Главная страница
Навигация по странице:

  • НОХЧИЙН ПАЧХЬАЛКХАН ДЕШАР КХИОРАН ИНСТИТУТ

  • ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ЦЕРАН ТАЙПАНАШ

  • Упражнени № 1. Муьлхачу аларца реза хила мегар дац

  • Упражнени № 2. Кхарна юккъехь дешнийн цхьаьнакхетарш доцурш билгалде.

  • Упражнени № 3. Коьрта дош хIокху хьаьркаца

  • Упражнени

  • Упражнени № 5. Текста юккъера схьаязде дешнийн цхьаьна- кхетарш хIокху моделашца кхоьллинарш

  • Дешнийн цхьаьнакхетарш, шайна чохь дозуш долу дош коьртачуьнца дозаделла дерш

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница1 из 91
      1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   91

    НОХЧИЙН ПАЧХЬАЛКХАН ДЕШАРАН, IИЛМАНАН МИНИСТЕРСТВО НОХЧИЙН ПАЧХЬАЛКХАН УНИВЕРСИТЕТ

    НОХЧИЙН ПАЧХЬАЛКХАН ДЕШАР КХИОРАН ИНСТИТУТ

    ЭДИЛОВ С. Э.



    НОХЧИЙН МЕТТАН СИНТАКСИСАН ПРАКТИКУМ
    Юккъерчу юкъарадешаран школийн дешархошна а, юьхьанцарчу корматаллин а, лаккхарчу дешаран учрежде-

    нийн студенташна а лерина дешаран пособи

    Соьлжа-ГIала Издательство «Арфа-Пресс»

    2012

    ББК 74. 261 4 (чеч)

    УДК 372. 8

    Эд. 18

    Пособие издано при финансовой поддержке

    Федерального агентства по печати и массовым коммуникациям в рамках Федеральной целевой программы «Культура России»
    Федеральни «Россин культура» Iалашонан программин декъехь зорбанан а, шуьйрачу коммуникацин а Федеральниагентствос

    харж ярца арахецна
    Рецензенташ:

    Х.Б. Навразова, филологически Iилманийн доктор, НПХЬИ-н профессор,

    А.И. Халидов, филологически Iилманийн доктор, НПУ-н профессор

    Эдилов С.Э.

    Эд. 18 Практикум синтаксиса чеченского языка. Учебное пособие. / С.Э. Эдилов – Грозный: Издательство «Арфа-Пресс», 2012 г. – 304 с.

    ISBN 978-5-91528-018-1
    Нохчийн меттан синтаксисан практикум хIоттийна дешархой а, студенташ а атта кхетар болу тайп-тайпана некъаш лоьхуш, гайтаман гIирсийн схемаш ялош. Коьрта тидам дозуш долу къамел кхиорна, нийсаяздар шардарна тIехьажийна. Пособи ерзош ялийна предложенеш синтаксически къасторан схемаш.




    ISBN 978-5-91528-018-1


    © Эдилов С. Э., 2012

    ББК 74. 261 4 (чеч)

    УДК 372. 8

    © Издательство «Арфа-Пресс», 2012

    © ФГУП «ИПК» Грозненский рабочий», 2012



    Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш


    Айдамиров А. (А. Айд.) Арсанукаев Ш. (Арс. Ш.) Айсханов Ш. (Айсх. Ш.) Ахматова Р. (Ахм. Р.) Арсанов С.-Б. (Арс. С.-Б.) Ахмадов М. (Ахм. М.) Ахматукаев А. (Ахм. А.) Амаев В.-Хь. (Ам. В.-Хь.) Абдулаев Л. (Абд. Л.) Бадуев С. (Бад. С.) Берсанов Х.-А. (Берс. Х.-А.) Бисултанов А. (Бис. А.) Бексултанов М. (Бекс.М.) Гайсултанов I. (Гайс. I.) Гадаев М.-С. (Гад. М.-С.) Гайтукаева Б. (Гайт. Б.) Дадашев I. (Дад. I.)

