Главная страница
Навигация по странице:

  • 13- г1а урок. Лириках, поэтически къамелах, стихкхолларх лаьцна

  • Урок д1аяхьар Ц1ахь бина болх таллар.

  • Инсерт xIoTTop. Стихан барамаш къастор.

  • 14-г1а урок. Мамакаев 1амин Мохъмад. «Даймехкан косташ»

  • Урок д1аяхьар Ц1ахь бина болх таллар.

  • И. Мамакаев Мохьмадан «Даймехкан косташ» стихотворени къастош ешар.

  • Хаттаршца доьзна къамел дар. Текстана таллам бар.

  • Стихотворении исбаьхьаллин аг1онаш къастор.

  • Рефлекси. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

  • 15-г1а урок. Гадаев Мохьмад-Салахь. «Ирча суьрташ»

  • Урок д1аяхьар Ц1ахь бина болх таллар.

  • 1амат т1ерачу статьяца болх бар, дешархоша кечдинарг довзийтар.

  • Комментари а еш, дийцар къастош дешар.

  • Дийцаран хиламийн план х1оттор.

  • Планах пайда оьцуш дийцар юхасхьадийцар. Рефлекси. Х1ун 1еми. Х1ун хии. Щахь кхочушдан дезарг.

  • 16-г1а урок. «Ирча суьрташ» дийцаран идейно-исбаьхьаллин башхаллаш , васташ

  • Урок д!аяхьар ЦДахь бина болх таллар.

  • Дийцаран идейно-исбаьхьаллин маь1на билгалдаккхар.

  • 17-г1а урок. Саидов Саь1идан Билал. «Вина юрт»

  • 7 класс НЛ гот. Урок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш


    Скачать 186.89 Kb.
    НазваниеУрок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш
    Дата14.04.2022
    Размер186.89 Kb.
    Формат файлаdocx
    Имя файла7 класс НЛ гот.docx
    ТипУрок
    #472543
    страница4 из 16
    1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   16

    Рефлекси.

  • Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1.1амат т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш кечде.

    1. Дагахь деша 1амаде «Сай» илли.

    2. Белхан тетрадь, 1, 4-г1ий Недахкарш.

    13- г1а урок. Лириках, поэтически къамелах, стихкхолларх лаьцна

    1алашонаш: лириках, поэтически къамелах, стихкхолларх лаьцна кхетам балар.

    Хьехаран кепаш: хьехархочун дош; хаттаршца доьзна къамел дар; поэтически текстана анализ яр.

    Урок д1аяхьар

    1. Ц1ахь бина болх таллар.

    Илли къастош дагахь дешначул Наьхьа хаттарш дала мегар ду дешархошка цуьнан чулацамах, исбаьхьаллин башхаллех лаьцна.

    • Х1ун ду xlapa илли кхечу лирически иллех къастош дерг?

    • Х1ун бахьана ду сай синтем байна хьийзаран?

    • Сай х1унда къастийна халкъо адаман дахар довзийта, кхидолу дийнат а ца хоржуш?

    • Сай оьзда хилар муьлхачу мог1анашкахь билгалдолу?

    Сен дахар гайтарал сов, кхин х1ун маь1на ду оцу лирически иллин?

    • Иштта хаза сен куц xIotto аьтто бинарг х1ун ду илли т1ехь?

    • Муха бу иллин д1ах1оттам, муьлхачу суртх1отторан г1ирсех пайда эцна илли т1ехь сен васт кхуллуш?

    • Муха бу иллин мотт, муха ю цуьнан ритм, муьлхачу барамехь кхоьллина ду илли?

    • Х1ун маь1на ду иллин?

    1. Хьехархочун дош.

    Тахана урокехь вай шуьца дуьйцур ду лириках, поэтически къа­мелах лаьцна. Стихкхолларх лаьцна долу цхьадерг шуна девзаш ду. Цунах лаьцна вай дийцира 6-чу классехь.

