Главная страница

Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


Скачать 0.7 Mb.
НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Дата30.04.2023
Размер0.7 Mb.
Формат файлаdocx
Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
ТипПрактикум
#1099350
страница80 из 91
1   ...   76   77   78   79   80   81   82   83   ...   91

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1





        1. Хуттургаш йоцу чолхе предложенеш хийца хуттургаш шайца йолучу чолхечу предложенешца.


1) Иза юхахьаьжира: цIийнан керта юххехь лаьтташ Дога вара, кхуьнга а хьоьжуш 2) Цхьаъ ду шеко йоцуш: иза кхин кхуза юхавогIур вац. 3) Газа хеса хоьций дIайийнарг хIаллакьхир ю.

4) Баркалла ала воллура иза кIантана – важа цIеххьана къайлаве- лира.

        1. Къастаде, хуттургаш йоцу чолхе предложени ю я цхьалхе предложени ю.

  1. Хьуо кхоа ма ве – лаьтта тIехь иза уггар сийлахь, хьекъале дерг ду.

  2. Цхьана дийнахь – иза дара пхи де хьалха – хьуьжарера схьавеара Iумар делкъал тIаьхьа.

  3. Беш сема а, гIара еш а яра, хIаваэхь хьийзара можа гIаш, кIаьгнаш чохь Iаьмнаш хIиттинера.

  4. Iаннаш чу висса а, даккъаш тIе вийла, го туьйсуш, хил дехьа вийла а дезара меттигийн карта хIоттош.



        1. «Совнаха йолу» предложени карае.


  1. Дика кхета топ: хьостам тIера охьаюьйжи ворхI кхаба йохий.

  2. Муьлхха а хIума: некъо голатохар, керта тIехулара га, чиркхийн серло – и дерриг бен доцуш ца хетара.

  3. ХIара дерриг а олхазарш: массо а тайпа бедаш, гIургIезаш а – адамах ца кхоьру ала мегар ду.



        1. Къастаде, муьлха сацаран хьаьрк хIотто деза предло- женешкахь: запятой, тIадамца запятой, тире, шитIадам.



1) Зударий маьхьаршца шайн бахам кIелхьарабаккха гIертара бераш кхиссалора цIаре а хьоьжуш. 2) ДIакхойкхий шуьга тIаккха ша ду. 3) Цхьа вон айп ду вайца вовшашца барт бац вай хIора а

шен аьтто хилчахьана тоам беш хуьлу. 4) Берриш хила беза тIеман говзалла хууш оха пхийтта шаре гIоьртина бераш тIеман говзаллина Iамадо. (А. А.) 5) Деккъа цхьа хума дара цунна маслаIат дийриг цунна шена а ма ца хаьара хIара хьал кхузахь хIуттур дуй. (А. А.).

6) Харачошкара хIор кIуьран цIарах цхьацца туьма гIуда даьккхи элистанжахой Теркайисте кхалхий. 7) Сулейманна ша цхьана юкъана ткъе итт шо хьалхалерчу замане юхавирзича санна хетара хIетахь санна сирла дара кхунна дуьне гар гонаха тIамо дакъаза- даьккхина Iалам. (Ахм. М.) 8) Нохчийн мотт хьо биц а бина хаа безаш белахь со цхьа а мотт ца хууш вуьсийла Нохчийчоь хьо кIезга а лоха а хетта кхочуш делахь со дуьне дааза вуьсийла. (Ав. Л.)

9) Цхьаьнггара юхалург баьккхина бацара кхоьллина хилла и вайн дайша азаллехь. (К. М.)

        1. 1   ...   76   77   78   79   80   81   82   83   ...   91


написать администратору сайта