Главная страница
Навигация по странице:

  • Урок д1аяхьар Щахь бина болх таллар.

  • Текстан шолг!а дакъа къастош дешар.

  • Хаттаршца доьзна къамел дар.

  • Пиллакх-оьздангаллех лаьцна дийцар.

  • Ц1ахь кхочушдан дезарг.

  • г1а урок. Окуев Шнма. «Мацалла». («Т1аьххьара верас» роман т1ера дакъа)

  • Урок д1аяхьар Ц1ахь бина болх таллар.

  • Текстана анализ яр.

  • Дешархоша бовзуьйту шаын кечбина хаамаш.

  • Хьехархочо жам! до дешархоша дийцинчун, цара бинчубелхан. Щахь кхочушдан дезарг.

  • г1а урок. Гацаев Саь1ид. «Дарц»

  • Урок д!аихьар Хьехархочун дош.

  • Хьехархочун комментари.

  • «Дарц» стихотворени къастош ешар, цунна анализ яр.

  • Стихотворении исбаьхьаллин башхаллаш къастор.

  • Рефлекси. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

  • г1а урок. Эпически а, лирически а долчух лаьцна

  • «Эпически а, лирически а долчух лаьцна» статья ешар.

  • Тобанашца болх бар.

  • Урокан жам1 дар.

  • 7 класс НЛ гот. Урок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш


    Скачать 186.89 Kb.
    НазваниеУрок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш
    Дата14.04.2022
    Размер186.89 Kb.
    Формат файлаdocx
    Имя файла7 класс НЛ гот.docx
    ТипУрок
    #472543
    страница12 из 16
    1   ...   8   9   10   11   12   13   14   15   16

    («Иаьххьара верас» роман т1ера дакъа)

    1алашонаш: произведении идейх кхетор, дешархошкахь къинхе­там, г1олацар, доглазар кхиор.

    Хьехаран кепаш: къастош ешар; хаттаршца доьзна къамел дар; текстана анализ яран кепаш.

    Урок д1аяхьар

    1. Щахь бина болх таллар.

    • Х1ун зама ю романан декъа т1ехь юьйцург?

    • Стенна кечамаш беш бу ламанхой?

    • Муха ду Шуьйтахь, цунна гонд1арчу ярташкахь х1оьттина хьал?

    • Х1ун аьлла вистхилира Жаьмбиг Шуьйтахь гулбеллачу нахе?

    • Адам карзахдаьккхинарг мила лору молла Шемила? Муьлханаш ю боху цо тГаьхьарчу заманан билгалонаш?

    • Майданахь гулбеллачу нахана хьалха Жаьмбига билгалбаьккхина ши некъ муьлханиш бу?

    • Тайп-тайпана х1унда нисделира ламанхошна юкъахь латтанаш ахар, уьш д1адер?

    • Х1ун зенаш хилира ламанхошна йокъа х1оттар бахьана долуш? Цунна бехке мила лорура цара?

    • Мацалло б1арзбина Россера, Украинера бевдда баьхкина нах т1е муха ийцира шотоша а, кхечу наха а?

    • Т1ебаьхкинчу нехан г1айг1а бар муха кхочушдора 1едалан векалша а, латта декъаран комиссии декъашхоша а?

    1. Текстан шолг!а дакъа къастош дешар.

    (Хьехархочо ша я хьалххе кечбинчу дешархоша доыпу.)

    Дешнаш т1ехь болх бар:

    напг1а - кхузахь: юург;

    берзина б1о - Деникин коьртехь волчу эскарша ц1еэскархой бо- хийначул т1аьхьа, Шуьйтахь ламанхоша т1е а эцна, т1едухург делла, юург латтош, дола дина церан. Гикалос буьйцург и б1о бу. Нохчаша Гикалон ц1е Дикалу олий йоккхура.

    1. Хаттаршца доьзна къамел дар.

    • Х1ун ойланаш еш вара Жаьмбиггий, Галсолтий мацаллех бевдда тГебаьхкинчу нехан хьокъехь?

