Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
ЛаттамашЛаттамаша гойту дар, хилар муьлхачу хьолехь кхочушхуьлу: маца? мичахь? хIун Iалашо йолуш? хIунда? муха? Шайн маьIнашка хьаьжжина, латтамаш хуьлу: даран суьртан, хенан, меттиган, Iалашонан, бахьанин, бехкаман, бараман, дуьхьалара. Даран-суьртан латтамМуха? мича кепара? бохучу хаттаршна жоп а луш, дар, хилар муха кхочушхуьлу гойту даран-суьртан латтамо.
Къастаммий, даран суьртан латтаммий вовшех эбеш меттигаш нисло, хIунда аьлча цу шингга а луш долу хаттар цхьаъ ду: муха? Цул сов шайн формица а цхьатера хуьлу уьш. Къастамо хIуманан билгало гойту, ткъа даран суьртан латтамо даран-хиларан билгало гойту. Луш долу хаттар а даран суьртан латтам и белахь, хандош- сказуеми тIера ло, къастамна – цIердашна тIера. Масала: Сиха (къастам) амал йолуш стаг вара иза. Сиха (латтам) йогIура кIанта хаьхкина говр. Упражнени_№_1._Оьшшучохь_сацаран_хьаьркаш_а_хIиттош,_схьаязъе._Сацаран_хьаьркаш_хIиттор_бакъонца_чIагIде._(Срез).'>Упражнени № 1. Оьшшучохь сацаран хьаьркаш а хIиттош, схьаязъе. Сацаран хьаьркаш хIиттор бакъонца чIагIде. (Срез). Маса богIура кIентий. Дешаре терра мах а хадабо оцу дешархойн. Шабаршца догIура бIаьстенан хиш. Цхьанне а ца гурриг къайлавелира иза. Къанвелларг берах тарлой лела. Шена ца хезачуха Iара кIант. Хазахеташ вогIу и юьрта хьошалгIа. Цкъа а ца йиъча санна хьоьжура иза банане. Гулбеллачеран суьйре дика еш чубаьхкира мехкарий. Шен гIора ма-дду дIатеттира цо и тIулг. Упражнени № 2. Даран суьртан латтамаш билгал а бохуш, тIера схьаязъе предложенеш. Дийца, уьш муха кхоллабелла. 1) Шена хIумма а ца хуучуха, кег а деш, хIилланца къамел дора БIаьргбаьллачо хIинца. 2) Юха гондахьара массо а хIума схьала- хьо дагахь волучуха, леррана дIасахьаьжира обарг. 3) Цу тийначу арене ладогIа сецча санна, и шиъ вист ца хуьлуш дикка хан елира. (Мам. М.) 4) Шена бан болх лоьхуш, къахьегар марзделла, майра кIант лийлира, кIадвалар ца девзаш. (С. Б.) 5) Хилий вай массаьр- ца дог-мерза, ийна! Вайн лаьмнийн гIиллакх ду и! (Х. I-Хь.) Оцу хене хоьжуш Iийча санна, вукху шиммо шаьлтанаш баттара ехира. (Г. I.) 6) Сов сиха хьийзара нана, яхьара цаьпцалг я цIоз. (Э. Х-М.) 7) Вайна оьшург кабинет тояр дац, болх бан ма беззара дика ца бича, гIуллакх хир дац. (Хам. I.-Хь. ) 8) ДIаделла салам дIаэца уьш ца кхуьуш, схьаделла жоп хаза хIара ца кхуьуш, сирачу дино вадийна, тIехъиккхина кIант. (Н. Ф.) 9) ЦIеххьана цхьана хIумано къовзийча санна, чехка хьалаиккхира Зайнди. (Бад. С.) 10) ГIовгIанца иккхина эвла, дистина хи санна, айъалуш гIаьттина. (Мам. М.) 11) Вуьшта хьалхарчу гIантахь Iаш волу Новраз воккха стаг шена ца гучуха Iара, корах ара а хьоьжуш. (Каг. Д.) 12) Шен карарчу гIожаца жIаьла хьовзийра кIанта. (А. I.) 13) Балдаш велхарца озаделлера сан, мера чу цхьа муьсталла хьаьдира, бIаьргаш а лаьттара хих дузуш. 14) Аса ха дан хIоттийна ши кIант вогIура шаьш ма-валлу, шай-шай хьалхавала а гIерташ. (Бекс. М.) 15) Ца довззал хийцаделира цу минотехь дерриг а Iалам, дукха сиха дохк хIоьттира тхуна хьалха. Ахьа дехаре терра ду-кх сан жоп а. 17) Дайчу боларахь вогIура къена Даду шен эвла. (О. Х.) Упражнени № 3. Фразеологизмаш куцдешнашца хийца. Ког ма-боллу ведда вогIура кIант. Са а, бода а къастале веара иза. Шен пхи пIелг санна бевзара цунна болх. БIаьрг тIера ца боккхуш, хьуьйсура нах Адам хелхаволуш. Наха куьйгаш тIехь лелор волуш стаг ву иза. Цундела уьш лерг диллина ладоьгIуш Iара хуьлуш долу- чуьнга. Вай са а, пха а ца кхоош, хьанал къахьега деза. Тховх туйнаш детташ ехийла хьо дуьненан ирсехь. Деллахь ду хIара ахьа дина гIуллакх – цIена куьг тоьхна. Шен цIий а, са а доьхкина дина Султана цIенош. Ахьа чета боьхкина лелийна наибаш мичахь бу хьан? Ши бIаьрг а хьаббина ца до иштта гIуллакх. Хиънехьара со ши куьг ластийна хьуна дуьхьал вогIур вацара. |