    Лирика литературин кхаа тайпанах цхьаъ ю. Хууш ма-хиллара, исбаьхьаллин литературин произведенеш кхаа тайпане екъало: эпос, лирика, драма. Эпически, драматически произведенеш т1ехь билггал болчу хиламех лаьцна дуьйцу, чекхдаьлла долу г1уллакхаш а гойту. Ткъа лирически произведенехь дахар гайтаран кхин кеп ю. Лирикехь дахар гойту оцу дахарерчу г1уллакхаша, хиламаша меттахъяьхна ада- мийн ойланаш, синхаамаш гайтарехула. 1аламехь, я адамийн дахарехь шена гуш долчо меттахбоху поэтан синхаамаш, ойланаш. Т1аккха кхоллало лирически произведени. Иштта кхоллаелла яра Арсанукаев Шайхин «Баьпкан юьхк» стихотворени. Лаьтгахь 1уьллу баьпкан юьхк, цунах кхоам ца хеташ т1ехдуьйлу адамаш - и сурт 1аьткъина поэтана.

    Лирически произведенеш стихашца язъеш ю. Лирически жанрехь язйина, авторан синхаамаш, лаамаш, ойланаш къеггина шеца билгал- йовлу произведени ю лирически произведени. Ткъа лиро-эпически про­изведени - иза лирически а, лиро-эпически а билгалонаш шеца йолу произведени ю. Эпически жанрехь йолчу произведенешкахь санна, персонажаш хуьлу, цара кхочушдечу г1уллакхех я цхьана хиламех лаьтташ йолу ардаме сюжет а хуьлу лиро-эпически произведенешкахь. Цул сов, авторан ойланаш, синхаамаш билгал а бовлу оцу произведе­нешкахь. Лиро-эпически прозведенешна юкъайог1у: поэма, баллада, басня, ода, стихашкахь повесть, стихашкахь роман.

    1. 1аматца болх бар.

    1. «Лирикех а, поэтически къамелах а, стихкхолларх а лаьцна» ц1е йолу статья ешар, цуьнан чулацамах лаьцна къамел дар.

    • Стенах олу лирика. Муха хуьлу лирически произведенеш?

    • Стенах лаьцна хуьлу лирически произведенеш?

    • Муха къаьста эпически произведенеш лирически произведенех?

    • Лиро-эпически произведенех лаций дийца. Муха къаьста лиро- эпически произведенеш эпически произведенех?

    • Прозаически къамелана, поэтически къамелана юкъахь х1ун башхалла ю?

    • Стенах олу строфа?

    • Муьлхачу барамехь язйина хуьлу дукхахьолахь нохчийн стихаш?

    • Рифма х1ун ю? Муха кхоллало иза?

    1. Инсерт xIoTTop.

    1. Стихан барамаш къастор.

    Схемаш а х1иттош, дешархошка стихотворенийн мог1анийн бара­маш къастабайтар.

    Техкаш ю марг1ала бецаш,

    Хьийзаеш ловзаран ч1уг.

    Зезаго зезаге кхийдаш,

    Лестадо безаме куьг. (Гацаев Саъ1ид)

    Б1аьрхиш ледош, арахь гуьйре йоьлху,

    Шийла г1айг1а деган кеда уьдуш.

    Вовшех хьерчаш, мокха мархаш хьолху,

    Стиглахь лечкъош маьлхан можа нуьйда. (Дакаев Саъ1ид-Бек)

    Схьакхета можа малх безахь а,

    Езахь а стиглан лил-басе,

    Я шера аре, лаьмнийн баххьаш,

    Я тог1еш, раьг1наш, зезаг ц1ен. (.Бадаев Мохъмад-Салахъ)

    Букарчу тулг1ешца керчадеш чхернаш,

    Х1аваэ хьалакхуьйсуш жовх1арийн тхи,

    Х1орда т1е сихделла, хедадеш лаьмнаш,

    Хаьхкина охьадог1у ламанан хи. (Сулаев Мохъмад)

    1. Рефлекси.

    2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. 1амат т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш кечдар.

    2. Шайна дукхавезачу поэтан цхьана стихотворении барам къастор.

    14-г1а урок. Мамакаев 1амин Мохъмад.

