Главная страница

ПЛАН КОНСПЕКТ. ЧЕЧ ЯЗ 2 КЛАСС ПОУРОЧКИ. Урок 1 Урокан ц1е 1амийнарг карладаккхар. Предложени


Скачать 0.9 Mb.
НазваниеУрок 1 Урокан ц1е 1амийнарг карладаккхар. Предложени
АнкорПЛАН КОНСПЕКТ
Дата11.11.2022
Размер0.9 Mb.
Формат файлаdocx
Имя файлаЧЕЧ ЯЗ 2 КЛАСС ПОУРОЧКИ.docx
ТипУрок
#783588
страница14 из 14
1   ...   6   7   8   9   10   11   12   13   14

V.Керлатема хьехар.

Схьаязъяр«Оьшуэлпдилла»

Кхо…, Залпа…, ди…на, кха…, ли…на.

-Муьлхаэлпашдехкинааша? (Ъ)

-Стенах лаьйнадуьйцурдувайурокехь? (Элп Ъ лаьцна)

-Вайтахана 1амор дуэлп Ъ юкъадог1у дешнашнийсаяздан, шунадевзарду ъэлпан г1уллакхаш)
1) Мукъазачуозан а, элп а Ъ тидам бар

Шардар №192, аг1о 81 (барта)

-Д1адеша дешнаш. (корта-ворта)

-Муьлхаэлпашхийцаделла? (К_В)

-Элпаш К-В хийцаделчадешан маь1на хийцалой? (Хийцало.Корта адамийн корта, ворта -иза лаг санна т1ехьа йолу меже ю)

-Д1адеша дешнаш(Кхор-кхоъ)

-Муьлхаэлпашхийцаделла?(Ъ-Р)

-Элп Ъ-но муьлха аз билгалдо? (Ъ)

-Элп Ъ дешан маь1на хуьйций? (Хуьйцу. Кхор – бууш болу стом, кхоъ- терахь)

Ишттатоллукхидолудешнаш а.
2)Д1аеша бакъо.Муьлха г1уллакхаш леладо Ъ элпо? (Элп Ъ къасторанхьаьркхуьлийа, мукъазааз хуьлий алела)
VI.Керлачухаарийндуьххьара д1алацар.

Шардар №195, аг1о 82.

-Д1адеша дешнаш. Тидамбе, муьлхачумукъачуэлпашнахьалхаяздина Ъ элп. (Е, яь)

-Муьлхачу маь1нехь лела Ъ элп? (Къасторанхьаьркан)

Т1ера схьаяздедешнаш. Къасторанхьаьркана к1ел сиз хьакха.
VII.Сада1аран миноташ.

Маьлхансерлояржале -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Г1енаш лахка, човхаде -

Цхьаъ, шиъ - кхоъ.

Йиша,ваша г1аттаде

-Цхьаъ -шиъ - кхоъ.

Физзарядкайолае

-Цхьаъ - шиъ -кхоъ.

Т1аьхьараалар:

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Меттахвала, кхоссало

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Г1аж схьалаца, кхозало

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Куьйгашайба, волало -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Ницкъбохьурбуболаро -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.
VIII.Кхетархдуьххьарлераталлам.

1)Берашкашайгатобанашкахьболхбайтар.

Шардар №197 аг1о 83.

(Берашкхаатобанедекъна, кхочушдайтамегардуцхьаццадакъа)

-Масатобанедекъамегардудешнаш?

-Шина б1ог1амалгахь д1аязде дешнаш:

Ъ-мукъаза аз ъ- къасторанхьаьрк

Лиъна, ц1анъелла,

Маъ, разъяьлла,

Х1оъ, мажъелла,

Х1аъ,

Хиъча,

Х1овраъ
Сада1аран миноташ «Ларде б1аьрса»

IX. Керла тема кхин д1а а хьехар. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

Ловзар«Мила вутидаме?»

1-цхьаъ, 2-шиъ, 3-кхоъ, 4- диъ, 5- пхиъ, кхаъ, 1айнаъ, Лулаъ, лиъна.

Д1адеша дешнаш. Дийца, муьлха аз дуоцудешнашкахьцхьатера.
X.Жам1 дар

-Х1ун керланигхиишуна?

-Х1ун дара цакхеташдисинарг?

-Муьлха г1уллакхаш леладоэлпо Ъ?

-Маца яздодашехькъасторанхьаьрк Ъ?
XI.Рефлекси.
Хаарийнламин т1ег1анашка а хьовсий, шайнтетрадийнйисте, сизалдехьа, шаьшбинчубелхан мах хадош, гохьакха.

1. Урок дика хийтирасуна. Т1едахкарш дерригекхиамцакхочушдира ас. Со реза ву (ю) сайнкхиамна! Суна кхин а дукхахаалаьа.

2.Цхьадолу т1едахкарш хало дара, делахь а со ларийрацаьрца. Со реза ву (ю)сайна! Со кхетта, урок самукъане яра.

3. Т1едахкарш хала дара. Суна г1о оьшу! Со цакхетта. …
XII.Ц1ахь банболхбалар

Белхантептар № 80, аг1о 29

Бакъонаш, аг1о 82.


