7 класс НЛ гот. Урок. Адам гайтар литературин коьрта идейносинъоьздангаллин проблема санна 1алашонаш
Скачать 186.89 Kb.
|
г1а урок. Арсанукаев Шайхи. «Ийманах дузийта дегнаш» 1алашонаш: Арсанукаев Шайхин дахаран, кхоллараллин некъ бовзийтар, лирически произвеленина анализ ян хаар кхиор. Хьехаран кепаш: хьехархочун дош, къастош ешар, поэтически текстан анализ яран кепаш. Урок д1аяхьар Ц1ахь бина болх таллар. Мила лара мегар ду литературин турпалхо? Произведенехь муха вевза вайна турпалхо, муьлхачу билгало- нашца? Мил-милла а лара мегар дуй литературин турпалхо? Символо х1ун Нуллакх кхочушдо произведенехь? 1аламан сурт а, турпалхо а. Х1ун меттиг д1алоцу 1аламо турпалхочун амал йовзийтарехь? 1амат Tlepa Арсанукаев Шайхих лаьцна йолу статья ешар. Дешархоша шаьш Арсанукаев Шайхин дахарх, кхоллараллех лаьцна кечбина хаамаш бовзуьйту. Хьехархочун дош. Арсанукаев Шайхи нохчийн литературин истори юкъа вахна «Ненан мотт» стихотворении автор санна а, ткъа иштта стихашкахь роман язйина яздархо санна а. Арсанукаев Шайхис нохчийн литературин коьрта кхо «турпалхо» билгалво: адам (шен амалца, ойланашца, сатий- самашца, Нуллакхашца, гиллакхашца), адам шена Нехь дехаш долу Латта (Даймохк), адам шена чохь ехаш йолу Зама. Шен кхолларалла кху мехаллаш Нехь - Даймохк, нана, адамалла, къинхетам, къинхьегам, оьздангалла, къонахалла, тешам, доттагалла, безам кхиош схьавеана Арсанукаев Шайхи. Жимчохь дуьйна а вара Шайхи литературе безам болуш. Стихаш язъян волавелла школехь доыпуш волуш, амма шен кхолларалла кхиъна яллалц уьш зорбане елла цо. Поэтан дуьххьарлсра книга «Лаьмнашкахь 1уьйре» араяьлла 1965-чу шарахь. Арсанукаев Шайхин кхоллараллин некъ кхаа муьре бекъа мегар ду. Хьалхара- 1970-чу шерийн юьхь а, чаккхе а. Шолг1а- 1971—1981 -rla шераш. Кхоалг1а - 1982-2000-г1а шераш. Шен тоьлла произведенеш цо язйина 2-чу а, 3-чу а муьрашкахь. Царна юкъахь ю цуьнан яккхий эпически произведенеш: «Хан-г1ала», «Тимуран тур»», «Ушурмин Ших», «Захар», «Кхолламан сизаш» и. д. кх. а. Арсанукаев Шайхин кхолларалла вайн махкахь евзина ца 1аш, кхечу мехкашкахь а евза. Цуьнан произведенеш зорба тоьхна гуьржийн, оьрсийн, туркойн, немцойн меттанашкахь. Цуьнан кхоллараллин лаккхара мах хадийна: цунна 1980-чу шарахь «Нохч-Г1алг1айн АССР-н культурин хьакъволу белхало» ц1е елла, 1989-чу шарахь — Нохч-Г1алг1айн АССР-н Халкъан поэт, 2005-чу шарахь Нохчийн Республикин Сийлахь Гражданин ц1ерш а елла, иштта мидалшца совг1аташ а дина цунна. Хаттар-тезис кепехь гайта xlapa материал (дешархошна т1едиллар). «Ийманах дузийта дегнаш» стихотворени т1ехь болх бар. Стихотворени къастош ешар (1-ра дакъа). Хьехархочун комментари. Нохчийчохь 1994-чу шарахь кхолладелла хьал ду стихотворении хьалхарчу декъа т1ехь дуьйцург. Поэт Деле дехарш деш ву, адамашца сакхте мел дерг д1адаккха бохуш. Нохчий вовшашца барт а боьхна, дайн оьзда г1иллакхаш дицдина, хьарам, хьанал дерг ца къастош, ка- раеанарг ядош, лачкъош, йохош карзахе хьийза. Динан дай даржашка кхийда, хьекъалх тилла, берзалойн амалшка а бирзина, вовшашна герз тоха кийчча бу селхана вежарий хилла лелла нохчий. Бераш дешарх хаьдда, йижарийн, нанойн баьрхиш дац лекъаш. Ирча хьал ду Нохчийчохь