    «Даймехкан косташ»

    1алашонаш: Мамакаев Мохьмадан поэзин исбаьхьаллин дуьне- нах болу хаамаш шорбар; поэтически текст талла хаар, дешархойн дегнашкахь патриотически дог-ойла кхиор.

    Хьехаран кепаш: къастош ешар; дешнаш т1ехь болх бар; стихот­ворении маь1на дастар; исбаьхьаллин аг1онаш билгалъяхар.

    Урок д1аяхьар

    1. Ц1ахь бина болх таллар.

    • Стенах олу лирика. Муха хуьлу лирически произведенеш?

    • Стенах лаьцна хуьлу лирически произведенеш?

    • Муха къаьста эпически произведенеш лирически произведенех?

    • Лиро-эпически произведенех лаций дийца. Муха къаьста лиро- эпически произведенеш эпически произведенех?

    • Х1ун башхалла ю прозаически къамелана, поэтически къамелана юкъахь?

    • Стенах олу строфа?

    • Муьлхачу барамехь язйина хуьлу дукхахьолахь нохчийн стихаш?

    • Х1ун ю рифма? Муха кхоллало иза?

    Шина-кхаа дешархочо шаып хаьржинчу стихотворенийн барамаш бовзуьйту.

    И. Мамакаев Мохьмадан «Даймехкан косташ» стихотворени къастош ешар.

    • Хьан язйина стихотворени?

    • Х1ун хаьа шуна цуьнан авторх лаьцна?

    • Стихотворении муьлха мог1анаш къаьсттана хазахийтира шуна?

    Дешнаш т1ехь болх бар:

    косташ - декхарш, т1едахкарш;

    хьомсара - дагна хьоме;

    хазна - дог дузош, мехала х1ума;

    челакха - сиха, карзахе;

    ч1ана - ялта, дуург;

    вас - халахетар;

    б1арздина - холчух1оттийна.

    1. Хаттаршца доьзна къамел дар. Текстана таллам бар.

    1.1амат т1ерачу хаттаршна жоьпаш дала хьовсур ду вай.

    • Х1ун г1иллакхаш ду поэто, шен дагна дезаш ду бохуш, дуьйцурш? Х1унда лору цо уьш иштта мехала?

    • Муха кхета шу «Даймехкан декхаро г1атгийна вог1у со» мог1анех?

    • Муха лара деза боху поэто ден, ненан сий?

    • Х1унда лору поэташа арадаьккхина г1уллакх Даймехкан декхар? Шуна хетарехь, иштта лара мегар дуй иза?

    • Стенна орцахваьлла поэт?

    • Схьа а лахий, д1аеша ненан васт х1отгош йолу байт. Х1ун халонаш ловш хилла цо?

    • Даймехкан сий муха лору поэто? Тидам а беш, кхин цкъа а д1аеша и байт.

    • Ша муха гайта веза стага хало т1ех1оьттича?

    • Даймохк къинтГера маца бер бац боху поэто? Схьа а лахий, д1адеша и мог1анаш.

    • Муха ду стихотворении коьрта маь1на?

    • Шуна хетарехь, «Даймехкан косташ» ц1е х1унда тиллина поэто стихотворенина? Кхин х1ун тайпа ц1е тилла мегар дара цунна?

    • Даймехкан косташ кхочушдарехь х1ун дан деза вайх х1ораммо а?

    1. Кластер х1оттор.

    1. Стихотворении исбаьхьаллин аг1онаш къастор.

    1. - Муьлхачу хормехь язйина ю стихотворени? Х1ун ду стихотво­рени кхечу стихотворенех къастош дерг?

    • Хьалхара биъмог1а боцчу, вукху массо а строфашкахь боху цо дешнийн цхьаьнакхетар ду далийна. Мича 1алашонца далийна уьш авторо. Х1ун г1уллакх кхочушдо цара стихотворенехь?

    • Стихотворении муьлхачу мог1анашкахь хаало вайна лирически турпалхочун Даймахке болу безам? Схьалаха уьш.