    • Мича 1алашонца веара Шуьйта-г1али чу Николай Гикало?

    • Х1ун элира Гикалос гуламе баьхкинчу нахе?

    • Гикалос динчу дехарна жоп муха делира Ибин Мохьмада?

    • Х1ун сацам бира гуламе баьхкинчу наха?

    • Х1ун къамел дира Жангирин Жаьмбига продотрядийн команди- рашна, церан бГахошна хьалха?

    Тобанагица болх бар.

    1. Романан декъан турпалхоша Жаьмбига, 1алсолтас, Шемила, Гикалос, Ибин Мохьмада адамашна хьалха динчу къамелашна юкъахь шуна герга дерг муьлханиг ду? Х1унда? Х1ун гучудолу оцу диалогаш- кахь? Х1ун г1уллакх кхочушдо цара персонажийн амалш йовзийтарехь, произведении тема ястарехь?

    2. «Мацалла» декъо цхьаьнатуху тайп-тайпана персонажаш, рома­нан кийсакаш. И башхалла декъан д1ах1оттамехь билгалъяьллий шуна хетарехь? Муьлхачу темано цхьаьнатуху и дакъош?

    3. Эпически произведенехь дийцархо цхьана кепара билгал ца волуш ца 1а: я генара хьоьжу иза хуьлучуьнга, я жигара дакъалоцу хиламашкахь, церан мах а хадош. Кху декъа т1ехь мила ву дийцархо? Х1ун эр дара аша цунах лаьцна?

    4. Шуна хетарехь, шайна хьалхах1оттийна декхар кхочушдийр дуй ялта эца а, деха а боьлхучара?

    5. Тидам бе предложенийн синтаксически д1ах1оттаман. Текстан муьлхха а цхьа дакъа талла, кху хаттаршна жоп дала а хьовсуш:

    а) чолхечу предложенийн муьлхачу тайпанех алсам пайда эцна яздархочо;

    б) муьлха шакъаьстина меженаш, карчамаш бу текстехь?

    1. Эпически произведенехь дийцархо цхьана кепара билгал ца волуш ца 1а: я генара хьоьжу иза хуьлучуьнга, я жигара дакъалоцу хиламашкахь, церан мах а хадош. Кху декъа т1ехь мила ву дийцархо? Х1ун эр дара аша цунах лаьцна?

    1. Пиллакх-оьздангаллех лаьцна дийцар.

    1. Вайн къоман оьздангаллехь йоккха меттиг дГалоцу къинхетамо. Адамашца, гонаха мел долчу садолчу х1уманца къинхетаме хилар сте­ган уггар хьалхара декхар ду. Адамашца болу къинхетам вайн къоман юкъараллехь гучуболуш хилла боберашца, жоьра бисначу зударшца, ваша воцчу йишица, во1 воцчу деца, къеначу нахаца болчу лерамца. «Шу вовшашца къинхетаме хилахь, Ша шуьца къинхетаме хир ву», - боху Дала Шен сийлахьчу Къуръан чохь.

    Йокъа а хилла, шайна а яа сискал йоцчу ламанхоша т1еоьцу ма- цаллех бевдда баьхкина украинцаш, оьрсий. Муха ду, шуна хетарехь, цара динарг?

    1. Молла ву бохучу Шемила шен къамелехь ийманал иблис туьй- ли, дайн г1иллакхаш талхийна боху. Х1инцалерчу заманахь дайн г1иллакхаш талхийна муьлха меттигаш евза шуна?

    2. Белхан тетрадь, 5, 7-г1ий т1едахкарш.

    1. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. Текст къастош еша хаар.

    2.1амат т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш кечдар.

    1. Белхан тетрадь, 4, 6, 8-г1ий т1едахкарш.

    1. г1а урок. Окуев Шнма. «Мацалла».

    («Т1аьххьара верас» роман т1ера дакъа)

    1алашонаш: произведении идейно-исбаьхьаллин аг1онаш бил­галъяхар, меттан башхаллаш къастор.

    Хьехаран кепаш: хьехархочун дош; текстана анализ яр.

