Главная страница
Навигация по странице:

  • Сан ю йоккхастаг нана, сайн алапех ах цунна дIатосур ду

  • Упражнени № 1. Хьовса предложенешка. Схьалаха царна юкъара юххедиллар шайца долу предложенеш. Юххедиллар а, цо билгалдеш долу дош а билгалде. Дефис йиллар бакъонца чIагIде.

  • Упражнени № 3. Чекхъяккха предложени, схьалаха юххедил- ларш, оьшу сацаран хьаьркаш хIиттаде.

  • Упражнени № 4. ХIара композиташ юххедилларш лара мегар дуй Жоп бакъонца чIагIде.

  • Упражнени

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница18 из 91
    1   ...   14   15   16   17   18   19   20   21   ...   91

    Юххедиллар



    Къастаман шатайпа форма ю юххедиллар. Цо гойту хIуманан шолгIа цIе, иза билгалйолу кхетош долчу дашехь; ший а меже цIердешан дожарийн цхьатерчу форманехь хуьлу, масала: Сан ю йоккхастаг нана, сайн алапех ах цунна дIатосур ду аса.

    Юххедилларо дозуш долчу дашца шатайпа дешнийн цхьаьнак- хетар кхуллу. Оцу цхьаьнакхетарехь дешан цхьа форма коьртачух йозушхилар гуш ца хуьлу, цундела церан синтаксически гIуллакх маьIнийн (семантически) бакъонашца къастадо. Цу бакъонашца дешнийн цхьа форма коьрта лору, хIунда аьлча цу дашехь хIуманан коьрта цIе йолу дела, вукху дашехь юххедилларехь цуьнан амал билгалйолу.

    Амалан чулацам тайп-тайпана хуьлу:

    а) юьхьан я хIуманан амал дика-вуо хиларца билгалъяккхар йоI-забарча, цIа-хьакхлагIа, хелхарча-хIилланча. Корах чухьаь- дира аренгара обарг-мох;

    б) говзаллица, корматаллица, тайпанца, хенаца йоьзна юьхьан амал билгалъяр пондарча Iумар, кIант Муса, стаг-чармо, сту- дент-филолог. Хехо Бакар даим а садовш схьавогIура туьканан берте;

    г) долахь йолучу цIарца хIуманан цIе къаьсташ билгалъяккхар, конкретизаци яр – журнал «Орга», зовт «Варзап», Соьлжа-хи.

    Юххедилларца долу маьIна къаьсташ хуьлу къастамах, бил- гало бохучу кхетамна кIел ца дигало и (хIара юххедилларш ца лерича хелхарча, забарча, хIилланча, йишлакхархо и дI. кх. а; дуста: хIиллане, забаре, эшаре), цундела юххедилларш къастамна юккъе дахийтар нийса ца лору. Дуста: накъост Дадаев –Дадаев- накъост;

    Юххедилларехь ший а дош юкъара делахь, царна юккъе дефис юьллу: кIант-студент. Юкъара цIе юххедиллар лору, на- гахь цуьнца адамийн цIе (фамили) елахь: йоI Малика, нуц Iела. Юххедилларехь долахь цIе хьалхара елахь, царна юккъе а дефис юьллу: Соьлжа-хи (амма хи Терк). Юххедиллар газетийн, журна- лийн, предприятийн, исбаьхьаллин произведенийн и дI. кхин цIерш

    елахь, уьш даккхийчу элпашца язйо, кавычкаш юккъе а оьцу: газет

    «Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».



    Упражнени № 1. Хьовса предложенешка. Схьалаха царна юкъара юххедиллар шайца долу предложенеш. Юххедиллар а, цо билгалдеш долу дош а билгалде. Дефис йиллар бакъонца чIагIде.


    1. Шен дин-бекъа тIаьхьаловзош, Мовсар вогIу хийисте.

    2. Буц-аре еха ца лаьттира бIаьстенан къорза духар дуьйхина.

    3. Да-нана ларар – деза а, сийлахь а лоруш ду вайн къоман.

    4. Текх-цаца, кад-Iайг даим а цIена леладора йоккхачу ста- га. 5) Цхьа ирча гIан-набарш шена яйна, ша самавелир-кх и Мадин Жаьммирза. 6) Яхь йолуш яра со оьздачу вежаршца, нийсархой-мехкаршца, нийсархой-кIенташца йоккхачу цу Таркхахь гIараваьлла волчу цу таркхойн Шовхалца. (Н. Ф).

    7) Соьлжа-ГIала йилларан бахьана вайна массарна а дика дев- заш ду, юх-юха ца дийцича а. 8) «Бешто» повесть, «ПетIамат» роман, кхин а дуккха а дика исбаьхьаллин произведенеш язйина нохчийн литературин бухбиллархочо Бадуев СаIида.

