Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
Бахьанин латтамХIунда? ХIун бахьана долуш? Мича бахьаница? бохучу хат- таршна жоп а луш, дар, хилар муьлхачу бахьаница кхочушхуьлу гойту бахьанин латтамо.
Упражнени № 1. Бахьанин латтамаш шайца болу предложенеш схьалаха. Дийца, уьш муха кхоллабелла а, цара муьлхачу хаттаршна жоп ло а. Масех шарахь вайн махкахь лаьттинчу тIемаша ярташ а, гIаланаш а йохор бахьана долуш, латтанаш аха, дIаден, кхио нах боцуш, ялта хIаллакьхилла, даьгна, мацалла ю кхерсташ. (О. Ш.) Беттаса дукха сирла хиларна, цунна юххехь шен IиндагI хIоьттира. (Мут. М.) 3) Къоьлла-м лайча ловр яра, харцо, сийса- залла лан хала ду, цундела кхелха нах Хонкара. 4) Некъ хьуьн чохь къайлаболлучохь юьртахошка бIаьрг тоха дагахь севцира дIабоьлху береш. (А. А.) 5) Шен карарчу гIожан коьжалгаца, хьаьжа юккъе сет догу, чIамарниг схьалаца гIоьртира Тавсолта, иза кхечарал тоьлаш- ха хетта. 6) Ткъа кхоьру со, вайн собар ца хилахь, эххар дIабарна дуьне латто малх. (С. М.) 7) Майра, доьналла долуш, бIо къажор боцуш хиларна, дика цIе йоккхура цуьнан тIемалоша. (А. В.-Хь.) Къизачу цу элийн олалла ца дезна, тIамца царна дуьхьал велира жерочун жима кIант (Н. Ф.) 9) Йийсарех цхьаъ Мансурах тарвелла, иза гIалагIазкхийн бIеннан командиро Потемкинна тIе валийра. (Г. I.) 10) Обаргашца зIе латтош, юург-мерг латтош хиларна, берриг а доьзал бара цуьнан Iедало бехке беш. 11) АругIаз йоккхаера шен да набахти чуьра ара валарна, ша бахьана долуш. 12) Шена хер- хаш дина резахилла, АругIаза ахча кховдийра вежаршка. 13) Ирс, аьтто гина воцуш, декъалхилар аьттехьа деана воцуш ваьхна волу дела лорура Аьрзо наха. (Мут. М.) 14) Эхьхетта, ша мича эккхар ю ца хууш, хьовзаелла йоI. 15) Оцу йоьIан хазалла, шен лазавар диц а делла, йоьIе хьаьжжинчохь висна иза. 16) Цхьа а доьзалхо ца хилла цу шиннан, цундела гIайгIане хилла. 17) Яьшка дуьхьал а гIоьртина охьадогIу хи сецча, хьер а сецна хьийзачуьра. (Н. Ф.) Упражнени № 2. ДIаязъе. Бахьанин латтамаша муьлхачу хат- таршна жоп ло дийца. Къастаде, муха кхоллабелла уьш. РагIун тхов тIера чукхоссавелла лазорах боларна астагIо висинера Тайма. 2) Нохчийчохь ша айъина гIаттам эшарна махкана бехказ вала веанера Мансур. (Мус. М.) 3) Гермачигара наьрташ, биргIанаш чухула шайна тIедогIу хи сацийча, хьогаллина ницкъ а хилла, хIаллакьхилла. 4) КIантана шен да вевзина, вукхарна юкъахь иза гIийла хиларна. 5) Етт узучу татанах хиъна Новрана Сатихас шура кхаби чу ца йоккхуш, лаьтта охьаIенайойла, шега ладегIа яьлла. 6) Кхабанаш чуьра ниха а мелла, шен цIа кхочуш, вехна кхиндIа а ца вахавелла, неIарехь бертал охьавоьжна ГIожакъ. 7) – Воккха стаг, ахьа суна бехк ма билла, хьо хьалххе гучу а ваь- лла, хьуна со гар бахьана долуш, и буц йолчуьрчу жино дIаяьккхи. (Н. Ф.) 8) Абубешара дайарна кхоьруш, шегарчу ахчанах цхьа туьма Баянте дIаделира. 9) Дукха холчу хIоьттина, цуьнан юьхь оза а йина, яхъеллера. 10) Шен майрачо сел ша ларар доцуш ле- лориг дагна Iаьткъина, Баянтан бIаьргаш хих дуьзна дIахIиттира. Шинарех а делла, цхьайолу шайнаш декхарна дIай-схьай а екъна, цундела дIадаьлла-кх и дезткъа туьма. 12) ГIел чIогIа ялар- на, цхьацца бен ког ца баккхалуш, хала йогIура Баянт. 13) Гихь и хьаьжкIийн гали дукха схьатекхийна, букъ, энаш доьлча санна, лацабелла лозуш бара. 14) Цо диначу къамелана дукха реза цахи- ларна, Iаржвелла лаьттара Абубешар. 15) Кхераелла, мела хьацар туьйхира цунна. (Хам. I-Хь.) Упражнени № 3. Хила беза бахьанин латтамаш юкъа а балош, чекхъяха предложенеш. ХIума кхалла дог дацара сан... Дечу гIуллакхна тIе ойла ца йоьрзура сан… Машен хьеелла схьакхечира… Аренашкара ло хьалххе дешна дIаделира… Билгалйиначу хенал хьалха гIала схьакхечира тхо... Шен накъостел дикка тIаьхьависира Бека… Зезагаш заза ца доккхуш дукха Iийра… |