Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница86 из 91
    1   ...   83   84   85   86   87   88   89   90   91

    Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.


    1. Iилманан

    2. гIуллакхан къамелан

    3. публицистически

    4. къамелан (хабаран)

    5. исбаьхьаллин

    6. иштта стиль яц



    1. Синхааме дешнаш далор ца магош йолу стиль билгалъе.

    1. Iилманан

    2. публицистически

    3. гIуллакхан къамелан

    4. къамелан (хабаран)

    5. исбаьхьаллин



    1. Къамелан стиль билгалъе.


    1. Нохчийн республикин гидрометцентро бечу хаамца, кхана Iаламехь цхьа а тайпа хийцамаш хир бац. ТIейогIуш а йоцуш, Iуьйранна, суьйранна дохк а долуш, хIаваан температура буьйсанна

    +1.. 4 градус, дийнахь +3..8 градус йовхо йолуш, погода хир ю.

    1. Цхьана сохьтехь Iилма Iамадар буьйсанна сахиллалц йиначу Iамалал деза ду.

    Делан дуьхьа чувита бохуш стаг вагIахь, иза чувита, делан дуь- хьа гIо де бохуш стаг велахь, цунна гIо де. Делан дуьхьа вагIахьара хьо аьлла цхьанхьа хьуо кхайкхахь, цига гIуо. Цхьаммо хьайна цхьа дика дича, цунна цхьа совгIат ца деш ма Iе, кхин яла хIума яцахь, цунна диканиг доьхуш АллахIе доIа дей а.
    Ялсамане гIур ду диъ хIума: эхь хеташ хилла йолу юьхь, бакъ- луьйш хилла болу мотт, сагIа далалуш комаьрша хилла долу куьг, къинхетаме хилла долу дог.
    Дахар – иза кхо де ду: селхане, тахане, кхане. Селхане – иза дIадаьлла, кхане – кханенга вай довлий а хаац, цундела тахана долчун пусар а дан деза, тахане эрна дIаяхийта а ца еза. ( Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш).


    1. –Салам-маршалла ду хьоьга!

    • Салам?

    • Муха ду гIуллакхаш?

    • КIадда а дац.

    • ХIунда?

    • Дог дагIац.

    • Ойн, цхьаъ дан ма деза!

    • ХIун де аса?

    • Болх бан беза-кх…




    1. Паччахьна дуьхьал Iаьлбиг-Хьаьжас гIаттам айъиначу ша- рахь цуьнан дика гIо лаьцна хилла МахкатIехь бехачу наха а. И доькхуш, паччахьан эскаро ягийна МахкатIе. Лам чуьра юхабаьх- киначу нахана цхьа а дийна гIишло ца гина. Массанхьа а даьгна кIегий, юкъ, гIийлла буьйлу кIур.




    1. Шайн лелар цхьа билггалчу меттигехь бен доцучу дешнех диалектизмаш олу. Нохчийн мохк боккха бацахь а, нохчийн къам доккха дацахь а, амма цхьа билггалчу меттиган меттанаш (диалек-

    таш) дукха ду нохчийн маттахь. Масала: аьккхийн диалект, бацойн диалект, чIебарлойн диалект и дI. кхин а.

    Муьлххачу а цхьана диалектехь бен ца лелаш дешнаш а ду.

    Литературни а доцуш, муьлххачу а цхьана диалектехь бен лелаш доцу дош, я къамелан карчам, я аьзнийн башхалла диа- лектизм ю.


    1. КъорIанер лелож держ чекх-м дер дац хьона! Бита беза Iа, кIант, аз харцахьара некъ. Хьан дена аз дIахейхь, цо тIера цIока йоккхург ю хьуна. Воле, хIунза Iохей хьайна хIума кхалла. Кхана со йогIург ю шун хьуьжаре! Со хьожург ю хьуна моллас коьртаха Iамса муха тох! КъорIанер, ша хьуна тухуш ерг тоьхна-м ма ваьлла хьуна аз! моллина лен а луьйш, шен кIантана йовха юург а елла, иза цIадахка дезачу бежнашна дуьхьал а вахийтина, ша суьйренан дезарш дан йолаелира ПарагIаз. (Ок. Ш.)


    Упражнени № 1. Къастаде, муьлха ю лахахь ялийначу текстех Iилманан стилан текст. ТIечIагIде. Шуна хетарехь, хIун ду Iилманан стилан башхалла билгалйийриг (тема, текстан дIахIоттам, терминаш я меттан гIирсийн кхийолу башхаллаш)?


    1. Ненан маттахь йоза-дешар шуьйрачу халкъана юкъа даржар XX-гIа бIешо доладеллачу муьрехь бен хилла дац. Амма XIX-чу бIешарахь дуьйна а цхьаболу Iилманчаш гIиртина кириллицин графики буха тIехь нохчийн йоза кхолла. Иштта, оьрсийн Iилманчас П.К. Услара 1862 шарахь, кIорггера талламаш а бина, нохчийн меттан грамматика язйина. «Нохчийн мотт» цIе йолучу оцу шен балха тIехь Услара оьрсийн алфавитан буха тIехь нохчийн элпаш кхоьллина, нохчийн аьзнашна оьрсийн элпаш ца тоьинчохь ла- тински а, гуьржийн а элпех пайда а оьцуш. 37 элпах лаьтташ яра Услара хIоттийна йолу алфавит. Нохчийн меттан дуккха а матери- алаш ялийна автора шен книги тIехь, масалшна далийна халкъан дийцарш, кицанаш, иллеш ду.

    Цул совнаха, нохчийн маттах лаьцна талламаш беш Усларна гIо деш хиллачу Дишни-Веданарчу нохчийчо Досов Къедас I862-чу шарахь нохчийн абат а язйина, цунна зорба туьйхира.

    Цу тайпана, ненан маттахь йоза-дешар дIадоло гIеххьа таро- наш кхоллалуш яра. Цул тIаьхьа а нохчийн прогрессивни наха къий- сам латтийна ненан маттахь йоза-дешар халкъа юккъе даржорехьа.


    1. Йоза – барта къамелан духар ду. Цо аьтто бо барта къамел деш. Аз олу, хеза, элп яздо, доьшу. (Элп доьшу бохург – иза и элп билгалдеш долу аз алар ду. Аз олуш ду, элп яздеш ду).

    Элп а, аз а иэдан мегар дац. Иэдеш-м хуьлу; дукха хьолахь аз хуьлу галдоккхуш: цунах элп олу (йозанах мелла а озалуш, иза лоруш хилар ду иза). Иштта олу «Говза мотт болучу стеган къа- меле ладугIуш марзо оьцу аса цуьнан хIор дашах, хIор элпах». Цо къамел а ца деш, йозанца и довзийтина долуш санна.

    Элп – иза сурт ду, озан куц ду (хийла художник гIиртина оцу элпийн хаза суьрташ, куьцаш дан). Сурт схьаала йиш яц, сурт дуьллуш а, доккхуш а хуьлу.

    Элп а, аз а иэдан магош дац. Фонетика йовза а, хаа а еза, фило- логна къаьсттина.

    1   ...   83   84   85   86   87   88   89   90   91


    написать администратору сайта