ПЛАН КОНСПЕКТ. ЧЕЧ ЯЗ 2 КЛАСС ПОУРОЧКИ. Урок 1 Урокан ц1е 1амийнарг карладаккхар. Предложени
Скачать 0.9 Mb.
|
Нохчийнмотт- 2кл Урок №1 Урокан ц1е: 1амийнарг карладаккхар. Предложени. 1алашо:1-чу классехь 1амийнарг карладаккхар, предложенех, дешнехнийсакхетамбалар. Къамелехьпредложенисхьакъастохаар, йозанехьпредложенибилгалъяккха 1амор. Ойлане, тидаме хила 1амор. Билгалбаьхнакхиамаш: берашнахуурду, предложеникхочушхиллаяьллаойлагойтудешнаш дуй, хуурдусуьртийн г1оьнца, шайнагинчухпайда а оьцуш, предложенеш х1итто; берашна 1емар дупредложенидешнашкаекъа, хуурдушайнбелхан план х1отто, цупланан рог1аллица болхбан. Ишттаевзар ю, гур а ю нохчийнметтанхазалла. Урок д1аяхьар. I.Маршалла хаттар. II. Ойла т1еерзор. Марша дог1ийла шу, сан хьомебераш! Мел хаза ду шу массо а! Вайшуьца д1ахьур бу бес-бесарабелхаш, Тидаме хила шу хьовсалаш! III. Керлачу 1аматах лаьцнакъамел дар. Хьехархочундош. -Таханавайшунакерла 1амат (учебник) йовзуьйтур ю. Хьовсал х1ун ю цуьнан ц1е? (Нохчийнмотт) -Муьлшбуцуьнан авторш? Д1аешал церан ц1ераш? (Солтаханов Э.Х) -Нохчийнмоттхьенанмоттбу? (Нохчийнкъоман) -Дукха дуй дуьненчохькъаьмнаш? Стенцакъасталоуьшвовшех? (Буьйцучуматтаца) -Ваймуьлхачуматтахь до къамел? (Нохчийнматтахь) -Иштта ц1е хир ю вайнурокан а. Нохчийнметтанурокашкахьвай 1амор дунохчийнмоттнийсабийца а, цуматтахьйозанийсаяздан а. Аша яздийрдувайнДаймахках, шайн г1уллакхех, лаамехлаьцна. Х1ара учебник шуна, шолг1ачу классандешархошна, язйина ю. Цошунайовзуьйтур ю ненанметтанхазалла а, дикалла а. -Хьовсал 1амат т1е. Х1орш х1ун ю? (Шардаршду). -Нийсабоху. Аммавайнахаадеза х1ора шардаршен –шенбакъонашйолушхилар. И кхочушдархьамацуьнанбакъонашешаеза. -Х1орш х1ун ю? (Суьрташ) -Суьрташавайна г1о дийрдунохчийнмоттнийсабийца. -Цулсовнахацаравай 1амор дуталламанбелхашбан, изложенеш, сочиненеш, т1ера схьаязъяршкхочушдан. -Х1окху 1аматца белхантептар а ду. Изавайнкъамелкхиорналеринаду. Ненанмотт дика хаа а,1амо а безавай. Йозаяздар ц1ена а, нийса а хила деза. IV. Ц1ена яздар. Х1етал-метал хаийлашуна: Ду и тамашена г1утакх, Кхочушдоцодоккха г1уллакх, 1алашдо цонохчийнэлпаш- Уьшдагардантоац п1елгаш. Х1ора элпан ю шен к1ара, Цучуьра и далац ара. Х1ора элпандушенамат- Олу цунах, бераш, …. (абат). -Абат х1ун ю хьан эр дара аша? (берийнжоьпаш) - Муьлхачуэлпацадолало АБАТ дош? (Аа) -Ц1ена а, хаза а яздарцамуьлхаэлпкарладоккхурдувайтахана?(Аа) АаАаАаАаАаАаАаАаАаАаАаАаАаАаАаАаАаАаАаАа V.