    Урок д1аяхьар

    1. Ц1ахь бина болх таллар.

    • Х1ун зама ю романан декъа т1ехь юьйцург, муьлш бу цуьнан турпалхой?

    • Стенна саготта ву Жаьмбиг а, 1алсолта а? Цушиммо вовшашка дина къамел схьа а лахий, яххьашца д1адеша.

    • Даладе декъа т1ехь юьйцу зама чолхе, карзахе зама хилар ч1аг1деш долу бакъдерш.

    • Шуьйтахь гулбеллачу нахана хьалха Жаьмбига а, 1алсолтас а динчу къамелах лаций дийца. Х1ун дара мискачу нехан сагатдийриг?

    • Муха дара советан 1едал т1едеанчул т1аьхьа ламанан ярташкахь кхолладелла социальни дахар? Муха дара оцу 1едалан бахархошна латтанаш декъаран хьелаш?

    • Адам хьере дина, карзахдаьккхина хьийзош верг мила лору мол­ла Шемила? Т1аьхьарчу заманан билгалонаш муьлханиш ю боху цо?

    • Стенца доьзна дара ламанан бахархоша латтанаш ахар, ялташ д1адер тайп-тайпана хилар?

    • Х1ун зенаш хилира ламанхошна йокъа xlorrap бахьана долуш? Мила вара цунна бехке, царна хетарехь?

    • Мацалло б1арзбина Россера, Украинера баьхкина нах муха т1еийцира шотоша а, кхечу наха а?

    • Х1ун сацам бира гуламо мацаллин балех нах к!елхьарбаха?

    • Мацалла ловш болчу нахана ялта деха, эца ламанан ярташка боьлхучу продотрядан командирашка х1ун хьсхар дира Жаьмбига?

    • Х1ун ю произведении тема а, идей а?

    1. Текстана анализ яр.

    1. 1амат т1ера «Мацалла» дийцарх лаьцна» текст ешар, йийцаре яр.

    • Муха дара Октябрьски революци хиллачул т1аьхьа ламанан яр- ташца нисделла социальни хьал?

    • Муьлш бу романан декъан коьрта турпалхой?

    • Муха стаг лору аша Жангирин Жаьмбиг?

    • Муха билгалбовлу персонажийн г1иллакх-амалш, хьежамаш?

    • Молла Шемалан вастех лаций дийца. Х1ун ду шуна цуьнан ама- лехь товш дерг, доцург?

    • Х1ун эр дара аша Жангирин Жаьмбиган накъостех лаьцна? Мича кепара гайтина уьш романан декъа т1ехь?

    • Хала киртиг т1ех1оьттича, халкъан дика амалш билгалйовлу. Нохчийн муьлха амалш билгалъевлира цу хенахь?

    • Мацалла боху дош дукхазза далийна авторо. Х1ун гойту цо?

    • Пейзажах лаьцна к1езиг дицийна авторо, ткъа иштта кхоийна исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсаш а. Х1ун бахьана ду цуьнан?

    • Романан декъан юьхь, кульминаци, дерзор къастаде.

    • Т1аьхьарчу хенахь вайн махкахь хиллачуьнца дуста романан декъа т1ехь дуьйцург. Х1ун ду церан цхьаьнадог1ург, къаьстарг?

    1. Белхан тетрадь, 9, 10-г1ий Недахкарш.

    1. Рефлекси.

    2. Урокан жам1 дар.

    Окуев Шимин романан декъа т1ехь гайтина XX б1ешеран 1920-чу шерашкахь ламанхойн ярташкахь кхолладелла хьал. Цигахь кхол­ладелла хьал массо Нохчийчохь дара ала мегар ду. Хала а, чолхе а зама яра иза. Советан 1едал дика ч1аг1деллла а дац. И дохо г1ерташ, г1аттамаш а бу беш вайн махкахь. Цу хенахь имамаш бовлуш метти- гаш дукха нислора. Уьш а дукхахьолахь суьйлий хуьлура. Царах вара Нажмуддин Гоцинский а, Узум-хьаьжа а. Оцу доьхначу хьолат1е, йокъа а хГоьттина, ялташ х1аллакьхилла, мацалла х1оьттира. Мацаллех ца бала Кавказе хьалаг1оьртира Россера, Украинера бахархой. Нохчаша уьш тГеийцира, хьешан г1иллакх лардеш. И хилларг дагадог1учара тахана а баркалла олу нохчашна.

