Главная страница
Навигация по странице:

  • 2-г1а т1едиллар шина команде

  • Шина командина цхьа т1едиллар ду : говр

  • Шина команде хаттарш :1.Муха гойту поэта 1аьнан 1алам2.Дукхаллин терахьехь ц1ердешнаш алсам хилар стенца доьзна дуДекъа х1ара ц1ердешнаш кхаа тобане

  • Шина командина т1едилларш

  • 1)цхьалхе суффиксаш – аш, иш, ий;Уьш юьхьанцара суффиксаш ю. 2)чолхе суффиксаш - -араш, -ирий, ирчий;Уьш схьаевлла суффиксаш ю.


  • мастер класс. Мастер-классХьавани. Ц1ердешнийн терахь


    Скачать 172 Kb.
    НазваниеЦ1ердешнийн терахь
    Анкормастер класс
    Дата17.08.2022
    Размер172 Kb.
    Формат файлаdoc
    Имя файлаМастер-классХьавани.doc
    ТипУрок
    #647767

    Мастер – класс

    Тема: Ц1ердешнийн терахь.

    1алашонаш:

    1аморан: 1. Ц1ердешан морфологически билгалонаш йовзийтар;

    2.Ц1ердешнийн терахьашца хийцадаларан башхалла йовзийтар.

    Кхиаран: 1.Дешархойн дагалацам а, ойла а кхиор;

    2.Шайн маттахь долу керла дешнаш довза хьашт хилар ч1аг1дар;

    Кхетошкхиоран: 1. Мотт хаза бийцар коьрта хилар кхетор;

    2.Шен мехкан 1аламе безам кхиор.

    Урок д1аяхьар.

    Тахана урок шатайпа ю

    Ткъа шуна иза марзделларг ду

    Коьртаца ойла ян еза

    Чолхе хаттарш хаза деза

    Царна жоп дала деза

    Дуйцург дагахь латто деза

    Урокехь хиънарг дицдан ца деза!

    Тахана,вай урок д1ахьур Морфологи ц1е йолчу меттан пачхьалкхехь.

    Къамелехь, йозанехь кхечу къамелан дакъойл дукха хуьлу ц1ердош. Дош, дешнийн цхьанакхетарш, предложенеш х1итта ца ло ц1ердош юкъахь доцуш.

    Х1уманаш ас билгалйо

    Мила? Х1ун? хаттарш ло

    Ойлаей хьо дийций вала

    Муьлха дакъа ду со ала!..

    Дешархой шина команде боькъу:

    1-ра т1едиллар:

    1-ра команда: 1аламца доьзна долу 10 ц1ердош даладе (малх, дохк, дог1а, ткъес, шовда, хьоста, анайист, стела1ад, стигал, ло)

    2-г1а команда: диттийн, ораматийн ц1ерш билгалйо 10 дош даладе ( дакх, бага, наж, зез, поп, база, дак, акхтарг, хьаьмц, маъ, талл)

    Шина команде хаттар: х1ара дешнаш ц1ердешнаш хилар ч1аг1де (х1ун? хаттарна жоп ло, юкъара ду)

    2-г1а т1едиллар шина команде:

    1.Даладе юкъара абстракти маь1на долу ц1ердешнаш: доьналла, майралла, хьекъал, кхетам, ойла, сингаттам, синхаамаш, т1е1аткъам ….( дукха далийначу командин толам хир бу). Йийца церан башхалла.

    2. Нохчийчохь долу хин ц1ерш ялае: Соьлжа, Гумс, Орга, Ачху, Хулхула,Терк,Г1ойт1а, Валарг , Бас, Марта, Гих.

    ( йийца цу ц1ердешнийн билгалонаш)

    Ц1ердешнаш маь1на гергара , дуьхьалара хуьлу :

    Даладе, х1окху дешнийн гергарнаш:

    Г1уркх - (г1аж, хьокха)

    Машар- (барт-масла1ат)

    Низам- (раж, раг1)

    Хьекъал- (кхетам)

    Даладе,дуьхьлара маь1на долу ц1ердешнаш

    Яхь –(хьаг1)

    Бехк –(бехказло)

    Къано-(жимха)

    Толам-(иэшар)

    Шина командина цхьа т1едиллар ду: говр бохучу дашана синонимийн мог1а балабе: дин, бекъа,гила, алаша, айг1ар( 5 синоним далийна команда тоьлла хир ю)

    1-ра командина т1едиллар: цхьаъ, я цул сов х1ума билгалъеш долу ц1ердешнаш къастаде

    К1айн полларчий санна,

    Лайн чимаш ду оьгуш,

    Шело совъяларна

    Сирла шаш ду х1уьттуш,

    Б1аьстенан де санна,

    Еха ю буьйсанаш.

