Главная страница

Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


Скачать 0.7 Mb.
НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Дата30.04.2023
Размер0.7 Mb.
Формат файлаdocx
Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
ТипПрактикум
#1099350
страница83 из 91
1   ...   79   80   81   82   83   84   85   86   ...   91

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.



Хьалхарчу дийнахь (1) сарахь (2) «Хо» олучу эвлан цхьана кIотарахь (3) Къоьзан-Iомана гена йоцучу меттехь (4) сецца вара имам хила гIерта Нажмуддин. (Ош.Х.)

1) 1, 2, 3, 4 2) 2, 3, 4 3) 1, 4, 2, 3 4) 1, 3, 4

  1. Цхьа запятой бен йилла ца еза предложени гайта





  1. Меллаша охьадогIура Булкх луьстачу лекхачу хьуьна юк- къехула.

  2. ДегIастанан лаьмнашца яцара я имеретински ламанан суьр- тан хазалла я свански лекхачу баххьийн шога къонахалла. (П. П.)

  3. Мангалхоша хьаькхначу цани тIера схьаетталора екъачу кхоткъин а латталуьттурган а Iаждар-бецан а хьожа.

  4. Сарахь цIийна юххехь йиш лакха йолаелира зарзар я цунах таръяла гIерта алкханч.



  1. Муьлхачу предложенехь хIотто еза тире?





  1. Хин-кема долуш дацара иза оха хьалххе сегIаз а хьаькхна, кечдинера.

  2. Дахкарлахь халла гуш йолу гIайре инзаре-йоккхачу уьнтIепхьидан бога санна яра.

  3. Я ирзохь элан хола бина я керт йоьгIна я хьуьнхахь дитт хадийна адам герга ду аьлла цхьа а билгало яцара хаалуш.

  4. Аренгара буц тхино къежйинера



  1. Муьлхачу варианто гойту предложенехь запятойш нийса хIиттийна хилар?



Со неIар тIехьа (1) меттах ца волуш (2) хIун дича бакъахьа хир дара теша бохуш (3) лаьттара.

1) 1, 3 2) 2, 3 3) 3, 4 4) 2, 4
  1. Текст дIа а еший, кхочушде тIедахкарш



БIаьвнийн а, мехкадаьттанан а мохк бу олу Нохчийчоьнах. Хетало, оцу дешнаша республикин дIадахнарг а, таханлерниг а, бода а, серло а къастош санна.

Миска, гIийла, декъаза, майра, паргIате, яхь йолуш хилла сан дай. Аса ца боху шу кхечарал гIоле хилла. Шун майралла а, доь- налла а дукхахьолахь шаьш шайн хIаллакдарна тIехьажийна хилла: тайпано-тайпа, махко-мохк. Аша дуьненчуьра адамаш цец а даьхна шайн эскарийн ондаллица, шайн культуран исабаьхьаллица. Амма шу хIуманна а юстаха ца лаьттина, цхьана а ден кога кIел ца Iийна. Халкъо олу: хи дIадоьду, тIулгаш дуьсу. Иза доккха маьIна долуш хIума ду. ТогIе чухула охьадогIучу шовданан хи дац и ду- ьйцург, дерриг а совнаха дерг, эрна, дош доцуш довш дерг. ТIулгаш дац дуьйцуш дерш тогIешкахь Iохку. Дерриг а бакъдерг, сийлахь

дерг, стагах къонах веш дерг ду.

Кху тIехь аса вовшахдетта гулдина тIулгаш – уьш историн агIонаш, доьналле адамаш, халкъийн уьйраш ю. И тайпа тIулгаш вовшахтоьхча, царах хуьлу ша-тайпа бIов. И тайпа бIов ютту тIулгаш ахчанах эцалуш дац. Уьш гуллуш ду хьанала некъ буьллучу хIор а стеган кхетамехь. И тайпа тIулгаш алсам гулдаларе терра ю хIора а стеган син бIовн локхалла, хазалла, ондалла. Цуьнан ний- салла, ондалла замано зуьйр ю. И бIов охьакхетахь а дац хIумма а; цуьнан тIулгаш кхечунна оьшур ду.

ХIор бIовн а дуккха чIогIа лерина буттуш берг цуьнан бух бу.

ДагадогIий шуна и бух боттарх лаьцна вайн шира дийцар?

«Кхузза, шура юттий, Iабош хилла латта. Латта шурех Iебича бен, буьллуш ца хилла хьалхара тIулг. Кхузза оьцуш хилла тIехулара латта. ТIаккха бен буьллуш ца хилла хьалхара тIулг. Инзаре йок- кха бархI тарх юьллуш хилла бIовн сенашка. ХIор тIулг а стеран меха хилла, ткъа бозаллица бархI стеран. Оьцуш хилла уьш лам буьххьера, сийначу шана кIелхьара дохий. ХIор тIулг а хьош хилла шийтта старо, нуьцкъана шайн бергаш а кегъеш. ХIора тIулган са а тобеш хилла шийтта дийнахь веа тIулгапхьеро. Церан болатан варзапаш кеглуш хилла, хьехан дечигах йина йолуш санна...»

Цундела уьш дукха ехаш а хилла. ХIинца а ю лаьмнашкахь иттех бIешо хьалха йоьттинарш а, шек а йоцуш лаьтташ…

(Нунуев С.-Хь.)


  1. Текстан стиль билгалъе




  1. юкъара-литературни

  2. къамелан

  3. публицистически

  4. Iилманан




  1. Лахахь балийначу муьлхачу исбаьхьаллин гIирсех пайда ца эцна 3-чу предложенехь?


1) олицетворени 2) цхьанатайпанара меженаш 3) дустар

  1. фразеологизм




  1. ШолгIачу а, бархIолгIачу а предложенеш тIера дешхьалхе- нийн гIоьнца кхолладелла дешнаш схьаязде.




  1. ШолгIачу абзацера схьаязде куцдешнаш.




  1. ВорхIалгIачу предложенера тIетовжаран уьйр йолу дешнийн цхьаьнакхетар схьаязде.




  1. 2-5 предложенешна юкъара схьалаха шайца хандешан хIоттаман сказуеми долу предложенеш. Оцу предложенийн но- мерш язъе.




  1. ШолгIачу абзацехь йолучу передложенешна юкъара шайца цхьанатайпанара меженаш йолу предложенеш схьалаха. Оцу пред- ложенийн номерш язъе.




  1. Текстехь йолу чолхе предложенеш схьалаха. Оцу предло- женийн номерш язъе.

  2. ТIаьххьарчу абзацехь деепричастеш, церан карчамаш шайца йолу предложенеш схьалаха. Оцу предложенийн номерш язъе.

  3. Текстан чулацам тIехь сочинени язъе (рецензи, хетарг, эссе).

Язде, стенах лаьцна ю и текст, хIун ойла ю авторан. Статья тIехь дийциначух лаьцна шайна хетарг язде.


1   ...   79   80   81   82   83   84   85   86   ...   91


написать администратору сайта