Главная страница

ПЛАН КОНСПЕКТ. ЧЕЧ ЯЗ 2 КЛАСС ПОУРОЧКИ. Урок 1 Урокан ц1е 1амийнарг карладаккхар. Предложени


Скачать 0.9 Mb.
НазваниеУрок 1 Урокан ц1е 1амийнарг карладаккхар. Предложени
АнкорПЛАН КОНСПЕКТ
Дата11.11.2022
Размер0.9 Mb.
Формат файлаdocx
Имя файлаЧЕЧ ЯЗ 2 КЛАСС ПОУРОЧКИ.docx
ТипУрок
#783588
страница7 из 14
1   2   3   4   5   6   7   8   9   10   ...   14

IX.Ц1ахь банболх:Бакъонашкарлаяха

Проверено зам дир по УВР Асанаева С.М.

Нохчийнмотт -2 класс.

12.11.21

Урокан ц1е: «Мукъаза аз а, элп а й».

1алашо:й элпан маь1на довзийтар, йозанехь цуьнан меттиг билгалбаккха 1амор, й элп юкъадог1у дешнашсехьадаха 1амор. Къамел, хьекъал, тидам, дагалацам а, ойла а кхиор.

Билгалбаьхнакхиамаш:берашна хуурду й элп юкъадог1у дешнаш нийсаяздан, уьшцхьана мог1анера вукху мог1ане нийса сехьадаха. Бераша дешнех предложенеш х1иттор ю.

Урок д1аяхьар.

I.Маршалла хаттарца ойла т1еерзор.

II.Ц1ера болхталлар.

Бакъо – аг1о 29-г1а.

Шардар № 60-г1а, аг1о 30.

III.Дешархойн хаарийн актуализаци

-Х1ун 1амийра вай д1аяханчу урокехь?

-Муха кхоллало мукъаза аьзнаш?

- Маса тайпана хуьлу уьш?

- Муьлха наш ду зевне?

- Муьлханаш ду къора?

IV.1алашо йовзийтар.

Чохь шабина дохарх шиша,

Хьо ма елха,жима…(йиша)

Бабин куча т1ехь ю гома

К1адинан латийна…(йома)

Бедарш бехъеш бо цо г1урт,

Юушелахь ша…(йогурт)

-Муьлха элп ду массо а х1етал-металехь дуьйцург? (Й)

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай?

-Вай тахана 1амор ду й элп юкъадог1учу дешнийн нийсаяздаран бакъонаш, элп й юкъадог1у дешнаш сехьадаха а 1амор ду.

V. Ц1ена язъяр.

Нанас б ох у Нуржане:

-Нагахьловза хьайна лаахь,

Нуй хьакхий, чоь д1ац1анъе!

-Муьлха элп яздийр ду вай тахана? (Нн)

НнНнНнНнНнНнНнНнНнНнНнНнНнНнНн

Муьлха элп ду и, мукъа я мукъаза? Зевне я къора?

VI.Керла тема хьехар

-Д1аеша бакъо 38 аг1он т1ера.Муьлха аз лору й? Даладе масалаш.

Дешархошка шайга болх байтар.

Шардар №61, аг1о 31.

-Й элп шайца долчу дешнашна буха сиз а хьокхуш, д1аязъе байт. Дийца, муьлха аз билгалдоцо (мукъа я мукъаза)?

Йозанан у т1ехь болх бар.

Шардар №62, аг1о 31.

-Д1адеша хьалхара дош. Муха сехьадаккха мегарду иза? (Май-да)

-Маса мукъа аз ду цу дашехь? Маса дешдакъа?

-Д1адеша шолг1а дош. (сай) Маса мукъа аз ду дашехь? Маса дешдакъа? Декъалой и дош? Х1унда?

(Масех дешархочо йозан у т1ехь болх бо, цул т1аьхьа иштта толлуш, дешархоша шаьш т1ера схьаяздо массо а дош.)

VII. Сада1аран миноташ.

VIII. Керла тема кхин д1а а хьехар.

Дешархойн тидам а, дагалацам а кхиор.

63-г1а шардар кхочуш дарехь шимма цхьаьна болх бийр бу.

- Тидаме хила! Клеткаш чу ца тоьаш долу элпаш а дохкуш,т1ера схьаязде дешнаш. И болх кхочушбеш, пайдаэца 138-г1а аг1он т1ерачу 1-чу дагалацамах.

Муха 1ама веза нийса схьаязъян?

  1. Дош,яздан ма-деззара,дешдакъошца д1адеша.

  2. Талла: тетрадь т1ера дош деша,изза 1амат т1ера а деша.

