Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
ГIуллакхан къамелан стильТалла хIара текст. ХIара гIуллакхан къамелан стилан текст хилар тIечIагIде. Справка яьккхина Ахмадов Мохьмадана, иза «Даймохк» газетан шта- техь воцу корреспондент ву аьлла. 23 август 2011 шо Коьрта редактор Л. Д. Абдулаев Заявлени язде, хIокху схемех пайда а оьцуш.Заявлени Заявлени – иза гIуллакхан кехат (документ) ду, цу тIехь дехар до, шена хетарг яздо я арздо. Заявлени организацига я билггалчу куьйгалхоче яздо. Аьтту агIор лакхарчу сонехь билгадо: а) муьлхачу организацига я хьаьнга хьажийна ду заявлени; б) фамили, цIе, ден цIе, дарж я адрес, заявлени яздеш волучун (доланиг дожарехь, тIадам ца буьллу). Документан цIе юккъехь язйо. Текст хIокху дешнашца дIайолайо «Доьху», цул тIаьхьа – билггала шена оьшург, дехар, арз. Заявленина юххе дохку документаш дагардеш даладо, шитIадам а буьллий, хIокху дешнашна тIехьа «заявленина юххе дохку». Терахь Куьг таIор 3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъеФилологически факультетан 3-чу курсан студентера заявлени.Доьху хьоьга суна юкъарIойлехь меттиг ялар, хIунда аьлча аса некъана «цига-кхуза» 3 сахьт гергга эрна хан йойу дела. Терахь Куьг таIор Объявлени: Массо а исбаьхьаллин литературан дуьненахь бIаьргаш а хьабдина лела хууш хила луург вола тхан лекце 14 де- кабрехь 11 сахьт даьлча нохчийн меттан кабинета чу. 3. Тоьшалла а, характеристика а язъе доттагIчунна, лахахь ялийначу схемех пайда а оьцуш. Тоьшалла (доверенность)Тоьшалла – иза гIуллакхан кехат (документ) ду, цу тIехь цхьам- мо ша билгалвинарг векал во шен цIарах ахча схьаэца, я механа еза хIуманаш, я юридически гIуллакхаш дан (суьдехь вистхила, договор хIотто и дI. кх. а) Доверенность гIуллакхехь волучо а воцучо кечдан тарло цхьаннан цIарах, амма шолгIачо кедина хилахь, цо таIийна куьг тIечIагIдина хила деза (нотариусо, куьйгалхочо). Кехатан (документан) цIе. Документ луш волучуьн цIе, цуьнан дарж (я организацин цIе) довзуьйтуш. Хьенан цIарах луш ду документ, цуьнан дарж довзуьйтуш. Муьлхачу гIуллакхана векалвеш ву къастор. Муьлхачу ханна луш ду тоьшалла (цхьадолчарна). Векал виначун куьг таIоран кеп ( банкехь гIуллакхаш дан дезахь а аьлла). Тоьшалла делла терахь. Тоьшалла деллачо яздина куьг. МухIар. ХарактеристикаДарж, фамили, цIе, ден цIе (характеристика хьанна елла), вина терахь, къомалла. Фамили, цIе, ден цIе (юьззина). Муьлхачу хенахь дуьйна доьшуш (болх беш) ву дешаран хьукматехь. Мича кепара билгалваьлла доьшучу (болх бечу) хенахь: а) дешарца (балхаца) йолу юкъаметтиг; б) похIма, хьуьнар долуш, доцуш хилар; в) гIиллакх-оьздангалла; г) амалан башхаллаш, гIуллакхдарна тIера хилар, цахилар; д) юкъараллин болх; е) накъосташца йолу юкъаметтиг. Характеристика хIунда елла. Терахь Куьйгаш яздар Упражнени № 2. ДIадеша лахахь далийна дакъош. Къастаде, церан мотт литературни меттан муьлха стилаш йолуш