    1. Щахь кхочушдан дезарг.

    «Къаьмнийн доттаг1алла» проектана кечам бар.

    1. г1а урок. «Къаьмнийн доттаг1алла» темина проект

    1алашо: билгалйинчу темина хаамаш гулбан, уьш цхьана кепа тоха, юха уьш бовзийта хаа 1амор.

    Хьехаран некъаш: хьехархочун дош, дешархойн хаамаш, жам1 дар.

    Урок д1аяхьар

    1. Хьехархочун дош.

    Тахана вай къаьмнех лаьцна дуьйцур ду. Вайн махкахь а, вайна
    лулахь а дехаш дукха къаьмнаш ду. Царах цхьадолу къаьмнаш таха-
    на вайна довзуьйтур ду дешархоша. Цхьадерш Нохчийчохь а деха:
    г1умкий, г1езалой, ног1ий, суьйлий, ткъа вуьйш вайн лулахь деха:
    х1ирий, г1ебартой, балкхарцаш, кхарачой. Оцу къаьмнех лаьцна хаамаш
    кечбина вайна дешархоша. Уьш кху кепара бу: муьлш бу уьш, мичахь
    баьхна, муха ю церан культура, литература, х1ун г1иллакхаш ду вайн
    г1иллакхашца дог1уш, къаьсташ. Xlopa тобано цхьана къомах лоций
    дуьйцу: истори, культура, литература, искусство. И хаамаш кечбан
    хала дац: интернет ю, цу чохь доцург истории хьехархочо довзийтина,
    цхьадерг оцу къоман векалшка хаьттина.

    1. Дешархоша бовзуьйту шаын кечбина хаамаш.

    Xlopa тобано цхьа къам довзуьйту, гкъа иштта хоуьйту, х1ун тайпа
    уьйраш хилла а, тахана йолуш ю а цуьнан нохчашца.

    1. Хьехархочо жам! до дешархоша дийцинчун, цара бинчу
      белхан.


    2. Щахь кхочушдан дезарг.

    Гацаев Саь1идан биографи ешар.

    1. г1а урок. Гацаев Саь1ид. «Дарц»

    1алашонаш: поэтан дахарх, кхоллараллех лаьцна болу хаамаш
    шорбар; пейзажан лирикех кхетам балар; 1аламан суьрташца поэтан
    синхаамаш муха схьаоьхьна гайтар; поэтически текст талла хаар кхиор;
    шен махке, 1аламе безам кхоллар.

    Хьехаран кепаш:хьехархочун дош; къастош ешар; хаттаршца
    доьзна къамел дар; текст талларан кепаш.

    Урок д!аихьар

    1. Хьехархочун дош.

    Шуна евзаш ю Гацаев Саь1идан кхолларалла. Тахана цуьнан кхол-

    лараллех лаьцна жимма шуьйро дуьйцур ду вай.

    1. Дагалаца:

    • Маца, мичахь вина Гацаев Саь1ид?

    • Цуьнан муьлха произведенеш ешна аша?

    • Стенах лаьцна яздо цо шен стихашкахь?

    • Муьлхачу жанрашкахь язйо шен произведенеш Гацаев Саь1ида?