Хьалхарчудашахпредложени х1оттае.

(Майда, г1айба, хьайба, буьйра, жайна. Тханшколанкертахьйоккхамайда ю.)

X.Рефлекси

- Х1ун керланиг 1емира шуна?

- Х1ун дара хазделларг?

XII.Ц1ахь банболхбалар.Бакъо – аг1о 31-г1а.Шардар № 64-г1а, аг1о 32.


Проверено зам дир по УВР Асанаева С.М.

13.11.21

Нохчийнмотт -2 класс.

Урокан ц1е: «Мукъазаэлп Й нийсаяздар».
1алашо: й элпан маь1на довзийтар, йозанехьцуьнанметтигбилгалбаккха 1амор, й элп юкъадог1у дешнашсехьадаха 1амор.

Къамел, хьекъал, тидам, дагалацам а, ойла а кхиор.
Билгалбаьхнакхиамаш:берашнахуурду й элп юкъадог1у дешнашнийсаяздан, уьшцхьана мог1анера вукху мог1ане нийсасехьадаха. Бераш 1емар дудешнехпредложенеш х1итто.
Урок д1аяхьар.
I.Маршаллахаттарцаойла т1еерзор.

Де дика хуьлда, хьомебераш!

Соьгахьовсийсамадовла,

Вовшашкахьовсий къинт1ера довла,

Х1инца диккатидамбе,

Балхеойлаерзае.
II.Ц1ера болхталлар.

Бакъо – аг1о 31-г1а.

Шардар № 64-г1а, аг1о 32.

(Хьехархочо х1оранна т1е а воьдуш, толлудешархоша ц1ахь кхочушбинаболх)

III.Дешархойнхаарийнактуализаци

-Х1ун 1амийра вай д1аяханчу урокехь?

-- Муьлха аз дуЙ?

- Йэлподешдакъакхуллий?

- Маца кхуллуцодешдакъа?

IV.1алашо йовзийтар.

-Таханалерачуурокан ц1е х1етал-металца къастор ю вай. Схьаеллашайнбелхантептаран 10-г1а аг1о. Х1етал–метална дог1у жоп д1аязде еак1ов чу. Х1етал-метал хаийлашуна:

К1айн аре ю, -

1аьржа х1у.

И д1адийначо

Д1а а доьшу.

й

о

з

а

-Стенах лаьцнадувайн х1етал –метал? Х1ун ю цу т1ехь юьйцург?

-Муьлхачуэлпацадолалойозадош? (Й)

-Х1ун хаьавайна Й элпахлаьцна?

-Йозадашцабартапредложенихьан х1оттор яра?

-Тахана стенах лаьцнадуьйцурдувай?

-Муха хир ю вайнурокан ц1е?

-Нийсабоху. Таханаюха а Й элпахлаьцнадуьйцурдувай. Евзар ю дешнашкахьЙ элпнийсаяздаранбакъонаш.

V. Ц1ена язъяр.

«ЙижайитаДашоМесаш»,-

Йисита ю тайнигйижош.

Йо1а, тайнигмараюллий,

Йовлакхтодешкоьртатуьллу.

-Таханамуьлхаэлпяздийрдувай?(Йй)
ЙйЙйЙйЙйЙйЙйЙйЙйЙйЙйЙйЙй

Муьлхаэлпду и, мукъа я мукъаза? Зевне я къора?

VI.Керла тема хьехар

-Кхинцкъа а д1аеша 31 аг1он т1ера бакъо. Муьлха аз лору й? Даладемасалш.

-Х1инца д1аеша 33аг1он т1ера бакъо. Маца яздонохчийнматтахьйэлп?

Дешархойнтидам а, дагалацам а кхиор.

Шардар №65, аг1о 32.

Мусанйоза хаза дац,

Цхьа мог1а а нийса бац.

Мог1а бохош«йома» ю.

Наггахьэлпаш 1ункар ду.

-Д1аеша. Дийца стенах лаьцна ю х1ара байт. 138-чу аг1он т1ера 3-чу дагалацамахпайда а оьцуш, дагалоцуш д1аязъе. Мукъазааьзнашбилгалдечуэлпашна к1ел сиз хьакха.

(Хьехархочоцкъа-шоззашена т1аьхьара йоьшуьйту, цул т1аьхьа дешархошкадагалацамцашайгга д1аязйойту, белхашвовшашкатоллуьйту)

Кхоллараллинболх д1абахьар.

Шиммацхьаьна бен болх- Шардар №64, аг1о 32.