бу. Мухьаммад–пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шех пайда оьцуш хилла кад Ингалс пачхьалкхера Соьлжа- гIала кхачийна. Билггал хууш ду оцу кедах Мухьаммад-пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен хенахь пайда эцнийла. ТIаьхьо цуьнгара иза цуьнан шиче, воьалгIачу халифе Али ибн Абу ТIалибе кхаьчна, ткъа цул тIаьхьа кад Ингалс пачхьалкхе дIабаьхьна, хIинццалц цигахь Iалашбеш бара. ХIинца дуьйна гут- таренна а Нохчийчохь Iалашбеш хир бу и сийлахь кад. Кемсаш – дарбане а, пайден а, мерза а стом бу, яккхийра хорханаш а йолуш. Царах чагIар а, мутта а доккху. Кемсаш якъ- айой, кишмиш йо, ткъа иштта царах компот а, варени а йо. Уьш дарбане ю йовхарийн лазар, туберкулез цамгар йолучунна. Цара кийра цIанбо, шет а, йоьхьашкара ачо а дIайоккхуш. Къахьо со- въяьллачунна, доIах, жаннаш лозуш волучунна гIоле йо. Хьоткъаца сецна тIулг дIабоккху, пхенашкахь цIий лелар тодо. Иштта дарбане а, пайден а стом бу кемсаш. Махках даьхна дIадахийтар бахьана долуш, нохчийн, гIалгIайн, Къилбаседан Кавказан кхечу халкъашкара дIаехира церан къаьмнийн автономи а, паргIатчу дахарна, къинхьегамна, социальни а, культурни а а кхиарна йолу бакъонаш. Масала, 1944-чу шарахь Казахстане дуьххьалдIа цхьа 406 эзар, Киргизе-90 эзар стаг кхечи- ра. Цига бирзира 1944-чу шеран февраль бутт дIабаьллачул тIаьхьа ЦIечу Эскаран могIаршкара паргIатбаьхна а, цул тIаьхьа иштта Юккъерчу Азей, Казахстаней дIахьовсийна болу эзарнаш нохчий, гIалгIай. Дукха эпсарш, политбелхалой хьун хьакха а, торф яккха а, рудникашка а нуьцкъала белхаш бан хьовсийра. Юьртара юьрта, гIалара гIала бахархьама, махках баьхна дIабахийтинарш НКВД-н спецкомендатурера бакъо яккха декхарийлахь бара. Иштта раж Iалашйира КПСС-н XX-гIа съезд хиллалц. (Каз ССР, ЦГА, ф. II37). Царна тIе ша санна доккха IиндагI даржийна, ловзучу шен кIорнешна тIехIоьттина нана санна, лаьттара кхор-турпал. Цуь- нан гIодан стоммалло цунна дуккха а гиний, цо дуккха а лайний хоуьйтура. Цундела и шен оьмарехь даггара Далла гIуллакх диначу, хьаналла лехначу бIешаран къаночун паргIато а хетара цуьнгахь. Наггахь, бIаьрхин тIадам санна, лаьттера, малхера марзо оьцуш ша кхиийна, ша хьалхе мадбина стом-м божабора цо. ТIаккха жимма гIайгIане а хетара иза. КIадбелла а. (Ам. В.-Хь). Упражнени № 3. Текстийн дакъош вовшашца дуста, къастаде муьлхачу стилашца догIуш ду уьш. Билгалъе меттан башхаллаш, уьш тайп-тайпанчу стилашка ерзо таро луш йолу. Автобус чохь А: (юха а воьрзуш) Новкъа-м хир дац схьадиллича (кор). Б: ХIинцца (схьаделла гIерта). ХIан-хIа, худар кIезиг диъна. Схьа ца деллало. А: Дитахьа, ца оьшу. В: Аса гIо дийр ду (хьалагIотту, кор схьаделла хьожу). Ца деллало. ЧIагIделла. Меттах ца долу. Б: Къовладелла. В: ХIинца а Iа ду (кор доьллу хан яц, арахь йовха елахь а). А: Кхузахь йовхонна ца Iало. Б: Пеш ю латийна. А: Пеш. Ерриг агIо. Дийнан повестка: I. Школехь 9-чу классехь нохчийн маттехула дIабаьхьначу талламан белхийн жамIийн хьокъехь. Хьехархойн методически балхах лаьцна отчет. Кхидолучух лаьцна. ЛадуьйгIира: 9-чу классехь дIабаьхьначу талламан белхех лаьцна. Хаам беш къамел дира дешаран декъехула директоран гIоьнча йолучу Эдилова Сацитас. Цо дешархоша кхочушбиначу белхийн жамI дира, билгалдаьккхира юккъерчу хьесапехь белхаш ледара язбина цахилар. 