7 класс НЛ гот. Урок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш
Скачать 186.89 Kb.
|
Рефлекси. Ц1ахь кхочушдан дезарг. 1аматт1ера «Бабин Иэсан, ворх1 вешин йишин иллех» статья ешар. 2.1амат т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш дала хаар. Белхан тетрадь, 4-5-г1ий Недахкарш. г1а урок. «Ваша воцчу Сайлахин илли» 1алашонаш: турпалаллин иллеш кхид1а а довзийтар; турпалаллин амал кхуллу исбаьхьаллин г!ирсашна таллам бан хаар кхиор; къастош еша хаар т1ечаг1дар. Хьехаран кепаш: комментари а, анализ а еш, поэтически текст ешар; хиламийн план xlorrop, чулацам юхасхьабийцийтар; 1аматан хаттаршна жоьпаш далар. Урок д1аяхьар Ц1ахь бина болх таллар. Муьлхачу хенахь хилла ду илли т1ехь дуьйцург? Х1ун хиламаш бу илли т1ехь буьйцурш? Х1унда лууш ца хилла йишина шен вежарий шеран балха бахийта? Вежарша муха жоп ло йишас шайга аьллачунна? Муха хиира гуьржийн элашна вежарий шайн йишица ц1ера бевлла хилар? Х1унда хилла гуьржийн элий вежарий шайн йишица ц1ерабовларе сатесна? Х1ун олу шен вежаршка йишас гуьржийн элийн орца дог1у дайча? Х1ун аьлла т1ом болийра вежарша гуьржийн элашца? Ша муха гойту йишас вежарша т1ом бечу хенахь? Бабин Иэсина муха хаьа ворх1 вешин йиша гуьржийн элаша нуьцкъала д!аюьгуш юй? Х1ун, бохуш, белхар деш яра ворх! вешин йиша, гуьржийн элаша шега Бабин Иэсах дог дилла деза ахьа аьлча? Ша муха гойту Бабин Иэсас элашца бечу т1амехь? -Х1ун билгалдолу Бабин Иэсас, ворх1 вешин йишас дечу къамелехь? Х1ун бахьана ду гуьржийн элаша шаьш д1аюьгучу ворх1 вешин йишега даккхий къамелаш даран? Церан муьлха амал билгалйоккху оцу диалога? Х1ун дог-ойла кхоллало ворх1 вешин йишин коьртехь, шена т1екхача Бабин Иэса хьевелча? Забарш а еш, луьрчу т1аме xlyny Бабин Иэса. Дийца, х1ун гойту цо. Х1ун маь1на ду иллин? Илли васт xIottoui дешар. «Ваша воцчу Сайлахин илли» васт xIottohi деша 1амор. Хьехархочо илли хьалххе кечам бинчу дешархочуьнга доьшуьйту я ша доьшу. Дешнаш т1ехь болх бар: апари - хи дохуьйту чорг1е; Иалмакхой - калмыкаш; гечо - хи к1орга доцу меттиг; киле - керста нехан ламаз ден г1ишло; гаьллаш - говр юхаозайой сацош бага дуьллу дуьрстан аьчкан дакъа; луьйта - говрана т1е хууш ког чубуьллу г1ирс. Иллин хьокъехь хаттарш: Муха хийти шуна xlapa илли? Х1ун ду xlapa илли кхечу иллех къастош дерг? Х1ун ойла кхоллаели шун иллин турпалхойх лаьцна? Комментари яр, хиламийн план х1оттор. Илли дакъошка а доькъуш, комментари а еш, хиламийн план х1оттайо. Хиламийн план: Сайлахас шен бала нене балхор; Сайлахас г1алмакхойн жимха хабар-кост эцна г1алмакхойн инарла волчу вахийтар; Буьрсачу Намехь чевнаш хиллачу Сайлахина Жерочун к1ант Некхачар, цо г1олацар; Жерочун к1анте Сайлахас дехар дар, ца ваьлла цо иза кхочушдан Нелацар; Синкъерамехь Сайлахас даккхий къамелаш деш болу кегий нах сийсазбар; Сайлахас а, Жерочун к1анта а вовшашка динчу къамелехь хил- ларг ма-дарра гучудалар. Хиламийн планах пайда а оьцуш, дешархошка иллин чулацам юхасхьабийцийтар. Сайлахин, Жерочун