Главная страница

пистаели чечен.. Мамакаев Мохьмад Амаевич


Скачать 1.87 Mb.
НазваниеМамакаев Мохьмад Амаевич
Дата01.11.2022
Размер1.87 Mb.
Формат файлаdocx
Имя файлапистаели чечен..docx
ТипПоэма
#766394



Мамакаев Мохьмад Амаевич
(1910-1973)
Мамакаев Мохьмад вина 1910 шеран 16 декабрехь Ачхой-Мартанехь ахархочун доьзалехь. Шен ворхI шо долуш дех-ненах ваьлла, байлахь висна жима Мохьмад. Гергарчу наха а, Iедало а терго йина кIентан. Иза дIаэцна Асланбековски берийн цIийне (хIинца Серноводск), цигахь дешна юьхьанцарчу школехь . Юккъера школа чекхъяьккхина Соьлжа-ГIалахь. “Со вина де”, “Ненаца дина къамел” поэмаш тIехь дийцина яздархочо шен бераллех, дешаран шерех лаьцна. Хала хиллехь а, хаза хан яра иза, боху поэта. Мамакаев Мохьмадан дуьххьарлера исбаьхьаллин произведени зорбатоьхна 1926-чу шарахь «Серло» газета тIехь. Поэтан дуьххьара зорбатоьхначу стихотворенешна юкъахь яра «Зеламха» цIе йолу стихотворени. Мамакаев Мохьмадан дахаран некъ хедира 1973 шеран марсхьокху-беттан 17-чу дийнахь.


Окуев Шима Хамидович
(1937-1986)

Окуев Шима вина 1937 – чу шарахь Соьлжа – г1алахь. Цуьнан ворх1 шо дацара, нохчийн халкъ шийлачу 1ай Даймахках даьккхина, Юккъерчу Азе дахийтинчу хенахь. Шимин доьзал Казахстане кхечира. Цигахь цо чекхъяьккхира юккъера школа.Кхойтта шо даьккхина нохчийн халкъ ц1адирзича, Шимин таро хилира Нохч – Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институте деша ваха.1962 – чу шарахь институт чекхъяьккхина Шуьйта районан «Ленинец» газетан редакцехь редактор балха х1оьттира. Поэтан Окуев Шимин дахарехь дуккха а стихин, прозин сборникаш зорбане евлла нохчийн, оьрсийн меттанашкахь: «Сан Шуьйта», «Лай» т1ехь ц1ен зезагаш» — роман, «Т1аьххьара верас», «Чорийн забарш». Окуев Шима кхелхина 1986 – чу шарахь.



Бадуев Саид Сулейманович
(1903-1938)
Бадуев СаIид-Салихь прозаик, драматург, поэт, нохчийн исбаьхьаллин литературин бухбиллархо, вина 1903 шеран 28 августехь Соьлжа-ГIалахь. Яздархочун да Бадуев Сулейман Хьалха-МартантIера схьабевллачу совдегарех хилла. Нохчийн драмтеатрехь исбаьхьаллин куьйгалхо лаьттина иза. Язъян волавелла 1925 шарахь. Са1ида дуьххьара язийна «Мацалла» ц1е йолчу повесть 1928-1929 шарашкахь. Цуо язийна повесташ: «Бешто», «Ц1еран арц». Цуьнан кхолларалин некъ 10-12 шаре бен бах ца бела. Яздархочун тоьлашха йолу произведенеш школехь , вузашкахь Iамош ю, цуьнан пьесаш нохчийнкъоман театр кхоллаелчхьана х I инццалц схьа театран репертуарехь ю. Бадуев Са I ид 1938 шарахь Гулагехь кхелхина лоруш дара.



Гайсултанов Умар Эдилсултанович
(1920-1980)

Гайсултанов Iумар вина 1920 шарахь Шелахь ахархочун Эдалсолтин доьзалехь. Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1936-чу шарахь, Грозненски рабфаке деша вахна Гайсултанов Iумар. Дика доьшуш чекхъяьккхина рабфак. Дукха хан ялале Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелла. ТIаме а вахна Гайсултанов Iумар, 1941–1943 шерашкахь эскарехь хилла иза. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь, 1944-1957 шерашкахь, Киргизехь финансови органашкахь белхаш бина цо. 1958 шарахь дуьйна хаддаза Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь дешаран книгаш арахоьцучу отделехь лакхарчу редакторан болх беш вара.Гайсултанов Iумар яздан волавелла дIадаханчу бIешеран 40-га шераш юккъе даханчу хенахь. Гайсултанов Iумаран дуьххьарлера книга “Болат-ГIала йожар” араяьлла 1959 шарахь Соьлжа-ГIалахь. Гайсултанов Iумар кхелхина 1980 шеран 1-чу февралехь Соьлжа-ГIалахь.