Керла тема хьехар. а) 1амийнарг карладаккхар. -Бераш, вайшуьца 1-чу классехьаша 1амийнарг карладаккхаранболх д1ахьур бу. -Хьан эр дара аш, х1ун 1амийра ашанохчийнматтахлаьцна? (берийнжоьпаш) -Нохчийнметтанмуьлхааьзнашдевзашуна? Масатайпанахуьлууьш? (мукъа, мукъаза) -Предложенеш х1итто 1емирий шу? Стенах лаьтташхуьлууьш? - Ткъадешнаш стенах лаьтта? (Аьзнех, элпех) -Нийсабоху. Ткъа х1инца, бераш, суьрта т1ехь болхбанхьовсурдувай. аь)Суьрта т1ехь бартадийцар х1оттор - дозуш долу къамелкхиор. -Бераш, хьан эр дара аш, х1ун де дусуьрта т1ехь гуш дерг? (1-ра сентябрь) -Бераш х1ун дешду? (Школе г1уш ду) -Х1ун ю берийнкарахь? (Берийнкарахьзезагашду) -Муха ю цераняххьаш? (Цераняххьашсамукъане ю) -Суьртехьуьйсушвайялийнарш х1ун яра? (Предложенеш) -Схьахьанюьйцур яра ашвай х1иттийна ериггепредложенеш? -Стеннаоьшупредложени? (Сайнагушдерг д1аала) -Х1ун гойтупредложенино? (Кхочушхиллаяьллаойлагойту) -Д1адеша суьрта буха яздинарг. Уьш х1ун ю? (Предложенеш) -Масапредложени ю цигахь? - Текст ю ала мегар дуй и? Предложенеш маь1ница вовшехйозушюй? б) Шардар № 1 –г1а, аг1о 4. (Шиммацхьаьна бен болх) -Бераш, х1инца вайбертахьцхьаьнаболхбан 1емар ду. Лакхахьсуьрта т1ехь вайбинчубалхахпайда а оьцуш, 1-ра шардарйозананбалхацакхочушдийрдувай. И кхочушдархьама х1ун дан дезаэлиравай? (Т1едиллар дешадеза) -Хьовсийвай т1едилларо х1ун боху? Хьанналаьа т1едиллар д1адеша? -Бераш, вайгасуьртехьовсий, школа, класс, дешархобохучукхаадашахлаьтта жима дийцар х1оттаде боху. И болхвовшехдага а довлуш, шиммацхьаьнабанбеза. Шунболхчекхбаьлча, хаза хьан х1оттийна хьовсурдувай. (Тхан школа хаза ю. Тхо шолг1ачу классехьдоьшушду. Тханклассехьпхийттадешархову.Сунахазахеташколехьдоьшуш.) VI. Сада1аран миноташ Жима Ваха г1отту Мало йоцушхьала. Мел хан яьлла, хотту, Т1аккха йо зарядка. Охьа-хьалате1а, Ирх а кхийсало, Цхьанаметтехь воду, Х1умма а к1ад цало. VII. 1амийнарг т1еч1аг1дар. Кхочушдо 2-г1а шардар. Хаттарнажоьпаш а луш, дешархошакхоллараллинболх д1ахьо. VIII.Сада1аран миноташ. «Ларде б1аьрса!» IX. Рефлекси. -Х1ун керланиг 1еми шунаурокехь? -Суна евзикерла книга… Суна вевзицуьнан автор… Суна хиипредложени … X. Жам1 дар. -Стенах лаьцнадийцивайтахана? -Цакхеташдисина х1умма а дуй? -Х1ун дара халаниг? XI.Урокан мах хадор. -Хаза хийтиншунавайн урок? Шайнкарарчусмайликашца мах хадабевайнурокан. XII.Ц1ахь банболхбалар.Нана, г1ала, доттаг1-дешнашца кхопредложени х1оттае. Нохчийнмотт- 2кл Урок №2 Урокан ц1е:Дошбохург х1ун ду? 1алашо: 1-чу классехь 1амийнарг карладаккхар, предложенех, дешнехнийсакхетамбалар. Къамелехьпредложенисхьакъасто а, йозанехьбилгалъяккха а 1амор, предложенимасадашахлаьтташ ю хаар. Ойлане, тидаме хила 1амор. Билгалбаьхнакхиамаш: берашнахуурдупредложеникхочушхиллаяьллаойлагойтудешнаш дуй, хуурдусуьртийн г1оьнца, шайнагинчухпайда а оьцуш, предложенеш х1итто; берашна 1емар дупредложенидешнашкаекъа. Иштта 1емар душайнбелхан план х1отто, цупланан рог1аллица болхбан. Берашнаевзар а, гур а ю нохчийнметтанхазалла. Урок д1аяхьар. I.