Главная страница
Навигация по странице:

  • Масала: Жима кIант школе деша вахара.

  • Масала

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница2 из 91
    1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   91

    ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР



    Предложенехь дешнийн вовшашца уьйр хуьлу. Предложенехь дешнийн уьйр хуьлу цхьаьнакхетаран а , карара а. Цхьаъ вукхунах дозуш а доцуш, цхьабосса бакъо йолуш цхьаь-

    накхеттачу дешнийн уьйрах цхьаьнакхетаран уьйр олу.

    Iаьржа, лекха, тайна говр яра иза.

    Коьртачу а, дозуш долчу а дешнийн уьйрах карара уьйр олу. Кхузахь дозуш долу дош коьртачунна карадоьрзу. Масала: дика доьшу цхаьнакхетарехь доьшу коьрта дош ду.

    Карара уьйр кхаа кепара хуьлу: бартбар, урхалла, тIетовжар.

    Бартбаран уьйр



    Дозуш долу дош, коьрта дош доллучу формане (дожаре, тера- хье, классе) я царех муьлххачу а цхьаьна грамматически категоре хIуттуш йолчу шина дашна юккъерчу уьйрах – бартбар олу.

    Масала: Жима кIант школе деша вахара. ХIокху предло- женехь дешнийн цхьаьнакхетарш: жима кIант барт бо терахьехь, дожарехь; кIант вахара – барт бо терахьехь, классехь.

    Бартбарехь коьрта а, дозуш долу а, ший а дош, вовшашца бартбеш хиларе терра, хийцалуш цхьана формане доьрзу, аьлча а, ший а дош я цхьана дожаре, я цхьана терахье xIyтту.

    Бартбарехь билгалдашал а, терахьдашал а, хандашал а, при- частил а коьрта цIердош ду. Бартбарехь шина дашах коьрта дош грамматически категорешкахь хийцаделча, дозуш долу дош а хий- цало: воккха стаг бакхий нах; воккхачу стеган баккхийчу нехан (барт бо классехь, терахьехь; юьззина йоцу уьйр дожаршкахь).

    Билгалдешан а, причастин а, рогIаллин терахьдешнийн а, цхьаццадолчу цIерметдешнийн а лаамазчу форманийн легаран ши кеп бен ца хуьлу: цIерниг дожаран, лач дожарийн – коьрта дош – цIердош: сийна стигал, доьшу кехат, шозлагIа буьйса – царна юк- къехь юьззина йоцу бартбаран уьйр хуьлу дожарехь.

    Нагахь санна, лаамаза билгалдош я причасти терахьашца хийцалуш делахь, оцу цхьаьнакхетаршна юккъехь бартбаран уьйр хуьлу (терахьашца, классашца).

    Масала: боца сара – доца серий доца къамел – доца къамелаш йоца коч – йоца кучамаш

    лоллу говр – лохку говраш

    Урхаллин уьйр



    Коьртачу дашо дозуш долу дош (дештIаьхье йолуш я йоцуш), шена оьшучу категоре (дожаре) xlоттош йолчу уьйрах – урхалла олу. Масала: ладугIу нене, яхара ненаца, кхийтира ненах.

    Урхалла масех кепара ду: хандешан, цIеран (цIердешан, бил- галдешан, терахьдешан), дештIаьхьенан, куцдешан.

    Хандашо дечу урхаллех – хандешан урхалла олу.

    Масала: Хьасана йоза хаза яздо. ХIокху предложенехь яздо бохучу хандашо урхалла до Хьасан бохучу цIердашна, иза дийриг дожаре хIотторца.

    Куцдешан урхалла: иза хьол чехка веара. – чехка – бохучу куцдашо урхалла до хьо бохучу цIерметдашна иза дустург до- жаре хIотторца.

    ЦIердашо, я билгалдашо, я терахьдашо дечу урхаллех цIеран урхалла олу. Масала: олхазарийн эшарш кху шина дешан цхьаь- накхетарехь эшарш бохучу цIердашо урхалла до олхазарш бохучу цIердашна, иза доланиг дожаре xIотторца: тхан воккханиг, сан пхиъ.

    ДештIаьхьенан гIоьнца хуьлучу урхаллех – дештIаьхьенан урхалла олу.

    Масала: Дешархой класса чу бахара. ХIокху предложенехь - бахара бохучу цIердашна урхалла до чу бохучу дештIаьхьенан

    гIоьнца, цIердош лург дожаре xIотторца (иза лург дожаран яцйина форма ю, хIунда аьлча, цо жоп ло стенна? бохучу лург дожаран хаттарна.

    Масала: бахара стенна чу? класса чу.

    Бартбарехь коьрта а, дозуш долу а ший а дош цхьана формане (терахье, классе, дожаре) хIуттуш хилахь, ткъа урхаллехь коьртачу дашо, ша хийца а ца луш, дозуш долу дош хуьйцуш, цхьана билг- галчу дожаре хIоттадо.

    Бартбарехь лаамазчу билгалдашал а, лаамазчу терахьдашал а, хандашал а коьрта цIердош хилахь, ткъа урхаллехь цIердашал а, цIерметдашал а, лаамечу билгалдашал а, лаамечу терахьдашал а, лаамечу причастел а коьрта урхалла деш хандош ду.


    1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   91


    написать администратору сайта