Главная страница

ПЛАН КОНСПЕКТ. ЧЕЧ ЯЗ 2 КЛАСС ПОУРОЧКИ. Урок 1 Урокан ц1е 1амийнарг карладаккхар. Предложени


Скачать 0.9 Mb.
НазваниеУрок 1 Урокан ц1е 1амийнарг карладаккхар. Предложени
АнкорПЛАН КОНСПЕКТ
Дата11.11.2022
Размер0.9 Mb.
Формат файлаdocx
Имя файлаЧЕЧ ЯЗ 2 КЛАСС ПОУРОЧКИ.docx
ТипУрок
#783588
страница2 из 14
1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   14

III.Хааршжигардахар

-Х1ун 1амийра вай д1аяханчу урокехь?

-Муха язйодолара ц1ераш? (Долара ц1ераш доккхачуэлпацаязйо.)

-Довзийташайнмасалш.

-Стенах лаьттадош? (аьзнех, элпех)

-Предложени стенах лаьтта? (Дешнех)

-Стеннаоьшувайнапредложени? (Вайна ала луургдовзийта)

IV Ц1ена язъяр



-Х1ун ю вайнасуьрташ т1ехь гуш ерш? Ц1ераш яхацеран. (Вота, ведар, вилспет, говр, б1аьвнаш)

-Муьлха ц1ераш ю уьш? Долара я юкъара?

-Муьлхачуэлпацаязйоюкъара ц1ераш?

-Муьлха аз дуцеранцхьатера? (В)

-Мукъаду и я мукъазаду?

-Зевнеду я къора?

-Муьлхаэлпяздийрдувайтахана?(В)

ВвВвВвВвВвВвВвВвВвВвВвВвВвВвВвВвВвВвВвВвВвВвВвВв

V. 1алашо йовзийтар.

Хьехархочундош.

Таханавайюха а долахь а, юкъара а ц1ераш 1амор ю.

Цхьаннашенаяккхатиллина ц1е долахь ц1е ю. Юкъара ц1е массарах а ала йишерг ю.

Долахь ц1е доккхачуэлпацаязйо. Царнаюкъа йог1у адамийн ц1ераш, фамилеш, дийнатийн ц1ераш, яртийн, урамийн, г1аланийн ц1ераш: Асет, Ахьмад, Борзик, Гуьмсе, Терк...

Юкъара ц1ераш жимачуэлпацаязйо: йо1, к1ант, ж1аьла, г1ала, юрт.

Вешан белхан 1алашонаш х1иттае вай? Схьаеллаучебникан 8-9 –г1ий агонаш. Х1ун болхбийрбувайтахана?

-Вайнатаханадолара а, юкъара ц1ераш схьакъастохуурду.

- Дешнашдешдакъошкадекъа 1емар ду.

-Т1адамийн меттадешнашдалош, предложенешйоьшур ю.

VI.Керла тема хьехар. Керлачухаарийндуьххьара д1алацар.

1.Орфографически минот

-Д1адеша 8-чу шардаран т1едиллар. Суьрташка а хьовсий, церан ц1ераш яха.

(Хьехархочохьалххейозан у т1е кхукепара: ш…рф, к..там, ор…м, л…ми, ..га - д1аяздо дешнаш, дешархошадахказадитинаэлпашдохкуш,схьаяздо.)

-Муьлхаэлпашдувайдахказадитина?(Мукъаэлпаш)

2.Кхоллараллин болх. Ловзар «Керладошкарор»

Ш…рф, к…там, ор…м, л…ми, ...га - шарф, котам, орам, лами, ага.

-Х1инца цхьадошдувайх д1алечкъина. И схьакарорхьама х1окху массодешанхьалхараэлпашвовшахтохадезавай. Хьаннакарор дара шуна и?

-Муьлхадош дара д1алечкъинарг? (Школа)

-И дерригедешнашдолахьду я юкъара? Муьлхачуэлпашцаяздоуьш?

3.Дешнаш т1ехь болх

-Д1адеша бухахьдалийнакица (Дешар- серло, цадешар- бода)

-Шунацадевзашдешнаш дуй?

-Стенгахь 1амадо вайдешар?

Серло, бода бохургоьрсийнматтахь х1ун духаьийшуна?

Серло-свет,

Бода-тьма

-«Дешар- серло, цадешар- бода» бохучукицано х1ун гойтувайна?

-Дешар дика хаар дика дуй? Схьаяздекица.