Маршаллахаттар. II.Ойла т1еерзор. Соьга хьовсий самадовла, Вовшашка хьовсий къинт1ера довла, Х1инца дикка тидам бе, Балхе ойла ерзае. III. Ц1ера болхталлар. (Хьехархочо, х1оранна т1е а воьдуш, толлудешархоша ц1ахь бинаболх. Дика бинаболхбилгалбоккху) IV. 1амийнарг карладаккхарца 1алашо х1оттор. -Схьаелла 5-г1а аг1о. Д1адеша таханавайжоп дала дезаш долу хаттар. -Стенах лаьцнадийциравай д1аяханчу урокехь? -Х1ун хииравайнакерланиг? -Предложени стенах лаьтта? (Хьехархочохьалххеинтерактивниуьн т1ехь шина б1ог1амалгахь схьагайтакечданмегарду х1ара йоза: 1.Бераша школехьдешар 1амадо. Дешархойоьздалелабеза. 2.Школа, дешархо, оьзда, 1амадо. (Дешархошкауьшвовшехкъастаяйтарцабилгалъяккхийтамегардуурокан ц1е а,1алашо а) -Х1ун душунайозанан у т1ехь хьалхарчу б1ог1амалгахь гуш дерг? (Предложенеш ) - Х1ун 1амадо берашашколехь? Д1аеша предложени. -Муха лелабезадешархой? Д1аеша предложени. Х1ун душуна шолг1ачу б1ог1амалгахь гуш дерг? (Дешнаш) Д1адеша уьш. (Школа, дешархо, оьзда, 1амадо). Дешнаша х1ун до? (х1уманаш, церанбилгалонаш, дар гойту) -Д1аяханчу урокехь х1ун 1амийра вай? (Предложенеш) -Х1ун 1амор дувайтаханаурокехь? (Дешнаш) - Х1инца вайурокехьбанбезачубелхан 1алашо х1оттае вай? 1алашонаш: -Вайнатаханаурокехьхуурду…. (дош х1ун ю, церанмасалш дало) -Вайна 1емар дудешнех …. (предложенеш х1итто) -Хуурду х1етал- метална… (жоп дала) -Д1аязде терахь, классераболх, урокан ц1е. (Хьехархочойозан у т1ера схьаяздойту) -Бераш, йоза хаза а, ц1ена а яздандеза. Цунналерина х1ора урокехь а цхьаццаэлп ц1ена а, хаза а яздан 1амор дувай. V. Ц1ена язъяр. -Д1аеша байт. Аьртахилчатхешанурс, Аьлхахьокхийирдо ас. -Муьлхаэлпяздийрдувай? (Аь) АьаьАьаьАьаьАьаьАьаь -Цадевзашцхьадош дуй шуна? Аьлха х1ун ю хаьийшуна? VI. Керла тема йовзийтар. а) Къамелкхиор. Шардар № 4 – г1а, аг1о 5 (бартакхочушдо) Д1аеша текст. Х1ун хиишунаматтахлаьцнакерланиг? -Хьенанмоттбунохчийнмотт? Цуьнан г1оьнца адамашца х1ун лелайовай? (Уьйр) -Стенгахь 1амабо ваймотт? (Школехь) -Вай буьйцуш,1амош берг бен кхинхуьлиймотт? аь) Суьрташ т1ехь болх. б) Шардар № 3-г1а, аг1о 5 -Суьрташкахьовса. Х1ун ю царна т1ехь гойтушерг? -Х1ун говайнахьалхарчусуьрта т1ехь? (Адаманбагарамотт) -Шолг1ачу суьрта т1ехь гушерг х1ун ю? (Когаюхучумачинмотт) -Кхоалг1ачу суьрта т1ехь х1ун говайна? (Абат) -Абато х1ун до? (Абатовайнанохчийнмотт 1амабо) -Х1ун дошдусуьрташвовшахтухург? (Мотт) -Тамашийнадош дуй мотт? Кхечукепарахуьлиймотт? (Охьавуьжумотт, доьхкананмотт, горгалинмотт) -Х1ун диравайсуьрташка а хьовсуш? (Предложенешялийра) -Хьалхарапредложени муха яра? Шолг1аниг? Кхоалгапредложени? (Хьехархочодешархоййозан у т1е а кхойкхуш, цхьацца д1аязйойту предложенеш, цул т1аьхьа массарабелхантетрадаш т1е схьаязйо. Гергарахьесап: Адаманбагарамоттбу. Мачинмоттбу. Абатовайнанохчийнмотт 1амабо.) VII. Сада1аран миноташ. «Бераш, ларде б1аьрса!» VIII. 1амийнарг т1еч1аг1дар. а) Йозананболх бар. Фонетически таллам. Маса аз, масаэлпдумоттдашехь? М - м - мукъаза, зевне О - о - мукъа Т- т - мукъаза, къора Т 3 аз, 4 элп,1 дешдакъаду. IX.