    Дикаев М. (Дик. М.)

    Дакаев С. (Дак. С.)

    Исаева М. (Ис. М.) Курумова С. (Кур. С.) Кагерманов Д. (Каг. Д.) Кусаев I. (Кус. I.)

    Кибиев М. (Киб. М.) Мамакаев М. (Мам. М.) Мамакаев I. (Мам. I.) Мусаев М. (Мус. М.)

    Мутаев М. (Мут. М.)

    Муталибов З. (Мут. З.) Матиев В. (Мат. В.) Махмаев Ж. (Махм. Ж.) Нохчийн фольклор (НФ) Нунуев С.-Хь. (Нун. С.-Хь.) Ошаев Х. (Ош. Х.)

    Осмаев А. (Осм. А.) Оспанов Къ. (Осп. Къ.) Окуев Ш. (Ок. Ш.) Рашидов Ш. (Раш. Ш.) Саидов Б. (Саид. Б.) Сулаев М. (Сул. М.) Сулейманов А. (Сул. А.) Саракаев Хь. (Сар. Хь.)

    Хамидов I.-Хь. (Хам. I.-Хь.)

    Хатуев I.-Хь. (Хат. I-Хь.) Хасаев Хь. (Хас. Хь.) Хажмурадов I. (Хажм. I.) Чалаев Б. (Чал. Б.) Эльсанов И. (Эльс. И.) Юнусов М. (Юн. М.) Юсупов I. (Юс. Iусм.) Юсупов I. (Юс. Iаьз.) Яшуркаев С. (Яш. С.) Ясаев М. (Яс. М.) Яндарбиев Хь. (Янд. Хь.) Эдилов Х. (Эд. Х.)

    СИНТАКСИС



    Маттахь адамийн уьйран гIирсахь билгалболу дешан хIоттам а, грамматически дIахIоттам а. Дешнех, уьш меттан лек- сически материал хиларе терра, пайда оьцу маттахь грамматикин законашца а, бакъонашца а – морфологин, синтаксисан. Мор- фологино Iамадо къамелан дакъош, дешнийн маьIнаш а, церан форманаш а, грамматически категореш, ткъа дешнийн маьIнийн форманаш, кхечу дешнийн форманашца цхьаьна кхоллалуш йолу, маьIнаш, дешнийн цхьаьнакхетарийн, предложенийн дIахIоттаман законашца къастош долу, уьш синтаксисан коьчал ю. Цундела шуьйрачу маьIнехь синтаксис (грекийн маттахь – хIоттор) – иза грамматикин дакъа ду, дозаделлачу къамелан хIоттам Iамош долу. Грамматика шина декъах лаьтта: морфологих, синтаксисах.

    Морфологи а, синтаксис а вовшашца уьйр йолуш ю, амма цу шина грамматикин декъана хьалха шен-шен декхарш ду, Iалашонаш ю. Нагахь санна морфологино дешнаш церан массо тайпа фор- манашца Iамаяхь, синтаксисо оцу дешан ша схьаэцначу формано тайп-тайпанчу цхьаьнакхетаршкахь кхочушден гIуллакх Iамадо. Амма дешан синтаксически башхаллаш цхьана предложенехь билгалъевлла ца Iа, уьш гучуйовлу дешнийн цхьаьнакхетаршкахь а. Ма-дарра аьлча, предложени а, дешнийн цхьаьнакхетар а Iамош

    долу грамматикин дакъа ду синтаксис. Синтаксисехь Iамайо:

    1. предложени а, цуьнан тайпанаш а, меженаш а;

    2. предложенехь дешнийн цхьаьнакхетар а, церан уьйр а;

    3. предложенеш хIитторан кепаш.

    Дешнаш, лексически а, морфологически а дакъош санна ца Iамош, предложенийн меженаш санна Iамадо синтаксисехь.