    Шелделла к1еза санна,

    Буьрса дарц ду ц1ийзаш.

    2-г1а команда

    Лам бешча хиш десташ,

    Ихна хин татолаш,

    Т1ехь бина шаш болуш,

    Шайн-шайна ду декаш.

    Йовхонан сирла з1аьнарш

    Наггахь бен ца гойтуш,

    Кхин йоцуш санна, кхоош,

    Малха а бу к1езга луш

    Шина команде хаттарш:

    1.Муха гойту поэта 1аьнан 1алам?

    2.Дукхаллин терахьехь ц1ердешнаш алсам хилар стенца доьзна ду?

    Декъа х1ара ц1ердешнаш кхаа тобане

    1. шина терахьехь леларш

    2. цхьаллин терахьехь бен цалеларш

    3. дукхаллин терахьехь бен цалеларш

    1-ра команда:

    Сацкъарш, б1ов, гаьллаш, х1о, таьлсаш, йовхарш, йоькаш, мехкарий, гилгаш, къилбе; ( таьлсаш, гаьллаш, йоькаш, гилгаш, х1о);

    2-г1а команда:

    Моз, х1аваъ, т1уно, маь1да, букъарш, архаш, дуьйраш, малхбузе, хьекъал,сий ; ( букъарш, т1уно, дуьйраш, малхбузе, х1аваъ, сий)

    Шина командина т1едилларш: муха кхаллало дукхаллин терахь х1окху дешнашкахь:

    Духарш, амалш,г1ожмаш, ламанхой, черчий, полларчий;

    оьрсий, говзанчаш, овкъарш, кетарш, хиш, седарчий;

    Терахьан грамматически категори гучуйолу суффиксийн г1оьнца:

    1)цхьалхе суффиксаш – аш, иш, ий;Уьш юьхьанцара суффиксаш ю.

    2)чолхе суффиксаш - -араш, -ирий, ирчий;Уьш схьаевлла суффиксаш ю.

    Дукхаллин терахье даккха кху предложенехь долу къовларш юкъара дешнаш.

    Эвлан йистера аренца дежачу жа юкъахь дукха (ка) дара.

    Цхьана х1умано къахкина некъана сехьалилхира (бекъа)

    Халидан доккха мостаг1алла дара ( борз, чаг1алкх).

    (Моша) кхача тайп- тайпанчу а, ирзошкахь а хуьлу

    Макхъелла аренаш – еса

    Хьаннаш а д1атийна лаьтта.

    Г1арг1улийн жатташ ю екаш,

    Назмаш 1енаеш лаьтта



    Т1едиллар: билгалдаккха дукхаллин терахьехь долу ц1ердешнаш, жут-жатташ боху дешнаш гочде оьрсийн матте

    Говрашна го, вайна санна, гIенаш:
    Сирла
    Iуьйре, шайн бергаш тIехь тхи,
    Шайн баккъаш т
    Iе шийла догIа Iенаш,
    Реманашца дедда доьдучу хих юьйлуш
    .



    Т1едиллар: билгалдаккха дукхаллин терахьехь долу ц1ердешнаш,

    рема -реманаш боху дешнаш гочде оьрсийн матте



    Путешественник отважный,
    Он идёт пустыней важно

    Не боится он жары,
    Два горба - как две горы

    Т1едиллар: нохчийн матте гочъе х1ара байт, ковра боху дош дукхаллин терахье даккха

    Шина командина т1едилларш:
    Вовшахтоха кагделла кицанаш (кхоккха кица х1ора командина)
    1.Болх безачарна дахар а деза.

    2.Болх бечу кхачахь, болх бе, юучу кхачахь - яа.

    3.Хазалло бІаьрг белабо, дикалло дог деладо

    4.Хазалла - сарралц, дикалла – валлалц

    5.Воккхачух эхь хетта, жимачух къахета

    6.Нахаца тарвала хаар - доккха совгІат ду.

    Рефлекси яр.

    Тахана вай бинчу белхан кхиамех лаьцна х1ун эр дара аша?

    Муьлха т1едилларша к1оргди шун хаарш?

    Шайн мотт ц1ена а, хаза а бийца таро лур йолу меттигаш схьайийца


    написать администратору сайта