70 болх язбиначу дешархошна юкъахь шианнаш даьхнарш ялх ву. 1. Сацам бира: хаам тидаме эца безар. I.2. Нохчийн меттан хьехархоша дешарца ларош боцучу де- шархошца шакаьстина бен болх чIагIбан безар. 2. ЛадуьйгIира: нохчийн меттан хьехархоша методикин декъехула бечу белхийн отчеташка. Пенаца кхозуш ю сан ненан коч, Шамара дахначохь ду ший а пхьош. Цо иза лелийна дахаран хьерахь, Доьзална ирсана ецачу хенахь. Хьоме ю тахана сан ненан коч, Бисинарг – синтемна беккъа цхьа безам, Белшаш тIехь и мацах айъина хьош, БIарзделла дилхиначу сан синан лехам. ХIинца сан ирс ду-кха сайн ненан коч, Карийнарг сайн ненан цу тIорказ чохь. И дешел а дашо ю со вехачохь, Кхин бахам хир боцуш син кхерчачохь. (Кас. С.-М.) Упражнени № 4. ГIуллакхан къамелан стилаца йогIучу кепара хийца лахахь ялийна предложенеш Цкъачунна директоран гIоьнчин декхарш кхочушде аьлла деха деза Адамов Ахьмаде. Массо хьехархошна дийца деза керлачу декхарех лаьцна. 8-чу классан дешархо кхин хилча ца маггал вуо лела химин урокашкахь. Хьехархочунна Исаева Мадинина садаIа отпуск яла еза 10- чу июлера дуьйна 10-чу августе кхаччалц. Законе диллича, цхьа а тайпа некъахьовзам ца хуьлуш, муьлххачу а гIала ваха йиш йолуш ву со. Упражнени № 5. Талла хIара текст. Публицистически стилан текст иза хилар тIечIагIде. Цкъа а ца хиллачу кепара шело хIоьттина кхушара вайн коьр- тачу шахьарахь. Иштта лахара температура йолу хан хааелла яцара гIалина кху тIаьхьарчу бIе шарахь. ГIаларчу Iедало сацам бира йовхо алсамъяккха берийн бошмашкахь, дешаран заведенешкахь, больницашкахь. Упражнени № 6. Хьайна луъучу темина заметка язъе газете я цхьана хиламах лаьцна репортаж (футбольни матч, суьртийн гайтар и. дI. кх.) Упражнени № 7. Лахахь ялийначу теманашна юкъара цхьаъ схьа а харжий, къамел дан кечам бе (ойлае, хIун коьрта ойла хир ю хьан къамелан, къамелан тезисни план хIоттае, масалш лаха, къастаде, муха хир ю цуьнан юьхь а, чаккхе а). ХIун ло суна гIиллакхо? Вайн гIиллакхашна юккъехь суна уггар а дика хета гIиллакх. Вайн гIиллакхашна юккъехь суна ширделла аьлла хетарш. Ахчано адаман дахар билгалдой? Хала дуй къона волуш кхиамашка кхача? ХIун ду дахарехь кхиаме кхачориг: къинхьегам, похIма я хилам? Упражнени № 8. ХIокху тексташкахь дакх дашах пайда эцаран башхалла стенах йоллу? Дакх, гIадолу дитт ду, 20-25 метр лекха, 150-200 шарахь деха. Чкъор кIайн, кIеда, атта тIера схьадолуш хуьлу. Кхуьу гIа а, мехий а долучу а иэеллачу диттийн хьаннашкахь. Декхнаш кхуьу Европехь, Скандинавехь, Сибрех, Кавказехь. Пайда оьцу гIишлош а, мебель а еш. Декхнийн чIенгаш дар- бане