    Юьхьанца дуьйна, поэзехь ша г1улчаш яха волалуш, поэт-лирик,

    безаман, 1аламан илланча санна билгалваьлла Гацаев Саь1ид. Цундела цуьнан стихаш еша атта а, сирла а, датах хьакхалуш а ю. Художнике дуьллу сурт санна, меттара дешнаш лохуш, 1аламан исбаьхьа суьрташ дохку цо, синхаамийн маша а бузуш. И тайпа х1ума баккхийчу поэташка бен далуш дац. Шен шовзткъа шаре яхъеллачу кхоллараллин оьмарехь цо кхоьллина дуккха а произведенеш, уьш тайп-тайпанчу жанрашкахь ю (поэзи, драматурги, публицистика): стихаш, поэмаш, баснеш, пьесаш. Оцу шерашкахь цо арахецна масех поэтически книга: «1уьйре» (1969), «Б1аьстенан rlapa», «Хазахетар» (1982), «Суьйренан 1еха» (1988), «Ме- кара цициг» (1991), «Со-м хьан варий, Нохчийчоь» (2014).

    Стихаш язъян волавелла иза хьехархойн институтехь доьшуш во- луш. Барта кхолларалле, исбаьхьаллин литературе шен безам бахий- тинарг жимчохь хезна ненан эшарш, назманаш лорура цо.

    Адам а, 1алам а. И тема, Даймехкан тема санна коьрта ю цуьнан лирикехь. Поэтан 1аламах лаьцначу стихашкахь ши х!оттам хуьлу: 1аламан сурт, адаман ойла а. Уггар цунна дукхаеза хан б1аьсте ю. Баьсте хьахош цо язйина шовзткъе ейтта гергга стихотворени. Иза ларамаза а дац. Б1аьсте поэтан лирикехь - 1алам карладалар, адаман ойла серла- ялар, дахар беркате хирг хилар гойтуш йолу символ, цхьа билгало ю.

    Х1ума ган, цуьнан тидам бан, цунах марзо эца хаара цунна, ткъа и шена гинарг кхечеран дагах кхеттачу кепара д1аяздан а хиъна цун­на. Говза бу цуьнан поэзин мотт, цо хаарца пайда оьцу поэтически суртх1отторан, стихкхолларан Нирсех меттан исбаьхьаллин Иирсашца: эпитеташца, дустаршца, метафорашца кхелина хуьлу цуьнан стихаш.

    Гацаев Саь1идан кхоларалла - иза экаме, зевне адамашка, Даймахке болчу безамах юьзна зевне йиш ю. Цуьнан лирически поэзи - дахар луш болчу малхана, даим къона лаьттачу б1аьстенна лерина воккха- веран гимн ю.

    1. Таблица х1оттае поэтан дахарх, кхоллараллех лаций.

    1. Хьехархочун комментари.

    1алам - кхачалур доцу, беркате хьоста ду поэзина, музыкина, ерриг а искусствона. Пейзаж адаман синхаамашца, синх1оттамца йозаелла хуьлу дукхахьолахь. И синхаамаш кхечарна д1абовзийта хала хуьлу,

    амма д1акхачало поэзин мог1анашца, музыкин мукъамашца. 1аламан хьоме аматаш герга ду вайна, амма мил-милла а ца кхачало цуьнан к1оргенашка, аьхналле, исбаьхьаллин хазалле.

    Поэташна, композиторшна, художникашна Дала елла и говзалла, царна ган хаьа башха дерг xlopa денна вайна гуш долчунна юккъехь. Пейзажан лирикехь а поэто, 1аламан хиламашна тидам а беш, шен синхамаш, деган мерзийн декар схьагойту вайна.

    1. «Дарц» стихотворени къастош ешар, цунна анализ яр.

    • Стенах лаьцна ю xlapa стихотворени?

    • Х1ун суьрташ х!уьтту шун коьртехь стихотворении мог1анаш доьшучу хенахь?

    • Х1ун хийцамаш хилла 1аламехь дарц даьлча? Жоьпаш стихотво­рении мог1анашца ч1аг1де.

    • Мичахь даьлла дарц: ломахь я арахь? Хаа йиш юй иза?

    • Мила ву дарцах самукъадаьлларг? Х1унда?

    • Лирически стихотворенехь коьрта г1уллакх дийриг арахьара хиламаш бац, ткъа синхаамаш, сатийсамаш бу. Муьлха синхаамаш хаало вайна лирически турпалхочуьнгахь?

    • Муьлха васташ хьалхах1уьтту шуна стихотворени йоьшуш? Дар- цан амал гойтуш билггал и васташ х1унда хаьржина авторо?

