Главная страница
Навигация по странице:

  • ГIуллакхан къамелан стиль

  • Муьлха стилаш хуьлу

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница85 из 91
    1   ...   81   82   83   84   85   86   87   88   ...   91

    Iилманан стиль:


    а) Iилманах лаьцна болу хаамаш балар, Iилманца долучух кхетор;

    б) официален хьолахь пайда эцар;

    в) Iилманан статья, доклад, Iаморан литература, диссертаци; г) терминийн, говзаллийн лексика;

    д) шакъаьстиначу маьIнехь Iилманан маттахь лелош долу дешнаш, терминаш.

    ГIуллакхан къамелан стиль: а) хаам, хаамаш бовзийтар;

    б) официален хьолахь пайда эцар (законаш дахаран, гIуллакхдаран, административни-бакъонан декъехь);

    в) законаш, омранаш, сацамаш, резолюцеш, протоколаш, акташ, справкаш, инструкцеш, объявленеш, гIуллакхан кехаташ (заявлени, рапорт, докладная);

    г) официале-гIуллакхан лексика; къамелан чIагIделла, стан- дарте дирзина цхьаьнакхетарш;

    д) кхечу кепара ала магош йоцу нийсалла.

    Публицистически стиль:


    а) шуьйрачу хаамийн гIирсашца тIеIаткъам баран декхарш; б) официален хьелашкахь пайда эцар; газеташкахь, журналаш

    тIехь, радиочухула, телевиденехула, митингашкахь, собранешкахь къамелаш дар;

    в) статья, очерк, репортаж, фельетон, интервью; г) юкъараллин-политически лексика;

    д) къамел логика йолуш, васте, синхааме, кхайкхаме, мах хадош хила дезар.

    Исбаьхьаллин литературан стиль:


    а) гайтар а, ешархочунна тIеIаткъам бар а;

    б) роман, повесть, дийцар, стихотворени, басня, поэма, драма, комеди, трагеди, турпалаллин иллеш;

    в) лексикин дерриг хьолах пайда эцар;

    г) къамел васте, синхааме, билггала хилар; тайп-тайпанчу стилийн таронех пайда эцар.

    Исбаьхьаллин литературан стилана герга ю халкъан барта поэзин стиль а, хIунда аьлча меттан исбаьхьаллин башхаллаш а, суртхIотторан гIирсаш а, исбаьхьаллин литературехь а санна, суртхIотторца а, кIорггерчу синхаамца а, дог-ойланца а гIуллакхдеш цуьнгахь хиларна.

    Исбаьхьаллин литературехь адаман дахар довзийтина ца Iаш, вастийн, суртхIотточу гIирсийн гIоьнца дешархойн дегнашна тIеIаткъам а бо.

    Яздархочо дахаран хьелаш а, турпалхойн гIиллакх-амалш, Iаламан суьрташ а ма-дарра гойту. Цундела цо и сурт дуьззина гайтархьама, наггахь диалектизмаш а, ширделла дешнаш а даладо шен произведени юкъа.


    Тестови тIедахкарш





    1. Муьлха стилаш хуьлу нохчийн меттан?

    1. публицистически

    2. хабаран

    3. лингвистически

    4. исбаьхьаллин

    5. юкъараллин

    6. Iилманан

    7. гIуллакхан



    1. Муьлха стилаш ю тIечIагIйина адаман гIуллакхийн хIокху декъана?


    1. политика, культура

    2. Iер-дахар

    3. искусство, литература

    4. Iилма

    5. бакъо (право)



    1. Муьлхачу стилах пайда оьцу, нагахь санна кхарах цхьа Iалашо хIоттош хилча:


    1. аудиторина тIеIаткъам бар

    2. бакъонца йоьзна юкъаметтигаш дIахIиттор

    3. дуьненах исбаьхьаллин агIонгахьара кхетар

    4. Iаламан а, юкъараллин а хиламаш билгалбахар

    5. вовшашца тIекаре а, чукаре а яр
    1. Муьлхачу стилийн амалшца йогIуш ю хIара жанраш?


    1. фельетон 8) сонет

    2. протокол 9) анкета

    3. рецензи 10) иноформационни хаам

    4. телефонехула къамел 11) интервью

    5. турпалаллин илли 12) суртхIоттор (описание)

    6. инструкци 13) дийцар (повествование)

    7. дискусси 14) ойлаяр (рассуждение)



    1. Цамза билларца гайта къамелан хIара цхьа тайпа хIокху кхаа стилана коьрта муьлхачунна ю.

    1. суртхIоттор 1) къамелан (хабаран)

    2. дийцар 2) публицистически

    3. ойлаяр 3) гIуллакхан къамелан

    4. Iилманан

    5. исбаьхьаллин



    1. 1   ...   81   82   83   84   85   86   87   88   ...   91


    написать администратору сайта