VII. Кхетархдуьххьарлераталлам.

Шардар № 11, аг1о 8.

Къо-лам,де-шар-хо,шко-ла,тет-радь,ре-зин-ка,ба-сарш.

VIII. Сада1аран миноташ.

Жима Ваха г1отту

Мало йоцушхьала.

Мел хан яьлла, хотту,

Т1аккха йо зарядка.

Охьа-хьалате1а,

Ирх а кхийсало,

Цхьанаметтехь воду,

Х1уммаъ к1ад цало.
IX. Керла тема кхин д1а а хьехар.

Шардар № 12, аг1о 8.

-Х1ун билгалйошардар т1ехь далийначудешнаша? (Дийнаташ)

-Масатобанедекъамегар дара уьш? (Шина тобане)

-Хьалхарчутобаннаюкъамуьлхадешнаш дог1у? (Гомаш, говр, етт, сту)

-Шолг1ачу тобаннаюкъамуьлханаш дог1у?

-Муьлхачубашхаллица д1асакъастадо вайуьш? Ц1ахь кхобудийнаташмуьлханашдуцарах? Ткъаважадийнаташстенгахьхуьлу? Муьлхадийнаташ

олуцарах? (Акхадийнаташ).

Шардар № 13 аг1о 9. (Суьрташкахьовса. Д1аеша, маь1ница дог1у дешнаш а далош. Шаьшдалийнадешнаш д1аязде).

Ж1аьла, бух1а, г1ант, дахка.

Ж1аьла, бух1адешнашцабартапредложенешкхолла.

X. Рефлекси.

Таханасунахии…

Суна хазахийти…

Со цакхийти…

XI. Жам1 дар.

-Стенах лаьцнадийцивайтаханаурокехь?

-Х1ун керланиг 1еми шуна ?

-Цакхеташдисина х1умма а дуй?

XII. Ц1ахь банболхбалар.

1)Шардар №10, аг1о 8.

Оьрсийнматте а дохуш, к1иран деношдагахь 1амаде.
Нохчийнмотт- 2 класс
Урок №5
Урокан ц1е: «Стеннаоьшуадамашнакъамел?»

1алашо:къамелах болу хаамашшорбар, къамелбарта а, йозанан а хилархаийтар. Ойлаяр, тидамбар, къамелкхиор, ненанметтанхазаллайовзийтар.
Билгалбаьхнакхиамаш:берашнахуурдушайннийсархошцакъамелебовла, воккхачуьнцакъамелебовла , хуурдукъамелмасатайпанахуьлу а, адамашна и стеннаоьшу а. Берашнахуурдусуьртахлаьцнакъамел дан, шайнадахарехьгинчух, зеделлачухлаьцнакъамел дан, карлабохурбупредложених болу хаамаш.
Урок д1аяхьар.

I.Маршаллахаттарцаойла т1еерзор.

Де дика хуьлдашун, доттаг1ий!

Уроканакийча дуй?

Массошен-шенметтахьвуй?

Книжка, ручка, тептар дуй?

Хьаьвсин? Охьаховша!

Дика болхбанхьовса!

II. Урокана кечам бар.

III. Ц1ера болхталлар.

Шардар №10 ,аг1о 8.

Хьехархочун т1едилларца дешархоша, вовшашкахаттарш а луш, шаьштоллу ц1ера болх дика хьанкхочушбина. Нохчийн а, оьрсийн а маттахьдагахьсхьаюьйцуьйту к1иран денойн ц1ераш.

Оршот-понедельник

Шинара-вторник

Кхаара-среда,

Еара-четверг

П1ераска-пятница

Шот-суббота

К1ира-воскресенье

IV.Ц1ена язъяр.

Х1етал-метал хаийлашуна: жима ю,1аьржа ю, лата а ца лета, цергаш а цаюхку, керта а цавуьту. (Дог1а)

Х1етал-метал хаийлашуна: мархашйолуш, кхоьлинчудийнахьстиглараохьйоьлхург х1ун ю? (Дог1а)

Яздарцхьатерадуцудешнийн. Башхалла х1ун ю хьаннахуур дара?

-Муьлха аз деха-доцааларцахийцалоцеран маь1на?

-Муьлхачуэлпацадолалушду и дош?

- Муьлхаэлпяздийрдувайтахана ц1ена? (Д)

-Мукъаду и я мукъазаду?

-Зевнеду я къора?