-Х1ора мог1анерчу дешнехпредложенеш х1иттае. Йэлпшайцадолчудешнашна к1ел сиз хьакха. Йэлпшеца долу дешнашдешдакъошкадекъа.

1.Бераш майданахьловзу. Май-да-нахь.

2. Царна т1ехь майканаш ю. Май-ка-наш.

3.Уьш буьрканахловзу.

VII. Сада1аран миноташ.

VIII. Керла тема кхин д1а а хьехар.

Й элпанметтигбовзар.

Тобанашцаболх – шардар №68, аг1о34

-Муьлхачуэлпашнахьалхахьдуэлп й? (О, Оь, И)

-Маца яздоэлп й?

Дошам

Йоькаш-осадок при растопке масла.

Йоьхь-колбаса

Йоьза-медный

IX.Сада1аран миноташ

X. Жам1 дар

- Х1ун керланиг 1еми шунатахана? - Х1ун дара хазделларг?

- Муьлха аз дуЙ (мукъа я мукъаза)?- МуьлхачумукъачуэлпашнахьалхаяздоЙ элп?

- Муьлханашдузевне? - Къора?

XI. Рефлекси

XII.Ц1ахь банболхбалар.

Бакъо – аг1о 31,33-г1ий 1амо.

Шардар № 67-г1а, аг1о 33.

Нохчийнмотт—2 класс
Урок № 24
Урокан ц1е: «Нохчийнабат я алфавит»
1алашо:нохчийн алфавит йовзийтар; адамийндахарехьцуьнан маь1на хаийтар; предложенех болу хаамаш т1еч1аг1бар. Берийнойла а, дагалацам а кхиор.
Билгалбаьхнакхиамаш:берашнахуурду алфавит- изанохчийнметтанмассоэлпхилар, алфавитехь 49 элпхилар; 1емар дудешнашалфавитан рог1аллехь д1анисдан а, дахарехьцостенна т1ехь аьттобинадовза а.
Урок д1аяхьар
I.Маршаллахаттарцаойла т1еерзор.

Де дика хуьлда, хьомебераш!

Соьгахьовсийсамадовла,

Вовшашкахьовсий къинт1ера довла,

Х1инца диккатидамбе,

Балхеойлаерзае.

II.Ц1ера болхталлар.

Шардар № 66, аг1о 33

Бакъо аг1о 33

-Муха сехьадаккхадезаюкъахьъ, й, ьдолу дешнаш?
III.1. Дешархойнхааршжигардахар (хаарийнактуализаци)

- Аьзнаш, элпашмасатайпанахуьлу?

- Мукъааьзнаш муха кхоллало?

- Мукъазааьзнашмуьлхаршду?

-«Й»элпмукъаду ямукъаза?

- Шенаюххехьмукъа аз доцуш, дешдакъакхуллий «й» элпо?

- О, оь, и элпашнахьалхахезашхилахь, дуьллийвай «й» элп?

2.Ц1ена язъяр.

Лоьраш бог Iу!

Лоьраш бог1у!

Лайлаъхазахеташ ю:

Легаш лозуш ю и ч1ог1а

Лоьродарбалелорду.
-Муьлхаэлпяздийрдувайтахана ?

ЛлЛлЛлЛлЛлЛлЛлЛлЛлЛлЛлЛл
IV.1алашо йовзийтар.

-Д1аеша байт

-Х1етал-метал хаийлашуна:

Ду и тамашена г1утакх,

Кхочушдоцодоккха г1уллакх,

1алашдо цонохчийнэлпаш,

Х1ора элпан ю шен к1ара,

Цучуьра и далац ара.

Х1ора элпандушенамат-

Олу цунах, бераш,-…..
-Стенах лаьцнадуьйцурдувайурокехь?

-Вайтахана 1амор ю нохчийн алфавит.
VI.Керла тема хьехар

Сурташ т1ехь болх бар.

а) Шардар №56 аг1о 29.
а) Алфавит йовзийтар аг1о 34.

-Д1адеша алфавитанмассо а элп.

-Маса элп ду нохчийн алфавитехь? (49)

-Маса думукъа аз? (9)

-Мукъа элп ? (15)

-Муьлхачуэлпаша билгалдо ши аз? (Я,ЯЬ,Ю,ЮЬ,Е,Ё)

-Маса мукъаза элп ду нохчийн алфавитехь? (33)

-Муьлхачуэлпашацхьа а аз билгалца до? (Ь,Ъ)

-Д1аеша бакъо. Стенах олу алфавит?

