорейн куьцехь хуьлу. Къастаде, муьлхачу барамехь язйина ю байташ. Назма аьлла, билгаъяьхна авторо шен стихаш. Дуста, х1ун ду церан цхьаьнадогГург, къаьстарг. Авторан монолог, риторически хаттарш - иштта кеп ю стихийн. Мича 1алашонца хаьржина авторо и кеп? Муьлхачу исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсех пайда эцна авторо? Схьалаха уьш. Дийца, муха кхета шу кху моНанех: «Лаьттан кийрахь чартех хьоьгуш, Тхан дай буьсу шийла Сибрех». «Сийна Сибрех» аьлла, эпитет ялийна авторо. Оцу дешнийн цхьаьнакхетарехь сийна билгалдешан х1ун маь1на ду? Дийца, х1ун ду кху стихийн халкъан иллешца, эшаршца дог1ург? Белхан тетрадь, 5, 7-г1ий Недахкарш. Пиллакх-оьздангаллин хаттар дийцаре дар. Нохчийн халкъ махкахдаьккхинчу хенахь иза х1аллакьхуьлучура к1елхьарадаьккхинарг г1иллакх-оьздангалла лору. Вайн махкахь 1994-1996, 1999-2001-чуй шерашкахь хиллачу Немаша Ниллакхах херделла нохчийн къам, цунна гергадалоран метта, кхин а алсам хер- дира цунах. Шуна муха хета, х1ун бахьана ду цуьнан? Рефлекси. Ц1ахь кхочушдан дезарг. «Кхойтта шаре бахбелла некъ» проектана материал кечъяр. г1а урок. «Кхойтта шаре бахбелла некъ» темина проект 1алашо: билгалйинчу темина хаамаш гулбан, уьш цхьана кепа тоха, юха уьш бовзийта хаа 1амор. Хьехаран некьаш: хьехархочун дош, дешархойн хаамаш, жам1 дар. Урок д1аяхьар Хьехархочун дош. Тахана вай халкъ махкахдаккхарх лаьцна дуьйцур ду. Вайн халкъан дахарехь масийттазза нисделла и х1ума. Амма вай дуьйцур ду 1944-чу шарахь махкахбаьхначу нахах, церан Наьхьенех. Нохчий махкахба- харан бахьана, уьш ц1ерабохуш хилларг, новкъахь а, юха д1акхаьчча а цара лайна баланаш, халонаш - и дерриг вайна девзар ду тахана. И хаамаш вайна кечбина дешархоша. Дешархоша бовзуьйту шаьш кечбина хаамаш. (Оцу хиламан дакъалацархой кхайкха мегар ду. Церан дагалецамаш мехала хир бу дешархошна; суьртийн, книгийн выставка ян а мегар ду.) Хьехархочо жам1 до дешархоша дийцинчун, цара бинчу белхан. Ц1ахь кхочушдан дезарг. Амаев Ваха-Хьаьжин биографи ешар. г1а урок. Амаев Ваха-Хьаьжа. «Генарчу денойн туьйра» 1алашо: яздархочух лаьцна боцца хаамаш балар; дийцарехь х1оттийна проблема маь1не а, мехала а хилар гайтар; дахаран чолхе Нуллакхаш талла 1амор. Хьехаран некьаш: хьехархочун дош, къастош ешар; дешнаш Нехь болх бар; комментари; дийцарх лаьцна къамел дар; практически болх. Урок д1аяхьар Хьехархочун дош. Амаев Ваха-Хьаьжа нохчийн литературе веара д1адаханчу б1ешеран 1990-rIa шераш юккъедахча. Веара вайн литературе керла xlo дохьуш. Цуьнан произведенеша йийсаре лоцура хьо шен сюжетца, васташца, хьалдолчу маттаца, хиламаш, васташ дахарера схьаэцна хиларца. Цуьнан произведени йоьшучу хенахь произведенийн турпалхойх дог лозу хьан, уьш хьайн юххера нах болуш санна. Иза пох1ма хилар ду. Ишттаниг хуьлу сюжет, васт дика лехна хилча, х1унда аьлча васт - иза произведении уггар мехала х1ума ю, цунна кхераме бац я хан а, я заманан хийцамаш а. Хийцало теманаш, сюжеташ, хийцало