ю, царах молханаш до деган а, пехийн а цамгарш йолучарна. (Энциклопедически словарьтIера.) Дакх лаьтта, мехаша дорцаша чехош, ХIетте а къийсамна гIора ца эшна. Лаамаш хьегочу ойлано Iехош, Хийла сатийсинчу бIаьстенах тешна. Цкъа хьаьрса хилла и, хIинца ду къоьжа, Ойлане вуьгуш ду охкийна генаш… Ма тера хета и, кIант варе хьоьжуш, Хеназа къежъелла йисинчу ненах. (Ахматукаев А.) Упражнени № 9. Диалогашкахь барта къамелан башхаллаш билгалъе. 1) А: ХIун дуьйцуш ву хьо? Б: Селханлера гулам бара аса буьйцург-м. 2) А: ХIинца массо а ву ремонташ еш, шу а дуй? Б: Дац, тхо юьрта доьлху. 3) Иза мичахь Iаш ву хIинца? 4) А: Де дика дойла! Чохь вуй! Б: Вац, схьа чу вола. 5) Хьан кIант боксе а, фут- боле а лелаш ву? Б: Вац, бокс йитина. 6) Лоьро пехийн цамгар ю элира. Б: Ма алахь? А: Больнице йига кхерамаш туьйсу. 7) Муса, къамел дац, кестта схьакхочур ву. 8) Кетар цуьнгахь ю, хIинццехь Сибрех дIаваха а мегар ду. 9) И хIун йиш ю, Iайнди? Лакхахьа... Б: – Э, дIаяьллахь, мух-муха а меттиг нисъелча локхуш яц сан иза. ХIунда ву иза сел ирча? Б: Iоржгулий... Боккха корта а. Иштта боккха мара а. Цу тIе гуттар бегаш. 11) ХIинца дуьйна дика хир вайшиъ. Б: ХIай-хIай, и ду хьуна гIуллакх! Упражнени № 10. Юста предложенеш, бIогIаман шина сизца къастийна йолу. Къастаде, муьлхачу стилехь ю уьш. Шайн жоп тIечIагIде. Бешто мискачу стеган дуьххьарлера васт дац нохчийн литературехь.// Бешто, и дуьххьарлера «миска стаг» вац вайн ли- тературехь. ХIара жамI оцу формулехула хилла дара.// ХIара жамI… Иза хилла хIокху формулехула… Барта къамелан башхалла йозаелла хуьлу къамелан кепах, къамел даран хьолах, къамел дечийн вовшашца йолучу юкъамет- тигех, цундела хала хуьлу къасто, муьлха меттиг дIалоцу цо меттан системехь.// Муха кхета хьо барта къамелах? Суна хета… Тидаме эца еза къамелан кеп. Иштта хьал... Мичахь, хьаьнца деш ду, иза а ма ду лара дезаш. Упражнени № 11. Предложенешкара ширделла дешнаш схьа- лаха, синонимаш даладе царна. ХIун тайпа стилистически гIуллакх кхочушдо архаизмаша хIокху тIестехь. Кхин муьлхачу меттан исбаь- хьаллин гIирсех пайда оьцу дуьззина вастан сурт хIоттош. 1) Кхузахь кхозуш бара тайпанан юкъара яй, тIехь даьхна и муьлхачу тайпанан бу хоуьйтуш хьаьркаш а долуш. Ишттачу еш чохь, бIаьстенан дезчу дийнахь, жижиг кхехкадора. Царна чохь кечдора ниха а. 2) – Леча, лаха чу а воссий, хи дахьаш воьл, – аь- лла, букъа тIехьа локхарх йихкина кхозу туьта схьаяьстира Нажас. Юххехь лаьттара шовзткъе итт дол лекха хир йолу бIаьвнаш: чохь Iен а, ха ден а. 4) ШолгIа гIат бахаман хьашташна хьажийна дара, кхузахь бара кхерч а, зIе а. ХIума а кхузахь юура. 5) Талор- хоша, цхьабосса саца а соцуш, Iодмаш уьйзира, дIахийцира пхер- чий. 6) Бакъду, элан цхьа-ши ялхо воцург, вуьш къинхетаме бара кIантаца, хала белхаш ца бойтура, буса жа лардар тIе а ца дуьллура. ГIоддаха баьлчанашна тIевазвелла, нох лаьттах дахийтира Чалас, шен урд аха волавелира иза, сих-сиха говр лоллуш. 