Саракаев Хьамзат Ибрагим-Бекович
(1927-2013)

Хамзат Саракаев вина 1927 шеран 31 декабрехь Веданахь. Нана Ӏедалс хӀаллак йинера. Иза хьалакхиош оьрсийн няня яра цуьна де вешин Азисан доьзалехь. Хьамзата дишира Веданан бо-беран интернатехь. Цуьна хьалхара байт араелира 1939 шарахь «Ленинан некъ» цӀе йолу республикан газетехь. 1940 шарахь цуьна байташ арахийцира «Вайн эшараш» цӀе йолу къона яздархойн коллективан гуламехь. 1957 шодуьна Саракаевн повестиш, дийцараш, байташ, гочдараш кӀест-кӀеста арайовлу республикан газеташкахь. Хьалхара цуьна произведенийн гулам «Первый подвиг» араелира 1972 шарахь Соьлжа-ГӀалахь.Цо нохчийн матта ехира Лев Толстойс язйина «Хаджи-Мурат» а, «Казаки» а, «Набег» а, кхийолу произведениш а.Цо болх бира Нохч-ГӀалгӀайн радион коьрта редактор. Иштта иза

вара «Низам» а, «Вайнах» а журналашан а, «Терек» газетан а коьрта редактор а, арахецархо а. 2005 шо дуьйна 2013 шо кхаччалц цо болх бира «Вайнах» журналехь.



Рашидов Шаид Рашидович
(1940-2020)

Рашидов Шах1ид Нохчийн г1араваьлла яздархо ву. Рашидов Шах1ид 1940-чу шеран 15-чу ноябрехь вина Гуьмсан районерчу Энгель – эвлахь. Рашидов Шаид стихаш язъян волавелла 6-чу классехь доьшуш волуш. Дуьххьара нохчийн маттахь язъиина стихотворени Мамакаев Мохьмаде гайтира цо. Нохчийн маттахь дуьххьарлера стихотворени зорбане елина 1958-чу шарахь. Безамах яра иза. Дуккха иллеш, эшарш ду цуьнан стихаш т1ехь язъйина. Дуьххьарлера д1а аьлла илли ду «Ломара зезаг». Шен хазчу озаца и илли д1аэлира Магомедов Султана. Дуккха а ладог1архошна дукха дезаш ду Шах1идан дешнаш т1ехь даьхна безамах долу иллеш. Царех ду «Илланча сох винарг», «Чов», «И туьтеш сийна», Дог дитна воьду со»...Рашидов Шах1ид кхелхина 2020 шарахь январь.



Мамакаев Арби Шамсуддинович
(1918-1958)

Мамакаев Ӏаьрби вина 1918 шеран гIуран-беттан 2-чу дийнахь Лаха Ноьврехь. Мамакаев Ӏаьрби – нохчийн яздархо а, гочдархо а вара. Иза нохчийн литературан бухбиллархойх цхьаъ лору. Вуно жима волуш, да-нана доцуш байлахь висарна кхиира иза берийн цIахь. Цуьнан хьалхара байташ арахийцира 1934 шарахь. Хьалхара байтан гулам «Теркан тулгIенаш» араелира 1940-чу шарахь. Цуьнан уггаре гоьяьллачех цхьаъ ю цуьнан поэма «Аслага а, Селихат а». Вайнах цӀера бахарна дуьхьал ву аьлла, иза юха а чувоьллира. Т1аккха иза Магаданерчу Гулаге хьажийра. Магадехь хан йоккхуш, цо язйина цхьа а байт хууш яц. Набахтера арахецча, иза Казахстане вахара шен доьзалах дIакхетархьама. 1957 нохчашна цIа бахка бакъо елча, Нохчийчоь юхавийрзира Iаьрби. Цуьнан дукха халонаш дан дийзира шен

дахаран оьмаран тIаьххьарчу шарахь. Ткъа иза велира шен доттагIчуьнан Абузар Айдамировн цIахь.