-Стеннаоьшу алфавит? (Журнала т1ехь ц1ераш алфавитан рог1аллица язйо, дошамаш т1ехь дешнашалфавитан рог1аллица язйо).
аь)Дешнашалфавитан рог1аллица д1аяздар.
Шардар № 73, аг1о 36.

-Муьлхачуэлпашна к1ел сиз хьаькхиаша?

Шардар № 75, аг1о 37

Д1адеша шаьшяздинаэлпаш.

VII. Сада1аран миноташ.

П1елгаш

Оха язди, дукхаязди,

Йозанотхан п1елгашк1адди.

П1елгаш,1адда ма1елаш,

Хьалхий-т1аьхьий идалаш.

Кхийса-кхийса-кхийссалуш,

Ида,ида, к1ад цалуш.
VIII. Керла тема кхин д1а а хьехар.

А).Берашкатобанашкахьболхбайтар

Шардар №74, аг1о 37.

(Дошнийсакарийнехь, изахирдуНУЬЙР).
Аь). Шардар №76, аг1о 37.

Дешнашалфавитан рог1аллехь д1аяздар.

- Муьлхаэлпдуалфавитехьхьалхара? (А)

- Карадеаэлпацадолош долу дешнаш.(Айдамиров А., Ахматова Р., Ахмадов М.)

- Алфавитан шолг1а элп? (Аь)

- «Аь» хьалхахь долу дошкараде? (Дац)

- «Б» хьалхахь долу дошкараде.(Дац)

(Ишттакхин д1а а толлудисинадешнаш).
Б). Хааршлакхарадолчудешархошна бала мегардукехаташцаболх:

Дешнийнхийцадаларш

1. Гуйбохучудашехьхьалхарацхьаэлп а хуьйцуш, керладешнашкхолла: гуй (буй, дуй…………………………………………..).

2. Гаъбохучудашехь т1аьххьара элп а хуьцуш, керладешнашкхолла: гаъ (газ, гам, гар, гай).

1. (Буй, дуй, г1уй, куй, нуй, суй, туй).

2. (Газ, гам, гар, гаъ).
X.Рефлекси

Суна таханахии ….

Суна хазахийти…

Со цакхийти…

Шайгарчусмайликашца мах хадабевайнурокан.
XI. Жам1 дар

- Х1ун керланиг 1емира шуна?

- Х1ун дара хазделларг?

-Х1ун ю алфавит?

-Масаэлпдунохчийналфавитехь?

- Абатбохудош муха кхолладелла? ( Шардар №70).

XII.Ц1ахь банболхбалар.

Бакъо – аг1о 35-г1а.

Шардар № 75-г1а, аг1о 37.

Проверено: зам. дир. по УВР Асанаева С.М.

20.11.21

Нохчийнмотт—2 класс

Урокан ц1е: «Нохчийнабат я алфавит»

1алашо:нохчийн алфавитах долу хаарш т1еч1аг1дар; адамийндахарехьцуьнан маь1на карладаккхар;берийнойла а, дагалацам а кхиор.

Билгалбаьхнакхиамаш:берашат1еч1аг1дийрду алфавит- изанохчийнметтанмассоэлпхилар, алфавитехь 49 элпхилар; карладоккхурдудешнашалфавитан рог1аллехь д1анисдан а, дахарехьцостенна т1ехь аьттобинадовза а.
Урок д1аяхьар
I.Маршаллахаттарцаойла т1еерзор.
Де дика хуьлда шун,доттаг1ий!

Урокан кийча дуй?

Массо шен-шен меттахь вуй?

Книжка, ручка , тептар дуй?

Хьаьвсин? Охьаховша!

Дика болхбан хьовса!

II.Ц1ера болхталлар.

Бакъо – аг1о 35-г1а.

Шардар № 75-г1а, аг1о 37.

III.1. Дешархойнхааршжигардахар (хаарийнактуализаци)

- Маса элп ду нохчийн алфавитехь? (49)

- Маса думукъа аз? (9)

- Мукъа элп ? (15)

- Муьлхачуэлпаша билгалдо ши аз? (Я,ЯЬ,Ю,ЮЬ,Е,Ё)

- Маса мукъаза элп ду нохчийн алфавитехь? (33)

- Муьлхачуэлпаша цхьа а аз билгал ца до? (Ь,Ъ)

- Стенах олу алфавит?

- Стенна оьшу алфавит? (Журнала т1ехь ц1ераш алфавитан рог1аллица язйо, дошамаш т1ехь дешнаш а лфавитан рог1аллица язйо).

2.Ц1ена язъяр.
Дог1у дош ала.

Стиглахьяцуьшсецошархаш,

Дог1а дохьуш йог1у…. (Мархаш)

Деннабалхалела да:

1ер-дахар тханделла та.