кхолладелларг. Х1ун доьхуш ву Деле автор шен стихотворенехь? Авторо и дехарш Деле х1унда до, адамашка а ца деш? Х1ун ду боху поэто адамашна юкъара г1иллакх, вовшийн ларар д1адаьккхинарг? Х1ун ду поэтан сагатдийриг, цуьнан дог 1ийжош, лазош дерг? Дийца, муха кхета шу кху мог1анех: «Гуш ву-кх, Хьо - имамаш мел сиха деба!» Тидам бе кху мог1анийн: «Динан дай 1едалан даржашка кхийда; оьг1азе, ч1иркъе бу тхан кьоьжа къаной». Муха кхета шу царах? (Оцу халчу хенахь динан дай шайн декхарш дицдина, 1едалан даржашка кхийдаш бара: ши муфтият кхоьллира цара, шиъ Мехкан кхел а кхоьл- лира. Оцу масалша гойту и нах шайна пайде дерг лоьхуш хилар. Нохчийчохь хуьлуш долчуьнца церан бала цахилар.) Х1ун лаам бу поэтан, Нохчийчохь х1ун хила лаьа цунна? Х1ун ду лирически стихотворенехь коьртаниг? (Лирически турпалхочун синхаамаш, ойланаш, дегалазамаш бу.) «До1а» ц1е тиллина шен стихотворении хьалхарчу декъана авторо. Х1ун ду иза до1анах тарйийриг? Белхан тетрадь, 3, 4, 5-г1ий т1едахкарш. Рефлекси. Щахь кхочушдан дезарг. Стихотворении 1 -ра дакъа къастош деша хаар. 1-чу декъан чулацамца дог!учу хаттаршна жоьпаш кечдар. Белхан тетрадь, 1, 2-г1ий т!едахкарш. г1а урок. Арсанукаев Шайхи. «Ийманах дузийта дегнаш» 1алашонаш: лирически произведенина анализ ян хаар шардар. Хьехаран кепаш: хьехархочун дош, къастош ешар, комментари, поэтически текстан анализ яран кепаш, тобанашца болх бар. Урок д1аяхьар Щахь бина болх таллар. Х1ун зама ю стихотворенехь юьйцург? Муха дара цу хенахь Нохчийчохь кхолладелла хьал? Мила ву Нохчийчохь кхолладелла хьал д1анисдан г1ерташ верг? Х1ун ду лирически турпалхочо Деле доьхург? Мила ву бехке и тайпа хьал Нохчийчохь кхолладелла хиларна? Шуна хетарехь, х1ун дара цу хенахь адам хьере дина, карзах- даьккхинарг? Муьлха синмехаллаш хьахийна авторо шен стихотворенехь? Стихотворени т1ехь болх бар. Къастош ешар. Комментари. Текстехь юьйцург 1994—1995-чу шерашкахь России пачхьалкхан эскарша вайн махкахь д!ахьош хилла йолу антитеррористически операци ю. Ткъа поэто Къемат-буъйса ц1е тиллинарг 1994-чу шеран 31 декабран буьйса ю. Оцу буса къиза т1емаш бина Соьлжа-Палахь. Хаттаршца доьзна къамел дар. _ 1994-Чу шарахь Нохчийчохь декабран т1аьххьара буьйса муха еара, х1ун деара цо шеца вайн махкана, халкъана? Х1ун ц1е тиллина оцу буьйсанна поэто? Маьршачу вайн нахана бертаза Небеанчу къизчу т1амо х1ун деара вайн махка? Схьа а лахий, д1адеша и мог1анаш. Махкахь къемат-де х1оьттича х1ун халонаш, баланаш лан дийзира Нохчийчоьнан? Муха яздо цунах лаьцна поэто? Къизчу т1амо холчух1оттийнчу Нана-Нохчийчоьне х1ун кхай- кхамаш бо поэто? Х1ун дешнаш карадо цунна и хьаста, тебан? Схьа а лахий, д1адеша уьш. Х1ун ду боху поэто, къар ца луш латта, халонаш лан, Нохчий- чоьнна ницкълург? Произведении исбаьхьаллин башхаллаш къастор. Стенах йоллу стихотворении д1ах1оттаман башхалла? Цуьнан чулацамо харжийтиний, шуна хетарехь, поэте цуьнан шатайпа д!ах1оттам? Стихотворении хьалхара а, доьалПа а дакъош дечу до1анан, дехаран хьесапехь ду. Х1ун маь1на ду цуьнан стихотворении ойла т1еч1аг1ъярехь? Муьлхачу исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсех пайда эцна авторо Неман къизаллин суртх1оттош: ...стигланаш эт!