Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къасторПредложенин дакъош билгалдахар. Предложенин дакъош вовшаххоттаран гIирс билгалбар: цхьаьнакхетаран хуттургаш (дозаран, къасторан, дуьхьалара). Цхьалхечу предложенин маьIна. Чолхечу предложенина юкъа догIу дакъош къастор (цхьалхе предложенеш) цхьанахIоттаман ю я шинахIоттаман, цхьанахIоттаман кеп (юьхьан, билгалза-юьхьан, юкъара-юьхьан, юьхьза, цIеран, юьззина ю я яц, чолхеяьлла ю я яц (тIедерзар, юкъ- адало дешнаш, цхьанатайпанарчу меженашца а, шакъаьстиначу меженашца а, карчамашца). Сацаран хьаьркаш хIиттор бакъонца чIагIдар. ХIара кхаа предложенех лаьтташ, чолхе предложени ю. 1-ра цхьалхе предложени: Я гуш тIехь сакхт а дацара. 2-гIа цхьалхе предложени: Я цIий даьлла меттиг а яцара. 3-гIа цхьалхе предложени: Ког чIогIа лозура. 1-чу предложенин коьрта меженаш: сакхт – подлежащи, гуш дацара – сказуеми. 2-чу предложенин коьрта меженаш: меттиг – подлежащи, яцара – сказуеми. 3-чу предложенин коьрта меженаш: ког – подлежащи, лозура – сказуеми. ХIара чолхе-цхьаьнакхетта предложени ю. Предложенешна юкъахь къасторан маьIна ду, хьалхара ши предложени вовшех юзуш къасторан хуттург я ю, ткъа кхоалгIаниг – интонацица йозаелла. Предложенеш вовшех запятойшца къастийна. ЯгуштIехьсакхтадацара– дийцаран, цхьалхе, шинахIоттаман предложени, юьхьан, яьржина, юьззина, чолхеяьлла яц. Я цIий даьлла меттиг а яцара – дийцаран, цхьалхе, шинахIоттаман предложени, юьхьан, яьржина, юьззина, чолхеяь- лла яц. Чолхе-карара предложени къасторКоьрта а, тIетуху а предложенеш билгалъяхар. ТIетухучу предложенино коьрта предложени ерриг я цу чуьра цхьа дош кхетадо къастор. ТIетуху предложени коьртачух стен дIахутту а (хуттурго я хуттурган дешнаша), царна луш долу хаттар а къастор. ТIетухучу предложенин кеп къастор (кхачаман, къаста- ман, латтамийн). Сацаран хьаьркаш хIиттор бакъонца чIагIдар. Предложенин схема хIоттор. Коьрта а, тIетуху а предложенеш цхьалхе предложенеш санна къастор. Къасторан кепХезна суна, Кавказ хазачу Iаламан мохк бу бохуш. ХIара чолхе предложени ю. Шина цхьалхечу предложених лаьтташ ю и. Коьрта предложени: Хезна суна, тIетуху предложе- ни: Кавказ хазачу Iаламан мохк бу бохуш. ТIетуху предложенино ерриг а коьрта предложени кхетайо: хезна суна хIун? иза цунах дIахоьттина карарчу хуттурго бохуш. Кхачаман тIетуху предложе- ни ю иза. ТIетуху предложени коьртачунна тIехьа лаьтташ ю, иза цунах запятой йилларца дIакъастийна. Коьрта: Хезна суна: хIун? хIун? (тIетуху предложени) Кавказ хазачу Iаламан мохк бу бохуш (кхачаман тIетуху предложени) Хезнасуна–цхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яржаза, юьз- зина предложени. суна – логически подлежащи, хезна- хандешан цхьалхе сказуеми. Кавказ хазачу Iаламан мохк бу бохуш – цхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яьржина, юьззина. Кавказ-грамматически под- лежащи, мохк бу – цIеран хIоттаман сказуеми, хазачу Iаламан – къастам, бохуш – хуттург – меже ца хуьлу. |