Главная страница
Навигация по странице:

  • Хьехархочун дош.

  • 1аматца болх бар.

  • «Ч1аг1о» поэма къастош ешар.

  • Хаттаршца доьзна къамел дар.

  • Ц1ахь кхочушдан дезарг.

  • г1а урок. Шайхиев 1алвади. «Ч1аг1о»

  • Урок д1аяхьар Щахь бина болх таллар.

  • Поэмин исбаьхьаллин башхаллаш къастор.

  • Пиллакх-оьздангаллин хаттарш дийцаре дар.

  • Рефлекси. Щахь кхочушдан дезарг.

  • Урок д1аяхьар Хьехархочун дош.

  • Кхоллараллин болх язбар. Щахь кхочушдан дезарг.

  • г1а урок. Яшуркаев Султан. «Напсат»

  • Урок д1аяхьар Хьехархочун дош.

  • «Напсат» дийцар къастош дешар.

  • Рефлекси. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

  • Урок д1аяхьар Ц1ахь бина болх таллар.

  • Дийцаран исбаьхьаллин башхаллаш къастор.

  • Практически болх.

  • 7 класс НЛ гот. Урок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш


    Скачать 186.89 Kb.
    НазваниеУрок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш
    Дата14.04.2022
    Размер186.89 Kb.
    Формат файлаdocx
    Имя файла7 класс НЛ гот.docx
    ТипУрок
    #472543
    страница14 из 16
    1   ...   8   9   10   11   12   13   14   15   16

    Урок д1аяхьар

    1. Ц1ахь бина болх таллар.

    • Стенах дозалла до стихотворении лирически турпалхочо?

    • Муха билгалболу стихотворенехь поэтан Даймахке болу безам?

    • Мила ву лирически турпалхочо, къа ца хеташ, шех дТахервеш верг?

    • Муха хила веза, боху поэто, хьешаца а, мостаНчуьнца а? Схьа- лахий, д1адеша и мог1анаш.

    • Муха яздо поэто къаьмнийн доттаНаллех лаьцна?

    • Даймохк, халкъ, маршо мел герга ду поэтана? Шаьш дуьйцург т1еч1аг1деш, масалш даладе стихотворени Нера.

    • Х1ун ойла кхоллало шун стихотворени ешча?

    • Шуна хетарехь, муха хила веза вуьззина к1ант, оьзда йо1? Мила лара мегар ду вуьззина нохчо?

    • Дикаев Мохьмадан стихийн исбаьхьалла нохчийн халкъан по- эзица йозаелла хилар муха билгалдолу стихотворенехь?

    • Лирически турпалхочо нохчичух дозалла дар муха билгалдолу стихотворенехь? Текста Нера масалш даладе.

    • Дийца, муха кхета шу кху моНанех:

    ... Нохчо ву со,

    Сайн ден дакъа, ц1е-к1ур доцуш

    ца дисийта, юкъ йихкина...»

    • Мотт, Даймохк цхьаьнабузу поэто. Дийца, х1ун маь1на ду цуьнан.

    • Нохчи ву ша алар а цу хенахь 1едало къобалдеш дацара. Ткъа Дикаевс шен поэзехь нохчаллех лаьцна дукха дуьйцу. Дийца, х1ун ала Нерта поэт цуьнца.

    • Шаьш нохчий хиларан дозалла деш меттиг еаний шун дахарехь?

    1. Хьехархочун дош.

    Поэт, прозаик, публицист Шайхиев 1алвади а веана нохчийн ли­тературе XX б1ешеран 1960-г1а шераш дуьйлалуш. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза нохчийн литературехь къахьоьгуш волу. Оцу хенахь дукха дан кхиъна иза кхоллараллин декъехь. 17 книга зорбанехь араяьлла цуьнан. «Безаман декхар» 1алвадин коьрта книга ларало. Цу юкъа яхна поэтан ерриг бохург санна кхолларалла: цхьа б1е езткъе шиъ стихотворени, барх1 поэма, берашна лерина ши туьйра, очерк, эссе, «Кхаж» романан дакъош, диъ дийцар, нохчийн ворх1 яздархочух лаьцна дагалецамаш.