    Синтаксисехь Iамадо дош, къамелехь цуьнан кхечу дешнашца хуьлуш йолу уьйраш, юкъаметтигаш, дешнех къамел дан аьтто беш долу даккхий дакъош кхолларан бакъонаш. И дешнаш вовшахта- сарца, билггалчу цхьана форманашкахь царах пайда эцарх хIоттало синтаксически дакъош: дешнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш. Иштта, масала, предложенехь «Цхьанхьа юьртан йистехь къорачу

    татанца елира йоккха топ». Пайда эцна нохчийн меттан бакъонаш- ца дешнаш вовшахтасаран дешнийн цхьаьнакхетарех: цхьанхьа юьртан йистехь, къорачу татанца елира, йоккха топ. Нохчийн маттахь предложени шен цхьа кеп йолучу цхьана дашах лаьтташ хила а тарло: Iуьйре. Сатеснера. ХьалагIатта! Амма и тайпа пред- ложенеш яржон йиш йолуш ю кхечу дешнашца: Аьхкенан Iуьйре. Сиха сатесна. ХьалагIатта сихха!

    Предложени а, дешнийн цхьаьнакхетар а–тайп-тайпанчу дек- харийн синтаксически дакъош ду, царах хIор а шен билгалонаш йолуш ду.

    Предложени – цхьа алам бовзуьйту синтаксисан коьрта дакъа ду. Дешнийн цхьаьнакхетар – предложенин цхьа дакъа ду, гIоьналлин дакъа.

    Къамелехь предложенеш вовшашца йозаелла хуьлу. МаьIница а, темица а, грамматически а цхьаьнайозаеллачу масех предложе- нино чолхе синтаксически дакъа кхуллу текст.

    Предложенеш а, дешнийн цхьаьнакхетарш а кхуллуш болу синтаксически гIирсаш нохчийн маттахь тайп-тайпана бу. Царах коьртанаш дешнийн форманаш ю, шайн зIенашца вовшахйозалуш йолу, ткъа иштта гIуллакхан дешнаш. Предложенеш кхуллуш пайда оьцу интонацих, дешнийн къепах. Интонаци (дийцаран, хаттаран, тIедожоран) предложени кхолларан синтаксически гIирс хиларал сов, алам чекхбаьлла хиларан гайтам а бу. Дешнийн къеп – иза предложенийн, дешнийн цхьаьнакхетарийн хIоттамехь уьш во- вшашца дIанисдалар ду. Нохчийн маттахь дешнаш дIанисдаран шен бакъонаш ю. Масала, оьрсийн маттахь грамматически норма ю подлежащина тIаьхьа сказуеми хIотто дезаш хилар, ткъа вайн маттахь уьш кхечу кепара нисдан деза. Идрис пошел в школу – Идрис школе вахара.

    Цхьана билггалчу формехь долчу дешнех до дешнийн цхьаь- накхетарш, кхуллу предложенеш; цхьалхечу предложенех – чол- хенаш. Цундела синтаксис тIетевжа лексикина а, морфологина а. Къаьсттина уллора уьйр хуьлу синтаксисан а, морфологин а, меттан грамматически хIоттаман ши дакъа и шиъ хиларе терра. Морфологически дакъош, морфологически хиламаш кхочушхуьлу къамелехь дешнийн цхьаьнакхетаршкахула а, предложенешкахула

    а. Къамелан дакъойн морфологически категореш синтаксически юкъаметтигийн гIортораш ю (тиша керт къастаман юкъаметтигаш

    «хIума-билгало»), ткъа иштта синтаксически категорийн а (топ кхоьссира – яхана хан, билггала модальность).

    Ала деза, нохчийн меттан синтаксис Iилманехь кIезиг телли- на ю. Иза талларехь Iилманехь шайн лар йитина Ю. Дешериевс, Ф. Яковлевс, З. Джамалхановс, Я. Эсхаджиевс, В. Гиреевс, А. Халидовс.

    ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ЦЕРАН ТАЙПАНАШ
    Дешнийн цхьаьнакхетар – иза синтаксисан дакъа ду. Цуьнан шен билгалонаш хуьлу:

    а) мел лахара а шакъаьстина ши дош хила дезар; б) уьш маьIнийн цхьаалла йолуш хилар;

    в) вовшашца грамматически уьйр йолуш хилар. Грамматически а, маьIница а вовшашца дозаделла шакъаь-

    стина шиъ я цул сов дош дешнийн цхьаьнакхетар ду. Цо билгалйо хIуманийн, хиламийн, даран, дикаллин чолхе цIерш. Масала, керла книга, сочинени язъяр, хезаш ешар. Хьалхарчу масаллехь хIуманан цIе а ю яьккхина, цуьнан билгало а ю гайтина, шолгIачу хIума а, цунна тIедоьрзуш долу дар а, кхоалгIачу – дар а, цуьнан билгало а. Цу кепара билгалдолу дешнийн цхьаьнакхетарийн граммати- чески маьIна. Дешнех а, дешнийн цхьаьнакхетарех а кхоллало предложени.

    Дешнийн цхьаьнакхетарш предложенех къасто хаа деза. Деш- нийн цхьаьнакхетарша хIуманийн, билгалонийн, даран, хиларан цIе бен ца йоккху, ткъа предложенино адамашна юккъе къамелан юкъаметтиг кхуллу, цхьана хIуманах лаьцна хаам бо, хаттар до я цхьа гIуллакх дар тIедожадо. Предложенехь шайн цхьаьнакхетарехь дешнаш хуьлу коьрта а, дозуш а. Шегара хаттар хIотточу дашах коьрта дош олу, ткъа коьртачу дашо хIотточу хаттарна жоп луш долу дашах дозуш долу дош олу. Масала, ловзура самукъане дешнийн цхьаьнакхетарехь коьрта дош ловзураду; ловзурамуха? аьлла шега хIоттийначу хаттарна луш долу жоп ду самукъане боху дош.

    Дешнийн вовшахкхетар а, цхьаьнакхетар боху аламаш вовшех къасто хаа деза. Дешнийн цхьаьнакхетар:

    1. маьIница а, грамматически а дозаделла шакъаьстина шиъ я цул сов дош ду;

    2. коьртачух а, цунах дозуш долчу а дашах лаьтта. Коьртачун- на тIера дозуш долучунна хаттар хIотто тарло: диллира (хIун?) сурт, кхийтира (стенах?) диттах, вогIу (муха?) сиха, бешахь (муьлхачу?) стоьмийн.

    Дешнийн цхьаьнакхетар ца хуьлу:

    1. подлежащи, сказуеми (аьхке чекхъелира);

    2. предложенин цхьанатайпанара меженаш (зударий а, бераш а, тIе а вахара, схьа а лецира);

    3. цIердош дештIаьхьенца (гIанта тIехь).

    Дешнийн цхьаьнакхетаршкахь маьIнийн уьйр билгалйоккху хаттаршца, коьртачунна тIера дозуш долучунна хIиттош долучу, масала: байракх (муьлха?) баьццара.

    Дешнийн цхьаьнакхетарш коьрта дош муьлха къамелан дакъа ду хьаьжжина хуьлу: цIеран цхьаьнакхетар (именное словосоче- тание); хандешан цхьаьнакхетар (глагольное словосочетание); куцдешан цхьаьнакхетар (наречное словосочетание).

    Дозуш долучу дашца коьрта дош: цIердош, билгалдош, терахь- дош, цIерметдош, масдар я причасти йолуш долчу цхьаьнакхетарх

    – цIеран цхьаьнакхетар олу.

    1. дешнийн-цIердешнийн цхьаьнакхетар: цIийнан кор, воьду стаг, сан лаам, ненан безам...