к1ентан диалоган инсценировка х1оттор. Урокан жам1 дар. Турпалаллин кхин цхьа илли а девзи шуна тахана. Шен башхалла йолуш илли ду xlapa. Цкъа-делахь, кху иллин дакъалацархой махкана а бевзаш, цхьана хенахь баьхна къонахий бац. Шолг1а-делахь, иллин коьрта турпалхо, майра к1ант а воцуш, шен турпалаллин хьуьнаршца билгалгьялла нохчийн йо1 ю. Xlapa тайпа иллеш к1езиг ду вайн барта кхоллараллехь. Иллин кхийолу ерриг а билгалонаш шеца йолу турпалаллин илли ду xlapa: чулацам, д1ах1оттам, меттан исбаьхьаллин Нирсаш. Рефлекси. Ц1ахь кхочушдан дезарг. 1. Илли къастош деша хаар. 1амат т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш кечдар. Белхан тетрадь, 3^-г1ий т1едахкарш. г1а урок. «Ваша воцчу Сайлахин иллин» идейно-исбаьхьаллин билгалонаш 1алашонаш: иллин идейно-исбаьхьаллин аг1онаш билгалъяхар, коьртачу турпалхойн васташ къастор, уьш кхуллуш пайда эцна Нирсаш бовзийтар; дечу Нуллакхашца стаг билгалволуш хиларх кхетам балар. Хьехаран кепаш: идейни маь1на даккхар; васташ къастор; исбаьхьаллин башхаллаш билгалъяхар, дискусси д1аяхьар. Урок д1аяхьар Ц1ахь бина болх таллар.. Иллин коьрта турпалхо Сайлаха ю, Наккха турпалаллин илли лара мегар дуй иза? Х1ун дара Сайлаха Налмакхойн рема яло яхийтинарг? Х1ун маь1на ду Сайлаха Терке йистхиларан? Ша муха гойту Сайлаха луьрчу Намехь? Сайлаха динара йоссош луьйта лаца дегаза х1унда хета Жерочун к1антана? Х1ун гучудолу илли т1ехь Сайлахин, Жерочу к1ентан диалогаш- кахь? Х1ун ду, юьртара к1ентий сийсазбеш, Сайлахе цаьрга къамел дайтинарг? Сайлахин, Жерочун к1ентан муьлха амалш билгалйовлу цара дечу Иуллакхашкахь, дечу къамелехь? Иллин идейно-исбаьхьаллин маь1на даккхар, васташ къастор. - Иллин чулацамах шу дика кхетта. Х1инца оцу иллин идейно- исбаьхьаллин маь'1на муха ду, хьовсур ду вай. -Турпалаллин иллин муьлха билгалонаш ю кху иллин? Масалшца т1еч1аг1де шайн жоп. Х1ун бахьана дара Сайлаха ц1ера араялийтинарг? Нанас муха Иелоцу шега йо1а аьлларг? Къу санна лечкъаш йоцуш, ша рема йигна хилар г1алмакхойн инарле хаийта Налмакхойн 1у вохуьйту Сайлахас. Х1ун гойту цо? Рема ца йигийта Наьхьадаьлла орца Намехь х1аллак а дой, Жерочун к1анте рема айхьа ялийна ала, накъостаца цхьаьнакхета дезаш г1уллакх дара шен олий, д1айоьду Сайлаха. Х1унда г1ерта иза шегара даьллларг цу кепара къайладахьа? Сайлаха а, Жерочун к1ант а иллин вукху дакъалацархошна дуьхь- дуьхьалдаьккхина гайтина дуй, шуна хетарехь? Дийца, х1ун бахьана ду цуьнан. Иллин маь1на дукхахдолчу иллешкахь дерзоран дешнашкахь билгалдолу. Амма кху илли т1ехь далийна и тайпа дерзоран дешнаш дац. Т1аккха иллин маь1на цуьнан чулацамехь билгалдала деза. Х1ун маь1на ду, шуна хетарехь, кху иллин? Практически болх. Барта характеристика ло Сайлахина, Жерочун к1антана. Х1ун ду цхьатера дерг Сайлахин, Жерочун к1ентан васташкахь? Х1ун ду къаьстарг Сайлахин, Жерочун к1ентан васташкахь? Шегара цхьа а тайпа хьуьнар ца гойту Жерочун к1анта, амма Сайлахас вукху к1енташна юкъара