    1. Стихотворении исбаьхьаллин башхаллаш къастор.

    1. - Муьлхачу исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсашца кхоьллина поэто дарцан исбаьхьаллин къегина васт?

    • Муьлха беснаш алсам ду стихотворенехь? Авторо и беснаш х1унда хаьржина шуна хетарехь?

    • Схьалаха стихотворенехь авторна сингаттаме синхаамаш бов- зийта таро луш долу дешнаш.

    • Хи эцна йог1у йо1 поэто к1айчу суьртах тарйина. Х1ун дакъалоцу поэтан оцу метафорически дустаро дарцан сурт билггал а, къеггина а гайтарехь?

    • Дарцо хьоза раг1ун тхов к1ел кхоьссина, боху поэто. Кхоьссина хандош далийна цо кхузахь. Дийца, х1ун гойту оцу хандашо.

    • Муха кхета шу «Ж1аьло лайлахь нека до» бохучух?

    • Щийза дош шозза далийна шен стихотворенехь авторо. Мича 1алашонца дина поэто иза?

    • Муьлхачу барамехь язйина ю стихотворени, рифмийн схема къастае. (Хьалхарчу дешдекъа т1ехь тохар долу шина стопах лаьтга хорей; ж1арийн рифма.)

    • 1аламан xlapa тайпа хилам буьйцу кхечу къаьмнийн стихаш ев- зий шуна? Юста вовшашца Гацаев Саь1идан «Дарц», А.С. Пушкинан «Зимний вечер» стихотворенеш. Билгалдаккха церан цхьаьнадог1ург, къаьстарг.

    1. Белхан тетрадь, 1-3-г1ий т1едахкарш.

    1. Рефлекси.

    2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. 1амат т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш кечдар.

    2. Белхан тетрадь, 4—5-г1ий т1едахкарш.

    1. г1а урок. Эпически а, лирически а долчух лаьцна

    1алаиюнаш: эпически а, лирически а литературех болу кхетам шорбар; уьш вовшех кьасто хаар кхиор.

    Хьехаран некъаш: хьехархочун дош; хаттаршца доьзна къамел дар; тексташ т1ера масалш лахар.

    Урок д1аяхьар

    1. Щахь бина болх таллар.

    • Шайн дешнашца схьабийца «Дарц» стихотворении чулацам.

    • Х1ун суьрташ х1уьтту шун коьртехь стихотворении мог1анаш доьшучу хенахь?

    • Х1ун хийцамаш хилла Галамехь дарц даьлча? Жоьпаш стихотво­рении мог1анашца ч1аг1де.

    • Мичахь даьлла дарц: ломахь я арахь? Хаа йиш юй иза?

    • Мила ву дарцах самукъадаьлларг? Х1унда?

    • Муьлха синхаамаш хаало вайна лирически турпалхочуьнгахь?

    • Муьлха васташ хьалхах1уьтту шуна стихотворени йоьшуш? Дар- цан амал гойтуш билггал и васташ х1унда хаьржина авторо?

    • Муьлхачу исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсашца кхоьллина поэто дарцан исбаьхьаллин, къегина васт?

    • Муьлха беснаш алсам ду стихотворенехь? Авторо и беснаш х!унда хаьржина шуна хетарехь?

    -Хи эцна йог1у йо1 поэто к1айчу суьртах тарйина. Х1ун дакъалоцу поэтан оцу метафорически дустаро дарцан сурт билггал а, къеггина а гайтарехь?

    V- Дарцо хьоза раг1ун тхов к1ел кхоьссина, боху поэто. Кхоъссина хандош далийна цо кхузахь. Дийца, х1ун гойту оцу хандашо.

    • Муха кхета шу «Ж1аьло лайлахь нека до» бохучух?

    • Щийза дош шозза далийна шен стихотворенехь авторо. Мича 1алашонца дина поэто иза?

    • Муьлхачу барамехь язйина ю стихотворени, рифмийн схема къастае.