    2. дешнийн-билгалдешнийн цхьаьнакхетар: сан диканиг, цуь- нан хьомениг, Iаламат чIогIаниг...

    3. дешнийн-терахьдешнийн цхьаьнакхетар: цхьа-пхиъ, кха- аннах цхьаъ, могIарера кхоалгIаниг...

    4. дешнийн-цIерметдешнийн цхьаьнакхетар: вайх xIop а, милла а шух, царех массо а...

    5. дешнийн-масдаран цхьаьнакхетар: йоза яздар, дешар Iамор, Даймехкан гIуллакх кхочушдар.

    6. дешнийн-причастин цхьаьнакхетар: хьуьнах воьдург, дика дуьйцург, хаза яздийриг. Дешнийн цIеран цхьаьнакхетарехь дозуш долу дош хила там бу:

      1. билгалдош: сийна стигал, дашо сахьт, воккха стаг...

      2. причасти: хьоькху мох, лела сахьт, яздо кехат...

      3. терахьдош: шозлагIа де, ворхIалгIа буьйса, кхоалгIа сахьт...

      4. цIерметдош: церан бахам, хьан безам.


    Дешнийн-хандешнийн цхьаьнакхетар.

    Цхьаьнакхетаршкахь коьрта дош хандош делахь – дешнийн- хандешнийн цхьаьнакхетар олу. Дешнийн-хандешнийн цхьаьнак- хетаршкахь дозуш долу дешнаш хила там бу:

    1. цIердош: йишица вахара

    2. куцдош: дерриг дийцира

    3. инфинитив: садаIа ваханера

    4. цIерметдош: дерриг а дуьйцура

    5. билгалдош: лекхачух ма кхера

    6. причасти: цахуург хаьттира

    7. деепричасти: воьлуш лаьттара

    8. масдар: хаттар делира

    9. терахьдош: шинне а лиира


    Дешнийн-куцдешнийн цхьаьнакхетар.

    Цхьаьнакхетаршкахь коьрта дош куцдош делахь куцдешан цхьаьнакхетар олу: болатал чIогIа, стохка гурахь, дукха тидаме... Дешнийн цхьаьнакхетар предложених муха къаьста аьлча, дешнийн цхьаьнакхетаро, хIуманийн, церан билгалонийн, даран, хиларан цIе яккхарал сов, кхин хIумма а ца гойту, ткъа предложе- нино, уьш гайтина ца Iаш, царах лаьцна кхиболу хаамаш а бо, я цхьацца гIуллакхех лаьцна хаттар даладо, я муьлхха а цхьа хIума тIедиллар, тIедожор я дехар гойту, я айдар даладо. Цуьнца цхьаьна

    цо кхочушхилла ойла гойту.

    Масала хIокху дешнийн цхьаьнакхетарша гойту кIайн коч (хIума а, цуьнан билгало а); воттанца шардо (дар а, и шеца кхочуш- ден гIирс а); даьтта лало (дар а, и шега доьрзу хIума а); сиха вогIу (дар а, цуьнан билгало а); хIуьттаренна ала (дар а, цуьнан Iалашо а); ненан кортали (хIума а, и хьенан ю гойту юьхь а).

    Упражнени_№_1._Муьлхачу_аларца_реза_хила_мегар_дац'>Упражнени № 1. Муьлхачу аларца реза хила мегар дац?


    1. Дешнийн цхьаьнакхетаро чекхдаьлла маьIна билгалдо.

    2. Дешнийн цхьаьнакхетар коьртачу а, дозуш долчу а дашах лаьтта.

    3. Дешнийн цхьаьнакхетар иза предложенин грамматически бух бу.

    4. Дешнийн цхьаьнакхетар иза шиъ я цул сов дош ду, маьIница а, грамматически дозаделла долу.

    5. Дешнийн цхьаьнакхетаро, дашо санна, хIуманан цIе йоккху, цуьнан билгало а, дар а гойту.