    • Дагаев Валида д1аолуш долчу «Даймехкан косташ» иллига ладог1а. Стихотворении интонации муьлха башхаллаш т1ечаг1йо цо?

    1. 1аматца болх бар. «Даймехкан косташ» стихотворенех лаьцна статья ешар.

    1. Урокан жам1 дар.

    • Поэт хьаьнга весет деш ву шен стихотворенехь?

    • Х1ун ду цо деза, сийлахь лорург?

    • Х1ораммо а ша муха гайта веза, боху, шена т1е хало х1оьттича?

    Белхан тетрадь, 1-4-г1ий Недахкарш.

    1. Рефлекси.

    1. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. 1амат т1ерачу хаттаршна жоьпаш кечдар.

    2. «Даймехкан косташ» стихотворенех лаьцна» статья ешар.

    3. Стихотворени къастош еша хаар.

    4. Да-нана ларар, хьаша-да т1еэцар, яхь, собар, стогалла - синме- халлех лаьцна дийцарш кечде. Классехь схьадийца шаьш кечдинарг.

    15-г1а урок. Гадаев Мохьмад-Салахь. «Ирча суьрташ»

    1алашонаш: дешархойн Гадаев М-С. дахарх, кхоллараллех болу хаамаш кГаргбар; дийцаран исторически бух бовзийтар; исторически бакъдолчунна, яздархочун исбаьхьаллин декхаршна юккъехь йолчу башхаллех кхетам балар.

    Хьехаран кепаш: хьехархочун дош, 1аматца болх бар, дешархойн хаамаш, комментари ярца текст ешар, дийцаран хиламийн план х1оттор.

    Урок д1аяхьар

    1. Ц1ахь бина болх таллар.

    1. - Хьаьнга весет деш ву шен «Даймехкан косташ» стихотворе­нехь поэт?

    • Х1ун ду цо деза, сийлахь лорург?

    • Х1ораммо а ша муха гайта веза, боху, шена т1е хало х1оьттича?

    • «Даймехкан декхаро г1аттийна вог1у со» мог1анех муха кхета шу?

    • Ден, ненан сий муха лара деза боху поэто?

    • Поэташа арадаьккхина г1уллакх Даймехкан декхар х!унда лору? Шуна хетарехь, иштта лара мегар дуй иза?

    • Стенна орцахваьлла поэт?

    • Стага ша муха гайта веза, хало т1ех1оьттича?

    • Даймохк къинт1ера маца бер бац боху поэто? Схьа а лахий, д1адеша и мог1анаш.

    • Муха ду стихотворении коьрта маь1на?

    1. Да-нана ларар, хьаша-да т1еэцар, яхь, собар, стогалла - синме- халлех лоций дуьйцу дешархоша.

    1. Хьехархочун дош.

    Гадаев Мохьмад-Салахьа шен поэзица керла мукъамаш беара нохчийн литературе. Чолхе а, хала а хилла цуьнан дахаран, кхолла­раллин некъ. Цуьнан кхолларалла ешархошка д1акхача таро йоцуш дукха хан яьлла. Поэтан произведенеш зорбатохар дихкина хилла. 1980-г1а шераш чекхдовлуш бен бакъо ца елла уьш зорбатоха. Гадаев Мохьмад-Салахьан поэтически хат1 тера дац кхечу поэтех, цуьнан исбаьхьаллин дешан дуьне шатайпана бос болуш ду. Шен кхолла- раллехь цо кхочушдора Шевченко Т.Г. весет. Цо яздина: «Б1аьргаш чу хиш а ца хГуьттуш язйинчу стихаша хиш х1иттор дац ешархочун бГаьргаш чу, меттахбохур бац цуьнан синхаамаш. Цкъа а». Цундела цуьнан къоламо кхуллура иштта даггара, дахарна гергара синхаамаш меттахбоху сирла произведенеш. Тахана а ца вуьту цара бендацарехь цхьа а. Шен говзаллех цецвоху цо. Цуьнан могГанашкахь го дахаре, цуьнца цхьаьна, дайн лаьтте, цуьнан 1аламе, Даймахке болу безам.