    • Пушкин Александрас «Зимний вечер» шен стихотворенехь хГоттийна 1аламан сурт дог1ий Г ацаев Саь1ида «Дарц» стихотворенехь х1оттийнчу суьртаца? Х1ун ду церан цхьаьнадог1ург, къаьстарг?

    1. Хьехархочун дош.

    Х1окху урокехь вай дагалоцур ю литературин коьрта тайпанаш: эпос, лирика, драма. Эпически произведенеш хаамбаран формехь хуьлуш ю, царна т1ехь к1орггера дуьйцу стеган дахаран некъах, ис­баьхьаллин суртх1оттош шуьйра гойту цо кхочушден г1уллакхаш, цо дакъалоцу хиламаш, адамашца цуьнан йог1уш йолу юкъаметтигаш. Эпосан жанраш ю: роман, повесть, дийцар, очерк. Лирикехь дахар гойту оцу дахарерчу г1уллакхаша меттахъяьхна йолу адамийн ойланаш, синхаамаш гайтарехула. Дуьненан хиламаш, дахарера г!уллакхаш шен даг чу схьаоьцу поэто, т1аккха цуьнан кхоллалуш йолу ойланаш ю вайна лирически произведенешкахь хаалурш. 1аламехь, адамийн даха­рехь шена гуш долчо меттахбоху поэтан синхаамаш, ойланаш, т1аккха кхоллало лирически произведени. Лирически, эпически билгалонаш шеца йолу произведени-лиро-эпически произведени ю. Лиро-эпически произведенийн шуьйра яьржина жанр ю поэма. Царна юкъа йог1у кхин жанраш а: баллада, басня, ода, стихашкахь повесть, стихашкахь роман. Драма - литературни кхаа тайпанах цхьаъ ю. Драматургически произ­ведени сцени т1ехь xIotto лерина а йолуш, персонажаша вовшашка дечу къамелан кепехь хуьлуш ю. Драмин коьрта башхаллаш ю персонажийн амалш драматически къовсамехь гайтинчу церан г1уллакхашкахула, къамелашкахула, ойланашкахула билгалйовлуш хилар.

    1. Кластер х!оттае эпически я лирически произведенех лаций.

    1. «Эпически а, лирически а долчух лаьцна» статья ешар.

    2. Статьян чулацаман хьокъехь къамел дар.

    • Муьлхачу тайпанашка екъало исбаьхьаллин литература?

    • Эпически литература стенах олу?

    • Х1ун ю лирически произведении коьрта билгало?

    • Вай 1амийна, шаьш ешна шайна евзачу эпически а, лирически а произведенийн ц1ерш яха. Дийца, х1унда ю уьш эпически а, лири­чески а.

    1. Тобанашца болх бар.

    1. «Болат-Пала йожар» произведени эпически произведени хилар ч1аг1де.

    2. «Бабин Эсин ворх1 вешин илли» эпически произведени хилар бакъде.

    3. Гацаев СаьХидан «Дарц» стихотворени лирически произведени хилар т1еч!аг1де.

    4. Хамидов 1абдул-Хьамидан «Бож-1ела» пьеса драматически про­изведени хилар бакъде.

    1. Урокан жам1 дар.

    Тахана урокехь литературни теорех болчу хаамех лаьцна дийци вай. Исбаьхьаллин литературехь дахар гайтар тайп-тайпана кхочушдина хила тарло: дийцаран кепехь, адамаша деш дерг, лелош дерг гайтаран кепехь, иштта дуьйцуш долчуьнца доьзна церан г1айг1анаш, ойланаш, сатийсамаш, синхаамаш гайтаран кепехь. Цуьнга хьаьжжина екъало литература коьртачу кхаа тайпане: эпосе, драме, лирике. Оцу кхаа тайпанах лаьцна дийцира вай тахана, масалш а далош.

    1. Рефлекси.

    2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. 1амат Tlepa «Эпически а, лирически а долчух лаьцна» ц1е йолу статья ешар.

    2. Кусаев 1адизан биографи ешар.




    1. 1   ...   8   9   10   11   12   13   14   15   16


    написать администратору сайта