Главная страница
Навигация по странице:

  • КIайн хи-кема

  • Упражнени

  • Упражнени № 3. Предложенеш схьаязъе. Сказуемих йозаелла коьртаза меженаш билгалъе. Дийца, хIун уьйр ю царна юккъехь.

  • Упражнени № 4. ТIера схьаязъе. Къастаде, муьлха коьртаза меженаш

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница14 из 91
    1   ...   10   11   12   13   14   15   16   17   ...   91

    ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ



    Предложенин коьртаза меженаш коьртачарах йозуш а, грам- матически царна карайоьрзуш а хуьлу, масала: КIайн хи-кема меллаша дIадоьдура берда йистера хIокху предложенехь коьртаза меженаш карарчу уьйрехь ю коьртачаьрца: коьртаза меже кIайн бартбеш ю подлежащица хи-кема, берда йистера коьртазчу меженна урхалла до сказуемино дIадоьдура, ткъа мел- лаша тIетевжа хандашна – сказуемина. Коьртаза меженаш вукху коьртазчу меженех йозуш хила а мега, масала: ГIийлачу махехь хаалуш яра зазадоккхучу аренийн хьожа гIийлачу а, зазадок- кхучу коьртаза меженаш бартбарца карайирзина махехь, аренийн коьртазчу меженашна.

    Предложенин коьртаза меженаш, шаьш коьрта меженаш кхеторе а, цаьрца уьйр хиларе а хьаьжжина, кхаа тобане екъало:

    1. кхачамашкий; 2) къастамашкий; 3) латтамашкий.


    Упражнени № 1. Предложенешка хьовса. Коьрта а, коьртаза а меженаш билгалъе. Дийца, муьлхачу коьртазчу меженаша яьржина ян тарло предложени.


      1. Къилбседехьара хаддаза схьахьоькхучу шийлачу махо лоьк- хура дерзина дитташ. 2) Къеггина, екхна хуьлу стигал оцу дийнахь дошан баса йирзина, кхоьлина, кхохкийна кхозура. 3) Цхьа дагна хийра, оьгIазе хеталора тIера ло даша доьлла Тянь-Шанан лаьм- нийн Чатлакхан дерзина даккъаш. 4) Юткъа шок етташ, лай тIера схьахьоькху шийла мох хьакхабелла меже шелонца морцуш, массо маьIIехула кхерстара. 5) Адамийн дегнашна тIе цхьа беза сингаттам туьйсуш, маьхьарий хьоькхура йочанийн кхаъ кхайкхош, дерзинчу дитташна тIехула хьийзачу къийгаша. 6) Дерриг а Iаламехь хила ма-деззара хуьлуш, шена ма тов чекхдолуш доллура и шийла Iа.

    1. ТIейогIучу бIаьстенан меттиг мукъа а боккхуш и кхин цкъа а юха ца дан дIадерза дукха хан ца йисинера. (А. А.)

    Упражнени 2. Предложенешна таллам бе. Коьртачу меженаш- на кIел сиз хьакха. Къастаде, муьлха коьртаза меженаш муьлхачу синтаксически уьйраца йозаелла подлежащица.


      1. Сиха чекхъелира йовха аьхке. 2) Кхузахь даим самукъане а, хаза а хуьлу. Суьйренца пхьидийн мукъамаш а хаза болало. Царна тIаьхьа хеза зарзарийн мукъаме эшарш. 3) Керла адамаш а гучудийла дуьйладели пана аренашкахь. 4) Дада тIалам боцуш хилар гучуделира шолгIачу дийнахь. 5) Шира хьер йолучу меттера схьахезара хинан гIовгIа. 6) Шен даккхий тIемаш а лестош, тхуна юххехула тIехъиккхира йоккха аьрзу. Цуьнан тIемаша доккху тата тхан лерехь хаза доладелира. 7) Iаьржа ши бIаьрг болу кIант тийна маьнги юххехь Iара, жима кирмашен мара а къуьйлуш.