    6. Дешнийн цхьаьнакхетар – синтаксически барамера дакъа

    ду.

    1. Дешнийн цхьаьнакхетар – барам гайтаран дакъа ду.


    Упражнени № 2. Кхарна юккъехь дешнийн цхьаьнакхетарш доцурш билгалде.
    Ламанан бохь, дашо гуьйре, школе ваха, гIишло йина, къийса а, лаха а, ма-дарра дийцар, пхийтта шо, дийнан дохаллехь; цо яздо, седа къега, чехка вогIу, буса лоху.
    Упражнени № 3. Коьрта дош хIокху хьаьркаца х нийса билгал- дина дешнийн цхьаьнакхетарш схьакараде.
    х х х х

    сиха кхочушдар, Iаламан сурт, уьрсаца хадо, когашка хьажа, х х х

    божалан чоь, меллаша вогIура, гуламан декъашхо

    х х х х лаьттахула юьжу, ойланийн кочар, тайп-тайпана хетарш, шийла

    юкъаметтиг,

    х х х

    некъана гена доцуш, бендацараллица хьежар, шина дешар- хочун.

    .

    Упражнени 4. ТIера схьаязъе. Коьрта а, дозуш долу а дешнаш билгалде, хаттарш а хIиттош; гайта, муьлхачу къамелан дакъойх кхолладелла и дешнийн цхьаьнакхетарш.
    Малхехь къегаш гора, чогIа самукъане, карзахе мох, генна ваха деза, догIанан тIадамаш, доттагIчуьнца цхьаьна, кхо чайтаI, цхьаннах ца тешара; дика амал, хезаш дуьйцура, юькъачу хьуьн- хахь, хьуьна юккъера аравелира, бегашена элира, некъаца ваха, хIор шоьта де, сатасаран сахьт, кест-кеста яздан, дитташ тIера стоьмаш.
    Упражнени № 5. Текста юккъера схьаязде дешнийн цхьаьна- кхетарш хIокху моделашца кхоьллинарш:
    а) цIердош + цIердош

    б) цIердош + билгалдош в) цIердош + цIерметдош г) хандош + куцдош

    д) куцдош + куцдош
    Кора кIел лаьтташ къена дакх ду сан. Вуно доккха, цхьа метр хиллал стомма дитт. Эла санна Iаш ду иза, цуьнан массо хена а шортта хи а ду, малхах а, махех и лардеш болу гIоьнчий а бу. Ша къена делахь а, къона долуш санна хетало иза. Соьналла юькъа ю цуьнан. Чкъор стомма ду, дакъаделла цхьа а га а дац гуш. Корах ара суна дика го и дакх, цуьнан ерриг амалш а, къайленаш а евза суна, маца, хIун хуьлу цуьнца цо хьеший тIеоьцучу хенахь, мила ву хьошалгIахь, хIун къамелаш до цо шена кIел садаIа охьахевши- начу некъахошца.
    Упражнени 6. Лахахь далийначу дешнийн цхьаьнакхетаршца хьалаюза таблица.


    Дешнийн цхьаьнакхетарш, шайна чохь дозуш долу дош

    коьртачуьнца дозаделла дерш


    маьIница

    грамматически

    чаккхенийн гIоьнца

    чаккхенан, дештI.

    гIоьнца

      1. Накъостана тIаьхьа ваха, Iуьйренан малх, майданахь цхьаь- накхетар, хина йистехь латтар, шишан чохь Iалашдар, сийна коч, де- хьа хезара, къайлаха тIевахар, луьстачу хьуьнхахь, текхна тIевахар.

      2. Букъ тIехь Iуьллу, аьтту агIор дIаверза, зезаган патарш, кехат тIе яздар, хаза яздо, къегара хьалха, кхераме некъ, бухахь ган, генарчу махкахь, дийцар тIехь яздар.


      1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   91


    написать администратору сайта