Дешаваха ю сан чот,-

1амош ву со нохчийн… (Мотт)

-Муьлха элп яздийр ду вай тахана ?

Мм МмМмМмМмМмМмМм

IV.1алашо йовзийтар.

- Бераш, вайтаханаурокехь т1еч1аг1дийр ду алфавитах лаьцна долу шунхаарш?

- Бес-бесарайозананбелхашкхочушдарца, 1амийнарг карла а доккхуш, болх д1ахьур бувай.

V.Алфавитах йолу тема кхин д1а ахьехар, т1еч1аг1ъяр.

  1. Белхантептар ( аг1о 12, 35, 36, 37).

VI. Сада1аран миноташ.

П1елгаш

Оха язди, дукхаязди,

Йозанотхан п1елгашк1адди.

П1елгаш,1адда ма1елаш,

Хьалхий-т1аьхьий идалаш.

Кхийса-кхийса-кхийссалуш,

Ида,ида, к1ад цалуш.
VII. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а).Берашка шимма цхьаьна болх байтар.

VIII.Рефлекси

Суна таханахии ….

Суна хазахийти…

Со цакхийти…

Шайгарчусмайликашца мах хадабевайнурокан.

IX. Жам1 дар

- Х1ун т1еч1аг1ди вайтаханаурокехь?

- Х1ун дара хазделларг?

-Х1ун ю алфавит?

-Масаэлпдунохчийналфавитехь?

- Абатбохудош муха кхолладелла?

X.Ц1ахь бан болх балар.

Бакъо – аг1о 35-г1а.

Нохчийнмотт- 2кл

Урок 26
Урокан ц1е: «Дош а, дешдакъа а».

1алашо:дашна, дешдекъанаюкъахьйолубашхаллашйовзийтар, дешнашдешдакъошкадекъа 1амор; берийнойла а, дагалацам а кхиор; Даймахкеболу безам к1аргбар.

Билгалбаьхнакхиамаш:берашнахуурдупредложенерадешнашкъасто а, уьшдешдакъошкадекъа а, хуурдумукъачуозодешдакъакхуллушхилар а.

Урок д1аяхьар.

I.Ойла т1еерзор.

Марша дог1ийла шу, сан хьомебераш!

Мел хаза ду шу таханамассо а!

Вайшуьца д1ахьур бу бес-бесарабелхаш,

Тидаме хила шу хьовсалаш!

II.Ц1ера болхталларца 1амийнарг карладаккхар. Бакъо – аг1о 35-г1а.

Белхантептар ( аг1о 13, 38).

III.Хааршжигардахар

-Х1ун 1амийра вай д1аяханчу урокехь?

-Муха язйодолара ц1ераш? (Долара ц1ераш доккхачуэлпацаязйо.)

-Довзийташайнмасалш.

-Стенах лаьттадош?( аьзнех, элпех )

-Предложени стенах лаьтта? (Дешнех)

-Стеннаоьшувайнапредложени? (Вайна ала луургдовзийта)

IV Ц1ена язъяр

Ирсасбедаршйиттира,

Итухьаькхнаякъийра.

«Иза-м тамашбацара»-

Ислам вешашвацара.

-Муьлхаэлпяздийрдувайтахана? -И и

Ии ИиИиИиИиИиИиИиИиИиИи

V. 1алашо йовзийтар.

Хьехархочундош.

-Д1адеша вайталладезаш долу хаттар, бераш? (Муха хаатарлодашехьмасадакъаду?)

- Хьан эр дара аша, стенах лаьцнадуьйцурдувайтаханаурокехь? (Дашах, дешдакъойхлаьцнадуьйцурдувай )

VI.Керла тема хьехар. Керлачухаарийндуьххьара д1алацар.

а). Дешнашдешдакъошкадекъар.

- Суьрта т1ехь гушйолчу х1уманийн ц1ераш яха. (Нуй, Хьайба, орам)

- Нуйдашехьмасамукъа аз ду? (Цхьаъ)

- Муьлханигдуиза? (У)

- Масадешдакъаду? (Цхьаъ)

- Хьайбадашехьмасамукъа аз ду? (Шиъ)

- Муьлханашдууьш? (А, А)

- Масадешдакъаду? (Шиъ)

- Орамдашехьмасамукъа аз ду? (Шиъ)

- Масадешдакъаду? (Шиъ)

- Муха хуурдудашехьмасадешдакъаду? Д1аеша бакъо.
1   2   3   4   5   6   7   8   9   10   ...   14


написать администратору сайта