    Шайхиев 1алвадин поэзи ойла йойтуш, шена т1е тидам бохуьйтуш ю: Даймохк, нана; дахаран чолхенаш, адамийн кхолламаш; доттаНалла, безам; г1иллакх-оьздангалла, ямартло, жоьпалла; мехкан 1алам лардан дезар - иштта шуьйра бу цуьнан лирикин, эпически поэзин чулацам.

    1. 1аматца болх бар.

    Шайхиев 1алвадин дахарх, кхоллараллех лаьцна статья ешар, йийцаре яр.

    1. - Маца, мичахь вина Шайхиев 1алвади?

    • Кхечу нохчийн яздархойн бераллех тера хиллий 1алвадин бералла, кхоллам?

    • Шайхиев 1алвадин поэтически кхоллараллехь маь1не хилла д1ах1оьттина шо муьлханиг ду? (1964-г1а шо. Оцу шарахь хилла къо­начу яздархойн семинар-совещани. Шайхиевс д1аешначу стихийн лаккхара мах хадийна Мамакаев Мохьмада, Ахматова Раисас. Цул т1аьхьа «Орга» альманахехь Мамакаев Мохьмадан дешхьалхенца зорба тоьхна 1алвадин стихаш.)

    • Маца волавелла иза стихаш язъян а, муьлхачу шарахь араяьлла цуьнан дуьххьарлера книга?

    • Х1ун ду поэтана хьоме, деза а?

    • Цуьнан кхоллараллехь муьлха теманаш ю коьрта?

    1. Таблица х1оттае яздархочун кхоллараллех лаций.

    1. «Ч1аг1о» поэма къастош ешар.

    Дешнаш Нехь болх бар:

    пхьоьха - юьрта юккъе цхьацца х1ума дийцаре дан гуллуш болу нах;

    расха дин - говран ал бос.

    1. Хаттаршца доьзна къамел дар.

    • Муха хийти шуна поэма, х1ун ойла кхоллаялийти цо шун дег- нашкахь?

    • Новкъавала кечвеллачу шен к1анте: «Хьан цигахь ч1аг1о юй?» - бохуш, х1унда хоьттуш хилла дас?

    • К1анта муха т1елоцура дас шега бохург?

    • Шен нене х1ун аьлла вистхилира дог доьхна к1ант?

    • К1антана жоп ца луш, дехьа чу х1унда елира нана?

    • Х1унда ву к1ант кхоьлина, самукъа ца долуш? Х1ун ду цуьнан сагатдийриг? Схьа а лахий, д1адеша стихотворени т1ера и т1еч1аг1деш долу мог1анаш.

    • Х1ун хьехар дира нанас дог доьхна 1аш волчу шен к1антана? Схьа а лахий, д1аеша и кийсак.

    • «Сихалло къаьхьа стом белла» дешнийн маь1на де. Халкъан муьлхачу кицанах терадог1уш ду уьш?

    • Юантана шен доттаг1 волчу ваха дас пурба даларан бахьанех лаций дийца. Х1ун совг1ат делира дас к1ентан доттаг1чунна? Х1унда лууш хилла цунна и совг1ат дан?

    • Х1ун ю, боху поэто, бакьйолу ч1аг1о? Схьалаха и мог1анаш, д1адеша.

    • Шун дахарехь нисъеллий делла дош кхочушцадеш меттиг?

    • Дас-нанас аьлларг муха кхочушдо аша, аьлларг кхочушцадеш меттиг йог1ий? Х1унда?

    • Доттаг1аллех лаьцна долу халкъан кицанаш хаьий шуна?

    1. Белхан тетрадь, 1, 2, 6, 7-г1ий т1едахкарш.

    1. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. Поэма къастош еша хаар.

    2.1амат т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш кечдар.

    1. Белхан тетрадь, 8, 9, 10-г1ий т1едахкарш.

    1. г1а урок. Шайхиев 1алвади. «Ч1аг1о»

    Галашонаш: поэмин идейно-исбаьхьаллин башхаллаш къастор; текст талла хаар шардар.

    Хьехаран кепаш: хьехархочун дош; текстана анализ яран кепаш.

    Урок д1аяхьар

    1. Щахь бина болх таллар.

    • Новкъавала кечвеллачу шен к1анте: «Хьан цигахь ч1аг1о юй?» - бохуш, х1унда хоьттуш хилла дас?

    • К1анта муха т1елоцура дас шега бохург?

    • Шен нене х1ун аьлла вистхилира дог доьхна к1ант?

    • К1антана жоп ца луш, дехьа чу х1унда елира нана?

