Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОРДешнийн цхьаьнакхетар къастор Къасторан кеп: Предложени юккъера дешнийн цхьаьнакхетар схьакъастор. Коьрта а, дозуш долу а дош билгалдар. Уьш муьлхачу къамелан дакъойх хилла а, царна юккъера уьйр а билгалъяр. Коьртачу дешан гIоьнца дешан цхьаьнакхетаран тайпа билгалдар. Карарчу уьйран кеп билгалъяр (бартбар, урхалла, тIетовжар). Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.Халла дIадиллира – дешнийн цхьаьнакхетар. Коьрта дош – дIадиллира. ДIадиллира (муха?) халла. Иза до- зуш долу дош ду. Коьрта дош хандош ду, дозуш дерг – куцдош. Карара уьйр – тIетовжар. ЦIийнан ков–дешнийн цхьаьнакхетар. Коьрта дош ков ду (муьлха?) цIийнан – иза дозуш долу дош ду. Коьрта дош цIердашах хилла ду, дозуш долу дош – билгалдош. Коьртачу дашо дозуш долу дош шена оьшучу дожаре хIоттийна, цундела иза карара урхаллин уьйр ю. ДIадиллира кIанта – дешнийн цхьаьнакхетар. Коьрта дош – дIадиллира. ДIадиллира (хьан?) кIанта. Иза дозуш долу дош ду. Коьрта дош хандашах хилла. Дозуш долу дош цIердашах. Царна юккъехь йолу уьйр карара, урхаллин уьйр ю. Коьртачу дашо до- зуш долу дош шена оьшучу дожаре хIоттийна. ДIадиллира кор – дешнийн цхьаьнакхетар. Коьрта дош дIадиллира (хIун?) кор. Иза дозуш долу дош ду. Коьрта дош хандашах хилла ду, дозуш долу дош – цIердашах. Царна юккъехь йолу уьйр – урхалла. Цхьалхе предложени синтаксически къасторЦхьалхе ю я чолхе ю. Тайпа – аларан Iалашоне хьаьжжина. ЦхьанахIоттаман я шинахIоттаман. ЦхьанахIоттаман тайпа. Юьззина ю я яц. 6.Чолхеяьлла ю я яц. 7. Коьрта а, коьртаза а меженаш. Къасторан кеп Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.Цхьалхе предложени, дийцаран, шинахIоттаман, яьржина, юьззина, чолхеяьлла яц. Подлежащи – грамматически подлежащи – мозий, сказуеми – хандешан цхьалхе сказуеми – гулделлера, рагIу кIел меттиган латтам, тхан – къастам, вуно дукха – бараман латтам. Ма-дарра къамел шеца долу предложени къасторПредложени шеца ма-дарра къамел долуш юй хаийтар. Авторан дешнаш а, ма-дарра къамел а довзийтар. Синтаксически къастор авторан дешнаш (ма-дарра къамел а предложени санна къастор). Сацаран хьаьркаш хIиттор бакъонца чIагIдар. Къасторан кепШен накъост волучухьа а воьрзуш, меллаша элира цо: «Мегар ду. Муш беха, къамел доца дика ду». ХIара ша-тайпа синтаксически конструкци ю – ма-дарра къа- мел шеца долу предложени. Шина декъах лаьтташ ю и. 1-ра дакъа – шен накъост волучухьа а воьрзуш, меллаша элира цо – авторан дешнаш ду. Цара гойту, хьенан ду ма-дарра къамел, хьаьнга деш ду иза (накъост), муха аьлла (меллаша), (шен накъост волучухьа а воьрзуш). ШолгIа дакъа – «Мегар ду. Муш беха, къамел доца дика ду» – иза ма-дарра къамел ду. Ма-дарра къамел шина пред- ложенех лаьтта. И ши предложени вовшех тIадамца къастийна. Ма-дарра къамел кавычкаш юккъе лаьцна. Авторан дешнашна тIехьа шитIадам буьллу. Цул тIаьхьа авторан дешнаш а, ма-дарра къамел а предложенин меженашца къастадо. |