8) ТIех мел во- лучо а тосу шегара тIулг, неIалт а кхайкхош. Иштта цхьа хан яьлча, дийнна барз хуьлу, цунах кIарлагIа олу. 9) Кхокха кхечу оти чохь яра, тIе цIена бедар а юьйхина. 10) – Баьччас дIаала бохура, нагахь аша къобалвеш, шайн баьчча веш ша тIелацахь, цо шен тIома кIел оьцур ду шу. (ГайсултановI.) Упражнени № 12. ДIаеша текст. Цу тIехь йолу диалектизмаш билгалъе. Нохчийн меттан литературни стилаца йогIуш дIанисъе иза. Дийца, хIунда ялийна уьш шен произведенехь автора, хIун башхалла ю цу шина текста юккъехь. Во-о-о БунтIуз! Гучавалал цкъа хьайн нанайна! Дийна маан вуй техьа хьо? Венза маан витин техьа хьо оцу Дала хIаллакворе! Гучувалал цкъа хьайн нонайна, мичахь ву хьо? – кхойкхура ПарагIаз. Нанай, сона-м хIумма а ца дина хьана! Со дIалечкъана вол- луш ма вера, цо етта топ хьакхетарг ма ецара сона! – нехан кертара схьагучуваьлла, нана йолучу схьавеара кIант. Дала дIа ма ваккха хьо делаI, аз хIун доле Iа вайна хIанза лелош дерг? Новкъа дIавоьдучу стагана а Iа бохам боккху, хьуьжаре вахча моллина а Iа етта, нехан берех а хьо лета, Iа лелож дерг хан хIун ду? – тIейирзира ПарагIаз шен кIантана. Сан да вахалбас, нанай, сан берк болх хIома ма дацар хьена кхузахь хилларг. Аз саг вайн жIаьлина топ тоха гIертаж вара, кхин дIатоха хIома кара а ца йоьлла, дIакхоьсна хIоа ма туьйхира хьана ас цунна. Аз хIоа сан цунна дIа ца кхеттахь, цо топ тоьхна жIаьла ма доьра хьан вайн! – дуьхьалвирзина, куй буха а тоттуш, шениг дийца волавелира БунтIуз. (ОкуевШ.) Упражнени № 13. ДIаеша. Меттан суртхIотторан гIирсаш а, исбаьхьаллин башхаллаш а къастае. Дуьненна а исбаьхьалла латтош болу сийлахь малх, шера- чу арара жима юрт дешица кхала йиш йоцуш, Iаьнан мархашна кIелдIахула керчина беана, цу юьртана гена йоццуш кIайчу духарца лаьттачу регIа тIехьа чубузуш лаьттара, ша чубуза го гIеххьа цIий а бина. Цуьнан цIоьлло, жима юрт шина декъе йоькъуш, охьадогIучу хина бина ша жимма лепабора, цу шан лепарца къуьйсуш санна, цу шана гонаха диллина Iуьллучу лай тIера луьста суйнаш, къегаш, ирх кхийсалора. (Бад.С.) Малх дIабайн, генара баххьаш а къегош, Ламанан белшаш тIехь дохк дижна сийна. ТогIе дIатийна, тIехь IиндагIаш дегош, Ткъа, боьрахь-шовданаш шабарш деш шийла. Анайист йовш лаьтта. Лаьмнашна тIера Эсаро зезагийн хьожа схьаетта. Сийначу тийналлин семаллехь шера Хезаш ду садеIар дижинчу лаьттан… (Арсанукаев Ш.) Ва сарахь суьйренца булучу боданца Туька юллал ва дари шен дегIа дерзийна, Бере кечвал ва дети шен некхе дерзийна, Чилхьесан бухкарца, цу цIестан кIудалца, Цу хIурдан ва махо ездари ловзадеш, Эсаран ва махо кисин тIам ловзабеш, ХитIа яха ма елир ворхI вешин ва йиша. Цу кIайчу гIовталца, Iаьржачу вертанца Чо чехка чола куй бIаьштиг тIе ва тоьттуш, Пхьоьханахь вара, тов, жоьрабабин ва Гани. (Н. Ф.) Упражнени № 14. ДIаеша автобиографин текст. ГIуллакхан къамелан стилехь хIун тайпа хаамаш хила беза цу тIехь? |