Арсанукаев Шайхи Абдулмуслимович
(1930-2012)

Арсанукаев Шайхи вина 1930 шеран 15 августехь Дишни-Веданахь хьуьнан белхахочун Iабдулмуслиман доьзалехь. Исбаьхчу Iаламехь дIадахна поэтан бералла. Схьахетарехь, хIетахь кIентан даг чу йижина Iаламан аьхналла хир ю цуьнан кхоллараллехь исбаьхьчу поэтически сурташкахь вайна гуш ерг. Да Iабдулмуслим а, нана Цуца а кIантий дешийта лууш хилла. Дика доьшуш юьртара школа чекхъяьккхина Шайхис. Цо заочно доьшуш чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн педагогически институтан нохчийн моттий, литературий, оьрсийн моттий, литературий хьоьхуш йолу филологин факультетан отделени. 1965 шарахь Веданан районан «Колхозан дахар» цIе йолчу газетан редакторан заместитель хIоттаво Арсанукаев Шайхи. Оцу даржехь шина шарахь болх бинчул тIаьхьа иза Соьлжа-ГIаларчу Нохч-ГIалгIайн книжни издательствон редакторан балха схьавалийна. Издательствехь кхиамца болх беш волу Арсанукаев Шайхи 1973 шарахь Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзо

арахоьцучу «Орга» альманахан коьрта редактор хIоттийна. Арсанукаев Шайхи кхелхина 2012 шеран 13 мартехь Соьжа-ГIалахь.



Айдамиров Абузар Абдулхакимович
(1929-2005)

Халкъан яздархо Айдамиров Абузар вина 1929 шеран 29 октябрехь Ножи- Юьртан районерчу Мескетахь ахархочун Iабдул-Хьаькаман доьзалехь. (Цуьнан паспорт тIехь вина терхьа 1933 шо билгалдаьккхина, иза сибрехьахь долуш спецкомендатурехь дIаяздина нийса доцу терхьа хилла).Жимчохь д1аболабелла Айдамировн къинхьегаме некъ. 1957-чу шарахь Мескитарчу школе нохчийн метан, литературан, историн хьехархочун балха вахийтира иза. Нохч-Г1алг1айн пачхьалкан педагогически институтан историко-филологически факультет чекхъяьккхира цо 1963-чу шарахь. Дуьххьарлера цо язъина стихотворении «Лермонтовн безамна» зорбане елира 1956-чу шарахь «Винчу лаьмнашкахь» ц1е йолу книги т1ехь зорба тоьхна ю дуккха стихотворенеш. Айдамиров Абузаран башха кхолларалла нохчийн исбаьхьаллин литературин хазна хилла ца Iаш, адаман кхетам кхиорехь мехала ю.Айдамиров Абузар кхелхина 2005 шеран 27 майхь Хьалха-Мартан гIалин больницехь Iуьйранна 6 сахьт даьлча.



Дикаев Мохьмад Джунидович
(1941-1979)

Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн къоман композиторца Димаев Iумарца цхаьна пондар локхуш а хилла иза. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь Казахстанехь Чу станцехь Iийна ДикаевгIеран доьзал. Цигахь 1949 шарахь хьалхарчу классе деша вахна Мохьмад. Юккъера школа чекхъяьккхина Даймахка цIадирзинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIалахь 1959 шарахь. Иза Соьлжа-ГIалара 18 школа яра. Оццу шарахь деша вахна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан историко-филологически факультете оьрсийн мотт, литературий, нохчийн мотт, литературий хьоьхучу отделени. ТIех дика доьшуш институт чекх а яьккхина, аспирантуре хIоьттина фольклорехула йолу Iилманан говзалла караерзо.Оцу институте хьехархочун балха дIа а эцна иза. Дикаев Мохьмад кхелхина 1979 шеран 29 октябрехь. Поэтана дуьненахь яккха елла хан еха ца хилла. Амма ша дуьненахь яьккхинчу кIеззигчу хенахь нохчийн литературехь кIеггина лар йита кхиъна Мохьмад.


написать администратору сайта