    1. Нохчаша-тIемалоша дерриг а дуьненна а дIагайтина шайгара хьуьнарш а, турпалалла а, доьналла а. 10) Керлачу шарца бераш декъалдан баьхкира майдана ГIура-дада а, Лайн-аьзни а. 11) ХIара догIанаш иштта саццаза эхахь, Терк- хи тIедала кхерам бу, тIаккха цо нахана зенаш дан тарло. 12)

    «Даймохк» газет буйнахь а долуш, тIома кIел лаьцна журнал

    «Орга» а долуш, сихвелла, стоьла тIехь Iуьллу «СтелаIад» кегош воллура яздархо-журналист Зубайраев. 13) Бераша- дешархоша а, дешархоша-студенташа а жигара дакъалоцу вайн махкахь вовшахтухучу белхешкахь. 14) Шен чохь йолу ахча-хIума а эцна, базара кIарх-маьхьсе эца дагахь араелира Совбика.

    Упражнени № 2. Оьшучохь дефис а юьллуш, тIера схьаязде дешнийн цхьаьнакхетарш. Юххедилларна кIел сиз хьакха. Дефис йилларан бахьана дийца. Предложенеш хIиттае, уьш юкъа а далош.
    Iа бозбуунча. Къоьзан Iам, хи Булкх, бераш бежIуй, воккха стаг таллархо, гурманча хIири, кIант турпалхо, лор Ахмадова, нана латта, хехо Жунид, студент нохчо, накъост инспектор, стаг хьархо, хьархо стаг, нана сту, халкъ толамхо, кIант хьуьнарча, йоI дешархо, Терк хи, Мовкин дукъ.
    Упражнени № 3. Чекхъяккха предложени, схьалаха юххедил- ларш, оьшу сацаран хьаьркаш хIиттаде.


      1. Дукха хан йоццуш (цIе) дийцар дийшира аса.

      2. (ЦIе, ден цIе) оцу дийцаран автор…..

      3. Тхан доьзало (цIе) газет….

      4. Со (цIе) урамехь……

      5. Тхуна гена доццуш охьадоьдуш (цIе)…..

      6. Со дешна ваьлча (корматалла)……

      7. Тхан лулара кIант (тайпа)…..

      8. Сан да (говзалла)….

      9. Сан нана (цIе) …..


    Упражнени № 4. ХIара композиташ юххедилларш лара мегар дуй? Жоп бакъонца чIагIде.
    Ков-керт, шича-маьхча, буй-тIара, говр-ворда, да-нана, ка- мIара, коч-хеча, куьг-ког, къа-бала, нана-борз, хьаша-да, тур-тапча, туьха-сискал, хьал-де, Iай-бIаьсте, тайпа-тукхам, мотт-гIайба, маргIал-сара, мох-дарц, йоI-кIант, гала-хьолтIам, де-буьйса.
    Упражнени № 5. Билгалдаьхначу цIердешнашца даладе юххе- дилларш, къовларшна юккъехь долу маьIнаш долуш. Оьшуш йолу хьаьркаш хIиттае.


    1. ХIинца со К. Ибрагимовн (цIе) роман йоьшуш ву. 2) ЙоI (говзалла) тхан нене хьажа еара. 3) Грозный-сити йина

    гIишлошъярхоша (къам). 4) Тахана Нурадиловн цIарахчу драмтеа- трехь I. Хамидовн пьеса (цIе) хIоттор ю. 5) Тхан дас даим нохчийн маттахь арадолу газет (цIе) доьшу. 6) Литературин урокашкахь оха йийшира повесть (цIе), дийцар (цIе). 7) Классехь мел верг вовшах а кхетта, тхайна дукхаеза футболан команда (цIе) ловзучу матче хьовса дахара тхо Ахьмад-хьажин цIарахчу стадионе. 8) Хи (цIе) хих (цIе) дIакхета, цул тIаьхьа иза хIордах (цIе) дIаоь. 9) Циркан директоран цIа чохь Iаш дара жIаьла (цIе), жима хаза уьстагI (цIе), месала цициг (цIе), хьоза алкханч (цIе).
    Упражнени 6. Оьшучохь дефис а юьллуш, юххедиллар шайца долу предложенеш текст юкъара схьаязъе.
    Халахеташ делахь а, кхолламо эшам бина хиллера Иван Про- кофьична, ши йоI котам а, цхьа кIант Iовдал а велла. ЙоIарий-м маре лур бара, амма кIант а вочу цIийх схьаваьллехь – вала де ду. Цунна ден гIуллакхаш а, хьехамаш а – цхьа а доцург ду. КIентан ялхитталгIа шо ду, амма иза сагалматаш а, полларчий а сирникийн баттарчаш чохь гулъеш лела. Нахана гергахь а эхь ду-кх иза.

    ДIаоьхур ду дуккха а шераш, ткъа Жгутовн кIантах воккха Iилманча хир ву, Россин Iилманийн академин декъашхо. Цуьнан цIарах хир ду полларчийн кхо тайпа, чхьаьвриг дровосек. Цуьнан книгаш тIехь Iемар бу студенташ энтомологаш.

    1   ...   14   15   16   17   18   19   20   21   ...   91


    написать администратору сайта