Главная страница
Навигация по странице:

  • Хийла

  • Упражнени № 1. Бараман латтамаш кIел сиз хьакхарца бил- галбаха. Ала, уьш стенах кхоллабелла. Оьшу сацаран хьаьркаш хIиттаде. Сацаран хьаьркаш хIиттор бакъонца чIагIде. (срез).

  • Упражнени

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница20 из 91
    1   ...   16   17   18   19   20   21   22   23   ...   91

    Бараман латтам


    Хууш ма-хиллара, бараман латтамо гойту даран, мухаллин дарж а, барам а. Цо жоп ло мел? муьлхачу барамехь? бохучу хат- таршна.


    Стенах кхоллало







    1. Куцдашах

    2. Хандешан латтаман форманех:

    -лл суффикс йолуш;

    -ма дакъалг а йолуш;

    Мел?

    Мел?
    Муьлхачу барамехь?

    Хийла бIаьрг биттина цо лома.
    Ахьа бепиг диинчулла, аса туьха диъна.

    Шега ма-тоххалу, шед туьйхира цо говрана.


    -санна бохучу куцдашца цхьаьна;


    Мел?


    Лекха лаьмнаш шайна тIе шаршу тесча санна, кIайделла дIахIиттира.

    3. Инфинитивах я цуьнан карчамах.

    Мел?

    И цхьогал дIакхалла сан- на, гома хьаьжира цуьнга борз.

    Упражнени № 1. Бараман латтамаш кIел сиз хьакхарца бил- галбаха. Ала, уьш стенах кхоллабелла. Оьшу сацаран хьаьркаш хIиттаде. Сацаран хьаьркаш хIиттор бакъонца чIагIде. (срез).


        1. И берриг хьокхам цкъа дIакхаллал мацвеллера со. 2) ТIе дама хьаьрсича санна, кIайн яра хьархочун юьхь. 3) БIаьрго схьа ма лоццу генахь яра и шера аре тхуна. 4) Ахьа латта аьхкиначулла аса гIум а кегийна-кха. 5) Вехха Iийра со и цIа варе хоьжуш. 6) Шен ницкъ ма-ббу дIагIертара охуна деш болу сту. 7) Вехха лийлира иза шена девзаш долчу цIенойн юккъешхула. 8) Генна дIа бIаьрг кхарстийра цо-хийлазза дуьхьалтийсина, оцу дехачу шерашкахь самах ган хIара хьегна лаьмнаш дара анаюхехь сенлуш схьагуш.

    9) Цуьнан самукъа кийра ца тардаллал доккха дара. ЦIогIа тоха, илли ала, хелхавала дог догIура. 10) Лаха-ЧIинхахь кIеззигчу хан- на сацаделла Мохьмаддий, Iайнаъий шайн кIантаца схьакхечира. (О. Х.) 11) Лергаш къардаллал цIогIа хьаькхира Асета. (А. А.)

    1. ВорхI дийнахь, ворхI бусий наьрто стигала кхоьссина хIож охьаяре хьоьжуш Iийра тхо.


    Упражнени № 2. Бараман латтамаш шайца болу предложенеш схьалаха. Дийца церан кхоллабаларх лаций.


      1. КхидIа цхьа ког а баккхалур боцуш, кIадвелла вара лома хьалавогIу воккха стаг. 2) Нахана вовззал хьехийча, куравала а там бу стаг. 3) Хьуна мехкаш гиначулла, суна лаьмнаш а гина.

    4) Шен багара Iаь ма йоллу, мохь хьоькхура цо. 5) Со вехха лаьт- тира иштта, цуьнан мара а кхетта, буйнаш лестош. (Бекс. М.)

    6) Кхо сахьт гергга хан яра цу шиммо некъ бен: тIаьхьаваьллачой, хьалхара уьдучой. 7) Юьйлучу тоьпийн гIар а тIеттIа кIезиг хезара цигахь. 8) Иза хIинца кест-кеста соьцура, шена тIаьхьара ца волучу стагехьа юха а йоьрзий, кхерам туьйсуш. 9) Оцу инзаречу дага- лецамаша са идадойтура, ма-хуьллу хьалхахьа тоьттура. 10) Оцу дагалецамаша цергех шортта даьккхинчу хих сутара къурд бира цо.

    1. Къанъелча, борза цаьпцалгашка йоьрзу боху кица дагадеара, цо цуьнан гIеххьа самукъа а даьккхира. 12) Юха а хьийжира и шиъ дехха вовшийн бIаьра – адаммий, борззий. (Осм. А.) 13) Жимачу

    Зараана массарел а дукха шен ден да везара. 14) Ма дукха везара хIинца цунна воккха дада! (Ахм. I.) 15) Амма къаьсттина дика хуьлу хIорда йистехь йолу лаьмнийн хьаннаш. 16) Цаьрца халла хаалуш, хеза хIордан гIовгIа.
    Упражнени 3. ДIаеша. Даран суьртан а, бараман а латтамаш схьалаха. Барта дийца, уьш муьлха къамелан дакъойх хилла.


      1. Иза вехха Iара, ши бIаьрг хих а бузий, и боьмаша, аьгначу дечкан шера хен дуьхьалара дIабаларе сатуьйсуш, арарчу серлонах дог Iабо лууш, шен корехь. (А. В.-Хь). 2) ЦIокъ, ша дуззалц жи- жиг а диъна, сахила гергадахча, цхьанхьа дижа дIадахара. (Х. Хь).

    3) Иза гIехьачул боккха кIаг хиллера, лакха йистехь хьуьнан колл а йолуш, цхьана боккхачу тIулга кIелхьара схьадолуш жима хи а долуш. (Б. М.) 4) Аьхкенан каникулашкахь шен деца лам чохь хан йоккхуш дуккха а Iаламан хьелаш девзира Халидана. (Б. Х.-А.)

    1. ИрахIоьттича логгец йогIучу кIоргачу айми буха а вахана, оцу халстуна дуьхьалара тIулган экъа дIаяккхар, цундела хьуьнар ло- руш дара берашкахь. (Каг. Д.) 6) Кхаа дийнахь-бусий ойла йина кIанта, кхин наб ца еш, рицкъанах мотт ца тухуш. 7) Ас-м Iамор яра, – меллаша, шен нанна хазарна кхоьруш, суна тIе а таьIаш, – мамас дов ца дахьара, нохчийн маттахь йист ма хила бохуш. (Эдильс. I.)



    1   ...   16   17   18   19   20   21   22   23   ...   91


    написать администратору сайта