ДдДдДдДдДдДдДдДдДдДдДдДдДдДдДдДдДдДд

V.1алашо йовзийтар.

-Д1адеша таханавайжоп дала дезаш долу хаттар.

-Стеннаоьшуадамашнакъамел?

- Стенах лаьцнадуьйцурдувайтахана? Х1ун 1амор дувайурокехь?

1алашо дешархошашаьшйовзуьйту(Вайтаханакъамелахлаьцнадуьйцурду.)

VI.Керла тема хьехар.

а)1амат т1ера хаттарнажоплахар.

1. 1амат т1ера бакъоешийтар.

Къамелан г1оьнца адамашавовшашкахаам а, хаттар а, хьехар а до.

Хьехархочундош.

-Бераш, стеннаоьшувайнакъамел? Къамелдешцахилчавовшехкхетардарийвай? Дацара. Къамелоадамашна х1ума довза а, вовшехкхета а г1о до. Къамелбарта а, йозанан а хуьлу. Вайолург а, вайнахезарг а бартакъамелду, ткъавайяздеш а, доьшуш а долу къамелйозананду.

2.Суьртех лаьцнакъамел дар

Шардар № 15, аг1о 10- бартакхочушдо.

а) Йозананболх бар.

-Д1аеша. Т1ера схьаязъепредложени. Нийсабуаьллахетийшуна х1окху предложенехьвайгабинахаам?

-Х1ун г1о до бохукъамелоадамашна? (Вовшехкхета а, х1ума довза, бертахьдаха а.)

Шардар № 16, аг1о 10

VII.Сада1аран миноташ.

Дог1а

Мохомархашлоьхку, лоьхку,

Мархашйоьлху, йоьлху.

Т1адамаш лаьтта 1ена, 1ена, -

Мала хи, к1а, мала.

К1ено охьатаь1ий:

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, цасоцуш,

Дог1у, дог1у, дог1у.

(Берашакуьйгашхьалхаохьа а дохуьйтий, байтанхьалхара

мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгашдегадо. Цул т1аьхьа,

куьйгашлесточуьрасаца а деш, цкъахьалхакеранюкъхьалаерзайо, т1аккха охьаерзайо)

VIII.Керла тема кхин д1а а хьехар

Шардар № 18, аг1о 11- барта

IX. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

Белхантептар т1ехь болх

1.Шардар №1 аг1о 3

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдандезаиза?

- Предложенимуьлхачуэлпацайолайо? Чекхъяккхапредложени:

Къамелвайнаоьшу ________________ (вовшехкхета)

X. Сада1аран миноташ.Ловзар«Довза аз!»

Хьехархочо д1адоьшу дешнаш, дешархошакуьйгашвовшахтохарцабилгалдоху Д элпюкъахьдерш.

Тай, дог, бошхап, марха, дечиг, диг, маха, мидал, дов, дарба, болх, сара, к1удал, дама, п1енда.

XI. Рефлекси.

Суна хазахийти…

Суна хии..

Со цакхийти…

XII.Хаарийн мах хадорца жам1 дар.

-Муха хийтишунавайн урок?

-Х1ун керланиг 1емира шунаурокехь?

-Стеннаоьшуадамашнакъамел?

(Урокехьбинчубелхан мах дешархошкашайгарчусмайликашцашайгахадабайтамегарду)

XII. Ц1ахь банболхбалар. 1.Шардар №17, аг1о 11.

2.Бакъо аг1о 11.

Нохчийнмотт- 2 класс
Урок №6
Урокан ц1е: «Барта а, йозанан а къамел.»

1алашо:къамелах болу хаамашшорбар, карлабахар, т1еч1аг1бар. Къамелпредложенехлаьтташхилардовзийтар. Х1уманан ойлаяр, тидамбар, къамел дар кхиор.

Билгалбаьхнакхиамаш:берашнахуурдушайннийсархошца а, воккхачуьнца а къамелебовла, хуурдуадамашнастеннаоьшукъамел. 1емар дусуьртахлаьцнакъамел дан, шайнадахарехьгинчух, зеделлачухлаьцнакъамел дан. Берашакарлабохурбупредложених болу хаамаш.

Урок д1аяхьар.
I.Маршаллахаттарцаойла т1еерзор.

Марша дог1ийла шу, сан хьомебераш!

Мел хаза ду шу массо а!

Вайшуьцаюха а д1ахьур бу бес-бесарабелхаш,

Тидаме хила шу хьовсалаш!
II. Ц1ера болхталлар.