Сада1аран миноташ. Жима Ваха г1отту Мало йоцушхьала. Мел хан яьлла, хотту, Т1аккха йо зарядка. Охьа-хьалате1а, Ирх а кхийсало, Цхьанаметтехь воду, Х1умма а к1ад цало. X.Жам1 дар. -Х1ун 1амий вайтахана? -Цакхеташ х1умма а дисиний? -Шайнсмайликашцадийца муха хийтирашайнатаханлеравайн урок. XI.Рефлекси -Суна урокехьсунахии… -Суна хазахийти… Со цакхийти… XII.Ц1ахь банболх. Аг1о 5- г1а, шардар 5-г1а. Нохчийнмотт- 2кл Урок №3 Урокан ц1е: «Йозанехьдоккхаэлпяздар». 1алашо:берашнадоккхаэлпдешнашкахьяздаранбакъонашйовзийтар, доларчу, юкъарчу ц1ерийн башхаллашйовзийтар. Ойлаяр, тидамбаркхиор. Билгалбаьхнакхиамаш:берашнахуурдудолара, юкъара ц1ераш вовшехкъасто, долара ц1ераш доккхачуэлпаца, юкъара ц1ераш кегийчуэлпашцаязъян 1емар ду. Иштта 1емар дуюьззинайоцупредложенеш т1еюза, шайнболхбилгалбаккха, цуьнан план х1отто. Урок д1аяхьар. 1.Ойла т1еерзор. Де дика хуьлдашун, доттаг1ий! Уроканакийча дуй? Массошен-шенметтахьвуй? Книжка, ручка, тептар дуй? Хьаьвсин? Охьаховша! Дика болхбанхьовса! 2.Ц1ера болхталлар. Шардар №5, аг1о 5-г1а Хьехархочотоллудешархоша ц1ахь кхочушбинаболх.
Дахка. ТханМуркасдахкалецира. -Масадашахлаьтташ ю предложени? -Мурка доккхачуэлпаца х1унда яздинавай? 3. 1амийнарг карладаккхар. -Стенах лаьттадош? (Аьзнех, элпех) -Предложени стенах лаьтта? (Дешнех) -Стеннаоьшувайнапредложени? (Вайна ала луургдовзийта) 4. Ц1ена язъяр Х1етал-метал хаийлахьуна: суьйре д1аяьлча т1ейог1ург х1ун ю?(Буьйса) -Буьйсадашехьхьалхараэлпмуьлханигду? -Мукъаду и я мукъазаду? -Зевнеду я къора? -Муьлхаэлпяздийрдувайтахана?(Б) БбБбБбБбБбБбБбБбБбБбБбБбБбБб 5.1алашо йовзийтар. -Д1адеша дешнаш. юрт к1ант эса Адам ж1аьла йо1 -Муьлхадошдусовнаха? (Адам) -Х1унда ду Адам бохудошсовнаха? (Доккхачуэлпацаяздина) -Х1ун 1амор дувайтаханаурокехь?(Вай 1амор дудешнашкахьдоккхаэлпяздан) -Х1ун хир ю вайнурокан ц1е? (Дешнашкахьдоккхаэлпяздар) 6.Керла тема хьехар. Керлачухаарийндуьххьара д1алацар. а) Долара , юкъара ц1ераш къастор. Бакъон т1ехь болх бар. Хьехархочундош. Ц1ераш долахь а, юкъара а хуьлу. Цхьаннашенаяккхатиллина ц1е долахь ц1е ю. Юкъара ц1е массарах а ала йишерг ю. Долахь ц1е доккхачуэлпацаязйо. Царнаюкъа йог1у адамийн ц1ераш, фамилеш, дийнатийн ц1ераш: Марем, Апти, Мурка, Шела. Юкъара ц1ераш жимачуэлпацаязйо: йо1, к1ант, цициг, г1ала. 7.