ша литература а, амма васт шен кепехь дуьсу. Васт произведении ц1ий ду. Ваха-Хьаьжина карадо и тайпа васташ. Шуна дагадаг1ахь, мел дега1ийжаме дара «Малх чубаре хьоьжура иза» дийцар т1ера жимчу к1ентан васт. Шаьш хийрачу махка д1адуыучу вагонан аннашца херо карайо цунна. Цхьана б1аьргаца оцу херонах арахьоьжу иза, малх хилча, цуьнан з1енарш лоьцу цо. Ха деш волчу салтичо д1ахьулдо и дуьне. Салтичуьнга дехар дан г1ерта иза, ма хьулде шен дуьне бохуш, амма вукхо жопдаларан меттана цамза 1уттий б1аьрг боккху оцу к1ентан. Дог ца 1овжош, иза къинхетаме ца тохалуш мила вуьсур ву и тайпа къиза суьрташ гинарг. Уьш шен говзаллица вайна оьхьнарг Амаев Ваха- Хьаьжа ву. Цунна шена тина х1уманаш дац уьш, цо лайна а дац уьш, царах лаьцна дуьйцуш бен ца хезна цунна, х1унда аьлча иза дуьнен чу 1963-чу шарахь ваьлла хиларна. Х1оттийнчу суьртан теш иза винарг яздархочун говзалла ю. «Генарчу денойн туьйра» дийцар къастош дешар. (Хьехархочо доыну.) Дешнаш т1ехь болх бар: масла1ате мотт боло - машар бан г1ортар; буьйр - де аьлла т1едиллинарг; омра; эс - синкхетам, дагалацам; къуьда - хьакхар юккъехь милт йолу стогаран тайпа; левей - пхьалг1ахь ц1е марсайоккхуш болу г1ирс; нуьйжа - пхьола деш, к1елх1оттон гудар; Текстана комментари. Пхийттара ваьллачу шен доттаг1чун к1антана совг1атна шаьлта луш ламаст хилла вайнехан. К1ант пхийттара ваьлча, цуьнан г1одаюкъах шаьлта уллуш хилла. Цуьнан маь1на: х1инца дуьйна ша дечун, олучун Далла хьалха жоп дала деза цо бохург ду иза. Пхийтта шо кхаччалц дай, наний дара цунах жоп луш. Баккхийчеран дукъ т1едожар хоуьйтуш, уьстаг1 боьй, carla доккхуш г1иллакх ду цхьаболчу нохчийн. Воккха а хилла, дег1ера ницкъ д1абаьлла г1орасиз хилча, йостуш хилла шен г1одаюкъ стага. Дийцаран чулацаман хьокъехь къамел дар. Х1ун хиламаш бу дийцарехь буьйцурш. Муьлш бу цуьнан коьрта турпалхой? Маца тасаделла хилла Шидиний, Асхьабаний юккъехь дот- тагГалла? Стен гойту и ц1ена доттаг1алла хилар? -Х1ун ойланаш йора Шидас, цуьнан х1усамнанас. Х1ун дара церан сагатдийриг? Х1усамненан даг чу яьхкина шеконаш д1а муха ехира Шидас? Вайн дайша лардеш схьадеанчу муьлхачу г1иллакхах лаьцна дуьйцу дийцар т1ехь? Шида шен доттаг1чо и г1иллакх лардийриг хи- ларх тешна х1унда ву? Пхийттара ваьллачу шен к1антана, цуьнга шаьлта д1а а луш, х1ун хьехар дира нанас? Схьалаха и меттиг. Д1аеша юха а. Ширчу заманахь дуьххьара дуьнен чу ваьллачу шен к1антана шаьлта муха йойтуш хилла нанас? Х1ун дара Шида кхийринарг а, пхьоьха цецъяьккхинарг а? Стен гойту Асхьаб шен декхарна, доттаг1аллина муьт1ахь хилар? Х1ун ду Шидас, Асхьаба а шайн синойл деза лорург? Муха кхо- чушхилира цушиннан лаам? Практически болх. Барта жоп ло хаттаршна. - Х1ун юкъаметтиг хилла баккхийчийн, берийн ширчу заманахь? Шайн к1анте дерг ма-дарра д1а х1унда ца дийцира дас-нанас? Х1ун дара цаьрга и х1илла дайтинарг? Х1ун хьоьху вайна кху дийцаро? Белхан тетрадь, 2, 3-г1ий Недахкарш. Рефлекси. Ц1ахь кхочушдан