иза къаставо. Цуьнан муьлха амал тайна, шуна хетарехь, Сайлахина? Иллин исбаьхьаллин башхаллаш къастор. Муха бу иллин д1ах1оттам? (Илли кхаа декъах лаьтташ ду: Сайлаха рема яло араялар; 2. Рема юьгуш шена Наьхьадаьлла орца х1аллак а дина, рема д1айигар Жерочун к1антана т1е а дожий на, Сайлаха ц1аерзар; 3. Даккхий хабарш дуьйцу к1ентий Сайлахас сийсазбар, шена орцахкхаьчначу Жерочун к1антаца цо шен дахар цхьаьнадозар.) Иллин долор, дукхахьолахь юкъара суртх1отторца нисло, ткъа дерзор иллин коьрта маь1на чулоцуш хуьлу. Кху илли т1ехь муха нис- делла долор а, дерзор а? Диалогаш дукха юй илли т1ехь? Х1ун маь1на ду церан? Х1ун билгалдо цара илли т1ехь? Х1ун Иуллакх кхочушдо гиперболаша Сайлахин васт кхолларехь? Дуста илли муьлххачу а турпалаллин иллица кху билгалонашца: а) чулацам, коьрта турпалхой; б) д1ах1оттам; в) меттан суртх1отторан Иирсаш. Дискусси д1аяхьар. Теркал дехьа ша яха тамболу к1ант лаха арайолу Сайлаха. Вайн къоман г1иллакхашца дог1уш дуй иза? Ио1а юьртара к1ентий сийсазбеш къамел до. Ио1ехь товш дуй и санна дерг? Жерочун к1анте: «Ша хьуна езахь, хьан езар яр-кха ша, ша хьуна ца езахь, нанас дена йина хьан йиша ю ша», - олу Сайлахас. И муха лору аша? Урокан жам1 дар. Вай шина урокехь халкъо кхоьллина «Ваша воцчу Сайлахин иллех» лаьцна дийцира. Иллин жанрах, цуьнан башхаллех, идейно-исбаьхьаллин билгалонех лаьцна хаамаш а бевзина вайна. Кхечу турпалаллин иллех къаьсташ ду xlapa илли уггар хьалха шен коьрта турпалхо йо1 хиларца, цул сов, исторехь юьйцуш евзина а яц иза. Кхин, xlapa ду аьлла, даккхий г1уллакхаш, исторехь хилларш а дац кху т1ехь дуьйцуш. Амма халкъо ишттачу йо1ах лаьцна илли кхоллар а цхьа бахьана долуш ду. Халкъана кху т1ехь гайта лиънарг - иза стаг хьолаца билгалволуш а воцуш, цо дечу Иуллакхашца билгалхилар ду. Иза г1ийла, миска вара аьлла, цуьнга Нехулара, цавашарца хьежар а къобал ца до халкъо. Даг чу куралла йоьссинарш емал а беш, шайн дечу Иуллакхашца билгал- бевлларш хастабо иллино. Рефлекси. ЦДахь кхочушдан дезарг. Илли къастош деша хаар. 2.1амат т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш дала хаар. Белхан тетрадь, 5-г1а Недиллар. г1а урок. «Дади-Юрт яккхаран илли» 1алашонаш: эпически произведенех болу кхетам шорбар; къастош ешар, барта къамел кхиор к1аргдар; дешархойн дегнашкахь патриотически дог-ойла кхиор. Хьехаран кепаш: хьехархочун дош; комментари а, анализ а еш поэтически текст ешар; хиламийн план х1оттор, чулацам юхасхьабий- цийтар; 1аматан иллюстраци т1ехь болх бар. Урок д1аяхьар Ц1ахь бина болх таллар. Х1ун ду «Ваша воцчу Сайлахин иллин» кхечу турпалаллин ил- лешца дуьстича цхьаьнадог1ург а, къаьстарг а? Х1ун бахьана дара Сайлаха ц1ера араялийтинарг? Нанас муха т1елоцу шега йо1а аьлларг? Муха бу иллин д1ах1оттам? Довзийта иллин дакъош. Х1ун маь1на ду Сайлаха Терке йистхиларан? Луьрчу т1амехь ша муха гойту Сайлахас? Сайлаха динара йоссош луьйта лаца дегаза х1унда хета Жерочун кТантана? Х1ун гучудолу илли т1ехь