    Упражнени № 3. Предложенеш схьаязъе. Сказуемих йозаелла коьртаза меженаш билгалъе. Дийца, хIун уьйр ю царна юккъехь.
    1) Зезагаша хаздора оцу зудчун дахар. Уьш хуьлура цуьнца даим а хазахетарехь а, халахетарехь. 2) Цеце хьоьжура шен шиче Асмаъ. Ша-шеца забарш йора цо. 3) Акха тархаш цхьана кIеззигчу ханна бен тIе къоьжа корсам юьллий ца хуьлура, тIаккха юха а лайно дIахьулдора уьш. 4) Дика дIанисделира Асвадан ша школехь яьхна оценкаш шен цIерачарах хьулъяр. 5) Кораш беша хьоьжуш дара. Церан гIопасташна тIе хIиттийна дуккха а зезагаш дара.

    1. Лайнан вой дара Висаитовн урамехь лекхачу бIогIамашна тIехь долчу чиркхашна гонаха хьийзаш. 7) Ерриг аьхкенна Асетан нана юьрта шайн шичой болчу йоьдура, иза а юьгура цо шеца.


    Упражнени № 4. ТIера схьаязъе. Къастаде, муьлха коьртаза меженаш йозу подлежащих а, сказуемих а цхьаьний. Муьлха меттиг дIалоцу цара предложенехь?


      1. Сан жимачу цIийна тIехьа лаьтта къена миска Iаж. 2) Аьхке- нан юккъехь говрийн реманаш аренийн кIоргенашка дIайоьлхура.

    1. УьйтIахь хи дара дIасадаьржина гуш. 4) Ехачу асанийн гIоьнца панар а, бухахь тIегIа долу ши гIуркх гIу чухула меллаша

    охьабогIура. 5) Еа сонара лаьцна шаршу дIасаозийра оха, бай тIе яржош. 6 «ЦIий хуьйдина лаьмнаш» поэма Мамакаев Мохьмад язъян волавелира шен ткъа шо долуш. 7) Апрель-бутт чекхболуш, юьрта дIа а вахана, шен дегIе садаIийта сацам бира Валида.

    Упражнени 5. Предложенешка хьовса. Вукху коьртазчу меженех йозуш йолу коьртаза меженаш билгалъе.



      1. Шира бIаьвнаш. Замано, мехаша аьгна тIулгаш ду тIекелдоьттина лаьтташ. 2) Лохачу коьллаш юккъехь хIинца а Iуьллуш ло ду. 3) ХIор шарахь юха йоьшура цо А. Айдамировн «Еха буьйсанаш», хIоразза а цхьа керланиг а карадора цунна цу тIехь.

    1. Дерриг а къайладолура хIокху башхачу бодашкахь, кIоргачу лаьттан тийналлехь, мелачу буьйсанехь. 5) Цамзанашца кхелинчу пенан доккхачу сахьтан шуьне, дIасалестачу Iайге а хьаьжира иза, юха цIеххьана хьаланисвелира. 6) Оцу доьхначу дийнахь, ламанан тIулган басахула, лаьхьа санна, сетташ хьалаболучу гIашлойн новкъа, дечиган маххьаш а гихь меллаша охьайогIура ши зуда.

    1. Кхоьлина деана де къаьсттина сингаттаме хуьлура Маилна.

    2. Баркаллех буьзна ши бIаьрг Овхьаде а хьажийна, юха а охьатаьIира Берса. 9) Берсин цхьадолчу аматаша цунна дагавоуьйтура 1942-чу шарахь тIамехь шен бIаьхаллин хьуьнаршца берриг мах- кахь гIараваьлла хилла нохчийн кIант Нурадилов Ханпаша.


    1   ...   10   11   12   13   14   15   16   17   ...   91


    написать администратору сайта