Шардар №17 аг1о 11, бакъо аг1о 11.

(Хьехархочотоллудешархоша ц1ахь бинаболх)

III. 1амийнарг карладаккхар. Хаарийнактуализаци.

-Маца дуьйладеллаадамашмоттбийца?

-Муха кхолладеллабартакъамел?

-Стенна т1ехь г1о до адамашнакъамело?

IV.Ц1ена язъяр.

-Д1адеша дешнаш.

Ж1аьла, ж1ов, Жайзан, жоьжаг1ата.

- Дийца, муьлхаэлпду х1ора дашехьцхьатера? (Ж)

-Муьлхаэлпяздийрдувай? (Ж)

- Жэлпмукъаду я мукъаза, зевнеду я къора?

-Муьлхадошдоккхачуэлпацаяздина? Х1унда?

-Шуна хаза цахеташ, цадезашдош дуй царнаюкъахь? Х1унда?

-Жоьжаг1ата бохург х1ун духьаннахаьа? Маца, х1ун дича г1ур дуадамашцига? (Дала цамагийна х1уманаш лелийча…)

-Жоьжаг1атана дуьхьал маь1на долуш, диканиг х1ун ю хаьийшуна Дала вайнакечйина? (Берийнжоьпаш)

-Цигакхача муха леладезавай?

-Х1инца хаза а яздеш, д1аязде мукъазазевнеэлп а, аз а Жж.

ЖжЖжЖжЖжЖжЖжЖжЖжЖжЖжЖжЖжЖжЖжЖж

V.1алашо йовзийтар.

-Д1адеша таханавайжоп дала дезаш долу хаттар.

-Муьлхачукъамелахолубартакъамел? Муьлхачукъамелахолуйозананкъамел?

-Х1ун 1амор дувайурокехь? (берийнжоьпаш)

- Нийсабоху. Вайтахана 1амор дубарта а, йозанан а къамел.

VI. Керла тема хьехар.

а) Учебника т1ера хаттарнажоплахар.

-Д1аеша учебникана т1ера бакъо.

Къамелан г1оьнца адамашавовшашкахаам а, хаттар а, хьехар а до. Къамелбарта а, йозанан а хуьлу.

аь) Барта, йозанан а къамелвовшехкъасторкарадерзор

Шардар № 19, аг1о 11.

VII.Сада1аран миноташ. П1елгаш

Оха язди, дукхаязди,

Йозанотхан п1елгаш к1адди.

П1елгаш, 1адда ма 1елаш,

Хьалхий-т1аьхьий идалаш.

Кхийса-кхийса-кхийсалуш,

Ида, ида, к1ад цалуш.

Мохобецашлестайо,

Д1а а, схьа а техкайо.

П1елгаш, мохах шу макхера,

Ловзалелхаш, шайнсакъера.

VIII.Керла тема кхин д1а а хьехар

Суьртехлаьцнакъамел дар

Шардар № 20, аг1о 12-барта кхочушдо.

-Стенах лаьцнадуьйцутекстехь?

-Хьалхахиллиййозананкъамел?

-Муьлхачубилгалонашца д1аяздеш хиллаширачузаманахьйозананкъамел?

-И тайпайозамичахьганйиш ю вайн х1инца? (некъанхьаьркашца)

IX. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

Йозананболх бар. (Белхантептар)

Шардар №1 аг1о 3

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдандезаиза?

К1анта книга йоьшу. Маликасйозаяздо. Асеттайнигехловзуш ю. 1имрана компьютерцаболхбо. Берашсинтар дуг1уш ду.

- Предложенимуьлхачуэлпацайолайо? Чекхъяккхапредложени:

Къамелвайнаоьшу ________________ (вовшехкхета)

X. Сада1аран миноташ «Чик-чирики»

XI. Рефлекси.

Суна хии…

Суна хазахийти…

Со цакхийти…

XII. Жам1 дар.

-Стенах лаьцнадийцивайтахана?

-Масатайпанахуьлукъамел?

-Барта къамелмуьлханигду? (вайолург а, вайнахезарг а)

-Йозананкъамелмуьлханигду? (элпашца д1аяздийриг)

-Муха хийтишунавайн урок? Цакхеташдисина х1умма а ду?

-Шайгарчусмайликашцахадабевайнурокан мах.