Сайлахин, Жерочу к1ентан диалогаш- кахь? Х1ун ду юьртара к1ентий сийсазбеш Сайлахе цаьрга къамел дайтинарг? Сайлахин, Жерочун к1ентан муьлха амалш билгалйовлу цара дечу г1уллакхашкахь, къамелехь? Сайлахин, жерочун к1ентан муьлха амал ю шуна дика хеттарг? Х1унда? Иллин х1ун маь1на ду, муьлхачу дешнашкахь билгалдолу иза? Илли васт xIottohi дешар. Илли дешале хьалха хьехархочо Дади-Юрт йохорах лаьцна бакъдерг довзийта деза. «Дади-Юрт яккхаран илли» васт х1оттош деша 1амор. Хьехархочо илли хьалххе кечам бинчу дешархочуьнга доьшуьйту я ша доыпу. Дешнаш т1ехь болх бар: Найре - гонд1а хи долу лаьттан дакъа; Идал - Волга-хи; йоьза вота - ез - можа к1еда эчиг; гома зурма - гомашан ма1а санна хьалахьаьвзина зурма; хьаьтт - гулдина ялта дакъош, ц1андеш йолу меттиг; човка - юккъерчу дег1ахь 1аьржа олхазар - грач; куьйса эрз - т1ехь rla доцу эрз; дол - пхьарс - гола т1ера юккъерчу п1елга буьххье кхаччалц йолчу йохаллин шира барам; стешха - кхоьруш, осала; бора ши б1аьрг - сирла боьмаша басахь. Иллин хьокъехь хаттарш: Муха хийти шуна xlapa илли? Х1ун хилам бу цу т1ехь буьйцург? Х1ун ойла кхоллаели шун иллин турпалхойх лаьцна? Комментари яр, хиламийн план х1оттор. 1. Илли дакъошка а доькъуш, комментари а еш, хиламийн план х1оттайо. Хиламийн план: Щонтаройн Дадас Терка йистехь юрт йиллар; Гуьржехарчу инарлас Москохан паччахье арз дар; Салт диллар, нанас Бахьадаран Муьстарг йохьеваккхар; Бахьадаран Муьстарган Дадин Аьлбикица хилла къамел; Дадин Аьлбикас юьртара к1ентий иракарах1иттор; Дади-Юрт мостагГчо йохийна, ягийна д1аяккхар; Иллин дерзор. Хиламийн планах пайда а оьцуш, дешархошка иллин чулацам юхасхьабийцийтар. Бахьадаран Муьстарган Дадин Аьлбикин диалоган инсценировка xlorrop. Иллин репродукцех лаьцна къамел. 1амат т1ехь долчу суьрте хьовсур ду вай. Иллин чулацаман цхьана хиламах лаьцна ду иза. Х1ун ду суьрта т1ехь гайтинарг? Иллин муьлха меттиг ю цу т1ехь гайтинарг? Сурт иллин чулацамца дог1уш дуй? Х1ун ойла кхоллайолуьйту оцу суьрто? Хьехархочун дерзоран дош. Исторически бакъдолчунна т1ехь кхоьллина илли ду xlapa. Яхьйол- чу к1ентийн, мехкарийн хьуьнаре г1уллакхаш дуьйцу цу т!ехь. Коьрта тидам бохамечу г1уллакхна т1еберзийна халкъо шен илли т1ехь, цундела к1езиг пайда эцна кху т1ехь исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсех. Йохайой, ягайой д1айоккху Дади-Юрт мостаг1чо, юьртахой эгначул т!аьхьа. И тайпа масалш дукха ду вайн исторехь. Царах цхьаннах Дади- Юрт яккхарх лаьцна халкъо илли кхоьллина, Некхуьучу т1аьхьенашна оцу юьртарчу нехан майралла, доьналла довзуьйтуш. Мостаг1чунна хьалха шаьш осала ца гойтуш, яхь д1а ца луш, х1аллакьхуьлу уьш. Цундела церан ц1ерш яха йисна халкъалахь, уьш хестабо иллешкахь. Ц1ахь кхочушдан дезарг. 