    • Х1унда ву к1ант кхоьлина, самукъа ца долуш? Х1ун ду цуьнан сагатдийриг?

    • Дог доьхна 1аш волчу шен к1антана х1ун хьехар дира нанас?

    • «Сихалло къаьхьа стом белла» дешнийн маь1на де. Халкъан муьлхачу кицанах тера дог1уш ду уьш?

    • Юантана шен доттаг1 волчу ваха дас пурба даларан бахьанех лаций дийца. Х1ун совг1ат делира дас к!ентан доттаг1чунна? Х1унда лууш хилла цунна и совг!ат дан?

    • Х1ун ю, боху поэто, бакъйолу ч1аг1о?

    • Шун дахарехь нисъеллий делла дош кхочушцадеш меттиг?

    • Дас-нанас аьлларг муха кхочушдо аша, аьлларг кхочушцадеш меттиг йог!ий? Х1унда?

    • ДоттагГаллех лаьцна долу муьлха кицанаш хаьа шуна?

    1. Поэмин исбаьхьаллин башхаллаш къастор.

    • Литературе шеца керланиг деара романтизмо, керла жанраш а. Поэтийн-романтикийн коьрта жанраш хилла д1ах!иттира поэма, элеги, баллада.

    • Xlapa произведени поэма лара мегар дуй? Дагалаца, поэмин жанран х1ун билгалонаш хуьлу.

    • Муьлхачу авторийн муьлха поэмаш ешна аша?

    • Дийца, х1ун ду кху поэми т1ехь романтизмаца дог1ург.

    • Поэмин чулацаме хьаьжжина муьлхачу дакъошка йоькъур яра аша иза? Поэмин кульминаци муьлхачу дешнашкахь ю?

    • Муха билгалйовлу поэмехь поэмин персонажийн амалш? Х1ун мах хадор бара аша поэмин коьртачу турпалхойн?

    • Схьалаха поэмехь юх-юха далийна дешнаш. Дийца, мича 1алашонца далийна поэто и юх-юха аларш.

    • Поэмехь дилогаш ю. Х1ун Нуллакх кхочушдо цара произведенехь?

    • Поэмин халкъан барта кхоллараллица йолу уьйр бакъе. Текста т!ера масалш даладе.

    • - Меттан суртх1отторан исбаьхьаллин г1ирсаш схьалаха. Таблица хьалаюза:

    Меттан исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсаш

    Масалш

    Эпитеташ




    Метафорш




    Дустарш




    Олицетворенеш




    Гиперболаш




    Юх-юха аларш




    Антитезаш




    Анафораш




    - Х1окху дешнийн маь1наш даста:

    «.. .Баьсте ю лаьмнашкахь соьналла юцуш...»;

    «Нехачул ледара Бац расха сан,

    Бергашца цо суйнаш огу».

    1. Пиллакх-оьздангаллин хаттарш дийцаре дар.

    1. Дега, нене, йишега ца юьйцу къайле доттаг1чух тешайо вай. Дийца, стенца доьзна ду и ламаст. Вайн г1иллакхашца дог1ий иза?

    2. Дас тойнан баьрче хааво к1ентан доттаг1, иза х1инца а къона велахь а. Баккхийчарал хьалха а ваьккхина жимха баьрче хаор вайн г1иллакхашца дог1уш дуй?

    3. Муьлха синъоьздангаллин мехаллаш къобалйо шен поэмехь авторо?

    4. Белхан тетрадь, 3, 4, 5-г1ий т1едахкарш.

    1. Рефлекси.

    2. Щахь кхочушдан дезарг.

    Сочиненина кечам бар.

    1. г1а урок. «Мила лору аса бакъволу доттаг1» темина сочинени Талашонаш: ешначух я девзинчух лаьцна йозанан болх язбан хаар таллар; шен ойла йозане ерзо хаар, дешархойн кхоллараллин хьуьнарш кхиор.

    Хьехаран кепаш: хьехархочун дош, кхоллараллин болх язбар.

    Урок д1аяхьар

    1. Хьехархочун дош.

    Шаьш ешначу произведении буха т1ехь я дахарехь девзинчух лаьцна сочинени язъян еза аша тахана урокехь. Коьртаниг - тоыналлаш а далош, сочинении тема схьаястар ду.

    1. Кхоллараллин болх язбар.

