Главная страница

Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


Скачать 0.7 Mb.
НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Дата30.04.2023
Размер0.7 Mb.
Формат файлаdocx
Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
ТипПрактикум
#1099350
страница84 из 91
1   ...   80   81   82   83   84   85   86   87   ...   91

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А



Къамелан лаккхара культура – иза меттан гIирсашца нийса, цIена, суртхIоттош шен ойланаш йовзийта хаар ду.

Нохчийн мотт шуьйра, шена чу дерриг а бохург санна, хIума чулоцу кхетам бу. Оцу маттах пайдаоьцуш язбо Iилманан белхаш, кхуллу романаш, стихаш, язйо газетан статьяш. Нохчийн матто таро ло вайна вешан ойланаш йовзийта, муьлххачу а жанрехь йолу произведенеш кхолла а. Амма меттан гIирсех пайда эца беза хаарца, къамелан хьелаш, Iалашо, аларан чулацам тидаме а оьцуш. Мотт нийса бийцар – хьалхара а, коьрта а бехкам бу нийсачу къамелан. Нийса къамел иза литературни норманаш ларъеш деш

долу къамел ду.

Норма иза литературни мотт кхиаран цхьана муьрстахь къа- мелан гIирсех пайда эцаран бакъонаш ю. Барта а, йозанан а къаме- лехь ларъян езаш ю норма, цо чулоцу шена меттан ерриг а агIонаш: орфоэпически, дошкхолларан, морфологически, синтаксически, лексически, стилистически, орфографически, пунктуационни.

Литературни мотт муьлххачу а меттан бакъонаш а, норманаш а къастош йолу цуьнан уггар а лакхара кеп ю.

Шен хIоттамехь цхьанатайпанара бац литературни мотт. Лите- ратурни мотт, барта а, йозанан а, иза радион, телевиденин, газе- тийн, журналийн, пачхьалкхан а, культуран а хьукматийн мотт бу. Юкъараллин дахарехь тайп-тайпанчу хьелашка хьаьжжина пайда оьцу цунах. Ткъа юкъараллин дахаран тайп-тайпанчу агIонашкахь буьйцу мотт бекъало литературни стилашка. Литературни мет- тан къастош ю хIара коьрта стилаш: 1) барта къамелан стилаш,

    1. книжни меттан стилаш.

Книжни меттан стилашна юкъайоьлху литературни меттан хIара стилаш:

      1. Iилманан,

      2. гIуллакхан,

      3. публицистически.

Литературни меттан стилашна юкъахь шакъаьстина меттиг дIалоцу исбаьхьаллин литературан, халкъан барта поэзин стило.

Стиль боху дош латинин stylus ира буьхьиг болу гIаж бохучух схьадаьлла. Ширачу заманахь лелош хилла иштта гIожмаш цхьана агIор ирйина, вукху агIор горгйина. Ирачу агIонца яздеш хилла, вукхуьнца – белан хьесапехь йолучу – галдаьлла йоза дIадойъуш хилла, юха а яздархьама.

Дош стиль тIаьххьара а яздаран дикалла бохучу маьIне дирзина.

Литературни меттан стилаш Iамош долу Iилма–иза стилистика ю. Стилистикин маьIна доллу тайп-тайпанчу меттан гIирсашца шен ойла тайп-тайпана йовзийтарехь, ткъа цо цхьана къамелан стиль вукхуьнах къастайо.

ХIор стилан коьрта билгалонаш дагалоцур вай, хIокху схемина тIе а тевжаш:

а) муьлхачу Iалашонца до къамел; б) муьлхачу хьелашкахь до къамел; в) къамелан жанраш;

г) аларан меттан гIирсаш; д) къамелан стилан аматаш.

Къамелан (хабаран) стилах пайда оьцу:

а) хIор дийнахь, барта дечу къамелехь: вайна гонаха долучу адамашна йовзуьйту вешан ойланаш, бовзуьйту синхаамаш, Iер- дахаран хаамаш;

б) Iер-дахаран юкъаметтигашкахь, официале доцучу хье- лашкахь: тIекаре, чукаре яр, юкъара къамел, къаьстина къамел, кехаташ;

в) цуьнан билгалонаш: къамелан (я хабаран) лексика;

г) къамел синхааме, васте, билггала, чолхедоцуш хилар.
1   ...   80   81   82   83   84   85   86   87   ...   91


написать администратору сайта