Нохчийнмотт- 2 класс
Урок № 50

Урокан ц1е:«Мукъаза аз а, элп а Ъ довзийтар»

1алашо:Ъ элпомукъаза аз билгалдар а, изакъасторанхьаьркан маь1нехь лелашхилар а карладаккхар; берашнаэлп Ъ юкъадог1у дешнаш мог1анера сехьадаха 1амор.Ойлаяр, тидамбаркхиор.
Билгалбаьхнакхиамаш:берашнахуурду, мукъазаэлп Ъ юкъадогудешнашнийсаяздан, хуурдуэлп Ъ къасторанхьаьркан маь1нехь дилла,Ъмаь1на хийцадаларантидамбийрбу, хуурдуЪэлпомукъаза аз билгалдар, элп Ъ юкъадог1у дешнашсехьадахаа.Берашна 1емар ду1аматца болхбан,оьшургкаро,йоьхнапредложенешнисъян.Берашна 1емар духьехархочунхаттаршнажоьпаш дала.

Урок д1аяхьар.

I.Ойла т1еерзор.

Де дика хуьлдашун, доттаг1ий!

Уроканакийча дуй?

Массошен-шенметтахьвуй?

Книжка, ручка, тептар дуй?

Хьаьвсин? Охьаховша!

Дика болхбанхьовса!

II.Ц1ера болхталлар.

Белхантептар № 80, аг1о 29

Бакъонаш, аг1о 82.

-Д1адеша кицанаш.

-Дийца, х1унда олуиштта.

-Ъ элпаца долу муьлхадешнашяздинаашасхьа?

-Дийца, муьлхачу маь1нехь далийнаду Ъ эл поцу дешнашкахь.

(тоьъна, кхоъ, шиъ, цхьаъ, диъча, хиъна- мукъазчуозан маь1нехь)

III. Хааршжигардахар, 1алашо йовзийтар.

-Дешнашшинатобанедекъа

Маъ, х1аъ, кечъелла, лиъна, яхъели, чекхъяьлла.

-Муьлхадешнашдалийнаашахьалхарчутобане? (Маъ, х1аъ,лиъна)

-Муьлхачубилгалонашцадалийна и дешнашцхьанатобане? (ЭлпоЪ мукъаза аз билгалдо)

- Мьлхадешнашдалийнааша шолг1ачу тобане? (Кечъелла,яхъели, чекхъяьлла)

-Муьлхачубилгалонашцадалийна и дешнашцхьанатобане? (Элп Ъ къасторанхьаьркан маь1нехь лела)

-Стенах лаьцнадуьйцурдувайурокехь? (ЭлпЪ)

-Вайтаханаюхаа дуьйцурдуэлпЪмаса маь1нехь лелаа,иштта1амор дуэлпЪюкъадог1у дешнашцхьана мог1анера вукху мог1ане даха а.

-Дийца, нохчийнматтахьмаса маь1нехь лелаЪэлп. (Ъэлпнохчийнматтахьмукъаза аз билгалдешэлп а, къасторанхьаьрк а ду.)

МукъазчуозанметталелачуЪэлподешан маь1на хуьйций? Масалдаладе. (Хуьйцу. Кхор- кхоъ, х1оа- х1оъ, кха- кхаъ)

IV.Ц1ена язъяр.

Д1аязде дешнаш:таллархо, полла, мотт, латта.

Х1ун дуцудешнашкахьцхьатера?

Муьлхаэлпашяздийрдувай хаза а,ц1ена а?

ЛлЛлЛлЛлЛлЛлЛлЛлЛлЛлЛлЛлЛлЛлЛлЛлЛлЛлЛлЛлЛлЛлЛлЛл

ТтТтТтТтТтТтТтТтТтТтТтТтТтТтТтТтТтТтТтТтТтТтТтТтТтТтТтТтТтТтТтТт

V.Керла тема хьехар.

-Тахана, хьомебераш, вайшуьца 1амор ду Ъ элпаца долу дешнаш мог1анера сехьа муха доху.Дагахьлаттаде!Дешнашцхьана мог1анера вукху мог1ане дешдакъошца доху. Дошкерлачу мог1ане доккхуш,ъ шенахьалхарчумукъазчуэлпехкъастаца до.

Масала:Кечъ-ел-ла, яхъ-ели, чекхъ-яьл-ла.

VI.Керлачухаарийндуьххьара д1алацар.

Шардар №196,аг1о 83.

Д1аеша предложенеш.Муьлхачудешнашкахьхеза Й элп? (ларъян, яхъелла, шелъелла, т1ехъевлира).Т1ера схьаязъе. Дийца, билгалдинчудешнашкахьмуьлхачу маь1нехь дуЪ? Х1унда? (Къасторанхьаьркан маь1нехь. Цомукъазий, мукъийэлпашвовшехцаоьйту).

VII.Сада1аран миноташ.

Хелхар.

Хелхадуьйлу «дарг-дирг-дарг»

Тхайн ц1а чохь а, арахь а.