    2. Щахь кхочушдан дезарг.

    Яшуркаев Султанан биографи ешар.

    1. г1а урок. Яшуркаев Султан. «Напсат»

    1алашонаш: яздархочун дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш балар; произведении идей билгалъяккхар; дийцаран турпалхочух доглазар кхиор, адамащца къинхетаме хила 1амор.

    Хьехаран кепаш: хьехархочун дош; комментари еш къастош ешар; хаттаршца доьзна къамел дар.

    Урок д1аяхьар

    1. Хьехархочун дош.

    Тахана урокехь вай яздархочух Яшуркаев Султанах, цуьнан «Нап­сат» дийцарх лаьцна дуьйцур ду.

    Поэт, прозаик, публицист Яшуркаев Султан дика вевза вайн мах­кахь. Кхечу нохчийн яздархойх башха къаьсташ бац цуьнан кхоллам: бер долуш махкахваккхар, хийрачу махкахь лайна халонаш, ц!аверзар, дешар, тайп-тайпанчу меттигашкахь белхаш бар. Веданан к1ошта чу йог1учу Хорачахь вина иза. Стихаш язъян волавелла школехь доьшуш волуш. Къаьсттана дукха поэзехь къахьега волавелла иза къоначу литераторийн «Пхьармат» цхьаьнакхетараллин декъашхо ша хилча. «Седарчийн буьртигаш» цуьнан дуьххьарлера поэтически книга араяьлла 1988-чу шарахь. Цул т1аьхьа арайийлла Яшуркаевн кхин а поэмийн, дийцарийн книгаш. Ешархоша къаьсттана дика т1еэцна цуьнан «Маьрк1аж-бодан т1ехь к1айн хьоькх» повесть, ткъа иштта «Напсат» дийцар а. Яздархочун кхоллараллехь к1езиг яц халкъо ц1ера даьккхинчу хенахь лайначу баланех, халонех лаьцна произведенеш.

    Иза цуьнан бералла хилла, ша лайнарг дика девза цунна. Вай доьшу долу дийцар а ду мацалло, шелоно холчух1оттийнчу нохчийн халкъах, цо лайначу баланех, ц1а дерза сатесна иза хиларх а лаьцна. Напсат цхьа пекъар ю, шен дагахь Даймахка ц1аян боккха сатийсам латтош йолу. Оцу сатийсамо кхетамах йоккху иза.

    1. «Напсат» дийцар къастош дешар.

    Текстана комментари.

    1. Махкахбаьхна балочу нохчех лаьцна цигахь бехачу казахашна, оьрсашна юкьахь эладитане хабарш даржийна хилла 1едалан белха- лоша, нохчий, хье Нехь ма1аш а йолуш, адамаш дууш акха адамаш ду бохуш.

    2. Дийцар Нехь хьахийна Дикалу, Асланбек, Папур - уьш Николай Гикало, Асланбек Шерипов, Папур Ахриев ву.

    3. 1956-чу шарахь Нохчийн республика меттах1оттийнчул Наьхьа нохчашна шайн Даймахка ц1аберза бакъо елира. Амма уьш шайн ц1аберзор деа шера чохь кхочушдан дагахь дара Советан 1едал. Цунде­ла, вагонаш, локомативаш тоьуш яц бохуш, цхьацца халонаш кхуллура ц1ехьа Ноьртинчу нохчашна 1едалан векалша.

    1. Хаттаршца доьзна къамел дар.

    1. - Х1ун ойланаш, синхаамаш кхоллабалийти шун Яшуркаев Султанан «Напсат» дийцаро?

    • Муьлха исторически хиламаш бу дийцаран бухехь берш?

    • Халкъо ша ц1ерадаккхар муха Нелоцу? Нохчийн литературин муьлхачу произведенешкахь ю нохчийн ц1ерабахарх лаьцна тема?

    • Мила ю Напсат? Муха ду цуьнан куц-кеп? Барта х1оттаде цуьнан васт.

    • Х1ун бахьана ду йоккха стаг Напсат халхайийларан?

    • Муха хилла Напсатан дахар вайн халкъ махкахдаккхале?

    • Сталинан хьадалчаша нохчех лаьцна х1ун тайпа хабарш даржийна хиллера Казахстанехь дехаш долчу адамашна юккъехь?

    • Х1ун сурт дара Кавказера бохийна балийнчу «обаргашка» хьажа арадаьллачу адамна гинарг?

