Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
Синтаксически къастае предложенешКъам ца кхиъча – мотт ца кхуьу, матто кхуллу Даймохк а. (Бекс. М.) Аса дешдерг нехан дуьхьа ду, цундела хаьа суна суо нийсачу новкъахь вуйла. ( Кад. А.-Хь.) Айкхаша биначу хаамах – овкъаран басахьчу динахь хилла бере–Дубин доттагI, цIеяххана наиб СаIдулла вара. (Эльс. И.) Амма пхи минот а ялале, говрахь веаначу эпсаро хаам бира, шаьш долучохь нохчаша деккъа шаьлтанашца-таррашца даккхий зенаш дина аьлла. (Эльс. И.) КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)Хаттарш: Синтаксис грамматикин дакъа дуй? Къастам предложенин коьрта меже юй? Подлежащи коьртаза меже юй? Инфинитив предложенин муьлхха а меже хила йиш юй? Подлежащиний, сказуеминий юккъе тире йилла мегий? Цхьалхе цIеран сказуеми хуьлий? Цхьалхе хандешан сказуеми хуьлий? Подлежащи билгалдашах хила мегий? Кхачам предложенин коьртаза меже юй? Сказуеми предложенин коьртаза меже хила йиш юй? Хуттурган гIоьнца тIетухучу предложенин кеп билгалъ- яккхалой? Муха къаьста хуттург хуттурган дашах? Хуттургаш йоцучу предложенех хуттургаш йолу чолхе предложени ялой ? Терахьдош сказуеми хила мегий? Йишин йовлакх берта къастам буй? ЦIердош сказуеми хила мегий? Дийцаран предложенин чаккхенга тIадам буьллий? Сказуемина кIел ши сиз хокхий? Кхачамо дожарийн хаттаршна жоп лой? Маца? бохучу хаттарна жоп къастамо лой? Юххедиллар къастаман кеп юй? Кхачам къастаман кеп юй? Кхачам лач хуьлуш хуьлий? Подлежащи дийриг дожарехь хила тарлой? ШинахIоттаман предложенехь цхьа коьрта меже юй? ТIедожаран предложенин чаккхенга тIадам буьллий? Предложенехь коьртаза меженаш яцахь, иза яьржина юй? Урхалла цхьаьнакхетаран уьйран кеп юй? Юххедилларна къастамна санна хьокхий кIел сиз? Нийса кхачам хуьлу ала мегар дуй? Цхьалхечу предложенехь тире юьллуш хуьлий? Цхьалхечу предложенехь пхи запятой хила тарлой? Бехкаман латтам хуьлий? ЦIердош предложенин меже юй? Морфологи синтаксисан дакъа дуй? Къастам коьртаза меже юй? «Шалха» терахьдош дуй? ТIедерзар предложенин меже хуьлий? Къастамо «хIунда?» бохучу хаттарна жоп лой? Кхачамна кIел хедийна сиз хьокхий? «Малх чубуьзира» предложенехь малх кхачам буй? «Сийна бIаьргаш болу йоI» предложени яьржина юй? «Ловза ваха» предложени цхьанахIоттаман юй? Айдардош подлежащи хила мегий? Сказуеми хандешан хIоттаман хила тарлой? «Тахана хIун де ду?» предложени дийцаран юй? «Къегина» боху дош сказуеми хила мегий? «Бодане» боху дош латтам хила мегий? Дош «мIаьв» подлежащи хила тарлой? Дийцаран предложенин чаккхенга хаттаран хьаьрк хIотто тарлой? Предложенин чаккхенга ши сацаран хьаьрк дилла мегий? Хенан а, меттиган а дурсаш йозанехь стенца къестадо? Предложенин шакъаьстина меженаш йозанехь стенца къестайо? ТIетуху предложенеш коьртачу предложенин цхьана дашах йозуш хуьлий? ЦхьанахIоттаман предложенехь ши коьрта меже хила мегий? Цхьалхе предложени юкъадалочу дешнашца бен чол- хейолий? |