Кхетархдуьххьарлераталлам. а) Кхочушдошардар № 6, аг1о 6-г1а -Д1аеша предложени Т1екхечи дашо -Цунахпредложенихирюй? (Яц) -Х1унда? (Цокхочушхиллаяьллаойлацагойту) -Т1аккха х1ун дан дезавай? Маь1ница дог1у дошлахадезий? -Шеранмуьлха хан ю вайна т1екхаьчнарг? (Гуьйре) -Гуьйребохудошоьрсийнматтахь х1ун духаьийшуна? И дош т1е а тохий, хьовсавайцунахпредложенихуьлий? Т1екхечи дашогуьйре. -Д1аеша юха а предложени. Масадашахлаьттапредложени? (Кхаа) Хьанйоккхур яра аша и предложениоьрсийнматте? -Т1екхечи дашогуьйре. - Наступила золотая осень. -Муьлхапредложени ю и ю? (Хьалхара) -Шолг1а предложени муха ю? Уггаретокхе хан ю гуьйре. -Кхоалг1а? Гурахьчудерзадоялташ, стоьмаш, хасстоьмаш. - Шу цакхеташдешнаш дуй предложенешкахь? -Стенах лаьттапредложени? (Дешнех) -Х1ун гойтудашо, масала ,гуьйре? (Х1ума билгалйо) -Т1екхечи дашо? (Дешдерггойту) -Дашобохучудашо? (Х1уманан билгалогойту) 8.Сада1аран миноташ «Ларде б1аьрса» 9. Дешархошкашайгаболхбайтар. Шардар №7, аг1о 6-г1а -Д1аеша шардаранбакъо. Муха кхочушдандезаиза? 1-чу дагалацамахпайда а оьцуш, т1ера схьаязбе т1аьххьара биъ мог1а. -Схьаелла 138-г1а аг1о. Д1абеша хьалхарадагалацам. Муха 1ама везанийсасхьаязъян? 1. Дош, язданма –деззара, дешдакъошца д1адеша. 2. Талла: тептар т1ера дошдеша, изза 1амат т1ера а деша. -Масапредложени ю кхузахь? -Х1ора предложенивовшех муха къастийна? -Муьлхадешнашдудоккхачуэлпацаяздинарш? - Предложенимуьлхачуэлпацайолайовай? (Доккхачуэлпаца) -Кхин маца яздовайдоккхаэлп? (Долара ц1е язъеш) - Кхузахьюйдолахь ц1е? Стенан ц1е ю и? (Ч1ама ю.) 10.Сада1аран миноташ. «П1елгаш» Оха язди, дукхаязди, Йозанотхан п1елгаш к1адди. П1елгаш,1адда ма 1елаш, Хьалхий-т1аьхьий идалаш. Кхийса-кхийса-кхийсалуш, Ида, ида, к1ад цалуш. VIII. Жам1 дар. -Стенах лаьцнадийцивайтахана? -Цакхеташдисина х1умма а дуй? -Х1ун дара халаниг? IX. Рефлекси. Суна хии… Суна хазахийти… Со цакхийти… X.Ц1ахь банболхбалар. Шардар №9, аг1о 7-г1а. Нохчийнмотт- 2кл Урок №4 Урокан ц1е: «Доларчу ц1ерашкахь доккхаэлпяздар». 1алашо:доккхаэлпдешнашкахьяздаранбакъонашюха а йовзийтар, доларчуй, юкъарчуй ц1ерийн башхаллашйовзийтар.Ойлаяр, тидамбаркхиор. Билгалбаьхнакхиамаш:берашнахуурдудолара, юкъара ц1ераш вовшехкъасто, долара ц1ераш доккхачуэлпаца, юкъара ц1ераш кегийчуэлпашцаязъеш хилар.1емар ду т1адамийн меттаэлпашдохкуш, дешнаш дало, царнаюкъара д1алечкъина дошкаро а, дешнашдешдакъошкадекъа а; 1емар дукицанан маь1на даста, шайнболхбилгалбаккха, цуьнан план х1отто. Урок д1аяхьар. I.Ойла т1еерзор. Марша дог1ийла шу, сан хьомебераш! Мел хаза ду шу таханамассо а! Вайшуьца д1ахьур бу бес-бесарабелхаш, Тидаме хила шу хьовсалаш! II.Ц1ера болхталларца 1амийнарг карладаккхар. Шардар №9, аг1о 7-г1а. -Д1аеша стихотворени. -Муьлхадешнашяздинадоккхачуэлпаца? (Хуьстиг, Пису) Х1унда? (Хуьстиг к1ентан ц1е ю. Писуцицигду). |