    • Х1ун тайпа баланаш ловш, х1ун 1азап хьоьгуш текхира ша йоккху хан Напсата Казахстанан аренашкахь?

    • Х1ун бахьана ду Напсат адамех къехкаран? Цара муха Нелоцу цо лелош дерг?

    • Стен гойту махкахдаьккхина вайн халкъ ц1адерза лууш хилар? Даладе масалш.

    • Халкъан бохамна Нехь а са йоккхучу нехан х1ун мах хадабо мух1ажарша?

    • Х1ун бахьана ду шен халкъаца ц1а ян сатесна йолу йоккха стаг Напсат Казахстанехь йисаран?

    • Х1ун ала Нерта яздархо шен дийцарца а, Напсатан вастаца а? Муха ду х1окху дийцаран коьрта маь1на?

    1. Белхан тетрадь, 3-6-г1ий Недахкарш.

    1. Рефлекси.

    2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    Текст къастош еша хаар.

    1амат Нехь долчу хаттаршна жоьпаш кечдар.

    Белхан тетрадь, 1, 2-г1ий Недахкарш.

    1. г1а урок. Яшуркаев Султан. «Напсат»

    1алашонаш: дийцаран идейно-исбаьхьаллин аНонаш билгалъяхар; Напсатан васт къастор; Ниллакх-оьздангаллин хаттарш дийцаре дар.

    Хьехаран кепаш: текст талларан кепаш; практически болх; коьр- тачу турпалхочунна характеристика ялар;

    Урок д1аяхьар

    1. Ц1ахь бина болх таллар.

    • Муьлха исторически хиламаш бу дийцаран бухехь берш?

    • Халкъо ша ц!ерадаккхар муха Нелоцу? Нохчийн литературин муьлхачу произведенешкахь ю нохчийн ц1ерабахарх лаьцна тема?

    • Мила ю Напсат? Муха ду цуьнан куц-кеп? Барта х1оттаде цуьнан васт.

    • Х1ун бахьана ду йоккха стаг Напсат халхайийларан?

    • Муха хилла Напсатан дахар вайн халкъ махкахдаккхале?

    • Сталинан хьадалчаша нохчех лаьцна х1ун тайпа хабарш даржийна хиллера Казахстанехь дехаш долчу адамашна юккъехь?

    • Х1ун сурт дара Кавказера бохийна балийнчу «обаргашка» хьажа арадаьллачу адамна гинарг?

    • Х1ун тайпа баланаш ловш, х1ун 1азап хьоьгуш текхира ша йоккху хан Напсата Казахстанан аренашкахь?

    • Х1ун бахьана ду Напсат адамех къехкаран? Цара муха Нелоцу цо лелош дерг?

    • Стен гойту махкахдаьккхина вайн халкъ ц1адерза лууш хилар? Даладе масалш.

    • Халкъан бохамна Нехь а са йоккхучу нехан х1ун мах хадабо мух1ажарша?

    • Х1ун бахьана ду шен халкъаца ц1а ян сатесна йолу йоккха стаг Напсат Казахстанехь йисаран?

    • Х1ун ала Нерта яздархо шен дийцарца а, Напсатан вастаца а? Муха ду х1окху дийцаран коьрта маь1на?

    1. Дийцаран исбаьхьаллин башхаллаш къастор.

    • Дийцар хьенан ц1арх д1ахьош ду?

    • Дийцаран долорехь, дерзорехь Напсат халхар деш ю. Дийца, х1ун маь1на ду цуьнан. Маца до адамо халхар?

    • Схьалаха текстехь Напсат пекъар хилар чаг1деш йолу билгало­наш (деталаш).

    • Дийцаран драматически хиламаш диалогашкахь билгалбовлу, цара йосту дийцаран коьрта тема а. Гайта иза билггалчу масалш Нехь.

    • Муьлха символически маь1на доллу Напсатан вастехь?

    • Ойла е, х1ун лара мегар ду дийцаран хилам кхиаран уггар ира меттиг (кульминаци) - уполномоченнина дала ахча лахьор я Напсата вокзалехь ден халхар.

    • Х1ун ю дийцаран коьрта тема? Х1ун ала Нерта шен дийцарца яздархо?

    1. Практически болх.
    1   ...   8   9   10   11   12   13   14   15   16


    написать администратору сайта