    Къоман д1адаханчух йина ойланаш, безаман сатийсамаш, г1айг1анаш, адамийн дахаран маь1нех кхета г1ертар - уьш ду Гадаевс шен кхоллараллина бухадехкинарш, исбаьхьаллин г1ирсашца иза даста, гайта, т1екхиа г1иртинарг. Советан 1едал долуш мел хиллачу нохчийн яздархошлахь, цхьа Гадаев Мохьмад-Салахь воцург, вайна хууш цхьа а вац ша Делах тешар лечкъа ца деш, Делан ц1ерш йохуш, исбаьхьаллин произведени язйина. Шех тераниг кхин хир воцуш, исбаьхьаллин arlop нуьцкъала а, шатайпа а, вуно говза поэт хилла Гадаев Мохьмад-Салахь.

    1. 1амат т1ерачу статьяца болх бар, дешархоша кечдинарг довзийтар.

    1. Хьалххе кечбинчу дешархоша дуьйцу поэтан дахарх лаьцна Дамат Мера статья йоьшучу хенахь).

    • Шаын 1амийна поэтан муьлха стихотворенеш дагайог1у шуна?

    • Яздархочун кхоллараллехь йоккха меттиг д1алоцурш муьлха теманаш ю?

    • Вайн къоман кхечу яздархойн кхолламах тера бог1ий поэтан кхоллам. Х1ун ду церан кхолламехь цхьатера дог1ург?

    • Муьлхачу жанрашкахь язйина шен произведенеш Гадаев Мохь­мад-Салахьа?

    • Поэтан х1ун ларам бо тахана?

    1. Поэтан дахарх, кхоллараллех лаьцна кластер х1оттор.

    1. Комментари а еш, дийцар къастош дешар.

    Халкъан исторех, д1адаханчух лаьцна дийцар вайн литературехь шена т1е тидам бохуьйтуш дара даим а. Цундела ларамза дац Гадаев Мохьмад-Салахьа шен произведени т!ехь нохчийн халкъан дахарехь нисъелла уггар хала киртиг гайтар.

    Дийцар исторически бух болуш ду. 1944-чу шарахь вайн халкъ махкахдоккхуш хилла исторически бакъдерш ду дийцаран бух кхоьл- линарг.

    Дийцар доыпучу хенахь дешархошна кхета хала хир долчу деш- нийн маь1наш довзуьйту.

    1. Дийцаран хиламийн план х1оттор.

    1. Нохчий, г1алг1ай махкахбоху аьлла, хабар даржар.

    2. Адам а, Эда а дуьйцучу хабарийн хьокъехь вовшашца дагавалар.

    З.Эда синтем байна хьийзар.

    1. Юьртахошна партии, правительствен сацам бовзийтар.

    2. Воккхачу стага эпсаре дина дехар, иза кхочушдар.

    1. Планах пайда оьцуш дийцар юхасхьадийцар.

    2. Рефлекси.

    Х1ун 1еми. Х1ун хии.

    1. Щахь кхочушдан дезарг.

    1. Дийцар къастош деша хаар.

    2. 1амат Нерачу хаттаршна жоьпаш кечдар.

    3. Белхан тетрадь, 1-ра Недиллар.


    16-г1а урок. «Ирча суьрташ» дийцаран идейно-исбаьхьаллин башхаллаш, васташ

    1алашонаш: дийцаран идейно-исбаьхьаллин агГонаш билгалъяхар, васташ къастор; текстаца болх бан, цунна таллам бан хаар шардар.

    Хьехаран кепаш: хаттаршца доьзна къамел дар, текстана таллам баран кепаш.

    Урок д!аяхьар

    1. ЦДахь бина болх таллар.

    • Х1ун зама ю дийцар т1ехь юьйцург?

    • Муьлш бу дийцаран турпалхой?

    • Х1ун хабарш дара нахана юкъахь даьржинарш?

    • Адам ойланашка верзийнарг муьлха хиламаш бара?

    • Эскархочо шега аьлларг т1е муха ийцира Эдас?

    • Адаман даго хила доллург т1елаца х1унда ца туьгура, шеконаш кхуллург х1ун дара?