а, латта дулелхаш, акхачу халхарехь къизалла iiozly, 1аьржа 1ожалла, къаъхьа б1аърхши, хораме къурдаш. Патриотически дог-ойланца чекхйолу стихотворени. Х1ун гойту цо? Тобанашца болх бар. Планах пайда а оьцуш, произведени талла хьовса. 1.1) Коьрта ойла, стихотворении идей, маь1на. Стихотворении лирически турпалхо. Исбаьхьаллин кепаш: тропаш (олицетворенеш, эпитеташ, дустарш, метафораш), цара кхочушден Нуллакх. Лексикин башхаллаш: ширделла дешнаш, неологизмаш, диа- лектизмаш юй стихотворенехь; цара кхочушден г1уллакх. Муьлхачу синх1оттамехь язйина ю. Х1ун ду шуна стихотворенехь дика хеттарг? Белхан тетрадь, 6-8-г1ий Недахкарш. Рефлекси. Ц1ахь кхочушдан дезарг. 1. Произведени къастош еша хаар. 2.1амат Нехь долчу хаттаршна жоьпаш кечдар. г1а урок. Кибиев Мусбек. «Дош» 1алашонаш: лирически произведенина анализ ян хаар шардар; олучу дешан маь1на билгалдаккхар. Хьехаран кепаш: хьехархочун дош, къастош ешар, поэтически текстан анализ яран кепаш, тобанашца болх бар. Урок д1аяхьар Ц1ахь бина болх таллар. - Х1ун зама ю стихотворенехь юьйцург? Муха дара Нохчийчохь цу хенахь кхолладелла хьал? Мила ву Нохчийчохь кхолладелла хьал д1анисдан Нерташ верг? Х1ун ду лирически турпалхочо Деле доьхург? Мила ву бехке и тайпа хьал Нохчийчохь кхолладелла хиларна? Шуна хетарехь, цу хенахь адам хьере дина, карзахдаьккхинарг х1ун дара? Муьлха синмехаллаш хьахийна авторо шен стихотворенехь? 1994-чу шарахь Нохчийчохь декабран Наьххьара буьйса муха еара, х1ун деара цо шеца вайн махкана, халкъана? Х1ун ц1с тиллина оцу буьйсанна поэто? Маьршачу вайн нахана бертаза Небеанчу къизачу т1амо х1ун деара вайн махка? Схьа а лахий, д!адсша и мог!анаш. —Махкахь къемат-де х1оьттича, х1ун халонаш, баланаш лан дийзира Нохчийчоьнан? Муха яздо цунах лаьцна поэто? Къизчу т1амо холчух1оттийнчу Нана-Нохчийчоьне х1ун кхай- кхамаш бо поэто? Х1ун дешнаш карадо цунна и хьаста, тебан? Схьа а лахий, д1адеша уьш. Х1ун ду боху поэто, къар ца луш латта, халонаш лан, Нохчий- чоьнна ницкълург? Цу хенара дагалецамаш (дешархойн хаамаш). Хьехархочун дош. Кибиев Мусбек кхечарах къаьсташ, шен хат! долуш поэт вара. Шатайпа бара цуьнан поэзига болу хьежам а. Цхьаболчара цуьнан стихаш чолхе ю, кхета хала ю олура, вукхара уьш к1орггера маь1на долуш ю олура. Цо а гойту Кибиев Мусбек пох1ма долуш поэт хилар. Амма кхидолчунна т1ехь нохчийн поэтех къаьсташ вац иза. Цхьатера бу церан дахаран, кхоллараллин некъ. Махкахваккхар, бераллин хала мур, дешар, литературе болу безам хьалххе гучубалар и. д. кх. а. Киргизехь чекхйоккху цо ворх1шеран школа. Даймахка ц1авирзинчул Наьхьа чекхъяьккхина юккъера школа Веданахь. Поэзига шовкъ йолчу к1анта школехь дуьйна стихаш язйо. Поэзига болчу безамо вуьгу иза Горькийн ц1архчу институте деша. Цига литературехь шен таронаш гайтинарг бен д1а ца оьцура. Цо иза кхиамца чекхйоккху. Кибиев Мусбекан дуьххьарлера книга араяьлла 1962-чу шарахь. Иза «Ши зама» ц1е йолу стихийн гулар яра. Х1етахь дуьйна Нохч- Г1алг1айн книжни издательствехь арайийлина поэтан книгаш «»Наьр- таш» (1962), «Денойн чам» (1969), «Шийла ц1ерш» (1975), «Лаьттан куьзга» (1984), «Беттан дог1а» (1985), «Седарчийн ч!