Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
Хуттургаш йоцу чолхе предложени къасторШайна наха дина вуо дицделаш; иза дицдарца шу цунна генадовлу, иза шух дIакъаьста. (Кунта-Хьаьжа.) ХIара чолхе предложени ю, кхаа цхьалхечу предложених лаьт- таш. Кхоъ грамматически бух бу цуьнан: Шайна наха дина вуон дицделаш;изадицдарцашуцуннагенадовлу;изашухдIакъаьста. И предложенеш вовшех йозало интонацица, цундела иза хуттургаш йоцу чолхе предложени ю. Предложенеш вовшех кIезиг йозуш а, яьржина а, кхачаме маьIна долуш а ю, цундела цхьалхечу пред- ложенешна юккъе тIадамца запятой хIоттийна. Шайна наха дина вуо дицделаш – цхьалхе, дийцаран цхьа- нахIоттаман, билгала-юьхьан, яьржина, юьззина предложени. Под- лежащи дац, дицделаш – хандешан цхьалхе сказуеми; шайна – лач кхачам; наха дина вуон – нийса кхачам. Иза дицдарца шу цунна генадовлу – цхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яьржина, юьззина предложени. Шу – граммати- чески подлежащи, генадовлу – хандешан цхьалхе сказуеми, иза дицдарца – даран суьртан латтам, цунна – лач кхачам. ИзашухдIакъаьстацхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яьр- жина, юьззина, чолхеяьлла яц. Иза – грамматически подлежащи, дIакъаьста – хандешан цхьалхе сказуеми, шух – лач кхачам. ЦIесашна тIелетта мостагIий: тасадаларехь халлакьхилла тхьамда а, цуьнан кIант а. (Ахмадов М.) Предложени чолхе ю, хIунда аьлча цуьнан шиъ грамматически бух бу: цIесашна тIелетта мостагIий; тасадаларехь хIаллакьхилла тхьамда а, цуьнан кIант а. Шина цхьалхечу предложених лаьтташ бу и бух. И ши цхьалхе предложени еккъа цхьана эшарца цхьаьнак- хетта: иза хуттургаш йоцу чолхе предложени ю. Бахьанин маьIнехь ю шолгIа предложени, цундела цхьалхечу предложенешна юккъе шитIадам буьллу. ЦIесашна тIелетта мостагIий – цхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яьржина, юьззина, чолхеяьлла яц. МостагIий – грамматически подлежащи, тIелетта–хандешан цхьалхе сказуеми, цIесашна – лач кхачам. Тасадаларехь хIаллакьхилла тхьамда а, цуьнан кIант а – цхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яьржина, юьззина, чолхеяь- лла яц. Тхьамда а, цуьнан кIант а – грамматически подлежащи, хIаллакьхилла – хандешан цхьалхе сказуеми, тасадаларехь – да- ран-суьртан латтам. Ийна предложени къасторЙоьIан дог-ойла деша лаам болуш яра, амма студентка хилла яьлча, дохкоелира иза ша дагалаьцначух, хIунда аьлча иза, деша гIерташ, шена ницкъ беш яцара, ткъа самукъадала меттигаш кхузахь, институтехь, дуккха а яра. ХIара чолхе предложени ю еа цхьалхечу предложенех лаьтташ йолу. 1-чу а, 2-чу а предложенехь цхьаьнакхетаран уьйр ю, уьш вовшах йоьзна дуьхьаларчу хуттурго – амма. 2-чу а, 3-чу а пред- ложенешна юккъехь ерг карара уьйр ю, царах хьалхарниг коьрта ю, важа – тIетуху предложени, коьртачух иза хоттало хIунда аьлча бохучу карарчу хуттургаца. Бахьанин тIетуху предложени ю иза. 3-чуй, 4-чуй предложенешна юккъехь ерг цхьаьнакхетаран уьйр ю, и ши предложени вовшаххоттало дуьхьаларчу хуттургаца – ткъа. ЙоьIан дог-ойла деша лаам болуш яра – цхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яржаза, юьззина. ЙоьIан дог-ойла – логически подлежащи, деша лаам болуш яра – хандешан хIоттаман сказуеми. Студенткахиллаяьлчадохкоелираизашадагалаьцначух.Цхьал- хе, дийцаран, шинахIоттаман, яьржина, юьззина чолхеяьлла яц. Иза – грамматически подлежащи, дохкоелира– хандешан цхьалхе сказуеми, студентка хилла яьлча – хенан латтам, шадагалаьцначух лач кхачам. ДешагIерташ,изашенаницкъбешяцара. Цхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яьржина, юьззина, причастни карчамца чолхеяьлла. Иза – грамматически подлежащи, деша гIерташ ницкъ беш яцара – хандешан хIоттаман сказуеми, шена – лач кхачам.