Кхин дан х1ума цахилахь,

Хелхардийрдуишколехь.

Хуьлийлахьошианхо,

Я т1ехдика дешархо

Х1ара хелхар 1амаде,

Когашхьайнмакхоабе!

(Х1ара байташ а йоьшуш, куьйгашхьала а дохуьйтий, уьшвовшах а детташ, юкъ-кара наг-наггахькогаш а тухуш, хелхар до.)

VIII.Кхетархдуьххьарлераталлам.

1)Шиммацхьаьна бен болх - йоьхнапредложенешнисъяр.

Шардар № 198, аг1о 83.

-Д1адеша хьалхарчу мог1анера дешнаш.Хьанахлаьцнахир ю предложени? (1айнаах)

-Стенгаяхакечъелла 1айнаъ? (1айнаъ школе яхакечъелла)

-Муьлхачудешнашкахьдукъасторанхьаьрк? (кечъелла)

-Маца яздодешнашкахькъасторанхьаьрк?

Ишттатоллуважапредложенеш а.

2) Ловзар «Мила вутидаме?»

Ч1 аз юкъахь долу дошхазахь, хьалаг1овтта, цахазахь, охьаховша: куз, г1овтал, ч1аба, куьрк, ч1уг, нуьйда, ч1ег1аг, малх, ч1у, ч1ег1ардиг.

IX. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

1)Къамелкхиор.Шардар № 201, аг1о 85.

Суьртехьовса. Дийца, х1ун гошунацунна т1ехь. Барта дийцар х1оттаде.

2)Дешдакъош т1етухуш болх бар.

Шардар № 202, аг1о 85.Алгоритм.

1. Дош д1аолу.

2. Ладуг1у, цуьнанорамехьмукъазчуозана т1ехьа, мукъачуннахьалха й хезий, туьду.

3.Дешанорамехьмукъазчуозана т1ехьа е, ю, юь, я, яьмукъачарнахьалхай хазахь, ъдуьллу.

Маь1нехь т1еоьшу - елла, - яьлла а яздеш, д1аязде х1ара дешнаш.

Д1адеша хьалхарадош. (Хьаг)

-Муьлхадешдакъатухур дара ашацунна т1е? (елла)

-Муьлхадошхили? (Хьагъелла)

-МукъазчуГозана т1ехьа,мукъачуннахьалхаЙхезий?

-Дуьллийвайкъасторанъхьаьрк?

-Масадешдакъадуцуьнан?

(Ишттатоллуважадешнаш)

X.Жам1 дар

-Стенах лаьцнадийцивайтахана?

-Х1ун керланиг 1емира шуна?

-Маса маь1нехь лела Ъ?

-Ъ элпаца долу дош мог1анера сехьадаккхаранмуьлхабакъоевзивайна?

-Муха сехьадахадехакъасторанхьаьркйолудешнаш?
XI.Рефлекси.

Суна хии ….

Суна хазахийти… Со дика цакхийти Со цакхийти



XII. Ц1ахь банболхбалар

Шардар № 200, аг1о 84.

Бакъо - аг1о 82, 84.

Нохчийн мотт-2 класс

Урок № 51

Урокан ц1е:Талламанболх «Пису»

1алашо:дешархойннохчийнметтанхааршталлар.

Тханцициган ц1е Пису ю. Писусдехкийлоьцу. Шадуьзчамалхехьдижина 1а Пису. Д1адижча хур до Писус. Суна дукхадезаиза. Писусоьца хаза ловзу.

Грамматически т1едиллар:

1. Шалхамукъачуэлпашнабуха цхьасиз хьакха.

2. Шалхамукъазчуэлпашна к1ел ши сиз хьакха.

Ц1ахь банболх: 1амийнарг карладаккха.

I.Ойла т1еерзор.

II.Ц1ера болхталлар.

III. Ц1ена язъяр.

IV.Хааршжигардахар.

V.Керла тема хьехар.

VI.Керлачухаарийндуьххьара д1алацар.

VII.Сада1аран миноташ.

VIII.Кхетархдуьххьарлераталлам.

IX. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

X.Жам1 дар

XI.Рефлекси.

XII. Ц1ахь банболхбалар

Сада1аран миноташ.

Вайяздира, яздира,

Куьйган п1елгаш к1адделира.

Вай жима садо1ур ду,

Т1аккха юха а яздийрду.

Нохчийн мотт-2 класс

Урок № 36

Урокан ц1е:Талламанболх «Гуьйре»

1алашо: дешархойннохчийнметтанхааршталлар.

Диттийн г1аш мажделла. Деношдацлушду. Олхазаршбовхачумахка д1аоьху. Арараялташчудерзийна. Дешархойдешабуьйлабелла.

Грамматически т1едиллар:

1. Хьалхарчупредложениюкъарамукъачуэлпашна буха сиз хьакха.

2. Шолг1ачу предложенерамукъазаэлпашбилгалдаха.

Ц1ахь банболх: 1амийнарг карладаккха.
1   ...   6   7   8   9   10   11   12   13   14


написать администратору сайта