    • Х1унда хета Эдина ша ц1ера ваккха бахьана дац аьлла?

    • Муьлхачу билгалонашца гайтина дийцар т1ехь бохам хила боллий?

    • Х1ун бахьана ду, шуна хетарехь, гуьржийн инарлас шайга бина хаам цхьа а дуьхьало йоцуш, гулбинчу наха т1еэцаран?

    • Адам ц1ерадаккхар бехкбоцу зударий, бер дерца дГадоладо сал- таша? Х1ун гойту цо?

    1. Дийцаран идейно-исбаьхьаллин маь1на билгалдаккхар.

    1. - Муьлш бу дийцаран турпалхой, х1ун хиламаш бу цу т1ехь буьйцурш?

    • Шуьйра хаамаш бац коьртачу турпалхойх лаьцна дийцар т1ехь. Делахь а, муха нах бу уьш, х1ун ду церан амалехь коьртаниг, аша т1еоьцург?

    • Дийцар ц1аьххьана хедаш ду. Турпалхойн кхин д1а болу кхоллам муха хир бу, шуна хетарехь?

    • Дийцаран башхалла стенах йоллу, муьлхачу къастамаллин бил­галонашца къаьста иза кхечу яздархойн ишттачу произведенех?

    • Инарлин, воккхачу стеган диалогехь хаало вайна хьалхарниг дарвелла а, шолг1аниг собаре хилар. Бехкбоцуш халкъ махкахдок- кхуш ду, х1етте а воьхна ца го вайна воккха стаг а, кхиболу дийцаран дакъалацархой а. Х1ун гойту цо? Х1ун ду, шуна хетарехь, яздархочо и кеп харжар?

    • Эдина, цо кхобуш долчу К1езина юккъехь дотгаг1аллин уьйраш ю. Адамна а, ж1аьлина а юккъехь и тайпа гергара уьйр йолу кхин муьлха произведенеш евза шуна?

    • Муха бу дийцаран д1ахоттам? Х1ун ду цуьнан д1ахоттамехь шатайпа дерг?

    • Дукхахйолчу произведенеш т1ехь, цхьа бохам т1ебан кечлуш хилар хоуьйтуш, карзахдаьлла 1алам гойту. Кху дийцар т1ехь юй иштта меттиг? Схьалаха иза.

    • Х1ун маь1на ду, шуна хетарехь, дийцаран? Х1ун ала г1ерта шен произведеница автор?

    • Муьлхачу исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсех пайда эцна авторо шен произведенехь? Схьалаха уьш.

    1. Белхан тетрадь, 3, 5-г1ий т1едахкарш.

    1. Урокан жам1аш.

    Яздархочо шена хьалхах1оттийна декхар исторически хиламаш бовзийтар хилла ца 1а. Цо оцу хиламца адаман дахаре цу къизалло деанарг а гойту, церан синхаамаш а бовзуьйту. Гайтина суьрташ дукха ирча, дега1ийжаме ду. Дахарехь хилла бакъдерг дуй яздархочо шен произведенехь гайтинарг? Цуьнан турпалхой баккъал а баьхна нах буй? Мел герга ву яздархо исторически хиламаш бовзийтарна?

    Хуьлуш дерг шен б1аьргашна гуш долуш санна довзуьйту яздар­хочо. Коьртаниг, оцу бохаман ма-дарра сурт xIotto хиъна авторна. Цу хенахь баьхначу нехан васташ ду цо кхоьллинарш шен дийцар т1ехь.

    1. Рефлекси.

    2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

    1. 1амат т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш кечдар, къастош еша хаар шардар.

    2. Саидов Билалан биографи ешар.

    17-г1а урок. Саидов Саь1идан Билал. «Вина юрт»

    1алашонаш: дешархошна стихотворении идейх кхета rlo дар, къастош еша, текстана анализ ян хаар шардар.

    Хьехаран кепаш: къастош ешар, хаттаршца доьзна къамел дар, хьехархочун комментареш, текстана анализ яран кепаш.
    1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   16


  • написать администратору сайта