ара» (1988), «Хьекъалан бохь» (1992), «Хаьржинарш» (2012). Шуьйра бу цуьнан поэзин чулацам. Нохчийчоьне безам кхуллуш, къонахалла, доьналла, хьуьнар, Ниллакх-оьздангалла, къоман ламас- таш ч1аг1деш ю поэтан кхолларалла. Дахаре болу хьежам шатайпа бу поэтан, дахар а го цунна кхечу кепара. Шена дахар гаран башхалла ю поэто вайна тамашийна хетачу, чолхечу васташка ерзийнарг, цуьнан башха йозанан хат1 кхоьллинарг. Ойлане вохуш, философски маь1на шайца долуш ю Кибиевн 1аламах лаьцна стихаш. Прозехь а бина Кибиевс болх: яздина дийцарш, шиъ повесть - «Бекхам», «Эхь дайна Нелатар». Еа баснийн автор а ву поэт. Царах цхьаъ вай 1амор ю. Шен стихашкахь дош коьртаниг лорура цо. Цу т1ехь болх алссам бора цо, иза лерина хоржуш, шен метта далош и. д. кх. а. Бакъйолу поэзи - иза ритм, рифма хилла lain яц, амма кхоллараллин болх бу - дашца - хьекъалан, деган. Хааман схема х1оттае. Стихотворени «Дош» къастош ешар, иза йийцаре яр. - Х1ун ойла кхоллайолуьйту стихотворенино? Стеган дахарехь х1ун меттиг д1алоцу олучу дашо? Контраст, антитеза (дуьхь-духьал xlorrop) - стихотворении композиции бух бу. Бакъде иза. Дийца, муха кхета шу «дашо декхначу дийнахь йочане и буьйса гойту» бохучух. Стаг маца хазво, вазво дашо, ткъа маца сий дойуш, юьхь1аьржачу х1оттаво, цунах безам боккхуш? Кхин х1ун ницкъ бу дашехь? Дийца цунах лаций, текста т1ера масалш далош. Шуна хетарехь, дуьнен т1ехь цхьа а лар ца юьтуш, дашо стаг вайар маца нисло? Маца йог1а тарло дашо шерачу арахь дато г1аланаш? Шуна хетарехь, стаг дакъаза маца вала турлуш ду? Шуна хетарехь, х!ун ду адамашна юккъехь масла1ат деш дерг? - Дашо кийра ц1е латайо, кийра ша бойту боху поэто. Маца хуьлу стагехь и хьал, х1ун ду иза оцу хьоле кхачош верг? -Дош мазал мерза а, д1овш санна къаьхьа а хуьлу бохучух теший шу? Т1аккха маца хуьлу иза мерза а, ткъа маца - къаьхьа? Дашна кластер х1оттае. Тобанашца болх бар. Стихотворении рифма шатайпа юй? Муьлхачу къамелан дакъойх лаьтта иза? Стихотворении юьхьехь балийна пхи мог1а цуьнан чаккхенехь а балийна авторо. Х1ун маь1на ду цуьнан? Схьалаха стихотворенехь дуьхь-духьал х1отторан, антитезин масалш. Мича 1алашонца пайда эцна поэто оцу кепах? Вайн дайша олучу дешан мах лакхара лерина. Дош деллехь, иза кхочушдан дезаш хилла стага. Делла дош ца лардечун мах лахара хилла халкъалахь? Ишттачунна стаг вац, дешан да вац олура. Аша муха кхочушдо шаьш делла дош? Муьлха билгалдешнаш далийна дош ц1ердашна авторо. Муха кхета шу царах? Х1ун Нуллакх кхочушдо цара дешан маьна билгал- даккхарехь? Поэтан муьлха аз хеза вайна стихотворенехь: оьг1азе, сингаттаме, карзахе, к1еда-мерза, бендоцу, тергаме, хьехаме? Текста т1ера масалшца т!еч1аг1де. Дийца, муха кхета шу кху дешнех: Доьдий, дашо Стаг во дашо, Доьдий, т1аккха Маьттазвоккху. Белхан тетрадь, 1-5-г1ий т1едахкарш. Рефлекси. Щахь кхочушдан дезарг. Стихотворени къастош еша хаар. 2.1амат т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш кечдар. Белхан тетрадь, 6-г1а т1едиллар. г1а урок. Кибиев Мусбек. «Зов» 1алашонаш: баснин маь1на билгалдаккхар, цу т1ехь дуьйцург маь1не хилар гайтар; текстана анализ яр; баснин тардинчу маь1нех кхета хаар кхиор. Хьехаран кепаш: хьехархочун дош, къастош ешар, поэтически текстан анализ яран кепаш, тобанашца болх бар. |