дезарг. Дийцар къастош деша хаар. 2.1амат т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш кечдар. Белхан тетрадь, 1-рат1едиллар. г1а урок. Амаев Ваха-Хьаьжа. «Генарчу денойн туьйра» 1алашо: дийцаран идейни чулацам билгалбаккхар, исбаьхьаллин башхаллаш къастор; текст талла хааран кепаш караерзор. Хьехаран некьаш: текст талларан кепаш; меттан исбаьхьаллин башхаллаш билгалъяхар; г1иллак-оьздангаллин хаттарш дийцаре дар. Урок д1аяхьар Ц1ахь бина болх таллар. Х1ун хиламаш бу дийцарехь буьйцурш, муьлш бу цуьнан коьрта турпалхой? Маца тасаделла хилла Шидиний, Асхьабний юккъехь доттаг1алла? Стен гойту и ц1ена доттаг1алла хилар? Х1ун ойланаш йора Шидас, цуьнан х1усамнанас. Х1ун дара церан сагатдийриг? Х1усамненан даг чу яьхкина шеконаш д1а муха ехира Шидас? Вайн дайша лардеш схьадеанчу муьлхачу г1иллакхах лаьцна дуьйцу дийцар т1ехь? Шида шен доттаг1чо и г1иллакх лардийриг хи- ларх тешна х1унда ву? Пхийттара ваьллачу шен к1антана, цуьнга шаьлта д1а а луш, х1ун хьехар дира нанас? Схьалаха и меттиг. Д1аеша юха а. Ширчу заманахь дуьххьара дуьнен чу ваьллачу шен к1антана шаьлта муха йойтуш хилла нанас? Х1ун дара Шида кхийринарг, пхьоьха цецъяьккхинарг? Стен гойту Асхьаб шен декхарна, доттагГаллина муьт1ахь хилар? Х1ун ду Шидас а, Асхьаба а шайн синойл а деза лорург? Муха кхочушхилира цушиннан лаам? Муха чекхдолу дийцар? Турпалхоша дагалаьцнарг мича кепара кхочушхуьлу? Дийцаран идейни маь1на билгалдаккхар, исбаьхьаллин башхаллаш къастор. Дов даьллачохь дийцаран турпалхочо Шидас дечкан шаьлта йоккху баттара. Дийцаран чаккхенехь бен ца хаьа вайна цуьнгахь бакъ шаьлта а йоцуш, дечкан шаьлта х1унда хилла. Дийца, мича 1алашонца дина иза авторо шен дийцарехь. Дийцаран д1ах1оттам а шатайпа бу. Х1ун лара мегар ду дийцаран долор, кульминаци, дерзор? Схьалаха уьш. Жимчу дийцар т1ехь диалогаш дукха хиларан тидам бе. Ойла е, х1ун г1уллакх кхочушдо цара дийцарехь. Меттан исбаьхьаллех лаций дийца. Схьалаха дийцар т1ера эпитеташ, дустарш, метафораш, говза далийна дешнаш. Нанас шен к1анте шаьлта д1а а кховдош олу: «ворх1ара валлалц мостаг! санна, пхийттара валлалц лай санна, бакъ ц1е йоцуш лелийра оха хьо». Шен к1ант мостагГ, лай санна муха лелор ву? Я кхин маь1на ду оцу дешнашкахь? Шаьлта дашо варкъ даьккхина ю бохучух муха кхета шу? Кхечу кепара муха эр дара аша иза? Характеристика ло Шидин к1антана. Схьалаха дийцар Нера цуьнан куц-кеп дуьйцуш йолу меттиг. Х1ун rlo до оцу портрете к1ентан амал йовзийтарехь? Юантана ц1е ца тиллина авторо. Х1ун бахьана ду цуьнан? Муха стаг хета шуна Шида? Ткъа цуьнан доттаг! Асхьаб? Вовшашца вуста ши турпалхо. Дийцаран тема х1ун ю шуна хетарехь? Xlapa дийцар яздеш х1ун 1алашо х1оттийна, шуна хетарехь, шена хьалха яздархочо? Белхан тетрадь, 4, 5, 6, 7-г1ий Недахкарш. Пиллакх-оьздангаллин хаттарш дийцаре дар. Теркал дехьа а, Небартойн, гуьржийн махка а боьлхий рема ялош хилла цхьаболчу к1енташа. Бусулба динца, вайн къоман г1иллакхашца муха дог1уш