1. Илли къастош деша хаар. 2.1амат т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш кечдар. «Дади-Юрт яккхаран иллех» лаьцна статья ешар. г1а урок. «Дади-Юрт яккхаран иллин» идейно-исбаьхьаллин билгалонаш 1алашонаш: текст талла хаар карадерзор; иллин идейно-исбаьхьаллин аг1онаш билгалъяхар, коьртачу турпалхойн васташ къастор. Хьехаран кепаш: идейни маь1на даккхар; васташ къастор; исбаьхьаллин башхаллаш билгалъяхар, дискусси д1аяхьар. Урок д1аяхьар Ц1ахь бина болх таллар. - Хьан йиллина хилла Дади-Юрт? Х1ун бахьана долуш т1елатар до Дади-Юьртана паччахьан эскаро? Ламаз-хан йоццушехь маьждигехь салт дуьллу. Х1ун бахьана ду цуьнан? Нанас шен к1ант т1аме муха хьажаво? Маьждиган майданахь кхайкхам беш йолчу Дадин Аьлбике х1ун олий вистхуьлу Бах1адаран Муьстарг? Стен гойту юьртана Недеанарг ирча, доккха х1ума хилар? Юьртана т1е бохам беача, ша муха гойту Дадин Аьлбикас? Муха нисло илли т1ехь мостаг1чо юрт яккхар? Муьлхачу мог1анашкахь ду иллин маь1на? Иллин идейно-исбаьхьаллин башхаллаш, васташ къастор. Иллин чулацамах шу дика кхетта. Х1инца оцу иллин идейно- исбаьхьаллин башхаллаш къасто хьовсур ду вай. Турпалаллин иллин муьлха билгалонаш ю кху иллин? Масалшца т1еч1аг1де шайн жоп. Иллин долор кхечу иллешца дуьстича къаьсташ дуй? Х1ун баш- • халла ю иллин долорехь? Исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсаш к1езиг бу илли т1ехь. Х1ун бахьана ду цуьнан? Схьалаха уьш. Турпалаллин иллеш т1ехь, даим а бохург санна, пайда оьцуш болчу меттан Пирсах - гиперболех — пайда ца эцна кху илли т1ехь? Х1унда ца ялийна гиперболаш кху илли т1ехь? «Тахана хьожур хьо к1ант майра мила ву, - олуш, даьккхинчу туьрца ша юкъа ма вахара Бах1адаран ва Муьстарг». Оцу дешнаша мича кепара гойту Бах1адаран Муьстарг? — Марзойн ц1ерш ва кхобу вайн хьоме несарий, Марзойн ц1ерш ва йохуш, шаьш кхойкхуш ма лаьтта. Дийца, х1ун гойту оцу дешнаша. Муьлхачу турпалаллин иллин пенах тсра хета шуна Бах1адаран Муьстарган нана? Х1ун ду церан цхьатсра дерг? Дадин Аьлбикас динарг турпалаллин Иуллакх лара мегар дуй? Иллин муьлхачу мог1анаша гойту Дади-Юьртахой мостаг1чух майра летта хилар? Бах1адаран Муьстарг мостаг1чуьнца лата воьдуш шена т1е хаза духар духий воьду. Оцу кечваларо цуьнан амал гойту я турпалаллин иллин кеп ю иза? Маса декъе декъа мегар ду илли? Схьалаха иллин долор, куль- минаци, дерзор. Халкъо шен илли т1ехь гайтина кхаа турпалхочун васташ: Бах1адаран Муьстарган, цуьнан ненан, Дадин Аьлбикин. Х1ун эр дара аша царах лаьцна? Иллин маь1на муьлхачу дешнашкахь ду? Д1адеша уьш. 2.1аматца болх бар. «Дадин-Юрт яккхаран иллех лаьцна» статья ешар. Х1ун керланиг хии шуна статья ешча? Илли т1ехь гайтинарг, исторехь хилларг цхьаьнадог1ий? Дискусси д!аяхьар. Шен нана къинт1ера а йоккхий воьду Бах1адаран Муьстарг маьждиган майдана, нах гуллучу метте. Нанас ца вахийтинехь rlyp варий иза мостаг1чунна дуьхьалвала? К1ентий иракарах1иттош, маьждиган майданахь йоьза вота етташ ю Дадин Аьлбика. Мехкарша к1ентий т1аме кхайкхар муха хета шуна? Моллас я яхь йолчу к1анта дан дезаш дацара иза? Марзойн ц1ерш кхаба декхарийлахь болу несарий церан ц1ерш йохуш бу. Шуна муха хета цара динарг? Вайн г1иллакхашца дог1уш ма дац иза. |