чеч лит 5. Урокан тайпа керла коьчал хьехар 1алашо Хь. Сатуевн Б1аьстенан дог1а ц1е йолу стихотворении йовзийтар
Скачать 20.23 Kb.
|
НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКАН ДЕШАРАН А, 1ИЛМАНАН А МИНИСТЕРСТВО ПАЧХЬАЛКХАН КОРМАТАЛЛИН БЮДЖЕТНИ ДЕШАРАН УЧРЕЖДЕНИ «СОЬЛЖА-Г1АЛИН ХЬЕХАРХОЙН КОЛЛЕДЖ» Нохчийн литературин урокан конспект Дешаран учреждени: МБОУ «СОШ №11» Класс: 3 «В» Коьчал: ««Б1аьстенан дог1а» Хь. Сатуев.» Терахь: 09.05.23г. Х1оттийнарг: Хасуева Мадина Гирихановна 4-чу «Г» курсан студентка Корматалла 44.02.02 Юьхьанцарчу классашкахь хьехар Коьчал: «Б1аьстенан дог1а» Хь .Сатуев. Урокан тайпа: керла коьчал хьехар 1алашо: Хь. Сатуевн «Б1аьстенан дог1а» ц1е йолу стихотворении йовзийтар. Урокан г1ирс: 1амат. Кхочушдан лерина жам1аш: 1. Предметни: берашна 1емар ду нийса а , кхеташ а стихотворни тексташ ешар, авторан дог-ойла а гойтуш ешар; 2. Метапредметни: Познавательни: нийса а , кхеташ а , шера а стихотворни тексташ еша 1амор; Коммуникативни: берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, къамел кхиор; Регулятивни: ойлаяр, тидамбар; 3. Личностни: берашна 1емар ду 1аламан хазалла ган. Урок д1аяхьар. I. Урокан низам д1ах1оттор. Дешаре шовкъ кхоллар. - Де дика дойла шу, бераш. Шай 1аматш схьалаяха. Урокан кийчам бе. Вай урок д1айоллор йу, х1етал-металшан жоп луш. II. Хаарш жигара дахар. Ц1ера болх таллар. -Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? (Тхуна еллера Д. Кагермановн «Арахь» ц1е йолу стихотворении дагахь 1амо) -Бераша схьаюьйцу стихотворении. Ча такхо тача, тача такхо ча. Д1адеша чехкаалар меллаша массара цхьана. -Д1адеша чехкаалар хезаш массара цхьана. -Дагахь 1амаде . III. Дешархой коьчална т1ебигар. 1алашо йовзийтар. -Муьлха произведени евзар ю вайна тахана? ( «Б1аьстенан дог1а») -Мила ву цуьнан автор? (Хь Сатуев) -Муха болх бийр бу вай тахана и дийцар дика 1амийта? -Вайна тахана евзар ю Хь Сатуевн «Б1аьстенан» ц1е йолу стихотворении.Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а стихотворни тексташ еша. Вайна 1емар ду хаттаршна жоьпаш дала, 1аламан хазалла ган. IV. Керла коьчал хьехар. Хьехархочо кхетош д1айоьшу Хь . Сатуевн «Б1аьстенан дог1а» ц1е йолу стихотворении. - 1аламан муьлха хилам бу стихотворении т1ехь балийнарг? (Б1аьстенан дог1а) -Муха хуьлу стигал дог1а далее? (Стигал кхолайо мархаша) Х1ун боху стелахаьштигах лаьцна? (Бода бат1ош т1ху стелахьаштиг) -Шуна гиний иза? -Муха долало дог1а? (Цкъа хьалха цхьа –ши т1адам бужу , юха т1е1ена долало дог1а) -Х1ун ю 1овраш ? (Дог1а 1аь1ча шортта хи гулло , т1акха охьаида долало) -Х1ун боху автора 1оврех лаьцна? (1овраша т1улгаш а , дитташ текхадо) -Шуна гиний 1аламан иштта сурт? Сада1аран минот. Са а даь1на, арадевлла, Ян дох куш ду тхо зарядка. Сихха шу д1ах1иттий довла, Цхьана меттехь юхадовда. Куьйгаш д1асадахийта, Цецдевлла шаьш моттийта. Юха хьалха охьата1а, (3-4-зза) Охьата1а, хьалата1а. (3-4-зза) Хьаж т1е куьг шайн х1оттаде, Когаш д1асахилабе, Аьтту arlop доьрзуш, (3-4-зза) Аьрру arlop доьрзуш, (3-4-зза) Гонах до л чу н тидамбе. Динарг х1инца тоийта, Дог1маш малдеш, д1ах1итта. Мох чуоза, арахеца, (3-4-зза) Вайн зарядка ели х1инца. V. 1амийнарг т1еч1аг1дар. Бераша массара цхьана хезаш цхьанаэшарехь д1айоьшу Хь. Сатуевн «Б1аьстенан дог1а» ц1е йолу стихотворении. - Х1инца вай 1амат т1ера хаттаршна жоп лур ду. Хьалхара хаттар д1адеша. - Стенах лаьцна яра и стихотворени? VI. Жам1 дар. -Муьлха произведени евзи шуна тахан? -Мила ву цуьнан автор? -Стенах лаьцна яра иза? Ц1ахь бан болх балар: Хь. Сатуевн «Б1аьстенан дог1а»ц1е йолу стихотворении дагахь 1амо. VII. Рефлекси. -Муьлха кхиамаш бехи аша тахана? Царех муьлхачарех до аша дозалла? |