лору аша церан и хьуьнар? Шен доттаг1чун Патана, цуьнан пхийтта шо кхаьчча, совг1атна шаьлта яларан ламаст вайна юкъара д1адаьлла ала мегар ду. Х1ун бахьана ду, шуна хетарехь, вайна юкъара иза д1адаларан? Шега йинчу забарх ца кхетта Ойъа Шидица девне волу. Йинчу забарх ца кхеташ волчух х1ун олу халкъалахь? Шун дахарехь нисъел- лий иштта меттиг? Шидин доттаг1 Асхьаб, валарал сов, шена т1ехь декхар дисарна кхоьру. Иштта деза дуй т1ехь дуьсу декхар? Муха стаг лара веза дайн оьзда г1иллакх цалардинарг? Аша муха кхочушдо вайн къоман г1иллакхаш? Дийца, кхечу къаьмнийн дуй воккха хилла к1ант вай санна, билгалвоккхуш ламаст. Белхан тетрадь, 8, 9, 10-г1ий т1едахкарш. Рефлекси. Щахь кхочушдан дезарг. Йозанехь жоп ло хаттарна: «Х1унда лардан деза дайн ламасташ». г1а урок. Жам! даран урок 1алашонаш: дешархойн литературехула кхиаран т1ег1а билгалдар; шеран жам1 дар; аьхкеннаткдахкарш далар; шен дешаре жоьпалла кхиор. Хьехаран некъаш: къастош ешар; барта жоьпаш далар; произведенех, турпалхойх лаьцна дийцар; проблемни хаттарна йозанехь жоп далар. V Урок д1аяхьар Дешархойн литературехула кхиаран т1ег1а билгалдар. Ловзар-некъаш гездар «7-чу классан литература махкахула»: веа-пхеа дешархочух лаьтта тоба рогг1ана соцунг1е йог1у, цигахь цаьрга хьожуш 1аш бу талламхой (эксперташ). Уьш хила мегаш бу я хьехархой, я 8-10-чу классийн дешархой, я леррина кечбина дешархой. Соцунг1ашкахь xlopa дешархочо цхьа билет схьаоьцу (билет 10-15 хила тарло), т1едахкарш кхочушдо, цо бинчу белхан мах хадабо баллашца, цул т1аьхьа тоба рог1ерчу соцунг1е йоьду. Ловзаран чаккхенехь жам!аш до, толамхошна совг1аташ до, аьхка еша еза литературин список ло дакъалацархошна. Билеташ т1ера хаттарш, т1едахкарш. ра соцунг1а. Текст къастош еша, и т1еэца хаар таллар. «Бабин Эсин, ворх1 вешин йишин илли» т1ера кийсак къастош д!аеша. Таханлерчу ешархочун шена т1е тидам бохуьйтург х1ун ду цу т!ехь? Къастош «Ваша воцчу Сайлахин илли» т!ера кийсак д1аеша. Йоь1ан хьуьнарш дуьйцуш кхин иллеш дуй вайн барта кхоллараллехь? «Нохчийн шира илли» къастош д1адеша. Х1ун ду тутмакхан сагатдийриг? Гадаев М.-С. «Ирча суьрташ» дийцар т1ера божал долчу гулбинчу нахе партии, правительствон сацам д1акхайкхорах лаьцна болу хилам къастош д1абеша. Воккхачу стага шега дина дехар кхочуш х1унда дира гуьржийн инарло? «Дохк» повесть т!ера кийсак къастош д1аеша. Х1унда ю и меттиг сингаттаме, кхераме, дег1е зуз доуьйтуш? Къастош д1аеша «Берзан бекхам» стихотворени т!ера 5 строфа. Х1ун бахьана ду борз синтем байна хьийзаран? г1а соцунг!а. Текстах кхеташ хилар, иза юхасхъайийца хаар таллар. Турпалаллин иллин чулацам схьабийца. Турпалхойн муьлха амалш хестайо цу т1ехь. Дийца, муха хилира Идрисов Абухьаьжех иччархо. Иччархо хила муьлха амалш хила еза стагехь? «Болат-г1ала йожар» повесть т1ерачу турпалхочун Лечин дахарх, кхолламах лаций дийца. Х1ун лаам бара цуьнан? Окуев Шимин «Мацалла» декъа т1ера юьртсоветан майдана гулбеллачу нахе Жангирин Жаьмбига, 1алсолтас, моллас Шемила а дина къамел шайн дешнашца схьадийца. Церан къамел цхьаьна х1унда ца дог1у? Х1ун кхерамаш туьйсу хиндолчух лаьцна моллас Шемила? Шайхиев I. «Чаг1о» легендин чулацам шайн дешнашца схьабийца. Х1ун маь1на ду цуьнан? Шайн дешнашца «Генарчу денойн туьйра» дийцаран чулацам схьабийца? Шена т1ехь долу декхар шен хенна кхочуш х!