Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2ХIун тайпа чолхе предложенеш ю текстехь? чолхе-цхьаьнакхетта а, хуттургаш йоцу а чолхе предложе- неш; еккъа цхьа чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш; чолхе-цхьаьнакхетта а, чолхе-карара а; хуттургаш йоцу чолхе, чолхе-карара, чолхе-цхьаьнакхетта Доьзалхочунна моьтту, шега шен деган къайленаш ненах лач- къало, ткъа гуш доцучу пхенашца шен берийн дегнех дозаделла ненан дог ша-шаха кхуьу церан къайленах. Бер мел генахь делахь а, шен берана хазахетар хилча, доккхадеш тохало, ткъа цуьнан кийра цхьана балано хьовзабахь, ненан даг чу лазаман ов хьаьвза. Нагахь дуьненан шайхаш белахь, ненан дог – шайх ду. Декъаза дара нохчочун ненан дог. Берех самукъадаьлла то- хадалар кIезиг хуьлура цуьнан. Оцу заманахь къаьсттина. КIант вича, цунна хаьара иза шен воцийла. Цунна лаахь а, ца лаахь а, цунна мел везарх а, ваха лаарх а, цуьнан вацара иза: халкъан вара. ХIетта кога ваьлла кIант, гIаш юккъе сара а боьллина, маргIал лестош, волавелча, нанна хаьара цхьа пхийтта шо даьлча, иза хал- къан гIуллакхан дуьхьа кех вер вуйла. ТIаккха дуьйна дIадолалора ненан Iазап. Iуьйранна цунна тIаьхьа хьоьжура, Деле воьхура, доIанаш деш. Миччахь а цхьанхьа говрийн, я чехкка вогIучу стеган когийн тата хезча, я лаамана лулахочо шега мохь тоьхча, дегIе зуз хьодура, хIинца-м вийна валош ву хьуна иза, Везан Дела, хIара де тIекхачале суна Iожалла ца ели-кх ахьа бохуш. Иштта дIаоьхура шераш, иттаннаш шераш, хIор денна нана юьйш, денъеш, хеназа къежъеш. Оцу халачу, кхерамечу шераша дахчийнера ненан дог. Цунна хаьара, тахана ца валавахь а, кхана я лама – эххар а иза шен луьрачу чевнашца, цIеша а вуьзна, вертанна юккъе а хьарчийна, цIа валор вуйла. Цуьнан хIинцца чо бала боьлла беснеш, беран бос банза балдаш, я къоьжа корта, хебарша аьхна юьхь ша цкъа тIаьххьара а хьостур юйла. И де кхана кхочур я лама кхочур, хаац. Амма хIор нанна тIе кхача герга дара иза. (Айдамиров А.) Грамматически гIалат шеца долу предложени гайтаЧIагIо лорура ялх аьрша лекхачу тIулган пенийн гIап – биъ са болучу кепехь йина. (Ош. Х.) Хьалха заманахь, оьрсийн паччахьа Шемалца бен тIом дIабаьлча, паччахьан кIант веана хилла Веданахула Къоьзан-Iам тIе. (Ош. Х.) Иштта нисделира: ламанхойн баьчча Таймин Биболат Ер- моловс бертахь эпсар вина шен эскаре ваьккхира. (Ош.Х.) 4). Дитташна а, коьллашна а юккъехь чанан лараш яра хаалуш ког баькх-баьккхиначохь. |