XIII. Ц1ахь банболхбалар.

Шардар № 14, аг1о 9- дагахь 1амо.
Нохчийнмотт- 2 класс
Урок №7

Урокан ц1е: «Къамел стенах лаьтта? Предложени».

1алашо:къамелах болу хаамашшорбар, къамелпредложенехлаьтташхилархаийтар. Ойлаяр, тидамбар, дагалацамкхиор.
Билгалбаьхнакхиамаш:берашнахуурдувоккхачуьнца а, шайннийсархошца а къамелебовла, хуурдуадамашнастеннаоьшукъамел. Ишттахуурдусуьртахлаьцнакъамел дан, шайнадахарехьгинчух, зеделлачухлаьцнакъамелдан, карлабохурбупредложених болу хаамаш, хуурду текста юкъарапредложенешсхьакъасто а, кегаделлачудешнехшаьшпредложенеш х1итто а.

Урок д1аяхьар.

I.Маршаллахаттарцаойла т1еерзор.

Хьовсал, бераш, корах ара,

Мел хаза дутахана де!

Х1инца вовшийн б1аьра хьовса,

Дешарешовкъерзае!
II.Ц1ера болхталлар.

1.Хьехархочун харжамца я дешархойнлаамцамасехдешархочодагахьсхьаюьйцу байт. (Шардар № 14, аг1о 9).

2.Хаттарш:

-Мила ву байта т1ехь вуьйцург? (Дешархо)

-Х1ун дошдуцоделларг? (Дика деша)

III.Хаарийнактуализаци.

-Стенах лаьцнадийцивайтахана?

-Масатайпанахуьлукъамел?

-Барта къамелмуьлханигду? (Вайолург а, вайнахезарг а)

-Йозананкъамелмуьлханигду? (Элпашца д1аяздийриг)

IV.Ц1ена язъяр.

-Д1аеша байт.

Зезагдубацалахьлепаш,

1уьйренца бецантхимуьйлуш,

Дуизахазалладуьйцуш,

Сан мохкбуцул хаза буьйцуш.
-Стенах лаьцна ю байт? (Зезагах)

-Муха дубохуавторозезаг?

-Цул хаза юьйцуш х1ун ю боху?

-Вайн дай баьхначу а, вай 1ачу а меттигах х1ун олу? (Даймохк)

-Шунахетийвайнмохк хаза?

-Ткъаиштта хаза и латтийтавай х1ун дан деза?(берийнжоьпаш)

-Х1ара байт зезагахлаьцна ю элиравай. Зезагбохудошмуьлхачуэлпацадолалушду?

-Муьлхаэлпяздийрдувай? (Зз)

-Зэлпмукъаду я мукъазаду? Зевнеду я къора?

-Хаза а, ц1ена а яздеш д1аязде мукъазазевнеэлп а, аз а Зз.

ЗзЗзЗзЗзЗзЗзЗзЗзЗзЗзЗзЗзЗзЗзЗзЗзЗзЗзЗзЗзЗзЗзЗзЗзЗзЗзЗзЗз

V.1алашо йовзийтар.

-Д1адеша таханавайжоп дала дезаш долу хаттар.

-Къамел стенах лаьтта?

-Х1ун 1амор дувайурокехь? (Вайтоллурдухаттар: «Къамел стенах лаьтта? Предложени»)

VI. Керла тема хьехар.

-Д1аеша учебникана т1ера бакъо.

-Стенах лаьттавайнкъамел? (Предложенех)

-Предложенеш стенах лаьтта? (Дешнех)

-Барта къамелехьцхьапредложенивукхунах муха схьакъастайо? (Соцунг1а ярца)

Йозанехьпредложенешсхьакъасто 1амор.

Шардар№22, аг1о 13.

-Йозанехьцхьапредложенивукхунах муха къастайо?

-Муьлхачуэлпацайолайокерлапредложени?

VII.Сада1аран миноташ. (Хьехархочунхаржамца)

VIII.Керла тема кхин д1а а хьехар – белхантептар

а) Шардар № 3 аг1о 3. (Суьрташкахьовса. Дошхуьлучукепара д1анисде уьш. Цуьнца предложении х1оттае). Даймохк. Ма хаза бувайнДаймохк!
аь) Шардар №4 аг1о 4- барта

-Стенах лаьцнадудийцар? (Суьйренах)

-Масапредложенихлаьттадийцар?

- Предложени х1оттае х1окху дешнех: кет1ахь, хевшина, тхо,1ара.
1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   14


написать администратору сайта