унда ца даделира Асхьабе? г1а соцунг1а. Монологически къамел дан хаар таллар. Дийца, Сайлахас Жерочун к1анте шена накъосталла динарг и хилар муха бакъдира? Илли т1ехь турпалхойн муьлха амалш билгалъ- яьхна халкъо? «Болат-г1ала йожар» повестехь буьйцучу талорхойн дахарх лаций дийца. Яздархочо церан амалшкахь емалдийриг х1ун ду? Идрисов Абухьаьжин б1ахаллин хьунарех лаций дийца. Х1ун дара цунна цу кепара хьуьнарш гайта ницкъбелларг? «Напсат» дийцар Нера коьртачу турпалхочух лаций дийца. Х1ун дара иза халкъ ц1а доНучу хенахь ша йинчу махка ц1а а ца йог1уш, Казахстанехь 1ен йитинарг? «Мух1ажарш» декъа Нера бухабуьсучу а, махкахбовлучу а кегийчу нехан д1асакъастарх лаций дийца. Х1унда ду и д1асакъастар иштта дега1ийжаме? Церан вовшашца йолу юкъаметтигаш таханлерчу кегийчу нехан юкъаметтигашца йог1ий? «Болат-г1ала» повесть Нехь вуьйцучу Коьрин йийсар винчура к1елхьарвалар муха нисделира дийца. Х1ун проблема ю повесть Нехь яздархочо юьйцург? г1а соцунг1а. Еишачух кхеташ, дагахь еша хууш хилар таллар. Дагахь д1адеша «Сай» халкъан илли. Х1ун ойла кхоллайолуьйту цо? Дагахь д1аеша Сулейманов Ахьмадан «Шуьнехь дош» стихотворени. Х1ун ойланаш, синхаамаш билгала бу цуьнан поэзина? 1аламах лаьцна йолу Гацаев Саь1идан «Дарц» стихотворени дагахь д1аеша. Лирически турпалхочун муьлха синхаамаш хаало цу Нехь? Дагахь д1аеша Мамакаев Мохьмадан «Даймехкан косташ» стихотворени. Х1ун декхарш дохку вайна хьалха стихотворении моНанаша? Дикаев Мохьмадан «Нохчо ву со» стихотворени дагахь д!аеша. Х1ун башхалла ю цуьнан поэзин? Дагахь д1аеша Кибиев Мусбекан «Дош» стихотворени? Адаман цхьана амалх лаьцна цу Нехь дуьйцуш хилар бакъде. г/а соцунг!а. Теоретико-литературни кхетамаш карабирзина хилар таллар. Халкъан илли бохург х1ун ду? Даладе масалш. Х1ун ю турпалаллин иллин коьрта башхаллаш? Даладе масалш. Литературин турпалхо, лирически турпалхо боху кхетамаш муха къаьста вовшех? Х1ун башхалла ю эпически а, лирически а кхетамашна юккъехь? Даладе масалш. Х1ун ду литературин символ бохург? Даладе масалш. Литературин портрето исбаьхьаллин произведенехь х1ун Нуллакх кхочушдо? г1а соцунг!а. Проблемам хаттарна йозанехь жоп далар. «Мила лара мегар ду исбаьхьаллин произведении турпалхо? Дешархоша д1адоьшу шаьш яздинарг. г/а соцунг1а. Викторина. Къовсам. Дешархоша шаьш х1оттийна йолчу я книги Нерачу викторинин хаттаршна жоьпаш далар. Урокан жам1. Литературин ловзаран жам1аш дар, тоьлларш совНаташца билгал- бахар, аьхка ц1ахь еша билгалйинчу книгийн список ялар. Ц1ахь кхочушдан дезарг. Аьхка еша билгалйина исбаьхьаллин произведенеш ешар. |