Са- мукъадала меттигаш кхузахь, институтехь, дуккха ю. Цхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яьржина, юьззина, юкъадалочу дашца чолхеяьлла. Меттигаш – грамматически подлежащи, дуккха а яра – цIеран хIоттаман сказуеми, самукъадала– къастам, кхузахь, институтехь – меттиган латтам. Пайда эцна литератураДешериев Ю.Д. Сравнительно-историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских народов. – Грозный, 1963. Джамалханов З.Д., Мачигов М.Ю. Нохчийн мотт. 2-гIа дакъа. Синтаксис. Нохч-ГIалгIайн педучилищан 3-4 курсашна учебник. – Гроз- ный, 1985. Джамалханов З. Д., Вагапова Т. М., Эсхаджиев Я. У. Нохчийн мотт 8-9 классашна, Грозный, ГУП «Книжное издательство», 2005. Джамалханов З. Д., Чинхоева Т. Н. Нохчийн мотт 10-11 классаш- на-Грозный, ГУ «Книжное издательство», 2002. Лекант П. А. 125 основных правил русской грамматики с упраж- нениями. М. «Дрофа», 1999. Соболева О. Русский язык. 5-11 кл.М. «АСТ-ПРЕСС», 2000. Т. С. Кудрявцева, Арзуманова Р. А., Нефедова Р. М. Русский язык. Текст, грамматика, культура речи. 11 кл., М. «Дрофа», 2002. Тростенцова Л. А., Ладыженская Т. А., Дейкина А. Д., Алексан- дрова О. М. Русский язык. 8 кл. М. «Просвещение», 2010. Тростенцова Л. А., Ладыженская Т. А., Дейкина А. Д., Алексан- дрова О. М. Русский язык. 9 кл. М. «Просвещение», 2010. Халидов А. И. Типологический синтаксис чеченского простого предложения. Нальчик, 2004. Эсхаджиев Я.У. 4 – 8-чуй классашкахь нохчийн мотт хьехаран методика. – Грозный, 1987. Эсхаджиев Я.У. 9-чу классехь нохчийн мотт хьехар. – Грозный, 2003. Эсхаджиев Я. У. Юккъерчу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а Iамор.-Грозный, «Арфа-Пресс», 2010 Эдилов С. Э. Самукъане грамматика. – Грозный, «Арфа-Пресс», 2010. Яковлев Н. Ф. Синтаксис современного чеченского литератур- ного языка. М-Л. 1940. ЧУЛАЦАМСинтаксис 4 Дешнийн цхьаьнакхетарш, церан тайпанаш 6 Предложени а, цуьнан тайпанаш а 19 Предложенин коьрта меженаш 33 Подлежащиний, цIеран хIоттаман сказуеминий юккъехь тире 45 Iамийнарг тIечIагIдар 51 Талламан болх 52 Предложенин коьртаза меженаш 55 Цхьалхечу предложенийн кепаш 91 Карладаккхар. ЦхьанахIоттаман предложени 105 Юьззина а, юьззина йоцу а предложенеш 108 ХIаъ, хIан-хIа дешнаш-предложенеш.ю. Айдардешнаш-предложенеш 113 Цхьалхечу предложенин чолхеялар 116 Ма-дарра а, лач а къамел 161 Цитаташ а, церан нийсаязъяр а 168 Чолхе предложени 173 Чолхе-цхьаьнакхетта предложени 178 Карладаккхар 187 Чолхе-карара предложенеш 191 Кхачаман тIетуху предложенеш 198 Къастаман тIетуху предложенеш 202 Латтамийн тIетуху предложенеш 207 Масех тIетухучуьнца йолу чолхе-карара предложенеш 231 Чолхе-карара предложени пунктуационни къастор 240 Iамийнарг тIечIагIдар 244 Хуттургаш йоцу чолхе предложени 249 Карладаккхар 264 Литературни меттан стилаш а, церан башхаллаш а 274 Дешнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш синтаксически къастор 293 Учебное издание Эдилов Салауди ЭлимирзаевичПРАКТИКУМ СИНТАКСИСА ЧЕЧЕНСКОГО ЯЗЫКА Для учащихся образовательных школ, студентов техникумов и вузов Чеченской Республики (На чеченском языке) Редактор Р.А. Абдулкадырова Технический редактор Т.И. Бураева Корректор Р.А. Абдулкадырова Подписано в печать 14.05.2012. Усл. печ.л. 19,0. Тираж 3 000 экз. Заказ № 2107 Издательство «Арфа-Пресс» 364037, г. Грозный, ул. Киевская, 7 офис 68 Тел. : 8-963-397-21-37 Отпечатано в ФГУП «Издательско-полиграфический комплекс «Грозненский рабочий» 364026, ЧР, г. Грозный, ул. Интернациональная, 12/35 |